Сулейманов Ахьмад: 100 шо ЛЕНВОЦЧУ СИЙЛАЛЛЕ КХОВДАЕШ ЦIЕ

Сулейманов Ахьмад: 100 шо                           ЛЕНВОЦЧУ СИЙЛАЛЛЕ КХОВДАЕШ ЦIЕ

Сулейманов Ахьмад вина 1922 шеран 1 майхь Хьалха-­Марта районан Олхазар-кIотарахь. Ишкол яьккхина ваьлча Ахьмада серлонан наркоматан инструктор а, комсомолан райкоман секретарь а болх бо. Сибрехара цIа дирзинчул тIаьхьа цуо чекхйоккху Нохч­-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт. Цул тIаьхьа Ахьмада дуккха а шерашкахь хьехархочун а, директоран а болх бо ГIойтIара, Хьалха­МартантIера а, Олхазар-кIотарара а ишколашкахь. Цул совнаха, Нохч­-ГIалгIайн яздархойн союзан литконсультантан декхар кхочуш а до цуо.
Стихаш язъян Ахьмад ишколехь доьшуш волавелира. Дуьххьарлера цуьнан байташ Сийлахь-боккха даймехкан тIом балале зорбане йовлу. Уьш шена ешча, Ахмадов Мусас дийцарехь, Бадуев СаьIида цуьнга: «Хьо вахьахь, ма хилал поэт!» – аьлла хиллера. Нохчийн классически литературан бухбиллархочун лаам буьззина кхочушбира Ахьмада.
Сулейманов Ахьмад Дала вуно доккха похIма делла стаг вара. Поэт а, хьехархо а хилла ца Iаш, историк, этнограф, барта кхоллараллин а, меттан а говзанча, гочдархо, суртдиллархо, пондарча, илланча вара иза. Амма уггаре хьалха поэт вара. Поэзи – цуьнан дахар дара.
Хьаьнцца – воккхачуьнца а, жимачуьнца а бийца мотт карабора Ахьмадна. Мел дукха цуо дийцарх, кIорда ца дора цуьнга ладегIа. Цкъа­-делахь, Ахьмадна Iаламат дукха вайн исторех, нохчийн хьалха хиллачу дахарх хаза хIумнаш хаьара, шолгIа – иза, ша санна верг кхин хир воцуш, говза дийцархо а вара. Цуьнца цхьаьна нисвелларг, Iада а вой, ладоьгIначохь вуьсура. Къаьсттина самукъадолура цуьнан берашца. Цуо Iамош долу бераш шайн нийсархойх къаьсташ хуьлура хазачу гIиллакхца, цIена буьйцучу нохчийн маттаца, кIорггера шайн Даймохк безарца.
Дуьйций, дуьйций, цIаьххьана саца а лой, «Дукха-м ца лоь со?» – олий, хоттуш Iедал дара Ахьмадан. ЛадугIуш берш-м дуьне а, эхарт а дицлой, гIамаро хи санна, цуьнан хIора дош худа кечбелла Iаш хуьлура.
1990-чу шарахь, нохчийн поэзи кхиорехь цуо хьегна къа билгалдоккхуш, «Нохч­-ГIалгIайн АССР-н халкъан поэт» цIе тиллира Сулейманов Ахьмадна. ЦIарна а доцуш, ван а вара иза вуьззина халкъан поэт, шен Даймехкан патриот а.
Масех стихийн а, поэмийн а гулар араяьлла цуьнан: «Безаммий, шаьлтий», «Дог дохден цIе», «Ламанийн хьостанаш», «Даймехкан некъаш», «Цхьа-­ши дош…». Оьрсийн маттахь а араяьлла «Симфония гор». Амма, цхьацца бахьнашна, хIинца а зорбане бовланза белхаш а бисна Ахьмадан. Бакъахь хир дара, уьш вовшах а тоьхна, царна зорба тоьхча.
ХIора Ахьмадан произведени, халкъан а хуьлий, яьржара Нохчийчохь. Эрна дац цуьнан стихотворениш тIехь вуно дукха эшарш яхар а, уьш хIоранна дагахь хууш хилар а.
Сулейманов Ахьмадан кхоллараллехь коьртаниг – Даймехкан, шен Даймахкана тешаме волчу Къонахчун тема ю. Иза деклараци яц. Авторан Даймахке болу безам – кIентан шен дега, нене болу бакъ безам бу. Иза паргIат бу ша кхайкхош мохь беттарх, тайп-тайпанчу моттаргIанех а, кепех а.
Шен «Берд» цIе йолчу стихотворенехь цуо Даймехкан сурт хIоттадо хIордан йистера тIулган бердаца. ХIордан тулгIенаш Даймахкана тIехIуьттучу халонашца юсту цуо:

Яйра суна тулгIеш етташ хIордо:
Карзахбуьйлуш бердах летайо.
Цкъа а бац и цуьнца къийса кIордош,
ХIетте а, берд даим лаьтташ го.

