Вайн хьаштийн ковра
(Ибрагимов Лоьмин цхьана произведенех лаьцна)
Канташан (Ибрагимов Лоьма) «ГIаттаман либретто» 1997-чу шарахь язйина хиларо гойту иза оцу чолхечу муьрехь дукхахболчийн юкъарчу шовкъаллехь «кхиамаша корта хьовзийначех» хилла цахилар. ХIетахь нохчийн яздархойх цхьа дакъа дара хIоьттинчу дахаран хьелашна бакъдолчунна бIаьрзе хилла, Iедалан лакхера дуьйна дозаллица а, аьхсаллица а кхуьйсу дастаме дIакхайкхораш а, хьехамаш а иллин мукъаме бохуш, халкъана юкъа уьш и кхетош-кхиоре хьажийна, жигара къахьоьгуш. Оцу башха бах ца беллачу муьро гайтира мила-мила ву. Вай йохур яц церан я вукхеран цIераш, хадор бац церан хIетахьлерчу а, хIинцалерчу а дуьнене хьежамийн мах а, хIунда аьлча уьш дерриге вайна дика хууш а, вай кхеташ а ду.
Хазахеташ ду цхьа тIегIа а оцу лахене Канташ цавоссар. Вай бехк ца буьллу дIаяханчу системо тIеIаткъам бинчу вайн могIарерчу вахархочунна, карарчу хенан чолхаллех иза нийса цакхетарна, царех кхета цуьнан хьекъал цакхачарна. Ткъа политикех, дахаран бакъдолчух, иштта кхечух а шен хаарш долуш волчу интеллектан къинхьегамхочо, гушдолчунна бIаьрзе хилла, доцург ийъича, оцу харц некъан зуламечу тIаьхьалонна иза бехкечех лара веза. Канташа, кхин а дуккха болчу нохчийн литературехь гIуллакх дечара санна, шен Iер-вахаран таронаш нисъярхьама я шен цIе яккхийтархьама яздина могIанаш, дар-лелор ца хааделла вайна.
Либретто – иза оперин, опереттин, балетан боцца чулацам бу я музыкально-драматически произведенин шен дешнийн – текстан – чулацам бу. Ткъа драматически произведени – иза дахаран чолхаллаш, адамийн амалш схьагайтар ю (дукхахьолахь тIаьхье бохаме а хуьлуш). Комеди а ю драма, ткъа кхузахь адамийн лахара я лайн амалш беламечу гIирсашца Iорайоху.
«Либретто» бохучу терминах авторо пайдаэцар шен маьIна долуш ду, ша-шаха нисделла дац. Исбаьхьаллин дашца тIаьххьарчу итт сов шерашкахь нохчийн къоман дахарехь нисделлачу бохамечу хиламийн талламбар Iалашоне лаьцна цо. Кхузахь Канташа талламбо хIокху шерашкарчу вайн дахаран, къийсаман маьIна дан а гIерта и.
Яздархочо пайдаэцна либреттон кеп керла яц вайн поэзехь, ма-дарра аьлча, шуьйра яьржина ю. Цуьнан масалш халкъан барта кхоллараллехь а го. Схьаоьцур вай «Зеламха ГIизларехь латаран илли». Цу иллин чаккхенехь да а, ваша вийна, царах къаьстинчу харачойн Зеламхин узам а бу обарго шен дахаран, шен къийсаман талламбар, нагахь вай «либретто» бохург тIедеанчу маьIнехь схьаэцахь:
Ма дала дакъаза, кIайн маьлхан хьо дуьне,
Хьо дуьсур ма хилла, цабохург ва хилла.
Дууш мерза ма дара хьо, малх кхета хьо дуьне.
Кийрахь стим баьттIа доIаха ва санна,
Хьо къахьлург хилла-кха, кийрахь дог делхарна.
Ма-дарра аьлча, Канташан либретто — иза вайна массарна а карарчу хенахь хьалхахIоьттинчу хьолан талламбар, цу хьолан дух а, и тIеттIа чолхе даларан бахьанаш довзийта гIертар а ду.
