ДОЬНАЛЛО ГIАТТИЙНА ЦIЕ (Поэма)

ДОЬНАЛЛО ГIАТТИЙНА ЦIЕ (Поэма)

Нохчийн Республикин хьалхарчу президентана,
Россин пачхьалкхан Турпалхочунна
Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина

Дакаев СаIидбек

1
Ас хийла ладоьгIна
Тийналлин йийсарехь,
Дог дуьзна гулйелла
Ойланаш кегайо.
Бакъдолчу кху дешнийн
Йозанийн дийцарехь
Цхьа дош харц хиларна
Цхьа цуьрриг кхерац со.

Къонахчун доьналлех,
Дагах чекхлиттина,
Со кхета, дош ала-м
Данне а атта дац.
Дог дуьзна, ойланийн
Кегарехь гIиттинарш
Йозане ца хIуьттуш,
Со валарх, сецалац…

Ца воллу со, дешнаш
Дуьйсина дестадеш,
Кахьоькхуш кIамдина
Кего цадевзинарш.
Дерриге хилла ду
Ойлано луьсту дерш,
Кху лаьттан, кху мехкан
Букъ хьаьшна, левзинарш…

ХIокху сан бакъдолчу
Дийцаран тешаш а
Дукхахберш болуш бу,
Баланза дийна бу.
Iесачу къизаллин
Чевнечу зиэраша
Шайн когийн айрашца
Ца Iебаш хьийна бу…

Кхоьлинчу бIаьркорех
Мела хиш Iийдалуш
Кийрара аз лекъна
Билхина наной а
Болуш бу, – дихкинчу
Синошца къийлалуш,
Собарца садетта
Iемина къаной а.

2
Сан лаам ладоьгIна,
Шеконца кхийрина,
Ас вовшахтуьйсучу
Йозанийн хааршна,
ЦIейоккхуш доккхачу
Дуьнено лийринчух,
Мохь тоьхнна, дош Iаббош
Ала цахаарна.

Сайн аьлларг хилча-м, ас
Къонахчун сийлахь цIе,
Варкъ хьаьхна, къагийна
Дашочу хьаьркашца,
Кхевдина, стигланан
Йист йоцчу некха тIе
Латийна, йаьккхина
Хир йара Iаршашка.

Йорт эцна дIакхачарх
Генарчу эхаре,
Доьналла, дожийна,
Дохалац замане.
И деха даима
Дуьненан дахарехь,
Дирзина лен йоцчу
Шовкъечу назмане.

3
Дуьненан къематан
Махьшаре лаьхкина,
Кхолламан кадетта
Эрчонаш хирцинарш, —
Мел бара тIехь боцуш
Хьаьрчинчу бехкана
Барз бижош хьулбелла
Лаьтта кIел бирзинарш.

И хилларш, дIадевлларш,
Набаран гIенашца
БIарлагIаш лехьайеш,
Тем хила ца вуьтуш,
Гуо бина къевлинчу
ХIусаман пенашна
Чекхдуьйлуш, бертаза
ГIевланга хуьйшу уьш.

Амма кхин цхьабакъду,
Iуьйрено йасталой,
Буьйсанан боданан
Iаьржа чкъор дагадо,
Дуьненан шоралле
Эсала хьасталой,
Серлонан са доьллий,
Сирла бIаьрг къагабо.

4
Экханах жа санна,
Даьржина, къаьхкина
Адамаш де доьхна
БIарзделла хьийзара.
Кху нохчийн лаьтта тIехь
Балина техкина,
Дарйелла, къизалла
КIеж туьйсуш сийсара.

ЛадегIа хьаьхначу
Дуьненан эшарехь
Дог хьаста лекхалуш
Цхьа мукъам бацара.
Хьаж хебош кхуьйсучу
БIаьрсинан хьежаре
Къасталуш ког билла
Некъан лар йацара.

Шовкъ йайна къамелаш
Нахала дуьйлура:
«Вадийна… ваьккхина… –
Дерриге и дара.
Дин йуххех цадаьлларш
Имамаш буьйлура,
Мохк буьтуш, эзарнаш
Адамаш уьдура.

5
ЧагIалкхаш, шаьш шайна
Берзалойх тарйелла,
Нохчийчоь Iадийна,
Сакъуьйлуш цIийзара.
Къийгаша маьхьаршца
Чомана марзйелла,
Кхеллеша мустйина
Оьланаш къуьйсура.

Мокхачу мархех чекх
ДогIанах Iийдалуш,
Кхоьлинчу маьлхан бIаьрг
БIаьрхишца боьлхура.
Мехаша лаьхкина,
Вовшашца къийсалуш,
Мокхачу мархийн дой
Малх лаца хьоьлхура…

Кийрара са даккха
Ластийна, кхоьссина,
Хорамца садукъдан
Легашка хIоьттина,
Кху нохчийн лаьтта тIе
ТIам бижош доьссина,
Цхьа аьрха, цхьа ирча
Де дара гIеттинарг.

6
Iаламан садеIар
Кхерийна Iададеш,
Генара – гергара
ГIоргIа гIов къекъара.
Дахаран меженаш
Кхоамза хедайеш,
Къизаллин шога нох
Диъларахь текхара.

