ГIамаро дIахуду хи санна…
байна болуш лаьтта нохчийн мотт
«Шен ненан мотт халкъо, сий ойбуш, Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьамма а хьошур яц», — аьлла вевзаш волчу нохчийн яздархочо Мамакаев Мохьмада. Хьекъале дешнаш ду уьш. Шен ненан мотт боккъалла а лоруш волчу стага лардан декхар ду цуьнца доьзна мел дерг: къоман цIе, эхь-бехк, гIиллакх-оьздангалла, паргIато.
АлхьамдулиллахI, и тайпа адмаш шортта ду – вайн къам а, ненан мотт а доза доццуш дукха а безаш, цуьнан хиндолчух дог а лозуш, нохчийн маттана гонаха тахана кхолладеллачу хьолана сагатлуш а болш. Амма хIетте а уьш гIорасиз бу нохчийн мотт ша хила хьакъ болчу тIегIан тIе баккха, оьрсийн меттан йоллу бакъо а йолш, юкъараллин дахарехь цо санна маьIна а лиэлош, иза хилийта.
Цуьнан бахьанаш шортта ду – вайх дозурш а, ца дозурш а. ТIаьхьарчех лара мегар ду вайн махкахь хилла къиза ши тIом. Церан ирча тIаьхье яра вайн шахьаршкахь, кIошташкахь, ярташкахь аьтта дIаяьхна школаш, библиотекаш, юккъера а, лаккхара а дешаран кхерчаш, оьздангаллин цIенош, театраш, филармонеш. И акхаралла лелийнчара дагалаьцнарг хIун хилла хаа гIерташ башха къахьега а ца оьшу: цара юьхьарлаьцна коьрта Iалашо цхьаъ хилла – нохчийн къоман иэс хIаллакьян.
Школаш, библиотекаш, юккъера а, лаккхара а дешаран кхерчаш сийначу цIарах ягийча къона чкъор, жим-жимма хедаш, дешарх, Iилманах дIахедар ду, цул тIаьхьа цара шайн ненан мотт дIатосур бу, тIаккха бовл-бовлуш къоман культурана херабевр бу. Цул тIаьхьа хIумма а хала хир дац царех нохчоллех цхьа хьаса а, зирх а боцуш манкурташ бан.
Амма нохчийн къоман мостагIийн и ямарт ойланаш кхочуш ца хуьлуш юкъахйисира хьалха АллахI-Дела, шолгIа вайн дуьххьарлера Президент Кадыров Ахьмадхьаьжа (Дала къобалдойла цуьнан гIазот) бахьнехь. Доллучул а хьалха меттахIиттийра дешаран а, культуран а кхерчаш. Биъ са а баьккхина дерриге нисдаларе а ца хьоьжуш, ур-атталла тIом кхоччуш сецца а балале, болх бан юьйлаелира школаш, цIабирзира тIамах бевдда республикера дIабахана хилла артисташ, хелхаран ансамблаш, кхийолу кхоллараллин коллективаш. Даррехь гуш дара нохчийн халкъ къардала ца туьгуш шен тхьамдина А.-Хь. Кадыровна тIаьхьа а хIоьттина, катоьхха тIеман чевнаш ерзош, маьршачу дахаран юьззина кеп дIахIоттош хилар. Иза ца тайра нохчийн къоман мостагIашна.
Цара тешнабехкаца эккхийтар дар бахьнехь кхелхира шен къоман бакъволу турпалхо Кадыров Ахьмад-хьаьжа.
Амма цо цIенчу ниййятца шен къоман дуьхьа дIадолийна гIуллакхаш юкъах ца дисира: шен дас дIаболийна некъ сийлаллица чекхбоккхуш ву цуьнан кIант, Нохчийн Республикан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.
Дийно-дийно хазлуш, туьйранахь санна кхуьуш, зазадоккхуш ю Нана-Нохчийчоь, цуьнан культура, денлуш, чIагIлуш ду ислам-дин, къоман гIиллакхаш, ламасташ, нохчийн мотт кхиарна мел оьшу хьелаш кхоьллина. Доцца аьлча, вайх хIорангахь нохчолла кхиорна мел оьшург дан гIерташ мало йоцуш къахьоьгуш ву мехкан Куьйгалхо.