«ГIаттаман либретто» ерриге ца йиллина вайн кхиэле, цуьнан дешхьалхехь ма-аллара. Делахь а зорбатоьхначу дакъоша а кхиадо вай цуьнан коьртачу Iалашонах. Кхузахь масех дакъалацархо ву, ткъа автор ша хIара произведени кхоьллина волу яздархо ву, Овтар – юха а изза. Овтар яздархочо шен хетаршна, хаттаршна, хьежамашна, лехамашна жоьпаш дала юкъавалийна цуьнан «шала вина ваша» ву. Нийсса дIааьлча, автор а, Овтар а цхьаъ лара веза. Оцу кепах вайн яздархоша пайдаэцна меттиг ю аьлла ца хета суна – хIара дуьххьарлера ду аьлла хета.
– Нохчийчоь езнаберш, хIинца а езашберш!.. – дIадоладо къамел Автора.
Кхузахь вайна гучудолу мацах хьалхо цунна хеташ хилларг: тIехIоьттинчу бохаман тIегIа цунна моьттинчул а масийттазза лакхара хилла, и иштта тIехдаларна «воьхна» я, олуш ма-хиллара, «береш бохийна», гатвелла иза. Цундела:
Девр дац вай тахна кхин дешнаш ца лехча,
Хьежамаш хийцина, кхин мукъамаш ца баьхча.
Девр дац вай хийцаза цхьайолу амалш,
Ма-барра бийцаза зоьртала хиламаш, – боху автора.
КхидIа Автор шен са охкучу хаттаршка волу. Йохийна гIишлош, нохчийн шахьарш, херцийна «са-ира бIо-бIаьвнаш». Яц нохчийн шатайпа кхеташонаш — хIора нохчийн юьртахь хилла пхьоьханаш: харцверг — харцван, бакъверг — бакъван; юьртахойн баланаш, гIайгIанаш листар; юьртан зовкхаш, ловзар — синкъерамаш бийцар; кегийчарна хьехамашбар; керла даьлла илли алар – масане хилла уьш, пхьоьханан кхиэле дохкурш. Амма и кхиэл йийраш ца хилла дахаран зеделларг доцу къонанаш, зударий я кхиазхой. Уьш хилла юьрто лоруш болу, дика а, вуон а гина, уьш оьздангаллица а, яхьца а луьстучохь зиэбелла лоруш болу къаной. И пхьоьха — нохчийн шатайпа кхетош-кхиоран школа — доккхачу маьIнехь хилла нохчийн дахарехь.
Ткъа ца йитинера цара – вайн дайша – шайн ширачу иллешца, суьпачу назманашца, кIорггера маьIна долчу аларшца-кицанашца яхь-юьхь а, гIиллакх-оьздангалла а, Сийлахьчу Аллах1а хьоьхучу некъаца дахар хьоьхуш хабарш а, могIанаш а?
Автора хоьтту: «– ХIун дисина царах?»
Жоп: – «ХIу дисна цараха…
Ц1ий дисна тахненна.
Дош дисна кханенна».
Кхузахь цо боху: нагахь хIу а, дош а дисинехь, дерриге дайна дац. ХIу денлур ду, нагахь вай и юхакхиадахь, цуьнга заза даккхийтахь, оцу хIух хьалакхиъначу диттийн тайпа массо а нохчийн ярташкахь, шахьаршкахь кхиадахь. Дайн гIиллакх-оьздангаллах, яхьах-юьхьах ала дош дисинехь, и дош вайн къоначу чкъурашна тIекхачо, юхадендан деза нохчаша. Йиш яц вайн и хIу а, дош а къаххьашлахь я есаллехь дIадайта, хIунда аьлча вай доцчеран а (кхечу къаьмнийн а) хилла акха амалш, къиза гIиллакхаш, кхолламан тохарш. Уьш хилла шен-шен заманахь, къаьмнаш кхиаран заманан бехачу муьрехь.