Дарйелла оьгIазло
КIоршаме кхевдина,
Бехкана къа доцурш
ГIо доцуш хьийзара.
Дуьненан Iазапо
ДегIан чарх Iаьвдина,
Нохчийчоь сауьйзуш
Са дала тийжара.
ХьегIарехь бIешарал
Йахйелла буьйсанаш,
Сатийсарх, замане
Кхачалуш йацара.
Йочанийн муьстачу
Дерзаша туьйсинчу
Стигланийн сийна бIаьрг
Беллалуш бацара.

7
Герзаша, кийрара
Лестадеш кхуьйсучу,
ГIоргIачу гIовгIанийн
Татанаш терсара.
Кхоьлинчу Iаламо
ГIийла сауьйзура
ЦIелетта богучу
Къизаллин кхерчара.

ГIайракхан апарех
АгIонаш хьекхабеш,
Шовданаш, Iийдалуш,
Iаламна доьлхура.
Са доцуш, малйелла
Синчархаш текхайеш,
Чехкачу Органан
ТулгIенаш хьоьлхура.

Iадийна ийалуш,
Буьхьара хIиттина,
Лаьмнаш а дахкаран
Чалбанех хьерчара.
Олхазарш, маьхьаршца
Мохк буьтуш гIевттина,
Къаьхкина уьдура
Кхераман кхерчара.

8
Гуо бина некъ лаца
Доьттинчу оганан
Мокхазан чIагIонах
Волийла дацара.
Кховдийна гIулч тесна,
Лар йожа когана,
Маьрша цхьа Iаьржачу
Лаьттан цинц бацара.

Сатийсарх, генара –
Гергара кхевдина,
ТIекхача сихделла
ГIо-орца дацара.
«Со!..» – аьлла, даздина,
Даг тIера Iаьвдина,
Дош аьлла вистхила
БIобулург вацара.

Мискачийн бIаьрхишца
ДоIанаш ламазийн,
Тийна аз хьесталуш,
Вайн Деле доьлхура:
Цалалун баланаш
Сихонца дIаэций,
Комаьрша къинхетам
Боссабар доьхура.

9
Делера кхаъ хилла,
Къинхетам боьссина,
Iуьйрене бIаьрг хьаьжна,
Малх санна, гIеттина,
Кху нохчийн лаьтта тIе
Маршонна доьссина,
Къонахчун болатан
Доьналла хIоьттира.

ДегIан са дуьйлина,
Шен белш тIе базбина,
Цо къоман къахьбелла
Балин мохь биллира.
Бодано бIаьрг белла
Ца йуьтуш азйинчу
Серлоно хьаббелла
БIаьргаш дIабиллира.

Мокхазан лам санна,
Некъ-гечо дихкина,
Къонаха харцонан
Йуьхьдуьхьал хIоьттира.
Логе куьг кхийдочу
Кхерамах къаьхкира
Мокхачу мостагIийн
ГIерашна моьттинарш.

10
Ког йухацабаккха
Нийса некъ хаьржина,
Къонахчо вистхуьлуш
Шен къоме элира:
«Хьовсийша, ши некъ бу
Хьалхахьа баьржина!
Вежарий, ладогIий,
Ойла йиэ леррина.

Цушиннах кIоргачу
Бердах чукхийда цхьаъ,
Вукхунна – маьршачу
Дахаро йоьллу неI.
Бердах чукхийсалуш,
Делла дIадовлу вай?
Йа деха, нах санна,
Хилла кху мехкан дай?

Дерриге цхьаъ хилла,
Вовшашца ца тарлахь,
Дайн оьзда гIиллакхаш,
Iадаташ ца лардахь,
ТIекховда гIо доцуш,
Доладан да воцуш,
Нохчийчоь дIайаьлла,
Вай байлахь дуьсур ду.

Йахь кхаба дог дацахь,
Дог кхаба са дацахь,
Сискалан лай хилла
Вай акха лелар ду.
Мохо шен кахьоькхуш,
Шагйелла къаж лоькхуш,
Аренаш луьйсур йу,
Акхарша къуьйсур йу.

Тарвала бен бацахь,
ЦIе йага кхерч бацахь,
Доьналла дожадахь,
Къонахий кхачабахь,
Вайн кешнийн чарташ тIехь
ХьаргIанаш йекар йу.
Замано туй туьйсуш
КIарлагIаш йугIур йу».

Баланий, харцонийн
Йозалла Iаьткъина
Адамаш леррина
ЛадоьгIна лаьттара.
Дуьненан чам байна
Ойланаш хьаьстина,
Къонахчун къамело
Сатийсам баьстира…

11
Баттара йаьккхина
Шаьлта ца лестийра,
Синметта хьежадеш,
Герзаш ца кхийсира –
Мокхачу мостагIчун
Лаамаш цистина
Къонахчун дош дара
Харцонца къийсинарг.

Тешаман чIагIонца
Ца доха гIеттина,
Дуй хилла, и халкъе,
И махке даьржира.
Iу хилла, маршонан
ГIароле хIоьттинчу
Атта некъ бацара
Цуо шена хаьржинарг.

