ПОЭТАН БIАЬРГ ТIЕХIУТТУШ ХИЛЛА ДОЛУ КУЬЦАШ

ПОЭТАН БIАЬРГ ТIЕХIУТТУШ ХИЛЛА ДОЛУ КУЬЦАШ

Нохчийн поэтан Кибиев Мусбекан 85 шо кхочуш

Кибиев Мусбек дуьнен чу ваьллера 1937-гIа шеран 7-чу августехь Веданан кIоштарчу Хорачахь. ВорхI шо кхачанза волу Мусбек «Халкъан мостагI» а вина, 1944-чу шарахь, деца-ненаца цхьаьна махках ваьккхира, кхиболу нохчий санна.
ГIиргIизхойн махкахь дIадахара хинволчу поэтан бераллин шераш. Цигахь, школехь доьшуш волуш, билгалвелира ненан маттахь йозанаш дан гIерта кIант.
ВорхI класс чекхйаьлча, 1957-чу шарахь, ГIиргIизхойн махкахь кхойтта шо а даькххина, шен деца-ненаца цхьаьна иза цIа вирзира сатийсинчу Даймахка. Веданахь чекхйаьккхира йуьккъера школа.
1961-1967-чу шерашкахь Москварчу литературин институтехь дийшира. А.М. Горькийн цIарах йолу и дешаран заведени чекхйаьккхинчарах хьалхара нохчо ву иза.
М. Кибиев болх бан волавелира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан «Хьехархойн говзанчашкахьа» газетан редакторан даржехь, цул тIаьхьа белхаш бира Веданан кIоштан «Колхозан дахар» газетехь, республикин йукъараллин-политикин «Ленинан некъ» газетехь, республикин «Орга» цIе йолчу литературин журналехь.
Нохчийн маттахь а, оьрсийн маттахь а арайийлина авторан киншкаш. Соьлжа-ГIалахь а, Москвахь а.
Нохчийн маттахь зорбанера араевлла:

  1. «Ши зама» (стихаш, поэма) (1962),
  2. «Наьрташ» (стихаш, туьйра-поэма) (1964),
  3. «Денойн чам» (стихаш, поэма) (1969),
  4. «Шийла цIераш» (стихаш, поэма) (1975),
  5. «Лаьттан куьзга» (стихаш, поэма) (1984),
  6. «Беттан догIа» (стихаш) (1985),
  7. «Седарчийн чIара» (повесташ, дийцарш, очеркаш) (1988),
  8. «Хьекъалан бохь» (стихаш, поэма) (1992),
  9. Антологи (Москва, 2003).
    I0. «Хаьржинарш» (стихаш, бархIмогIанаш, поэмаш, баснеш; дийцарш, повесташ, очеркаш, статьяш, Москва, 2012).
    Оьрсийн маттахь зорбанера араевлла:
  10. «Чеченские и ингушские народные сказки» (1965 г., 1970 г. Москва, Детгиз, отредакти-рованные с А. Мальсаговым).
  11. Подборка стихов в журналах «Дружба народов» (Москва, 1962), «Новый мир» (Москва, 1964), «Техника – молодёжи (Москва, 1965)».
  12. «Вершина разума» (Грозный, 1993),
  13. «Стихотворения…» (Москва, 1995),
  14. Антология (Москва, 2003).
    Поэзин басца бос керчачу йоккхачу стигалахь маьрша тIам кхарстош, ша-тайпа хатI хиларца йевзира литературин дуьненна Кибиев Мусбекан кхолларалла. И билгалдоккху массара а, поэтах дош олуш.
    Арсанукаев Iабдулла, литературахо:
    Поэзин маьрша тIам кхарстор шуьйра а, лекха а дара Мусбекан кхоллараллехь. Цо йаздора безамах, адамаллех, къонахаллех, Даймахках. ХIора дош шен семачу дагах чекхдаьккхина, сица литтина, хьекъалца дуьстина ду Мусбекан. Иза «цхьа ша-башха похIма долу поэт» олучарех ву. КIорггера васташ долуш, цхьа ша-тайпана, хаза поэзи йу цуьнан.
    Туркаев Хьасан,
    литературин критик:
    Синкхетамна уггар чIогIа тIеIатIкъам беш, дахаран марзо совйоккхуш, хазйеш, цуьнан сийдеш йолу философи нохчийн поэзехь Кибиев Мусбека йукъайалийна.
    Шен кхечарех тера доцу поэзин хатI хиларца къаьсташ вара иза. И хатI динарг, цкъа-делахь, цуьнан стихийн чулацам бара, шолгIа-делахь, дуьненан исбаьхьаллин литература йовзар а дара: Москварчу литературни институтехь студенташна массо а агIор кIорггера хаарш лора.
    Арсанукаев Шайхи, поэт:
    «Поэзин ша-тайпаналла, чолхалла йоьзна Мусбека шен кхоллараллин некъах. Цуьнан шен дуьне ду. Дуьнене, Iаламе, адамийн дахаре шен хьажар ду. Шен аз ду, йозанан хатI ду, шен философи йу».
    Ахмадов Муса, йаздархо:
    Кибиев Мусбекан кхоллараллин некъе бIаьрг тоьхча, го поэта динчух дукхах дерг гуттаренна а хилар.
    Адамийн ша-тайпа амалш а, Iаламан суьрташ а, поэзехь санна, прозехь а говза гайта ницкъ болу йаздархо ша хилар гайтина Мусбека «Седарчийн чIара» цIе йолчу дийцарца. Iалам поэтан синхIоттамах, ойланийн мукъамах дуьзна ду. Стихашкахь хаало импрессионизмо Кибиевн кхоллараллина бина беркате тIеIаткъам.
    Джанаралиев Iимран, журналист:
    «Кибиев Мусбека йазйина говзарш йоьшуш, ванах, дуьненахь Дала мел кхоьллинчу хIуманан – маьлхан, беттан, седарчийн, бецийн, хин, механ, кхин мел долчун – мотт хууш хилла-кх цунна олий, ойла кхоллало. Оццул хаза, цхьа дийна долуш санна, вайца цхьаьна хазахетар, делар-делхар долуш ду цуьнан стихашкара дерриге а». Оццул тамашийна башха хаза ду цуьнан стихашкара васташ, адамийн санна, шайца делар-делхар долуш».
    Бексултанов Муса, йаздархо:
    «Iаламах лаьцна Мусбека санна дика стихаш йазйина поэт атта хир вац. Iаламо мотт буьйцу, Iаламо ойланаш йо Мусбекан стихашкахь».
    Завриев МаIдулла,
    литературин критик:
    Кибиевн байташ йеза а, мехала а йара дахарехь дахарал совдаьлла маьIна лоьхучарна, дуьненахь гIодал совйаьлла синэкамалла шайн бIаьрсица ган а, лерсица хаза а йуйла хуучарна. Иза вара шайн догIмел деза синош долчу нехан илланча. Цуьнан байташкахь йац цхьа а деган карзахалла, шега кхаьчначу адамаллин декъана, резавоцуш, лер а. Цунна оьшург Делан къайлене кхача гIертар дацара, амма дара Дáла кхоьллина даьллачу дуьненан хIоттаман сурт. И сурт цо шен даге дерзийнера. Мусбекан Дáла аьтто бинера, аьлла хета, дахаран халчу гIуллакхех чекхвала. Иза иштта ца хиллехь, кхочур варий и ша кхаьчначу исбаьхьалле а, кхачалур варий ткъа иза массо а хIуманан къайлене кхочучу дешан пхьеран говзалле а?
    Мехала йу цуьнан кхолларалла тахана вайна. Ночийн меттан массо а гIирс, басар, барам, бустам дика бевзинера Мусбекана. Нохчийн мотт буьйцучара а, ур-атталла цу тIехь шайн исбаьхьаллин говзарш кхуллучара а дIатасаре баьхьначу маттахь Iаламат йоккха говзалла кхиийнера цо.
    Дика хир дара, стихаш йазйеш болчарна пайдаэца хиъча Кибиевн маттах, поэтикехь зеделлачух.
    Юсупов Iилман, поэт:
    «Бахьана даьлла-даьллачохь дуьйцу ас Мусбекан дешан говзаллех, поэзехь цуьнан хотIах со Iемина хилар. Ас сайн хьехархо лору и литературехь. Ша-тайпана башха эпитеташ, дустарш, метафора ца хааеллера суна, М. Кибиевн кхолларалла йовззалц».
    Адиз Кусаев, журналист:
    М. Кибиев цхьа ша-тайпа амал йолуш а, ша-тайпа похIма долуш а адам дара. Цуьнан дахарца чIогIа йоьзна йара поэзи. Стихашкахь васт хIотторан кепаш чолхе йара цуьнан. Бакъволчу пхьеран говзалла иштта хуьлу. Стихийн ритм, хатI, исбаьхьалла – и дерриге а хьаьрчина дара дахарх а, Iаламах а, дайн махках а йечу кIоргачу ойланашца.
    Хасаров ШаIрани, поэт:
    Нохчийн литературехь йоккха лар йитина Кибиев Мусбека. Цхьаболчара олура, Мусбека йитинарг кханенан поэзи йу. Эзарнаш шераш хьалха дуьйна йехаш йу поэзи-м. Цо йазйинчу муьлххачу а произведенис, дIаешча, даиманна а бохург санна, суй буьту дешархочун даг чохь: дагна хеза цхьа ша-тайпа, башха аьзнаш, бIаьргашна хьалха дIахIуьтту исбаьхьа суьрташ, схьаделлало дешнийн кIорггера маьIна. Исбаьхьалла а, философи а, вовшах а оьй, цунах ша-тайпа поэзин жовхIар хуьлу. Дустарш, васташ, маьIна, исбаьхьаллин басарш, Даймехке ларам, безаман цIена ойланаш, доттагIаллин а, къонахаллин а йист йоцу дозанаш.