Авторан карзахаллах кхета вай, хIара дешнаш дешча: «КIелонна, зуламна, харцонна хIун до вай, сан муъма вежарий – хьекъалан суьпа дай?»
ХIунда – хIинца а, юх-юха а, тахана а, нагахь Сийлахьчу КъорIанан хьехамашка хIораннан а ладогIа я уьш Iамо аьтто болчу хенахь? ХIунда боккху нохчаша гуттар а бохаман кхаж? Цундела боху-кх Автора хаттаран кепехь «суьпачу дайшка», «муъма вежаршка», нийса дIаала халкъе КъорIанан бакъ дош хьаьнгга а: хуьлда и адамашдайархо, курхалча, питанча, талорхо, оьздангаллех воьхнарг – могIарерчу стагана тIера хьала Iедалан дайшна тIе кхаччалц.
Вай хIун до? Тайпанан ваша ву олий, цхьана хьенеха мел харцдерг лелийча а, дерриге тайпанан хьовха, тукхаман а тIома кIел лоцу и, карахь дарж долуш стаг и велахь-м муххале а. Харцлуьйчун гIо лаьцнарг цо лелочу харцонан декъашхо ву аьлла дац, ткъа, Делан бакъ дош?
Авторан лазамех цхьаъ бу вайн зударийн цхьана декъо «цIеннана», «хIусамнана», «доьзалан нана», «ненан аганан илли», «ненан мотт» боху кхетамаш бицбар.
Кхечу къоман векалша, масала, гуьржийн яздархочо Казбеги Александра, вайнехан зударийн цIеналлах, тешаме хиларх, оьздангаллах аьлла хастаме дешнаш цхьаболчарна тахана дагадогIуш ца хилча, царна нохчийн ненан декхарш дицделча, церан:
Куьг дуьйлу, ког буьйлу, са дуьйлу акха,
И йолу акха. ХIумма а дац тIаккха…
Бакълоь автор, тIаккха юху-кха нохчийн хIусам, оьздачу наноша бовха латтийна дайн кхерч шелло, махьар доцуш дуьнен тIе даьхна оьзда доцу синош кхуьу.
И иштта хилийта, боьхачу идеологин тIеIаткъам бина вайна иттанаш шерашкахь, махках даьхна а, дуьне мел ду даржийна а, вешан цIахь а. Изза «декхарш кхочушдеш» ду хIокху 10-15 шарахь телевиденехула малхбузерчу халкъийн дахаран, гIиллакхийн кеп хьехар а.
Ширачу Риман хилла боьха, ямарт, амма шен Iалашоне кхачархьама, хьекъале ойла а йина, цхьа халкъ къардан шайн герзан ницкъ ца кхачахь а аьлла, цунна лерина хIара хьехам: «Нагахь муьлхха а къам, герзан ницкъаца а доцуш, ша-шаха ден, хIаллакдан Iалашо хIоттахь, оцу къоман зударий дастамбаха».
ХIаъ, цу тIедоьгIча, хIумма а дац тIаккха… я къам, я мотт, я оьздангалла…
Либреттон турпалхойн Заремин а, Умалтан а диалог ялор вай кхузахь, лач къамелан кепах пайда а оьцуш.
Заремина дIаяха лаьа Нохчийчуьра, хIунда аьлча даймахкахь шена ирс карор ду бохучух догдиллина цо, нохчех цкъа мацца а къам хир ду бохучух а тешац иза. ХIунда? Заремин бехк бац кхузахь. Иза цу хьоле ша ца еъна, иза цу хьоле хIоттийнарг вайн таханлерчу дахаран бакъдерг (иэшахь, вайн дIадаханчу дахарера а ду цунна масалш) ду, нохчаша, шаьш дуьненахь а тоьлла къонахий бу бохучара, хIоттийна долу. Цара байина-кх цуьнан шайх тешам а, лерам а. Заремина шен оьмарехь гинарг Даймохк шен къомах болчара а, тIебаьхкинчара а акхараллица талор, бохор ду. Церан дар-лелоран тIаьхье ю къуй-нах, ийманах боьхна нах, Делах ца кхоьрурш, гIайгIане эгна тезетийн дай, меца бераш, шена луъучо тухуш, бажа санна, лоьхку нохчий. Цундела лаац-кх Заремина, Умалт шена веззашехь, хIокху мехкан дайшна десте хиллачу махкахь доьзал боло а, кхио а:
Кхин хIун дIовш мала вай деза,
Кхин хIун талу даа вай –
Чуьркан тIоман меха вай?
