Маца йолу бIаьсте? Маца чекхйолу?

Маца йолу бIаьсте? Маца чекхйолу?

НОХЧИЙН ШО
Шен башхаллаш йолуш ду нохчийн шо, аьлча а, шарна чубогIучу
беа муьрца доьзна цхьацца хьесапаш лардина вайн къомо.
Масала, Iа дулу декабрь беттан ткъе шолгIачу дийнахь. Уггаре а
доца де ду-кх и горгачу шарахь.
Чекхдолу март беттан ткъе цхьаалгIачу дийнахь. Дезткъе итт-дезткъе кхойтта дийнахь лаьтта Iа.
ТIаккха бIаьсте йолу.
БIаьста денло массо а хIума.
Нохчийн керла шо а йолучу бIаьстенца долалой-те, аьлла хета.
Вайн заманан календараца хьалхарчу мартехь йолу бIаьсте аьлла вай ларахь а (йа вайна боккъал иштта моттахь а), ткъе шолгIачу мартехь йола а лой, ткъе цхьаалгIачу июнехь чекхйолу бIаьсте.
Дей-буьйсий цхьатерра ши-шийтта сохьтехь дIанисделлачу муьрехь, март беттан ткъе шолгIачу дийнахь дIанисло бIаьсте йалар. Иштта хьесап нохчийн хьовх, дуккха а кхечу къаьмнийн а хилла хьалха лелош. Халкъашлахь лелаш хIинца а хила тарло.
Амма оцу йуккъехь цхьа мур бу:
пхийтталгIачу апрелера – май беттан ткъе ворхIалгIачу дийне кхаччалц.
Оцу муьрах «бIаьстенан чилла» ца алахь, ширачу нохчаша хIун олуш хилла, цкъачунна тхуна ца хаьа.
БАРДАЛIАЬЗАШ
Кху шарахь вуьрхIитталгIачу мартехь Iуьйранна дуьйна тIеоьгуш йара бардалIаьзаш. Iаьнан тIаьхьарчу ткъе пхиъ дийнах ткъе шолгIа де дара иза. Вайна девзаш долчу хьесапна тIетевжина аьлча, бардалIаьзаш берхIитталгIачу мартехь йуьлайала йезаш йара.
БархI дийнахь лаьтта бардалIаьзаш. Ткъе доьалгIачу марте кхаччалц йолчу хена чохь. Оцу бархI денна юкъадогIу Iа-бIаьсте къастаран ткъе пхеа дийнах долу тIаьххьара диъ де а, бIаьстенан хьалхарчу ткъе пхеа дийнах долу диъ де а.
IАЬНАН ЧИЛЛА
Денош дагардаран вайзаманан хьесапца лерича, январь беттан йалхитталгIачу дийнахь йулу Iаьнан чилла, февраль беттан ткъе йалхалгIачу дийнахь дIайоьрзу. Амма вайн халкъан а бу шен тидамаш, шен хьесапаш.
Нохчийн хьесапехь чилла йулу январь беттан кхоалгIачу пIераскандийнахь. И пIерасканде хила тарло январь беттан дейтталгIачуберхIитталгIачу деношкахь. Шовзткъа де-буьйса даьлча, февраль беттан тIаьххьарчу пIераскандийнахь чекхйолу.
Иштта, ши де хьалха йа ши де тIаьхьа хуьлу чилла чекхйалар.
Нийсса шовзткъа дийнахь-буьйсанна ца хуьлуш, шовзткъе кхаа дийнахь-буьйсанна йахйала тарло иза, хьалхара ткъе пхиъ де а, тIаьхьара ткъе пхиъ де а хьашт долчу кепара дIаса а тоттуш.
Цхьана сезона чохь дезткъе иттитт де а хилча, шара чохь кхо бIе кхузткъе пхи-йалх де а хилча, тIаьххьара пхи-йалх де аьхкенан чиллано а, Iаьнан чиллано а чулоцу.
Цул тIаьхьа догIу Iа-бIаьсте къастаран ткъе пхиъ де.
Нохчийн хьесапехь Iаьнан чилла пIераскандийнахь йола а ло, пIераскандийнахь чекх а йолу.
Ша йолалуш а, чекхйолуш а, нахана хоуьйтур ду ша, аьлла цо.
БардалIаьзийн хьокъехь чиллано аьлла боху, бардалIаьзийн санна деха де шен хилча, ша кхо хIума дийр дара, ша мел шийла ю хоуьйтуш. Шелонна куьйман маIа оьккхуьйтур яра ша… (важа ши хIума барта дуьйцуш халкъана магахь а, йозанан маттахь ца тов!). Дайшкара дуьйна схьадогIу шеран беа муьрах долу нохчийн дийцарш. ХIора муьран башхаллех лаьцна тидамаш бина къомо.
Дика хуучара дийцинарш ду тахана вай довзийтинарш.
Iаламах а, хенан хIоттамах а лаьцна, ницкъ кхочучу барамехь кхин а дуьйцур ду вай, Дала мукъа лахь.
Цахуург хуучуьнга хатта аьлла ду вайн хьалх-хьалха дуьйна схьа.
Халкъан хьекъал шорта ма ду.
ЯРАЛИЕВ Юсуп,
поэт, журналист