    Шена Дала деллачу похIмане хьаьжжина, къагийра М. Кибиевс поэзин махка боьду кхоллараллин некъ, шел хьалха баьхначара гулдинчу зеделлачух пайда а оьцуш, йийцира шен ойланаш.
    Мусбека даима йаздора Даймехкан исбаьхьчу Iаламах, адамаллех, къонахаллех, хьанал къахьоьгучу нахах.
    ХIора дош семачу дагах чекхдоккхуш, ирчу хьекъалца литтина ду поэтан.
    Тайп-тайпана йара шайн чулацамца Кибиев Мусбек литературни институтехь доьшуш волуш арайаьллачу хьалхарчу гулар тIера стихаш. Дешархоша а, критикаша а, хьакъболу мах хадош, тIеийцира «Ши зама» цIе йолу стихийн, поэмин и гулар.
    Iаламан суьрташца лирически турпалхочун синхIоттам гойтуш, йазйина йара байташ. Цаьрца гора поэтан ойланийн мукъамах дуьзна Iалам. Магомедов Султана дIаолуш дара башха илли, Кибиев Мусбекан «Буьйса» цIе йолчу байташ тIехь даьккхина.
    «Наьрташ» цIе йолу берашна лерина долу туьйра а Мусбека ша МГУ-н студент волуш йаздина. Дика хир дара, къона тIаьхье кхетош-кхиорехьIаламат чIогIа пайдехь а хир дара, оцу туьйранан буха тIехь мультфильм йаьккхича. Вайн берашна дика нохчийн мотт а Iемар бара; церан ойлайар а, хьежамаш а, кхетам кхиар а вайн къоман амалшца нислуш а хир дара.
    Iаламах лаьцна йазйина стихаш дуккха йу «Денойн чам» гуларехь а. Цаьрца а хаало поэтан бIаьрг тIехIуттуш, дог тIедоьрзуш хиллачу исбаьхьчу Iаламо Кибиевн кхоллараллина бина беркате тIеIаткъам.
    Ша-тайпа меттиг дIалоцуш йу Кибиевн кхоллараллехь «ШагатIулг» цIе йолу поэма. Халкъан шира дийцар ду поэмин бухе диллина. Амма иза дац деккъа цIена байтийн кепехь йуха схьадийцина, и легенда цо керлачу маьIница къагийна, дешнийн керлачу басаршца тIедузуш. Тидаме волчу йешархочун ойла тIеерзош, исбаьхьаллин басаршца кхелина йу поэма.
    ХIора произведенин, хIора киншкин шен чулацам бу, шен тIегIа ду, шен кIорге йу. Мусбекан стихаш йоьшуш, ненан мотт (гуш йолчу а, къайлахчу а таронашца) ма дика хууш хилла-кх цунна олий, хета. Массарна девзаш долу дешнаш нохчийн къоман маттахь а, цуьнца цхьаьна поэзин маттахь а цхьаьнадало хаьара цунна. И йара цуьнан башха говзалла. Цунах поэт веш дерг и хIума дара.
    Амма наггахь хета, дуьненайукъарчу поэзин мотт вайн маттаца тIеовхалуш боцуш санна а. Ойла шен къоман маттахь ца йора-те Мусбека а, аьлла хета, цхьайолу стихаш йоьшуш. Биллина оьрсийн мотт буьйцучу пхьалгIахь кара ма йерзийнера цо стихкхолларан говзалла.
    Делахь а вай мукIарло дан деза: дуьненна масал долчу поэзин куьцашкахь башхачу басаршца охьаехкина йу Кибиевс ша йина ойланаш, цкъа а нохчийн хилла йоцчу кепехь аьлла хеташ йолу ойланаш, фольклораца хьаьжча а, нохчочун кхетамехь хьалха цкъа а хилла доцчу суьрташкахь, куьцашкахь васташ хIиттош.
    Поэтана нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла а, ламасташ а дика девзаш хилла хиларан тоьшалла лара мегар ду: «Меттан сий», «Заманан болар», «Нохчийн ловзар», «Кешнашкахь», «Собар», «Хьекъалийн бохь» – иштта кхийолу а стихаш.