Цу декъехь мел динчу гIуллакхел мехала хета суна Р.А. Кадыровс чIагIдина меттанийн хьокъехь долу закон. Цуьнца нийса а догIуш, оьрсийчуьнца цхьаьна вайн республикехь пачхьалкхан бина дIакхайкхийна нохчийн мотт. Оцу хиламо хIинццалц вайна юьйцу ца хезна паргIато а, шуьйра таронаш а ло нохчийн къомана шен мотт кхио.
Нагахь санна ненан мотт гIеллуш, дийно-дийно заьIапболуш хиларна вай хIинццалц бехкедеш хилларг советан Iедал а, коммунистийн идеологи а хиллехь, тахана вешан мотт кхио вайна новкъарло еш мискъал зараттал хIума ца го суна. Нохчийн маттана гIело еш дерш вай ваьш ду. Вайн цIийх а, тIамарх а боьлла оьрсийн мотт. Оьшучахь а, ца оьшучахь а иза бийцарал сов, вайх дукхаха болчара еш йолу ойланаш а оьрсийн маттахь ю. Нагахь санна ас дуьйцург бакъ дац аьлла шайна хетахь телевизор а латаей хьовса, ладогIа. Цу чохь вистхуьлуш мел верг – жима а, воккха а, даржехь верг а, могIарера вахархо а, Iилма дерг а, жехIилниг а – массо а шайн къамел иэбеллачу шина маттахь деш хуьлу – оьрсийн а, нохчийн а. Алийша, мила ву царна шайн къамелаш ненан маттахь дар доьхкуш? Цхьа а вац. Бахьана кхин ду: царна дола хета нохчийн маттахь вистхилар. Къамелехь юкъа-кара оьрсийн дешнаш ца далийча цхьаболчарна шайн культуран тIегIа лахлуш санна хиэтало, хIунда аьлча, массарах а дIа ца яьлла хIинца а 70 шарахь вайх йоьлла хилла хьу.
Нохчийн мотт бийцар, цуьнан кхиар, йозанан мотт шарбалар мелла а толур дара аьлла хиэта пачхьалкхан тIегIанехь мел яздеш долу кехаташ (делопроизводство) оьрсийчуьнца цхьаьна ненан маттахь а яздеш хилча. Меттанийн хьокъехь долу закон шаьш чIагIдинчул тIаьхьа цу хьокъехь сацам тIеэца безаш хиллера аьлла хета вайн Парламентан депутаташа. Иза дан хIинца а тIаьхьа дац.
Вуьшта а заьIапбаьлла ненан мотт кхиорехь йоккха новкъарло хуьлу цхьана а кепара литературан похIма доцчу жехIил наха шайн чоьтах арахоьцуш йолу книгаш. Исбаьхьаллин мехалла ца хиларал сов царех дукхаха ерш орфографин, стилистикан, пунктуацин гIалаташа сийсош ю. Жимма а кара сом кхаьчначу нохчочунна яздархо хила лаар бехке дацара нагахь цара яздечо ненан маттана дийриг доккха зиэ дацахьара: керла бевллачу «яздархойн» таьптарш диэша воьллачунна шена хууш болу мотт а бицбаларна кхерам бу.
Цундела, советан Iедал долчу заманахь ма-хиллара, цхьана низме далуо деза книгашна зорбатохар: исбаьхьаллин кхеташонехь магийначу куьйгайозанна, (дерриге гIалаташ нис а дина, чулацам къобалбинчул тIаьхьа бен) зорба а ца тухуш.
Къаьсттина ала догIу рекламех.