Хьалхавала мила ву,
ТIаьхьахIотта – мила?
Со дIайоьду, Iе хьайн халкъаца…
Декъаза Умалт шен мехкан а къоман а вуьззина кIант ву:
Суна сайца къам оьшу,
Суна сайца сайн мохк оьшу,
Махкана, къомана со а оьшу…
Умалт кийча ву юха а, юха а нохчийн къомана кхолламо а, кхиэло а ден къиза тохарш лан. Иза теша шел хьалха шайн къона дахарш а, ницкъаш а «Даймехкан сийлахьчу декхарна» дIабеллачу къонахийн а, мехкарийн а гIуллакх эрна дайна цахиларх. Амма езачу йоIах къастар – иза дахаран кхин а цхьа тохар ду цунна, къиза тохар – хIетте а Умалт вохор воцу тохар.
Авторан «кIесархье морцу» хаттар ду вайн дIабаханчу дайн кхиэлехь дала жоп вайна муьлха ду цахаар а. Эзарнаш, бIешераш хенан йохаллера, мел къиза а, буьрса а мостагI тIехIоттарх, нохчийн мотт, ламасташ, гIиллакхаш лардеш, таханлерчу дийне уьш дерриге а уггар деза, сийлахь совгIат дина вайга схьаделлачу царна хьалха муьлха юьхь йолуш хIитта деза вай? Автор ца кхета вайн и сийлахь мел дерг хьоьшуш болчу нахах. Делахь а, иза тешна ву цуьнан дуьхе «мехкан воI цкъа мацца а кхочург» хиларх.
ХIинца оцу кегаречу, хьеречу, халачу хаттаршна жоьпаш луш верг Овтар ву. Дуьххьарлера дешнаш дера кхуссу Овтара: «ЦIе хала шун кхерчийн кIегаш тIе», – лекхачу хIусамашкахь шайн хьарам-харц рицкъа дууш, къоман хIаллакьхиларе бен доцуш хьуьйсучаьрга. «ДаI даьлла вайнехан дегнаш тIе», – вовшийн Iазап-балех ца Iебачаьрга: «Вовшийн даьIахкаш кегъяй, Iаба!» – адаман дахаран чот цаечаьрга.
Шен тIаьххьарчу монологехь Овтара деган лазамца ягарйо хIинца эвхьазъевлла халкъан лай амалш: маршонан дозанаш цадовзар; хIоранна а ша эла хетар, бисинарш – лаьш; синойн «бIаьрзе» мацалла; халкъ рицкъанах доьхкинарш а, дохка кийчаберш а алсам гучубовлар; къа тIамарх доьлла, мелана бицбелларш; юьхькIам а, юьхьIаьржо а вовшех къасто цахаар.
Дан санна, атта дац хаттаршна жоп дала,
Ойланехь ца ваьхча, атта дац ян ойла:
Ца йича (ойла – Б.Хь.) хуьлушдерг
ХIоранна гина ду,
Кхин дIа а вай ца яхь, юха а гур ма ду…
Хьекъале, собаре ду Овтаран жоп. Цо боху: ойла ца еш динарг гIайгIанца доьрзу, амалшна кIаддала деза вай, дераллех херлуш. Хьежамаш хийца беза халкъо, Делан бакъ дешнашца, керлачу мукъамашца даха деза вай.
Шен маьIнехь хIоттийна Канташа либреттохь Поэтан васт. Муьлххачу а къомана ширачу заманашкара таханлерчу хене кхаччалц сийлахь, веза ву бакъволу поэт, хIунда аьлча иза къоман син, иэхь-бехкан, иэсан, оьздачу гIиллакхийн илланча ву. Ткъа «ГIаттаман либретто» тIехь Поэт халкъаца вац, иза цхьа ву.