Дахаран гIиллакхийн кхерчахь,
Оьзда дош олучу меттехь
ГIиллакхан собарца керча
Нохчийн мотт…

Мусбекан да Мохьмад шен дехачу дахарехь лаккхарчу даржашкахь Iедалан белхаш бина стаг вара, дукха нехан аьттонаш бина, гIуллакх дина. Мохьмад ца кхетара, ша схьабеанчу новкъа хIунда ца вахана-те шен кIант, дешна а хилча, дика кхеташ а хилча, бохуш.
Кест-кеста воьдура со цаьрга, йазйан гIерташ хиларе терра, поэтана айса йаздеш дерг гайта. Суна иза атта а дара: Мусбекан нана Наи сан ненайиша йара.
Мусбекана гайта, айса йазбина гIурт а хьош, ваханера со цкъа.
Маха боккхуш, цхьацца шен тоьгуна деш Наи а йара. Къоначу ас йазйина стихаш кегош, йаздинчу дешан а, багах олучу дешан а ницкъах, чулацамах, маьIнех дуьйцуш, къоначу суна хьехамаш беш соьл берхIитта шо воккха волу сан шича Мусбек а волуш, луьйш-олуш Iара тхо. Мусбека, ира а хIуттий, чухула волавелла а лелаш, йоьшура стихаш, комментареш оьрсийн маттахь йора.
Шен кIанта йукъа-кера гIазакхийн мотт буьйцуш хилча, иза суна чугIерташ ву моьттуш, маслаIат деш, шен йишин кIантехьа гIо доккхуш, Наис элира: «Мусбек, нохчийн маттахь, кхеташ йазйехьа ахь а, Юсупа санна».
Дагахь хIума доцуш аьллачу оцу дешнех самукъадаьллачу поэтана цIаьххьана хиира, поэзих мел кхеташ ду шена дукхадезаш долу ши адам, ша Мусбека говза билгал ма-даккхара. Шена гергахь хаза аьлла долу цхьадолу могIанаш, сурт хIоттош кечдина васташ товра нанна, амма иза цецйуьйлура, шен кIанта, атта ала мегаш дерг дукха хьийза хIунда до-те, бохуш. Цунна хаа ма ца хаьара, шен кIант дешнийн поппарх тIаьхьарчу тIаьхьенна йита вастийн кхийра кхабанаш йеш вуйла.
Со а Iама гIиртира, цунна гучу тайпана дешан бос ган, бос болчу дешнашца васт дилла. И атта гIуллакх дац. Кийрара дилха дог кийча ца хилча, поэт кхачалуш вац оцу тIегIане. Дог лекхалуш ца хилча… йа доьлхуш ца хилча…
Дош – иза жовхIар ду, олура Мусбека. Ахь карча мел ди, бос керча жовхIаран, цхьана къайленера керл-керла серло гучуйуьйлуш. Цунна дош хетара дош! Дукха лерина болх бора цо вайна кIезиг хIума ду аьлла хетачу хIора цIинцIолга тIехь а ур-атталла.
Йоьшучу хенахь стихаш чIоггIа, ондда йоьшура М. Кибиевс, ша халкъе кхайкхам беш волуш санна, совнаха дош багара даларна кхоьруш санна, хIора дош шен-шен меттахь ду-дац толлуш волуш санна. Цунна кIезиг хIума ца хетара стихаш йешар. Шенаш йелахь а, неханаш йелахь а, йа бераллехь дуьйна хьуна йевзинарш йелахь а, цо йоьшучу стихаша цхьа ша-тайпа керла бедар йухура, цхьана ша-тайпчу мукъамца йекара, чулацам а доккхачу маьIне боьрзура, ойланаш а кIорге хетара, хIуъа хийцаделлехь а, цхьаъ хийцаделча санна. Стихаш иштта йешар шена марзделлера Москвахь доьшуш долчу хенахь, олура Мусбека. Цигахь студенташка шайн-шайн къоман маттахь а йоьшуьйтура стихаш, церан йекарехь муха гайтабелла авторе ша йазйинчу хIуманан чулацам, хьажархьама. Масала, бедда боьдучу дино йетта бергаш хазийта йезара шен маттахь долчу мукъазчу аьзнийн таронашца. Иштта хаийтира шена а шайн хьехархочо аллитераци хIун йу, дийцира Мусбека.
Иштта, сайн шичица йолу гергара уьйраш бахьанехь со кхоччуш кхийтира, мел атта хIума дац, мел жоьпалле ду дашна тIехь болх бар, стихаш йазйар.
Со кхийтира, бакъйолу поэзи – иза рифманаш а, ритмаш а нисйар доций, иза хьекъало а, даго а беш болу, туьран дитт санна, ира кхоллараллин болх буй.
Кибиев Мусбека йазйинчу киншкийн цIерш а йу поэзин а, философин а нур шайца хаалуш: «Денойн чам» «Шийла цIераш», «Лаьттан куьзга», «Беттан догIа», «Седарчийн чIара», «Хьекъалан бохь».
Адамийн амалш, адамийн васташ кIезиг гайтина Кибиев Мусбека поэзехь, алсам стигланийн шортоне кхийдина, генарчу седарчийн шийлачу цIарах-серлонах дийцина. Поэта лерина ладийгIина гонахарчу исбаьхьчу Iаламе, гонах мел долчу массо а чолхечу хIумане, наха дечу къамеле, къаьсттина баккхийчу наха дуьйцучуьнга; ладогIарца хьежна, тидам стенна тIе бохуьйту цара.
