Барзанукаев Ахьмадан дикалла а, похIма а

Барзанукаев Ахьмадан дикалла а, похIма а

Барзанукаев Сайд-Мохьмадан Ахьмад вина I949-чу шеран октябран хьалхарчу дийнахь ГIиргIазойн ССР-н Московски кIоштан Беловодское юьртахь. Хьалхарчу классе хийрачу махкахь ваханехь а, шен дай баьхначу Сиржа-Эвлахь I966-чу шарахь юккъера ишкол чекхъяьккхина.
Оццу шарахь деша а вахана (институте цу шарахь кхеран классера хIара цхьаъ бен ваха ца велира), I97I-чу шарахь А.Барзанукаевс (очни олучу кепара) чекхдоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман дакъа (отделени). I985-чу шарахь Серноводскера юьртабахаман техникуман куьйгалло (кхуо заочни кепара I980-чу шарахь дуьйна цигахь дешначул тIаьхьа) Ахьмадна ло агрономан диплом.
Ткъа институтехь дешна ма-веллинехь, республикански «Ленинан некъ» (хIинца – «Даймохк») газетан литсотрудникан дарже дIаоьцу Барзанукаев. Шарахь гергга цигахь болх бинчул тIаьхьа, I972-I973 шш. армехахь гIуллакхдан кхойкху къона говзанча. Челябинск гIалахь дIаделира кхуо шен декхар.
Цигара вухавирзинчул тIаьхьа, I973-чу шеран июнь баттахь Барзанукаев Ахьмадах тешадо Шелан кIоштан «Коммунизман байракх» газетан юьртабахаман дакъа. Деа шарчохь оцу даржехь къахьегначул тIаьхьа, I977-чу шарахь оцу газетан коьртачу редакторан заместитель, ткъа I98I-чу шарахь — «Коммунизман байракх» газетан коьрта редактор хIоттаво иза.
I995-200I-чу шерашкахь Барзанукаевс къахьоьгу республикан прокуроран лакхара гIоьнча волуш а, Аргун гIалин администрацин куьйгалхочун заместителан даржехь а.
200I-чу шеран октябрехь дуьйна шена герга болчу журналистан балха хIутту иза юха а. ТIаьхьарчу шерашкахь «Орга» («Аргун») газетан коьртачу редакторан даржехь къахьоьгуш схьавеана Барзанукаев Ахьмад.
Журналистийн Союзан 6-чуй (I986-гIа шо), 7-чуй (I989-гIа шо) съездийн делегат хилла Ахьмад. Хьалхарчохь (хIара воцург) делегаташ бара журналистикехь шуьйра бевзаш болу нах: Д.Безуглый — республикин журналистийн Союзан председатель, «Грозненский рабочий» газетан коьрта редактор; Ю.Айдаев – «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор; В.Балясников – журналистийн Союзан секретарь, шолгIачохь – уьзза Безуглый, Балясников, ткъа иштта Ю.Мареченков – пачхьалкхан телерадион председатель; А.Мартанукаев – Нажин-Юьртан кIоштан газетан коьрта редактор.
Терахьаша, цифраша кIезиг гойту кхочушбинчу белхийн чулацам, дикалла. ПохIмечу журналистан къинхьегам билгалбаьккхина цхьамогIа совгIаташца. I980-чу шарахь, СССР-н Лакхарчу Кхеташонан Президиуман Указаца нийса а догIуш, А.Барзанукаевна ло «За трудовое отличие» цIе йолу мидал. Оццу шарахь Венгре (Балатон Iоман берда тIехь долчу журналистийн дуьненаюкъара садаIаран цIийне) вохуьйту хIара путевкица. Кхеран тобанна юккъехь вара СССР-хь дехачу тайп-тайпанчу къаьмнийн 56 векал.
«Нохч-ГIалгIайн АССР-н культуран хьакъволу белхахо» а, «Нохчийн Республикан хьакъволу журналист» а цIераш елла Барзанукаевна.