Вайн шахьаршкахь, кIошташкахь, ярташкахь ког мел баьккхинчахь йолу реклама оьрсийн маттахь ю. Массо а бохург санна кафеш ресторанаш, фирманаш, ягориг ютту станцеш, туьканаш оьрсийн а, малхбузен пачхьалкхашкара къаьмнийн а меттанашкахь цIерш техкина ю. ХIунда? Нохчийн маттахь цIе хилча шайна тIе эхь дарна, я мах ца хиларна кхоьру-те церан дай? Балтикан республикашкахь, Эрмалойчохь, Гуьржийчохь советан Iедалан хенахь а ца хуьлура цхьана а ураман, кафен, ресторанан, туьканан цIе оьрсийн маттахь – массо а йозанаш, реклама шайн къоман маттахь яра. Талмаж ца хилча Iаламат хала хуьлура цу республикашкахь лиэла. Оьрсийн маттахь шайга хаьттинчунна цара, дукха хьолахь, мегарг жоп а ца лора. Цигарчу къаьмнашна шайн мотт оьшуш хилар, уьш яхь йолш хилар дара иза. Нохчийчу веанчу хьешана, иза миччара велахь а, талмаж оьшуш вац, нагахь жимма а оьрсийн мотт хууш иза хилчхьана.
Вайн зорбанехь лелаш болу мотт а, коьртачу декъана, оьрсийниг бу.
Къаьсттина ала догIу гIаланийн а, кIоштийн а газетех лаьцна. Шина маттахь арадовлуш ду, аьлла, билгалдаьккхина ду церан Уставаш тIехь. Амма иза кхочушдеш дац.
Кхидерш-м дуьйцур а дацара, бусалба динах дуьйцуш долу газетан агIонаш тIехь зорбане юьйлучу статьяшна юкъахь а алсам нисло оьрсийн маттахь ерш. Соьга хаьттича лартIехь хIума дац иза.
Нохчийн меттан вай мел сий до, иза вайна мел оьшу къеггина гойту нохчийн маттахь арадолучу республикан газете язбеллачийн терахьо а: 1 миллион сов долчу вайн къомах цу газете язбелларш Iаламат кIезиг бу. Нохчийн маттахь арадолу газета а, книгаш а вай йоьшуш ца хилча, барта къамелехь а вешан маттах мегарг пайдаоьцуш ца хилча вайна ненан мотт муха хуур бу? Цуьнан ойла ян езара вайх хIорамма, мехкан йоцу конканаш хехкарца, цхьа давахарг доккху барзакъаш хийцарца, тIе-кIел гIаланаш йогIарца цхьаьна. Нохчийн мотт белла дIабалахь вайн къам а лийр дуйла хаа деза вайна. Цул тIаьхьа вай хIун до оцу конканех, барзакъах, туьйранера гIаланех, ваьш харц-бакъ некъашца гулбинчу бахамах? Нохчийн маттах лаьцна къамел долийча цхьаццаболчара олуш хеза: «суна нохчийн маттахь еша а, яздан а ца хаьа». Иза олучо дозалла ца дахь а, ша дуьйцург хIумма а сакхте а ца хеташ олу. Ишттачу стагах суна боккъалла а къахета, заьIапхочух санна.
Везчу Дала ма гойтийла вайна нохчийн мотт кхалхар! Амма вай жимма сема ца хилахь иза хир дац олийла дац. Цундела хIора нохчочо ша вол-волчахь шен ницкъ ма-кхоччу бахьанаш лиэло деза ненан мотт кхиорехь, иза баьрччиэ баккхарехь, цуьнан сий-пусар айдарехь. Сайн къамел нохчийн поэтан Кибиев Мусбекан «Меттан сий» цIе йолчу байта юкъара могIанашца дерзо лаьа суна:
Саьхьарчу иллешкахь бекна,
Нохчийн мотт – маршонах ала!
Дахарца Iожалла екъна
Нохчийн мотт сий дарца кхала!
Меттан сий, вайн сий ца дайа,
ТIеман лар юьлуьйтуш хица,
Дитна сий, дайша дендайша,
ХIай, нохчо, доькъуш дерг хIинца.
Барзанукаев Ахьмад