Цкъа, кхузткъе итталгIачу шерашкахь дара и. ХIетахь махкахь гIараваьлла вевзаш волу поэт Кибиев Мусбек шен стихийн гочдарш тIехь болх беш вара.
Оьрсийн корматаллин гочдархошна болх бан шен стихийн могIанаш гочдарал сов, цо гочйинера А. С. Пушкинан «Iаьнан суьйре», «Иблисаш», кхин а масех дика йевзаш йолу произведени. Мел цецваьллера со, уьш йешча! Моьттур дара и стихаш Пушкина нохчийн маттахь йазйина!
ХIетахь оха, къоначу поэташа, вовшашца къийса а луш, дукха йийцаре йира уьш, оьрсийн маттахь Пушкина йазйинарш а, Кибиевс нохчийн матте гочйинарш а дуьхь-дуьхьал хIиттош, йустуш. Гочйалуш хилла-кх стихаш, чулацамца цхьаьна царна чуьра ойланаш ларйина ца Iаш, церан тIехулара кеп ларйеш а. М. Кибиевс ларйинера, маьIна а ца талхош, ритмика а, авторан шатайпаналла а, стихийн йекар а, рифманийн башхалла а. Иштта йоккхачу корматаллица динера и гочдарш! Уьш-м «Ленинан некъ» газета тIехь а, литературин-ибаьхьаллин «Орга» журналехь а зорбане девлла. Исбаьхьаллин гочдаршца бала болчу къоначу йаздархошна, лахахь, тIеман хьелашкахь ца йохош йитинчу библиотекашкахь карор ду уьш а. ТIаккха шаьш мах хадор цара!
Гочдарш даима ца нисло ма-лаъара, цуьнга диллича, поэтана ша стихаш йазйар аттох хета. Дукхахйолу М. Кибиевн стихаш Iаламат хаза йека оьрсийн маттахь, оцу маттана йича санна, похIма долчу гочдархоша гочйина хиларе терра. Ткъа гочдархой-м, доттагIий санна, дуккха а бара Мусбекан: В. Павлинов, Р. Винонен, Н. Матвеева, С. Гандлевский, Р. Болтачев. Поэта ша оьрсийн матте йаьхна а йу шен стихаш. ТIаьххьарчу шерашкахь Гандлевский Сергей вара М. Кибиевн стихаш гочйеш. Иза цунна вовзийтинера, мага а винера МГУ-хь цхьаьна дешна волчу доттагIчо Винонен Роберта.
Шена боккъал лаа а лууш, дог а догIуш, гIо дора къоначарна Мусбека. Дукха йуьйцура цо метафора. Школехь Iамош хиллехь а йа ца хиллехь а, и хIун йу, къоначарна ма ца хаьара. Эпитет хIун йу-м, хаьара. Цунах билгалдош олура оха. Дустар бохург хIун ду а, хаьара.
Рифманашца цхьана ритмехь бIогIамашка дIа а нисдеш, дагадеъаннарг дIайаздича, стихаш хуьлу моьттуш долу тхо цецдуьйлура, поэтана мичара карадо-те, мотт массеран йукъара боллушехь, тхуна карош доцу и тамашийна дешнаш, бос болу дешнаш,тIемаш долу дешнаш, бохуш! Ху-уш, хиир-кха, метафорша, дустарша, эпитеташа, кхиболчу поэтикин гIирсаша хазйеш хиллера стихаш! Шега хьажа йеллачу стихашкахь оцу гIирсех зирх бацахь, «хIорш стихаш йац» олий, йа вист а ца хуьлуш, йуьстах йохкура Мусбека. Амма цхьажимма а поэзин суй хаабелча, воккхаверца и суй билгалбоккхура.
Поэта дешнашца дохку ойланийн, синхаамийн суьрташ, куьцаш, васташ!
Ойла, муьлхха ойла а, кехат тIе прозехь а, публицистикехь а охьайиллало, Iилманан кхетамашца йийцало, куьйгаэшарехь а, бIаьргаэшарехь а гайтало, суртдиллархочо басаршца гойту, илланчаша пондаран мукъамашца йуьйцу.
Хан-зама – коьрта турпалхо йара поэтан. Хаза метафора йу-кх и!
Кибиевн кхин цхьа метафора а хьахо лаьа суна. Ши дин. КIайн а, Iаьржа а ши дин. Де – кIайн дин, буьйса – Iаьржа дин. Дика де – кIайн дин, вуо де – Iаьржа дин. Оцу шина дино, рогI-рогIана хийца а луш, дахаран арахь дуьненан йисте дIахьош вара поэтан лирически турпалхо. Вай а ду оцу шина дино дIахьош, де дIадаьлча, буьйса хуьлуш, буьйса дIайаьлча, де хуьлуш – вайн тIаьххьара де тIекхаччалц.
Поэт, йаздархо, гочдархо, публицист Кибиев Мусбек кхелхира Нохчийчоьнан халочу муьрехь – 1997-чу шарахь, 16-чу ноябрехь, Веданахь. КIирандийнахь хилира иза.
КIайчу динахь абаде дIавахара поэт…
Яралиев Юсуп, поэт