Дика доьзал кхиийна Ахьмада, цуьнан хIусамнанас Айзас. ДоггIучуьра аьлча, ша вовшахбеттачу кхоллараллин балха тIехь Ахьмадна дика накъост-гIоьнча хилла республикехь шуьйра евзаш йолу хьехархо-филолог, публицист, бакъонца «Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист» цIе лелош йолу Барзанукаева Айза.
«Хиндолу хьоза бенахь дека», — олуш ду-кх вайн халкъан. Ша ишколан дешархо волуш кхоллаелла Ахьмадехь публицистикан даше ойла, безам. Ишколан пенан газете байташ, статьяш, сатиран жанрехь йолу говзарш язъеш, лакхарчу классашка ша валале дуьйна а йозанан дашехь ша зиэн волавелира кIант.
Оцу тIехь иза чIагIвелира говзалла нийса харжарца: беркате дарс ийцира цуо хьехархойн институтехь цу хенахь къахьоьгуш хиллачу Iилманчашкара, вовшашна беркате тIеIаткъам бора шаьш студенташа а. Шен студенчески шерашкахь кIанта зорбане луш йолу материалаш а зеделлачу журналистийн тидам шайна тIебоьдуш, говза язйина хуьлура.
Шен кара филологан диплом кхаьчначул тIаьхьа, кхин дукха ойланаш ца еш, Барзанукаевс дахаран некъ журналистикица буьйзира. Оцу тIехь иза цуьрриг гIалат ца ваьлла аьлла чIагIо ян мегар ду.
Шен къинхьегаман хьалхара шо, вай лакхахь билгал ма-даккхара, «Даймохк» газетана дIаделла Ахьмада. Цу хенахь редактор хиллачу Габисов Бисолтера, кхечу бевзаш болчу журналисташкара дуккха пайдениг эцна, Шелан кIоштан газетехь иза юкъа а далош, дуккха шерашкахь эвсаре къахьийгира цуо.
Шен 32 шо долу жима стаг кIоштан газетан коьрта редактор хIоттор массо цецвоккхуш хIума дара оцу хенахь, хIунда аьлча цхьана жоьпаллечу дарже хIоттоле советан Iедало еххачу хенахь, лах-лахарчу даржашкахула чекх а вохуш, леррина зуьйра стаг. Ахьмад редакцин белхохошна юккъехь уггар воккханиг волуш, хьуьнаре, халонашна бIокъажор боцуш коллектив яра оцу хенахь «Коммунизман байракхехь» ерг. ХIорш оза ца лора харцлуьйчу чиновниках, иза мел лакхарчу даржехь велахь а. Цундела газетан сий-ларам бора газетдешархоша. Ойлае вай кху терахьан: 3900 экземпляр йолчуьра I0600 экземпляре кхаьчнера кIоштан газетан тираж Барзанукаев редактор волчу шерашкахь.
Оццу шерашкахь «Коммунизман байракхах» «Зама» хилира, «Массо мехкийн пролетариш, цхьаьнакхета!» боху лозунг газета тIера хийцинарг Ахьмад вара. Цу хенахь дуьйна «Зама» газето шен коьртехь яздеш ду Iедалш хийцадарх шайн мехалла дIаер йоцу, цкъа ширлур доцу дешнаш: «Маршо, Нийсо, Барт».
Шайн лазамаш оьций хийла адам догIура редакце. Журналисто чиновнике телефонехула доца къамел дича а къастам хуьлура гIуллакхах, дукхахьолахь.
Ша еххачу хенахь (35 шарахь гергга) журналистикан хьаьрмахь къахьоьгуш, хийла стагана (шена тIедеана гIуллакх нийса къасторехь, харцо иэшорехь, кхачамбацар дIадаккхарехь) аьтто бина Барзанукаев Ахьмада. Оцу тIехь шатайпа зама а яра цухенахьлерниг. Харцо, кхачамбацарш Iорадохуш газетехь зорбане яьлла ира материал кIоштан, республикан Iедало йийцаре йора, хьокъала боллу сацамаш тIеоьцура, цундела чиновникаша а, могIарерчу бахархоша а лорий доьшура газет.
