Шайхиев Iалвадин кхоллараллех дош

Декор ду иллеш а башханаш,
Со кхета, кхана.
Нислур ду сайчара там ца беш, —
Иштта ду дахар.
Делахь а яздо ас диллина –
Ца хила къорам.
Некъ баккха сайн деган иллина,
Ирбина къолам!
(Iалвади Шайхиев).
Иштта яздора 40 шо сов хьалха нохчийн поэта Шайхиев Iалвадис. Тахана иза вайца вац: шуьйра вевзаш волу поэт, публицист. Шайхиев Iалвади дIакхелхина 2018-чу шеран 22-чу октябрехь.
Уггар хьалха билгалдаккха лаьа Шайхиевс публицистикан декъехь динарг. Ша школехь доьшуш волчу хенахь язйина цо шен дуьххьарлера статья. Цуьнца цо юха а бакъдина нохчийн кица: «Хиндолу хьоза бенахь дека».
Йоза-дешар дика Iамор, ойлаян хаар, шена гург, хетарг, ша тидам бийриг йозанан дашца нехан кхиэле говза дилла хаар – иза дерриг, Дала делла похIма а, хаддаза шена тIехь къахьегар а цхьаьнаийча нисделира Iалвадина шина а маттахь (нохчийн а, оьрсийн а) проблема хIотто хаарца яздар карадерзар.
Пачхьалкхан тоьллачу вузехь (МГУхь) астрономин Iилма Iамо болу шен лаам (таро ца хиларна), тIаьхьа а теттина, 10 класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа шега кховдийна болу хьехархочун болх тIелецира кIанта.
Иштта хан яра иза – 60-гIа шераш: хьехархой ца тоарна, уггар а тоьлла болу школан выпускникаш юьртарчу школехь хьеха совцабора.
Выпускникийн хаарийн дикалла таханчул лакхара яра цу хенахь: Iамочо, Iамо ма-дезза, кIорггера Iамадора дешар, Iилма а. Дешарций, хааршций, цхьа муьлхха говзалла караерзорций бен шена дахарехь меттиг яккхалур йоций хаьара хIоранна.
Хьехархочун а, журналистан а белхаш – вовшашна хийра белхаш бац. Шайхиевс, шех хьехархо хилча, дешархо волчу хенахь газетаца тесна гергарло, кхин а чIагIдира, дешан говзаллехь ша тIаьхь-тIаьхьа кIарг а луш.
Иза Нажи-Юьртан кIоштан куьйгаллин тидамза ца дисира. Цигахь балхахь хиллачу Киндаров Iабдуллас Шайхиев Iалвади районан газетан редакце балха кхайкхира, тIаьххьарчун хьехархочун белхан шолгIа шо дола ма-деллинехь, ала мегар долуш.
Дахар-Iерах, исторех, гIиллакх-оьздангаллах, вайн культурах лаьцна къоначу публициста язйина материалаш ирачу, бакъдолчу дашца къаьсташ яра. Цу тIехь масал эца бевза нах, кхин гена ваха а ца везаш, Iалвадин хьомечу юьртана уллехь баьхна я бехаш бара: Гадаев Мухьмад-Селахь, Айдамиров Абузар… Цу тIе, хьалхарчун говзарш зорбане яхар дихкина а дара цхьана юккъехь.
Шайхиевс, оцу луьрачу заманахь (псевдонимаш а йохкий), Гадаев Мухьмад-Селахьа язйинчу башхачу говзаршна зорбане яха некъаш лоьхура, ткъа уьш гулъяр, къепе (системе) ялоран болх цо даима а дIахьуш хиллий тIаьхьо гучуделира вайна – Шайхиевс, шен чулацаме дешхьалхе а язйина, Гадаевн «ЦIен-Берд» цIе йолу книга зорбане яьккхича. Шайхиев говза публицист хиларан тоьшалла деш яра, масала, цуьнан «Оползни души» («Син токхамаш») цIе йолу статья.
80-гIа шераш чекхдовлучу муьрехь и статья зорбане яьллера «Грозненский рабочий» газетан агIонна тIехь.
Нажи-Юьртан а, Веданан а районашкахь ХХ-чу бIешеран 80-чу шераш чекхдовлучу муьрехь токхамаш буьйлабелира, ткъа говзачу журналистан ницкъ кхечира цу дерригенна юккъехула вайн синойн токхамаш ган а, уьш юха вайна ваьшна бовзийта а.