ДАЙМЕХКАН ЛАЬМНАШ

Хазалла, Даймохк, хьан лаьмнийн
Стенах тарйийр йу-те ас?
Дешнаш дац хазалла йийца,
Кийрара дáлац сан аз.

Кхехкалуш, ламанах шовда
Бухдуьйлу, лестаеш буц.
Кийра со мел кIорга кховдарх,
Дийцалац, лаьмнаш, шун куц.

Амма сан ойлано, кхерсташ,
БIаьргашца тидамаш бо, –
Баьццара холхазаш санна
Йолчу цу хьаннашкахь го:

Малхаца гIевттина хьалххе
ГIовгIане, кегийра хиш,
Бáца тIехь эзарнаш маьлхаш
Чохь керчон Iуьйренан тхи.

Жимчохь со кхиъна сан латта,
Со вина хьоме Даймохк,
Шо-шаре къонлуш хьо лаьтта,
Дéладеш кийрара дог.

БУЬЙСА

Бутт го мархаш тIехьахь стиглахь,
ЗIаьнарша лам датó бо.
Ахках тера доьдуш цигахь
Ча Такхийна Тáча го.

Сéдарчийн и цинцаш кхуьйссуш,
Ахках тера тáча го:
Къарзйо стигал, къарзйо буьйса,
Ióдах сеттий, доьдуш цо.

Сéдарчий ду, сéдарчий ду,
Цхьанна тIехьахь важа гуш,
Шайга хьаьжначунна къéжаш,
Шийла серло лаьтта луш.

Сéдарчашна йукъахь стиглахь,
Сéда санна, Латта го.
Сéдарчашна йуккъехь цигахь,
Цáра санна, цо некъ бо.

Iаьржа буьйса хьаьдда йоьду,
Бóда баржош лаьмнашкахь.
Хеза, хеза жIаьлеш лéташ
Къорра лаьмнийн йарташкахь.
Цкъацкъа гéнахь пондар бéка,
Мерзаш делхош, аьзнаш до.
Стага санна, боьлхуш, боьлуш,
Дог делхадо, дéладо.

МЕТТАН СИЙ

Цинцашка дéкъалой, бердах
Хéцалун чухчари санна,
Датóчу цинцех бу тера
Нохчийн мотт муьлххачух вайна.

Áганахь хийла хьо техкий,
Хьо бýьйцуш нáноша, дайша.
Зáманах чехка чекхбевлла,
Уьш дIатий, дитина вайша!

Ткъéсан шед хьох йан ца дезна,
Шаьлтанах баттара бáха.
Къóнахийн гIиллакхе боьрзу
Нохчийн мотт – буьйцург вайнáха.

Туьран чóв йирзина óлу,
Меттан чóв йоьрзуш йац цкъá а! –
ГIиллакхан новкъа бер дóлу,
Нохчийн мотт буьйцуш ша даккхахь.

Дáхаран гIиллакхийн кхерчахь,
Оьзда дош óлучу меттехь,
ГIиллакхан сóбарца керча
Нохчийн мотт, кхеттарг хьох кхеттехь.

Нохчийн мотт, хьан дош а óлуш,
Хийла тур баттара даьккхи,
Мурдаша – дашца дош кхóлуш! –
Маршонан паргIато йаккха.

И куьзга ду хьýна, эшахь,
Нохчийн мотт – буьйцург вайнáха:
Лом гIотту хьо буьйцуш – тéша! –
Куьзганахь, кийрахь, вайдáха!

Буьрса тIом кхéхкабо дашó,
Ткъéсан хIоз туьрах бо тIаккха,
Датó а, дашó варкъ дашó,
Нохчийн мотт бийца ахь баккхахь.

Саьхьарчу иллешкахь бекна,
Нохчийн мотт – маршóнах áла! –
Дáхарца Ióжалла йекъна
Нохчийн мотт сий дарца кхáла!

Назманчас назманаш óлуш –
Пайхамар, асхьáбаш базбеш,
Нохчийн мотт, синхаам бóлу
ТIéмашка, хьо матто хазбой.

Мотт цIáрмат буьйцучух къехкаш,
Лийр бар-кха къóнахий тахна.
ШоллагIа лийр бар-кха, кхехкаш,
Дог лóцуш, берд эккхаш санна,

Мотт хууш доцчу вай вéшан,
Лéлачу гIиллакхах доьхна,
Лийр вар-кха къóнах, ца вéшаш,
Дог эккхаш, дагах катоьхна.

Хийла цIий Iéнийна дайша,
Цхьамзан тIехь нáкха а сéцош,
Хьан, сан сий, нохчи, ца дайа,
Бахна уьш Ióжалла эцна.

Меттан сий, вайн сий ца дайа,
ТIеман лар йуьлуьйтуш хица,
Дитна сий дайша, дéдайша,
ХIай, нохчó, доькъуш дерг хIинца.