Къаьсттина ала лаьа Барзанукаевн публицистикан дешан башхаллах лаьцна. Цуо яздо, долуш дерг ма-дарра говза сурт хIотторца гойтуш, дустарш, эпитеташ ялош, мотт хьоле болуш. Иштта дош дика дIакхочу, и шена тIехьажийна дерг доллучунна къора вацахь. Ахьмада язйинчу материалан корта, цIе (заголовок) хуьлу говза карийна, дешархо меттахвоккхуш, материал еша кхойкхуш.
Говза карийна цIе бахьанехь (цуьнца богIуш чулацам боцуш) Iеха а ца во цуо дешархо. Кхачамбацар гайтар, яздинчун доцца маьIна дар, дешархо ойлаян кхайкхар – уьш ю Барзанукаев Ахьмада зорбане йохучу материалийн коьрта билгалонаш. Уьш, шаьш Iаткъаме хиларна, еххачу хенахь дагахь лаьтта. Цундела, журналисто язйинчу дуккха материалийн хьокъехь ца кхоьрруш ала йиш ю: «Уьш шатайпа хиламаш бу зорбанан хьаьрмахь».
Нанна дика кIант, доьзална дика да, йиша-вешина дика ваша, доттагIашна дика доттагI, лулахошна дика лулахо, юьртахошна дика юьртахо Ахьмад ву аьлла тешна ву со. Оцу дерригенна дало дукха масалш хир дара сан.
Суо лелачу меттигашкахула ас шайна ма-варра иза вийцича, цунах хьогий буьсурш кIезиг ца хуьлу. Ишттачу стеган лулахь ваха везаш вара, олург а велира.
Цундела дуккха нехан сий-ларам бу Ахьмаде, хьеший дукха лаьтташ керт ю цуьнаниг, хIунда аьлча Ахьмад а, Айза а комаьршонца, догдикаллица, гонахболчарна шайна дало гIо дийр долуш билгалбевлла нах бу.
Барзанукаев Ахьмадан дай — бусалба дин дезаш а, девзаш а, нахана оьшуш а нах хилла. Кхуьнан ден да – Сиржа-Эвлахь юьртан молла вара. Ахьмадан дас – юкъараллин гIуллакхаш дукха вовшахдиттина, иза маслаIатан гIуллакхана араваьлла лелла. Шена парз хилла тIедоьжча – аьтто баьлча — Ахьмад ХьаьжцIа вахана, цунах лаьцна воккхаверца цо яздина охьа а диллина! Дала цуьнан хьаьж къобалдойла!
Ша болх бечу газетан агIонаш тIехь цо хаддаза арабоху бусалба динан хьехамаш. Уьш цо схьаоьцу дин дика девзаш а болуш, вайн махкахь бехаш-къахьоьгуш болчу Iеламнахера.
Бусалба дино ца магадо стаг ша-шех тамаш беш лелар. Ахьмад цкъа а ца хаало ас-со бохуш. Ткъех шо гергга хан дIаяьлла, суна цкъа а цуьнан вина де билгалдаккхар хьехош а ца хаалуш. Цунна дезаш хIуманаш дац уьш. Бакъду, хIокху деношкахь Ахьмадан 68 шо кхочий а хиъна, «Вайнах» радиохь къахьоьгуш йолчу Исраилова Яхас цунах лаьцна радиопередача кечъяр-м нисделла. Оцу передаче (ойла а еш) ладоьгIначу дешархочо, студенто, хьехархочо (филолог воцчо а) шена дуккха а пайдениг схьаоьцург хиларх теша мегар ду. Цу чохь берг хьехам бу, хаза масал ду вайна — деша а, ойлаеш хила а кхайкхам бу (дийнахь 20 минотехь ладугIуш Iан хан йолчунна — электронан почтехула дIатаса вайгахь йолуш ю и файл).