Шайхиев Iалвади вайн махкахь шуьйра вевзаш вара поэт санна а.
Цуьнан стихаш арайийлина СоьлжаГIалахь, Москвахь, Махачкалахь, ткъа иштта дуьненан 17 пачхьалкхехь. СССР-н яздархойн могIаршка а дIаийцира иза ша дукха жима волуш.
Иза даима а (ша школехь дешархо волуш дуьйна а) «диллина яздеш» хилла, «некъ баккха» шен «деган иллина, ирбина къолам».
Даг чохь дуьсуш (шайца цхьаьна дог делош, делхош, ойлане вохуш) башха могIанаш Iаламат дукха ду Шайхиевн.
Говза васт кхоллар, исбаьхьа сурт хIоттор, чулацаме сюжет дагалацар, нохчийн дешан мехалла, мутта, марзо, чам бовзар… — уьш дерриге бIаьрла хаалуш ду Шайхиевн поэтически кхоллараллехь. Ойла е вай кху башхачу могIанийн:
Къонах хилла вахахь,
Къонах санна лийр ву,
КIилло хилла вахахь,
КIилло санна лийр ву…
Ас кхузза ирдо сайн бIаьрса.
Сакх-само –
Кхузза совйоккху.
Нагахь со къорвала доьгIнехь,
БIаьрса дан, нагахь,
сан доьгIнехь,
Кхолламе дехар ду иштта:
Селла а иркечу кху бIешарахь,
Гомер санна хилийта бIаьрзе,
Бетховен санна со къорвалийта!
Дас соьгахь яхчийна
къонахчун амалш, —
Шаьлтанца сайн иллеш
яздо ас цкъацкъа.
Аьхналла сан даг чу
йижийна нанас, —
Сан ненан даггара яздо ас цкъацкъа.
Цхьаъ веха иттаннан дахарца.
Иттанна цхьа дахар кхачац,
Аьлча а,
Дахарехь иттаннан
лар юьту цхьамма.
Иттанга цхьа некъ дIакхехьалац.
Хьалхарнаш оьшуш бу:
Царна тIехь лаьтташ ду дахар,
ШолгIанаш кхоьллина стенна?
Сайн мехкан сийлахь илланча
Хир воций хиъча,
Ас хIунда яздо диллина
ХIора дош цIийца?
Шайхиев Iалвадин стихаш, поэмаш.
Царах хIоранца а хаза ношъелла ойла, дика чулацам, шатайпа башха сурт хаало. Чу са а дуьллуш, Iаьвшшина, «цIийца» яздина дош Iиллац книгийн терхеш тIехь: иза яздина шекъа дакъа а далале, яздархочун долара дIа а долий, тIаьххьарчун верас а хуьлий, башхачу васташкара марзо лоьхучарна Iаь а етташ, еххачу оьмарца деха.
Даймохк, да-нана, латта, дерриг Iалам, вайн кегий бераш, лаьтта тIехь дехачу адаман жоьпалла, доттагIий, вайн истори, хьошалла – уьш дерриге а Шайхиевн поэзин коьрта теманаш ю.
Поэтан хIора могIано а вайн историна, гIиллакх-оьздангаллина герга валаво дешархо.
Уьш – цхьана заманна, муьрана яздина а доцуш, гуттаренна а йолчу теманашна яздина хиларо а, цара ойла самайохуш хиларо а уьш механа язйо, шайн ешархо кхиаран тIегIанехь лакхавоккху.
Бакъдерг вай аьлча, Шайхиев Iалвадин стихаш тIехь йолу гуларш хIинца кара а яц. Газетадешархошна кхин цхьа къайле а йовзийта йиш ю сан: авторехь (Шайхиевгахь) шегахь а ша язйинчу гуларийн комплект ян а яц (яздархочун библиотека а, ерриг хIусам а яьгна). Уьш дуккха а яра: «Синхаам» (1969 ш.), «Безаман алу» (1971 ш.), «Кхерчахь цIе» (1975 ш.), «Яьссин къоналла» (1977 ш.), «ГIа-буц» (1978 ш.), «Эхь-бехк» (1988 ш.) и.дI.кх.