Амма, «бердах а кхетий, тулгIеш, ницкъ а бухий, йоьлху генна хIордан ара дIа…». Иштта, ша мокхаз санна чIогIа бу вайн Нана­-Даймохк, иза эшор бац мел нуьцкъала мостагIчо а, хьошур бац мел яккхийчу халонаша а.
Сулейманов Ахьмада шен кхоллараллехь кхечу нохчийн поэтел сов пайдаоьцу нохчийн барта кхоллараллех а, вайн халкъан поэтически кхоллараллин гIирсах а. Цундела хир ду цуьнан стихаш тIехь эшарш алссам яхар. Хьанна ца девза Сулеймановн «Дог дохден цIе» стихотворени тIехь нохчийн илланчийн баьччас Дагаев Валида даьккхина илли? Цу жимачу произведени тIехь поэтан аьтто хилла нохчийн доьзалехь хьаша­-да тIеэцаран къеггина сурт хIотто. Нохчийн доьзал кхузахь – иза Даймехкан билгало ю. Доьзалан масал тIехь Сулеймановс схьайоьллу шен коьрта Iалашо – нохчийн хьаша­-да тIеэцаран оьзда гIиллакх а, нохчийн комаьршалла а, догдикалла а гайтар.
Муьлххачу къоман а ду хьаша-­да тIеэцар деза лоруш. Амма кавказхойн, массарна хууш ма-хиллара, хьешал деза хIума дац. Къаьсттина нохчийн, гIалгIайн. Шеко йоццуш, еккъа цхьа и стихотворени бен ца язйинехь а, нохчийн литературехь шен цIе а йолуш ваха вуьсур вара Ахьмад. Цу йоцачу стихотворенино вуно мехала хаамаш бо Iилманчашна нохчийн Iер-дахарах а, этнографех а.
Ма-­дарра, цхьа а хаздар доцуш, дуьйцу автора хьаша­-да тIеэцарх. Амма и ма-дарра дийцар цхьа а хаздар оьшуш дац. Ма­-дарра хиларца хаза ду иза:

«ХIей нах! – олий, ас мохь туху,
Серлаболу корехь чиркх. –
Вевзаш вацарх ломахь наха
Даим оьцу хьаша чу».
«Беркат шорта хуьлда хьоьца!
Воссал динара, хьаша хьо!» –
Олуш ондда луьйта лоций,
ХIусамдас со воссаво.

КхидIа, вайна массарна а бераллехь дуьйна хийлаза ладегIна а, хьоме а долу, хIора нохчийн зудчун-­ненан аьхна дешнаш хеза:

«Дера ва хьо могуш­-маьрша!
Ма гIелвелла хир ву хьо!
Кху тхан тишчу хIусмех вашахь,
Даккхахь тхоьца дийна шо».

Стихотворени чекхйолуш поэто жамI до:

Божлахь сан дин паргIатбаьлла,
ХIинца паргIат вер ву со.
Кхача кечбеш марсаяьлла,
Пешахь кхерсташ хир ю цIе…
Цу кхерчарчу цIарочул а
Хьаша вохвеш, йовхо луш,
Ю вайнехан комаьршалла!
Ду вайнехан оьзда дош!

Шеко йоццуш, М.Мамакаевн тоьлла йолу «Даймехкан косташ», «ТIулгаша дуьйцу», Зама» произведенешца цхьана могIарехь лаьтта вай хьахийна Сулейманов Ахьмадан стихотворени а.
Поэтически говзалла лакха мел ели а, Даймехкан тема схьайоьллуш философски ойланийн кIорге юссу поэте. Сулейманов Ахьмадан лирически турпалхочунна лаьа: «Адмийн дегнаш чуьра мекха дIаяьккхина цIандар», «лаьттахь, стиглахь машар дIахIоттор», «дуьненнал ирс шега кхаьчча», цунах шена дакъа ца деш, адмашна иза дIадала!
Шен доттагIчунна, Дагаев Валидна, лерина язйинчу «Шуьнехь дош» цIе йолчу стихотворенехь поэта кхоччуш къастабо къонахчун­-патриотан мах. Кхузахь Сулеймановс хIоттадо Даймохк безаш, цуьнан дуьхьа шен са дIалур долуш, массо а хIуман тIехь къонахаллин дог­-ойла йолчу турпалхочун васт:

«Къонаха мила ву? И меллалц веха?» –
Хаьттира ахь соьга шуьнехь Iаш вай.
«Дерриг а дуьне ду къонахчун меха!
ХIара дуьне­-м къонахийн белшаш тIехь дай!»

Къонаха вехийца Даймехкан сийнна,
Даймехкан сий лардеш вала а ле!
Ле иза кхин ваха ца лууш санна,
Ленвоцчу сийлалле кховдаеш цIе!

«Лойша суна» стихотворенехь лирически турпалхочо доттагIашка иштта кхайкхам бо:

Даймахкера безам гайта,
ДоттагIий, аш таро ло!
Цуьнан дуьхьа муха веха,
Муха ле ас гойтур ду!..
Ша цкъа гIалатваьллачу хIуманна къера хилар, дохковалар – бакъволчу къонахчун амалехь ду. Иштта, «Ма дохко ваьлла со» стихотворенехь Ахьмадан турпалхочо боху:

Ма дохко ваьлла со, ма дохко ваьлла,
ДIаала деззачохь цкъа дош ца аьлла!
КIеззигчу хIумантIехь цкъа осал ваьлла!
Цхьалха цкъа малхана дуьхьал ца ваьлла!
Сил езаш йолчуьнга сонта дош аьлла!
Ма дохко ваьлла со, ма дохко ваьлла!

Да­-нана, Даймохк – хIун хир ду царел деза-доккха стагна? Цу сийлахьчу кхетамна ямарт хиллачунна кхел кхайкхош ду Сулеймановн хIара дешнаш:

Даймохк вайна цхьаъ бен ма ца белла,
Да-­нана а хIора стеган цхьацца ду.
Даймахкана, дена ямарт хиллехь,
ХIай декъазниг, хьуна латта хьарам ду.

Йоккха меттиг дIалоцу Сулейманов Ахьмадан поэзехь безаман лирико. Хьанна ца евза халкъан эшарш хилла поэтан «Календаран тIаьххьара лист», «Батто сагатдо», «Хьо марша Iойла», «Йицъе ма ала», «Весет» цIе йолу стихаш. Уьш язъеш Ахьмада боккха пайдаоьцу халкъан барта кхоллараллин поэтически сурт хIотторан гIирсах:

Орцан дукъах дато маIаш
Туьйсуш, батто сагатдо.
ЦIеста кIудал нохчийн йоIа
Шовдан кIел сецайо.
Хета баттах схьаIийдалуш,
КIудал юзу шовдано.
Нур-зIаьнаршца безам муьйлу,
ЙоIах хьерчаш цу батто.

«Календаран тIаьххьара лист» цIе йолчу стихотворенехь лирически турпалхочо шен оьзда безам иштта балхабо:

Бертаза хьо дагчохь
Кхаба дац атта,
Хийрачу хьоь хьежа
Ницкъ а бац сан.
Маржа-яI, велар­кх со
ТIулг хилла лаьтташ
Шуьйрачу цу новкъахь
Хьо наггахь ган!

Автора шена езначуьнга дина весет лара мегар ду хIара «Весет» аьлла яздина могIанаш:

Вовшийн хила доьгIна доцуш,
Дуьне дисар сох хилахь,
Хьо езнариг дагалоцуш,
Цкъа сан коше ялалахь.
Безам буьйцуш байташ язъеш,
Чурт кхала ма гIерталахь.
«Хьо чекхвели!», – охкуш, яздай,
Цхьа акха тIулг богIалахь.

Дуккха а болх бора Ахьмада гочдарш тIехь а. Цуо нохчийн матте ехира Пушкинан а, Лермонтовн а, Джалилан а, цхьа могIа кхечу бевзаш болчу поэтийн а произведениш. Мотт кхиорехь гочдарша лоцу дакъа а хууш, юкъ-кара и болх ца беш ца Iара Ахьмад. Хьовсур вай Пушкинан «Iаьнан суьйре» байт Ахьмада нохчийн матте яккхар муха нисделла:

Букар дарцо стигал кхолош,
Буьрса чимаш хьийзадо,
Наггахь цIевза барзах тарлуш,
Наггахь берах белхам бо.
Наггахь тишчу тхов тIе долий,
Карзахе ча кегадо.
Некъах тилларг санна, догIий,
Тхан цIийнан кор туху цуо.