Цуо дуьне къахьдина,
Харцонийн кIелонаш,
Тешнабехк ирбина,
Кадала хуьйшура.
Чуоьзча схьадаллал
Са доцчу къиллоша,
ХьогIана хьежабеш,
Гома бIаьрг кхуьйсура.

12
Маршонна некъ баста
И хьалхавелира. –
Нохчийчохь дахаран
Самалхаделира
Де доцург вуьйхира,
Са доцург вуьйжира,
Синпхенаш дуьйлина
Доьналла туьйлира…

13
Цу дийнахь малх гIийла
ГIушлакхе тиэкхара,
Даго цхьа гуш доцу
Цатерриг хьоьхура.
Цу дийнахь дуьнене
Шийла кхаъ кхерстира,
Iаламан хазалла
Бохамо цестира.

Эзарнаш адамийн
ТулгIенаш гIевттина,
Кху мехкан лаьтта тIехь
Тезет дIахIоьттира.
Доьлхура адамаш
БIаьрхиш ца кхачалуш,
Легашкахь шад бинчу
Къурдашца къийлалуш.

14
Цу дийнахь гIа-маргIал
Бос баьхьна тиэхкара,
Дуьненан кийрара
Мохь-орца кхехкара,
Йуьхь лечкъош, тешнабехк
ТIаьхьашха кхевдина,
Маршонан да вара
Цу дийнахь кхелхинарг.

Лаьмнаша, гIиттина,
Лакхенаш лоьцура,
Гуобинчу Iаламан
Кадам тIеоьцура,
Шабаршца доьлхура
Бухдуьйлу шовданаш,
Зевнечу маьхьаршца
Доьлхура олхазарш.

Мила хир вацарий
Къонахчун меттана
Мерза са дIаделларг
Халкъана махкана.
Дела ву хууш верг,
ЧIир йагIац Делаца.
Делан кхиэл даима
Ца йаьлла лелаза.

15
И хIора хIусамехь,
И хIора доьзалехь
Да хилла, Iу хилла
Доладан дийна ву.
Дош аьлла цIе йаккха,
Дог тесна дозаллех
И вайца хIоранца
Даима ийна ву.

ТIекховда гIо доцуш,
Доладан да воцуш,
Нохчийчоь дIатесна
Байлахь ца йисира.
Хьегамийн цинц боцу,
Дуьненан чам боцу
Йахйелла буьйсанаш
Кочара йиссира.

Халкъана, махкана
Эшначохь са дала
Къонахийн амалехь
Вахчийна, кхиийна,
Къонахийн хьаьттара,
Дена ма-хеттара
Ден метта дIахIотта
Йахь йолу кIант вара…

16
Зуламийн дай хила
Кху махкахь бен бина,
Дов хатта да воцуш
Кхайкхаза баьхкинарш;
ЦIийн Iоврех йустийна
Вортанаш кегйина,
Човхийна, лазийна
Махкара лаьхкира.
Са къийла де доцуш,
Махкара къаьхкина,
Генара – гергара
Адам, цIадирзина,
Мокхачу саьрмакан
Багара даьккхинчу
Маьршачу дахаран
Лууре дирзира.

Мох лоькхуш макхйелла,
Къух хьаьхна аренаш,
Орамаш бухдохуш,
КIохцалех цIанйира…
Нох таса куьг доцуш,
Йалтина йакхделла
Даймехкан латтанаш
Беркато хьандира…

17
Денделла гIуьттучу
Дахаро тахана
Маршоне баржийна
Шуьйра тIам кхерстабо;
Дийцарехь – аларехь
Дош самадаьккхина,
Кхолламо хаьржина
Къонахий хестабо.

Меженаш малйелла,
Азбели баланаш.
Туьйранал хазйелла
ГIиттина гIаланаш.
Ламанца, аренца
Йарташ, вайн хIусамаш
БIаьрг тилош денйелла,
Ирсе го адамаш.
Малх гIотту, зIаьнаршца
Iуьйренаш хьерчайеш.
ЖовхIарех доьттина
Маьждигаш кхелина.
Буьйсанан седарчий,
Серлонаш керчайеш,
Царна тIехьуьйсуш Iан
Сахиллалц леррина!

18
Бакъдолчех IаIийна,
Даг тIера дIа ца туьйш,
Ойлано гулдинарш-м
Лам боттал дара уьш.
Со кхийда гIиртина
Кху жимчу дийцарехь
Хан йаларх лен доцчу
Къонахчун дахаре…

Сайн дийцар, дерзадеш,
ТIадамца къовлу ас.
Ойла тIе ца кхиънарш
Дайна ма ларалаш.
Дерриге гулдина,
Зама йу кийча Iаш,
КхидIа ас цуьнга ло
Къонахчух ала дош.
Дийцаран чаккхенгахь
ГIовттий вай, вежарий
Нисдинчу догIмашца
ГIаттадеш цуьнан сий. –
И къонах ву аьлла,
Кхетаме диллина,
Цунна цIе доккхачу
Дуьнено тиллина…