И гуларш (и саннарш а) шен цIахь йолуш верг суна хьалдолуш, вехаш хета, хIунда аьлча царна юкъахь ду исбаьхьа, ховха, дарбане дош. Оцу дешан мах лакхара хиларна, I.Шайхиевн стихаш, поэмаш школийн программашна юкъа а яхана, цунах (авторх), цундела, хьакъ а волуш, нохчийн литературан классик хилла. Iалвадин поэзи йовза а евзаш, цу тIе догцIена а волу стаг реза хир ву, аьлла, хета аса бохучуьнна.
Ойла е вай кху могIанийн («Лазаман лорах» цIе йолу поэма дIайолало цаьрца):
Аса а ма лайна
Сайн халкъан Iазап,
Къа-бала.
Аса а Iаьвшина логгелца
Цуьнан къаьхьо.
Кхо шо хан хиллехь а
Кху къизчу дуьнен тIе вала,
Шийлачу маьхьарца
Нуьцкъаха
Сайн цIера ваьккхина со!
Ваьккхина Нохчийчоьх –
дайн лаьттах, лаьмнех,
Дайн кешнех,
Дайн иллех,
Ненан маттах.
ГIиргIазойн маьлха кIел,
ГIиргIазойн лаьттахь,
ГIиргIазойн маттахь ас
Дуьххьара ненан цIе
Яьккхина, бах!..
Ала догIу, Шайхиев Iалвадин поэзи юкъа а лоцуш, литературоведчески статьяш язйина авторш а бу вайн.
Церан массеран анализ а еш, шен жамI а деш, Iилманан болх язлур бара студенташна, аспиранташна. Цара-м и белхаш язбеш хила а мега, цунах дерг суна довзац.
Делахь а, газетадешархойн тидаме дахка лаьа суна Шайхиевн кхоллараллех лаьцна цкъа (40 шо гергга хьалха) Осмаев Асламбека яздина дешнаш: «Хаза аьлла дош, стеган ойланашкахь, синхаамашкахь, цу стагана шена хIун ду а ца хууш, даим а дехарг, доьлург, доьлхург говза гайта хаар – хьесап дина ца валлал нуьцкъалий, цецвоккхуший ду.
Нуьцкъала ду – бIаьстено шен чаьлхаш меттахйохий, паргIатонехь долалун хи санна, лаамийн гIаттамца хьан дог цо карзахдоккху дела. Цецвоккхуш – дуьстина-дерина, къегина далийнарг, ахь айхьа кхадийна ца хиллехь а, хьоьца даима даьхна хиларна а, хьайн деган къайленашкара схьаэцна хьуна и хетарна а ду. Иштта ю бакъ поэзи. Суна хетарехь, дестор хир дац вайн, поэзин и коьрта агIонаш Шайхиев Iалвадин кхоллараллехь шайн шовкъе, дуьззина дахар дIакхьоьхьуш хилар вай чIагIдича».
Шайхиев Iалвадин кхоллараллах лаьцна мелла а яздан йиш ю. Хьалхо шех лаьцна цо ша элира: «БерхIитта шо долуш газете веана со, тахана пенсин ойлаян а воьлла. Iалур вуйте со ца язъеш? Вац. Сайга мел язло, къолам охьабуьллур бац аса…»
Цкъа изза поэзин кепара а аьлла Iалвадис:
Иллица гергарло хадо,
Я иллис дIатаса хьо,
Хьалхе ду, хIинцаъ, Iалвади,
ХIинца а къона ду дог.
Хьажахьа гонаха, дерриг
Жил-Iалам – хьан хьалха ду:
ПетIамат-зезагаш, цкъергий,
Тал техка, — хьо церан ву.
Ткъа адамаш, жил-Iалам цIинден,
Ткъа церан куьйгийн и зовкх –
Дерриг а дерзадахь илле,
Хьан илли хир ма ду токх!
…Иллица гергарло хадо,
Я иллис дIатаса хьо,
Хьалхе ду хIинцаъ, Iалвади,
ХIинца а къона ду дог.
P.S. Ваха виснехь, кху шеран 12-чу апрелехь нохчийн поэтан Шайхиев Iалвадин 75 шо кхочур дара.
Вайца иза воцу диъ шо ду. АллахI- Дала гечдойла цунна! Шен хIусамах воккхавевойла иза.
Гайтукаев Асламбек