Гочдарех дерг дуьйцуш ца хьахийча нийса хир дац, Шерипов Асланбека, оьрсийн матте а даьхна, зорба тоьхна хилла кхоъ нохчийн илли Сулеймановс юханехьа ненан матте доккхуш биначу балхах. Уьш ду 1918 шарахь оьрсийн маттахь араяьллачу «Из чеченских песен» гулар тIера «Обарг Геха», «Юсуп­, Мусин кIант», «Обарг Асир» иллеш. Кхузахь цхьа хIума билгалдаккха деза – иллийн нохчийн маттахь йолу оригиналаш, Шериповс шен хенахь пайдаэцна, яйна хилар. Ахьмада нохчийн матте даьхна и иллеш дешначун цхьана минотана а уьш оригинальни иллеш дац аьлла шеко кхоллалур яц. ХатI а, поэтически гIирс а, сурт хIоттор а нохчийн иллешкахь дерриш ду церан:

Да велла диса хьо, кийрара дилха дог…
Хьайна там ва хилча,
йишин бер ва хуьлий, ма коча качло хьо,
Хьайна там ца хилча,
меца борз ва хуьлий, ма дера дарло хьо!
Сан нанас биллинчу кIедачу ва меттахь,
Хьешана диначу цу дуьхьал оти чохь
Наб кхета ца вуьтуш,
мел хала хьийзаво ахь,
кийрара дилха дог…
Диканна хуьлда-кх хьан карзахдалар,
Сан ойла дIаехьна, сан синтем бохийна
обарган дакъа соьга кхийдош
Ма хьийзаво ахь со, кийрара дилха дог!
(«Юсуп, ­Мусин кIант»)