Дахарехь шена бевзинчу нахаца гергарлонаш ца хедадо Ахьмада, церан лерам а бо. Гергарлонаш хуьттучу адамех ву иза. Цхьана хенахь Шелан кIоштан куьйгалхо лаьттинчу Исмаилов Iубайдах, цуьнан диканех Барзанукаевс «Вести Республики» газете яздина йозанаш дешча бен кхетар вац публикацин коьртачу турпалхочун башхаллех а, публицистан адамаллех а, похIмех а.
Суна хьалха ду Барзанукаевс «Даймохк» газетан 85 шо кхачарна лерина яздина «Дала сан бина аьтто бара, журналистан болх дIаболор «Ленинан некъ газетехь нисдалар» цIе йолу йозанан дош («Даймохк», 2008-гIа шо, апрелан I5-гIа де). Автора яхана зама юьйцу. Цо ша ца вуьйцу, ткъа буьйцу, шайна бегIийлаш ца лоьхуш, хьаькамаллин гIенташ ца хоьржуш къахьегна болу шен накъостий а, хьехамчаш а (верриге цо цIе яьккхинарг – 30 гергга стаг ву). Къаьсттина хьахаво, хастаме дош аларца билгалвоккху похIме журналист, доьналла долу редактор, «хIора белхахочунна ден метта волу» Габисов Бисолта.
«Муьлххачу а балха тIехь, къинхьегаман хьакъ боллу мах хадош хилча, мелла а эвсаралла йолуш, доггах къахьега дог догIу», — яздо Барзанукаевс. Ахьмадна Бисолтехь тайна амалш, жимачу стага шен хьехамчехь тидамбина гIиллакхаш зиен ца дайна, уьш Барзанукаевс шега схьа а эцна, шецаьрца дикка тIе а дуьзна.
Белхахошна болх бан хьелаш кхуллуш, корматаллин тIегIанехь лакхабовла гIо деш, белхахоша а, газетан штатехь боцчу корреспонденташа а газете язйина йозанаш лерина доьшуш, ша а нохчийн а, оьрсийн а маттахь дика язъярца масал гойтуш схьавогIу Барзанукаев. Цкъа цо бина хьекъале хьехам ца бицло суна: «Шаьш цхьанна газетехула критика еш оцу стеган юьхь ларъе. Диц ма де, и стаг цхьаьннан да, ваша, нуц, марда хила тарлуш хилар. Адам юьхьIаржа ца хIоттош, ларамца, оьзда ян йиш ю муьлхха а критика…»
Хетарехь, 2004-чу шарахь дара иза. Аргунера I6-I7 шо хир долчу (шен цIе Апти йолчу) цхьана кIанта газете шен дуьххьарлера корреспонденци язйинера, кхечу цхьана кIентан хьуьнар дуьйцуш. Бутт чекхбаьлча, кхечарна санна Аптина гонорар язйинера Ахьмада. ТIом бахьанехь почтанан зIенан гIуллакх телхина дара, кIанта, схьагарехь, шен адрес ца дийцинера, цундела ахча Аптига дIакхачор газетан белхахочунна Султанна тIедуьллуш вара Ахьмад.

  • Суна муха карор ву иза? Аргун гIала йоккха ма ю! — бохура Султана.
  • ХIара цуьнан хьакъ ду, цунна дIало аьлла схьадаийтина долу. Лаха а веза, дIакхачо а деза, — вуха ца волура коьрта редактор.
  • Бакъду, герггарчу хьесапехь церан дукхагIаттийн цIа-м девза-кхий суна… — Султана олушшехь, Ахьмад кхин а чIагIвелира ша бохучунна тIехь:
  • Гой хьуна, лиъча карор ву! Аптига редакце вола а ала, кхин-кхин язде а ала!
