Говза хьехархо-Iилманча
Ерриге а Къилбаседа Кавказана дика евзаш йолчу Джамбекова Тамарин дуккха а Iамархой бу, шайна дукхаезачу хьехархочун лорах дIабоьлхуш. Церан хIораннан а даг чу беркате хIу таса аьтто баьлла цуьнан. Дуккха а шерашкахь вайн махкарчу школашкахь белхаш бинехь а, Джамбекова Тамара могIарера хьехархо хилла Iаш яц. Иза филологин Iилманийн доктор а, профессор а ю. Вайн къоман тIекхуьу чкъор кхетош-кхиоран мехалчу балхана юкъара ца йолуш кхаьчна вайн турпалхо дешаран Iилманехь толамийн лакхенашка.
Халкъо, махко шех дозалла дан хьакъ долчу вайн йижарех цхьаъ ю Нохчийн Республикин пачхьалкхан хьехархойн университетан аспирантурин куьйгаллехь йолу Джамбекова Тамара. Нохчийн къомах болчу шен нийсархойн санна, дуьнен чу ялар генарчу Казахстанехь нисделла Тамарин. Юккъерчу школин хьалхарчу классехь дешар а хийрачу махкахь дIадолийна йоIа.
Тамарин да Амаев Билал, вай махках дахале, рабфак чекхъяьккхина, йоза-дешарца уллера гергарло долуш вара. Иза дика кхетара къоман кхиар дешаран серлонца хила дезаш хиларх.
Цундела Билална чIогIа лаьара шен бераша деша, цхьацца корматалла цара караерзайойла.
Ден лаам кхочушбан Iалашо лаьцча санна, Билалан бераш дика доьшуш дара. Къаьсттина хьуьнаре яра Тамара. 1965-чу шарахь Амаев Билал шен доьзалца дай баьхначу лаьтта тIе цIа вирзира. Нохч-ГIалгIайн Республикин Эна-Хишкахь хилира церан совцар. Цу хенахь 6-чу классе яьлла яра иза.
КхидIа долу дешар Эна-Хишкарчу №1 йолчу юккъерчу школехь чекхдаьккхира цо. 1970-чу шарахь дуьйна хьаналчу къинхьегамца доьзна ду цуьнан дахар. ТIехдика доьшуш хилла йоI школехь балхахь йисира. Юьхьанца пионервожати яра Тамара. Шо шаре далале, хьехархочун болх тешийра цунах. Иза ларамза дацара. Баьхначу кхиамех цкъа а тоам беш яцара иза. Балхана юкъара ца йолуш, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша яхара къона хьехархо. Балхаца а, дешарца а тIехдика ларош чекхъелира. Iамархошна, белхан накъосташна дукхаезаш а яра иза. Шена дукхабезачу балхана чу са диллина яра, цIархазмана цхьа а гIулч яккхар доцуш.
Иттех шарахь оьрсийн мотт, литература хьийхира цо ЭнаХишкарчу школехь. Цул тIаьхьа оццу школин директоран даржехь болх а бира. Делахь а, вай хьалха билгал ма-даккхара, мел дукха толамийн лакхенаш яхарх, цунах тоам беш яцара иза. Хааршна даима сутара хилла цуьнан ойланаш Iилманах хьерчаш а яра. Мел хала некъ а воьдучо эшабой хаийтира Тамарас 1986-чу шарахь. Балхана юкъара ца йолуш, филологин Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйира цо. ХIинца-м вай цец ца довлу нохчийн зударша кандидатийн а, докторийн а диссертацеш чIагIъярх. Ткъа цу хенахь иштта хаза кхаьънаш наггахь бен хуьлуш дацара. Зударий-м хIунда буьйцура, ур-атталла вайн божарий а Iилманехь ишттачу кхиамийн лакхенашка кхачар наггахь бен ца хуьлура. Цундела къаьсттина мехала хетара зудчо и тайпа толаман ирхе яккхар. Бакъду, Тамара-м цунах тоам бан дагахь а ца хиллера.
ХХ-чу бIешеран 80-чу шерашкахь дуьйна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь (хIинца хьехархойн университет) болх беш ю Тамара. Вайн махкахь дика вевзаш хиллачу филологин Iилманийн докторан, профессоран Джамбеков ШаIранин (Дала гечдойла цунна) хIусамнана яра Тамара. Доьзалехь кхуьуш шиъ йоI яра, цIахь-чохь дан дезарг дара. Делахь а, бераллехь дуьйна нуьцкъалчу амалца хьалакхиъна Тамара ларайора йиша-вешица уьйр-марзо латтон а, марзхошца гIиллакхехь чекхъяла а, атта боцу болх дIакхехьа а. Балхана юкъара ца йолуш, чIагIйира Тамарас филологин Iилманийн докторан диссертаци а. Кхечара цхьана темина халла чIагIъеш йолу диссертаци, 2010-чу шарахь Джамбекова Тамарас чIагIйина филологин докторан диссертаци ши тема йостуш яра.
Царах цхьаъ нохчийн къоман бартакхолларалла йовзуьйтуш яра «Фольклористика» цIе йолуш. Ткъа важа «Россин Федерацин къаьмнийн литература» цIе йолуш яра. Говзанчаша лаккхара мах хадийра Тамарин Iилманийн белхийн. Майкоперчу Адыгийн пачхьалкхан университетехь дIадаьхьира Тамарас шен филологин Iилманийн докторан диссертаци чIагIъяр. Къилбаседа Кавказехь, Москвахь, Краснодарехь зорбане буьйлучу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь арайийлинчу статьяшца евзаш хиллера вайн махкахо Майкоперчу Iилманчашна. Шайн къамелашкахь цара билгал а яьккхира Тамарас бинчу Iилманан белхийн мехалла.
Дийца даьккхинчуьра билгалдаккха догIу Джамбекова Тамарас бIе гергга Iилманан статья а, масех книга а язйина хилар. Нийса хир дацара цхьа а сингаттам, гIайгIа-бала боцуш Тамара таханлерчу зовкхе кхаьчна аьлча. ХХ-ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчохь кхихкина буьрса тIемаш бахьанехь йишех елира иза. Соьлжа-ГIаларчу Шайх Мансуран (Заводской) кIоштан суьдхо яра Тамарин йиша.
Зуламхоша эккхийтар даро хадийра шен белхан декхарш кхочушдеш йолчу федеральни суьдхочун дахар. Оцу бохамах дика меттаеана ялаза яра иза, 2021-чу шеран бIаьста, хIусамда Джамбеков ШаIрани дIаволуш.
Халкъана, махкана боккха эшам бара воккха Iилманча, нохчийн къоман яхь йолу кIант дIавалар.
Делахь а, вуо-дика дерриге а АллахI-Делера дуй хуучу вайн йишас Джамбекова Тамарас собарца садетта ша Iуьйшучу бохамашна. Цхьана денна балхана юкъара ца йолуш, хIинца а Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь къахьоьгуш ю иза. Нохчийн халкъан кхане, таханлерчу кегийрхошкахь юй хууш, уьш кхетош-кхиорехь а, царна хаарш даларехь а хьанал къахьоьгуш ю иза. Ма дика ду иштта яхь йолуш, хьекъале зударий вайн махкахь болуш.
Церан беркатечу къинхьегамо денна къагош, серлайохуш ю вайн Нохчийчоь.
ГАЗИЕВА Аза,
Нохчийн Республикин
хьакъйолу журналист