IÁЛАМАН ДОШ

Шакарш йетташ, мехаш дéра
УгIу кертахь, кертал áрахь.
Лаьтта кхуссий, тхевнаш тIéра
Лайн и левси кховсу цáра.

Лайн бурошца тIéмаш детташ,
КIайдо дуьне, кIайн ло кхуьйсуш
Тхевнаш тIéра хIóра керта.
Лайца кIаййо сирла буьйса.

Шарал йахло шийла буьйса.
Барзал дéра мехаш угIу.
КIайн лайн чимаш туьйсий, туьйсий,
Шен угIаре цо ладýгIу.
Лаьмнийн басéш шарйой шéра,
Синош дóхуш, латта кIайло:
Лаьмнийн чIожахь угIий дéра,
Мехаш доьлху, дуьтий кIайн ло.

Кхаьчна йаха чехка чилла,
Лаьмнийн гаьънаш кIайдеш ханна,
Мóхтилошкахь мехаш тилла,
Деш чо чехка холхаз хьаннийн.

КIайчу кескех этIош мархаш,
Лаьмнийн ира баххьаш лаьтта.
Дашó зIаьнарш йахъеш, малхо
Iуьйрре адам, Iáлам гIаттий.

…Лайн чимийн кIайн верта дýсош,
Цуьнца хьийза лаьттан бера.
Цхьанхьа, кхечхьа хIóра буса
Лаьттахь мехаш угIу дéра.

Лаьтто иштта синош дáхахь,
Лайн кIур буьллуш, ша шен кхáлахь,
ПаргIат синош дóху нáха,
ПаргIатдóлу паргIат Iáлам.

Латта-м хьовха, лаьмнаш хаздой, –
Лайн тир йоккхуш ша-шен кхóлий, –
Iáламо шен кхéтам базбо,
Кху стихашца шех дош óлий.

ХЬÉКЪАЛАН БОХЬ

Дéзарш йа áмалаш
Йуьтур йац нáха:
Уьш хьур йу зáмано,
Хьур йу, шу дáха.

Дегнийн хьал хьéкъаро
Боккхур бу некъ а
Лакхéне хьéкъалан,
Цуьнан хьал хьéкъо.

Хьé эккха моттало
Лáм буьххье вóлуш.
Дог багахь деттало,
Моьтту, садóлу.

Иштта ду хьéкъалан
Лáм буьххье вáлар:
Моьтту, дог дéкъало,
Доллу садáла.

Къаьсташ-цакъаьсташ а
Къаьста Iа, бIаьсте.
Иштта шух къаьстар йу
Áмалаш къаьстá-аш.

Ткъа дегнийн цIанóне
Кхóчур шу тIаккха,
Дéзарийн халóнех
Са паргIатдаккхахь.

МЕСИЙН КIАЦ

Велла ма вáла со, велла ма вáла:
Корта а къежбели, кIайн кIац тIехь сецна, –
Сирла сан ойланаш месаш тIе тесна, –
Сатосуш сéданах дог даьгна даьлла.

Сахьийзаш, сагатлуш са доллу дáла,
Хьéкъалехь кхéтаман сирла са тесча.

Велла ма вáла со, велла ма вáларг:
ТIехтили къóналлин, бéраллин зáма,
Бéраллин, къóналлин ца хуьйцуш áмал,
Дáхаро и хийца хIума ца Iáмош.

Сахьийзаш, сагатлуш са доллу дáла –
Дог гIерта, кIац туьйсуш, кóрта сан кхáла.
Ца долу-тéхьа, дог, хьо даьгна дáла?
Тоьар дац-тé хьýна зáмано лáлор? –

Сецна ду: неI тóхац кIур боцчу кертахь…
КIур байла óлуш ду нáха вайнéхан.
Iаржъелча, стаг вóдац цIе йоцчу хьéха –
Серлоно бен ойла схьа тIе ца хьóьху.

Ойла сан кийрахь дог эккхийта гIерта:
Доьлла дог кийрара кIац тийса коьртах.
Схьабóлий, айъалой сан деган кхерчах,
Сира кIур – месийн кIац – коьртах сан хьерча.

Велла ма вáла со, велла ма вáла:
Сатосуш сéданах дог даьгна даьлла…