Цуьнан бехкана а дац и. Цо аьлла, баьхна шена гинарг, гушдерг, кхана хиндерг, халкъ нийсачу, сийлахьчу новкъа дерзорхьама. Амма иза шен Iалашоне ца кхаьчна. Махка хьаьвзинчу арахьарчу а, чоьхьарчу а харцонан бартахоша шайн мохь-цIогIанехь, герзийн лелхарехь, къам кхерам тасарца дIатаIорехь хазац Поэтан орцане аз. ТIаккха иза (Поэт) шенна висина, хаьа цунна: хIокху сохьта эрна ду шен дош, «Цуьнга» ладугIуш стаг а вац, «дош дашах дуцу, шайн дог ца хуьйцу». Шен лазамаш, хьежамаш, синхьежамаш беккъа шена бисина цунна:
БIаьрг – лаца хьажахьа дуьненан къайленаш,
Са – тахко хьажахьа дахаран ага.
Дог – эца хьажахьа цхьа доьхна дог.
Хьовсийша, хьовсийша,
ХIун хилла хьовсийша,
ХIун хуьлу хьовсийша…
Ша хIетталц иллешкахь хестийна, дозаллица цIе яьхна къам хьаьгIнаша, ямартлонаша экханан амале дерзоро кхуллу цуьнан къаьхьа, амма таханлера бакъдерг:
Со воцург тоххара майрачел майра ву,
Майралла вайнехан хьекъалал сийлахь ю…
ХIаъ, «яккхий тоьпаш къекъачохь мукъамаш совцу». Уьш гIовгIанехь хазац, уьш ца оьшу адамийн баланийн хьесап цадечарна. ХIетте а, ша баккъал а шен некъана тешаме висинчу поэтан кхолларалла саца-м сацац, мел яккхий халонаш тIехIиттарх.
Либреттохь цхьана йоццачу юкъана гучуволучу Шайхан шайхалла нийса хьесап деш ду карарчу хенан хиламийн бахьанийн:
Цхьа а хIума хилла хир дацара,
Амалах доьзна ца хилча…
Цхьа а хIума кхочуш ца хилла,
Вай ваьшна лехна ца хилча…
Цуьнан и «шайхалла» вайна керланиг олуш дац, дерриге а вайна хийла хезнарг, девзаш дерг, КъорIанан а, жайнийн а бакъ дош ду. Цо бохург нийса ду (Шайхо бохург), амма шайхалла-м дац кхузахь, хилла даьлларг ду, ткъа мичахь ду шайхалла? Мацах цхьана ша шайх ву бохучу стаге, кхана хиндерг дийцахьара аьлла, хаттар дича: «Кхана хиндерг ас лама дуьйцур ду шуна», – аьлла, жоп делла боху-кх «шайхо». Оццул Iилманан а, сийлахьчу а даржехь волчу цу Шайхал гIоле-м либреттон муьлхха а турпалхо ву, шенна гуш хиндерг долуш. Хила ма-деззара кхочушхилла дац кхузахь Шайхан васт.
Жухарган васт керла дац вайн литературехь. Адамийн карзахаллин агIо емалъеш, беламечу агIор уьш гойтуш, дуьххьара жухарган-политикан васт кхоьллира Амаев Ваха-Хьаьжас шен «Чекхъялазчу повестехь». ТIаккха Ахмадов Мусас «Барзанакъин Барзий, кхибершший» драмехь. Юха – Ибрагимов Лоьмас (Канташ) «Литконсультант» драмехь цкъацкъа тилкхазволуш волчу поэтан вастехь. Вай багарбинчу яздархойн жухаргийн васташа гайтира, истори а, дуьненан дерриге а къаьмнийн меттанаш а вайн гена-генарчу дайша пранахаша бухбиллина, кхоьллина бохуш, Iилманна гена болчу наха кхуллу тIехула чIагIдарш. Дуьххьара и вайн литературехь керла а дара. Ткъа хIинца ешархочунна кIордийна хир ду аьлла хета и васт. Амма, бакъдерг ала деза, вай хIокху юьйцучу произведенехь Iаламат хаза а, керла а ду барта кхоллараллин мукъамехь далийна долу Жухарган хIара дешнаш:
И Жима АтагIа,
И Йоккха АтагIа.