«Тохара хьалха кхин адам дара – кхин зама а яра. ХIинца Кавказан дегIа тIехь ехаш йолу веччалгаш санна а доцуш. Кхин адам дара: цара ца лоьхура я деши, я кхин мехала металлаш а, цара ца йора Кавказан баьццара-сийначу турпал некха тIехь иштта къиза­, инзаре, дера чевнаш. Церан догIмашкахь хIинццалца Кавказан лаьмнашкахь хилла а, хIинца болу ницкъ а, доьналла а дара, церан дог кура а, майра а, буьрса а дара. Даго бохучул, шовкъе лаамаша бохучул сов Iедал а дацара церан… Хаьара лаьмнашна а, адмана а шаьш сирлачу безамаххий, ницкъаххий дуьзна долчу Нана­-Iаламан бераш дуйла…»
«ХIай! Шу турпалчу дайн кIентий! Шу хIунда девлла иштта сутар-­саьхьар дуьне гулдан – деший, сискал – ткъа цхьа а хIотто мах боцу сан сийлахь-­йоккха хазна аш хIунда ца тергалйо? ХIунда ца оьцу аш соьгара сирлачу, майрачу дахаран масал, паргIатонехьа къийсаман лекха лаам, турпала хьуьнарш?» Амма йистхуьлуш яц ялхойн, бацарийн ярташ, ткъа ламанийн лекха кхайкхам къарлой, бужий дIабов» («Асир») – Асламбек Шерипов «Статьяш а, къамелаш а». Грозный, 1977).
Ша ала догIу Сулейманов Ахьмада вайн мехкан паспорт – Нохч-­ГIалгIайчоьнан топоними – хIотторах. Вай цIерадаьхначу юкъанна нохчийн, гIалгIайн массо а яртийн, ламанийн, хийн, шовданийн цIераш а хийцина, кхин – харц цIераш техкинера Нохч­-ГIалгайчохь а ( цу хенахь – Грозненски областехь), ДегIастанара а, Къилбаседа ХIирийчуьра а нохчий, гIалгIай Iийначу меттигашкахь. Кху махкахь нохчий баьхна ала цхьа а билгало ца йитнера Делан мостагIаша – Сталинан, Берийн хьадалчаша, ур-атталла беллачарна доьгIна чарташ а тIехь бухдохуш. Доьдоцуш вай дайъа Iалашо йолуш дина хIума дара иза. Шайн махка юхадерза бакъо еллехь а, шаьш хийцина цIераш юхаметтахIитто дагахь бацара вай цIера даьхнарш. И харц цIераш йисаре сатуьйсура цара.
Халахеташ делахь а, вайна юкъахь а, къаьсттина кегийрхошна, шайн ворхIе а дайша яьхна йолу цIераш а йицйина, вай цадезачара техкина цIераш яха буьйлабеллера цхьаццаболу нах. Цу хенахь хилларг­-м хIунда дуьйцура, хIинца а кест-кеста хеза вайна Iалхан-­Юртах – Айвазов (Айвазовская), Таьнга­-Чух – Липовка, Iалхан­-ГIалах – Ермоловка, иштта дIа кхин а олуш. Цул иэхье а, осал а хIун хир ду?
И шадерриг гуш а, Iеткъаш а волавелира Ахьмад топонимин тIехь болх бан. Нохчийчоь-м йийца а ца оьшура, иза ца кхочуш цхьа а, жима а, йоккха а юрт ца йисира луларчу ГIалгIайчохь а, ДегIастанара а, Гуьржийчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра нохчий, гIалгIай бехачу меттигашкахь а. Къилбера – къилбаседане, малхбалера – малхбузе кхаччалц мосуьйттаза чекхваьлла ша топоними хIоттош Нохчийчухула олура Ахьмада. Цуьнан ког кхачаза цхьа а юрт, кIотар, бIов, гIала, каш, зиярт, лам, рагI, арц, дукъ, Iам, Iин, хи, шовда, ирзо, тогIе, хоте ца йисна вайн махкахь. ХIора меттиган цIе боккхачу безамца йоккхура Ахьмада, царех хIораннах шех лаьцна дийца инзаре хаза хIума а хуьлура цуьнан. Цу меттигашца доьзна долу иттаннаш шира дийцарш, легендаш, аларш цигахь бехаш болчу нахера дIаяздинера Ахьмада. Цу хенахь цуо и болх бина ца хиллехь, тахана и хатта а, хаьттича дийца а стаг воцуш дисина хир дара вай.
ПIелг санна ша цхьана стага бина мехалчу балхо Нохчийн мохк юха а шен бакъболчу дайн дола берзийра. Аьлча а, вайн мостагIаша хийцина вайн мехкан бакъболу бух юхаметтахIоттийра. ХIинцачул тIаьхьа вай цадезачийн кхин цкъа а аьтто хир бац нохчийн къомо эзарнаш шерашкахь шайн лаьтта тIехь йитина хьанала лар доьдоцуш яйъа. Дела реза хуьлда Ахьмадна и боккха болх цуо барна!
Сулейманов Ахьмад нохчийн меттан воккха говзанча вара. Мотт дIабаьлча, къам дIадериг хиларх дика кхеташ вара иза. Шен «Дахаран генаш» цIе йолчу поэмехь поэта иштта мах хадабо ненан меттан:

Воккхаве со хьуна хуъчу
Кхечу кьаьмнийн меттанех,
Хьайниг бицбеш, Iамо дезна
Уьш хьуна ца моьттинехь.

Вай цIера дахале нохчийн маттахь дешна волчу цунна кхеташ а, товш а дацара Сибрехара цIа даьхкинчул тIахьа вайн берашна ишколехь ненан маттахь хьоьхуш цахилар. Кегий къаьмнаш а, церан меттанаш а кхане йолуш цахилар чIагIдан Iалашо йолуш 1963-чу шарахь Москвахь дIаяьхьначу ерригсоюзни Iилман­-практически конференцехь Сулейманов Ахьмада элира:
«ХIора стагна сийлахь долу кхо хIума ду дуьненчохь вовшахдаккха йиш йоцуш, даима а цхьаьна хила дезаш. И кхо хIума – халкъ а, мотт а, Даймохк а ду. Оцу кхаа декъах муьлхха а цхьаъ дIакъастийча дисина ши дакъа – дахалуш дац. Нохчийн къам казахийн, гIиргIазийн мохк ца тайна а, оцу махкахь дахан а, Iен а ца хууш а ца гIертара шайн Даймахка. Кху дуьнен тIехь мел йолу дуьхьалонаш а эшош, шаьш 13 шарахь хала гулбина бахам а битина, нохчий шайн Даймахке гIертара, Дала делла и сийлахь кхо хIума вовшах а тоьхна, юха а дуьззина къам хилла даха».
Умхаев Хьамзат