Цкъа Лаха-Варанда,
Цкъа Лакха-Варанда,
Цу Таркхойн раьгIнашца тап-хIуьтту Чоьхьара,
Цу Теркан раьгIнашца лач-хIуьтту Дехьара,
Гуьмсанна хIо кхоьхьу Гарманан аренаш,
Мукъаме аз оьхьу хьомсара Нажи-Юрт,
Схьаиэлла схьаийна юххера Iаьнда,
КIесара Мартанаш, кIайн-Iаьржа Шалажаш,
Котт доккху Котара…
«ГIаттаман либреттон» вай дийцинчу декъехь башха маьIне а ца хета Мехка-Аьзнин алар а, Аьзнаша олу мохь-тийжар а. Уьш доцуш хилча а, оцу произведенин мах лахлур бацара аьлла, хета.
«ГIертарх пайда буй? – со воцург хилча» бохучохь, «со воцург а хилча», олуш, хуттург ца ялийча, Автора цул хьалха мел дийцинчун маьIна нийсса бIостанехьа доьрзу.
«Я дагца дохку шу истори литта?» – боху хаттар ша хIоттош, нийса хир дара аьлла, хета, и хаттар тIедерзийначу нехан дог «Iаьржа», «боьха» я «ямарта» боху билгалдешнаш (царах цхьаъ) далийнехь. ЦIенчу даггара и истори «охкуш» болчарна тIе ма догIу и иштта хIоттийча.
Бохь лекха и б1аьвнаш – халкъана гIаланаш,
Де-буьйса ца къестош, уьш хедо урамаш.
кхузахь кхеташ ду б1аьвнех а, гIаланех а дерг, иштта урамех дерг а. Амма кхетац урамаша важа шиъ (гIаланаш а, бIаьвнаш а) хедор, «де-буьйса ца къестош».
Керла, хаза аларш а ду Канташан хIокху либреттохь. Масала, лакхахь хьахийначу Жухарго вайн мехкан сурт хIоттош аьлла дешнаш. Иштта «са ира бIо-бIаьвнаш»; «букъ тоьхна чир-пенах вайнехан пхьоьханаш»; «хенан мах хадочу ширачу иллешца, динан гуо шорбечу суьпачу назманца»; «месалчу масална»; «юьхьанна букъ тоха, яхьана белш тоха», иштта кхин а карор дара уьш.
«ГIаттаман либретто» – иза ша ма-ярра ешархочун кхиэле охьаехкина произведенин авторан ойланаш а, синхьежамаш а, хьехамаш а бу – ша берриге а вайн халкъан хиндолчун гIайгIа а, бала а. ХIара произведени кхоьллинарг ду авторна атта доцу «цхьадолу ЦА», «шаьш хьенан ду дийца ца лууш синош» хилар, вайн дайша лелийнарг (сийлахь дерг я сийлахь доцург) сийсаздича хиндерг гар, дозаллина вайна хIумма а цадитар.
КIез-мезиг долу кхачамбацарш делахь а (вай лакхахь билгалдаьхна долу), «ГIаттаман либретто» мехала произведени ю аьлча нийса хир ду.
ВорхIалгIа верас ву хаттар дан кечлуш,
Мел волу вовхатар ладогIа кечлуш.
– Ткъа ахьа, ткъа аша хIун дина кхочуш
ТIаьхьа дисинчарех, дан дезачарех?
Генарчу дайн кхиэлехь оцу хаттарна дала жоп вайна – церан тIаьхьенна – хьоьху яздархочо, вешан «хьежамаш хийцина, амалш кIадйина», кхин дешнаш лехна, кхин мукъамаш а баьхна.
Бурчаев Хьаьлим