    Шен белхан (шена дагахь а доцуш) хадийначу мехах цецваьлла а, газетан редакцин куьйгалхочо бохург хIун ду хьажа а Апти редакце веача, Барзанукаевс цуьнца дукха лерина къамел дира, цхьаьнагIуллакхдаран Iалашонаш хIиттийра.
    Цул тIаьхьа оцу жимачу стагах (цхьана ханна) редакцин дика гIоьнча хилира, вайн дахаран мехалчу теманашна дукха корреспонденцеш кечйира цо. Цул тIаьхьа, режиссеран корматалла кара а ерзийна, вайн махкахь лараме говзанча хилла дIахIоьттина Аргунера цIера волу Исламгириев Апти.
    Гонорараш хьахийначуьра, кхин а тIетоха лаьа. Нагахь санна кхечу изданешкахь зорбане яьлла вайн махкарчу цхьана кхоллараллин стеган кореспонденци Ахьмадна тайнехь, дешархой совбахархьама — цо иза ша редактор волчу «Орга» газетан агIонаш тIехь а зорбане йоккху, авторна шен редакцин цIарах а лаккхара гонорар язйо, иза дIакхачо массо а агIор некъ а лоху. ЗIене вала аьтто хилча, «куьг бехкечуьнга» хоуьйту: «Швейцарин банкехь санна лерина лардеш вайгахь (хIоккхул) хьан хьакъ а ду хьуна, хьо схьавагIахь я вайшиъ новкъахь дуьхьалкхетахь дIалур долуш, леррина кехатца дIахьарчийна, тIехула яз а дина, ас сайн костюман кисанахь лелош а ду хьуна», — олий. Иза шен дега дIакхаьчча бен Ахьмад кхоччуш паргIат а ца хуьлу.
    Цкъа «Орга» газетан белхахочо рогIера белхан отпуск эцнера. Цул тIаьхьа дукха хан ялале оцу стеган нана кхелхинера. Шаьш кадам бан даханчу хенахь, колегашна тIаьхьа кетIа ваьллачу оцу стаге Ахьмада хаийтинера, цо тезеташ дохур долу денош отпускана юкъа догIуш цахилар. Ма-дарра аьлча: «Хьо кху баттахь тезетахь ву, тIебогIучу баттахь отпускехь хир ву хьо», — аьллера Ахьмада. Коьртачу редакторна дика хаьара, массо а белхахо цхьа лол бетташ вуйла а, гIишлошъяран коьчалш оьций (охьайохкий) бен, нохчичо, дукхахьолахь, белхан отпуск ца оьций а.
    Барзанукаев Ахьмад — доьзалехь, лулахошца, коллегашца, юьртахошца тарлуш стаг ву. Дукха хьеший лаьтташ, керта веанчуьнга ларам болуш нах бу уьш. Шайна тIедеанчу гIуллакхе лорий хьовсу, накъосталла до Ахьмада а, Айзас а.
    Цкъа со ша волчу Мескита веанчу хенахь, яздархочо Айдамиров Абузара хоьттура соьга Ахьмадах а, Айзех а лаьцна. Воккхачу яздархочунна и шиъ девзаш дуй а, цо и шиъ лоруш дуй а хиира суна.
    Балха тIехь ледарло ца йолуьйтуш, дикане-воне дика воьдуш, ницкъ кхочуш — Iуьйра а, пхьуьйра а ламазаш маьждигехь деш, гонах болчарна дика масал хилла схьавогIу Ахьмад.
    ТIекхуьучу чкъурах болчу журналисташна а, яздархошна а хаахь, царна шайна ирс-беркат эца, диканиг-пайдениг схьакаро а, дагабовла а меттиг ю Ахьмада а, Айзас а болх бен кхерч а, церан хIусам а.
    Ирсе волуш, има-беркат кертахь дуккха лаьтташ, могаш-маьрша Дала дуккха шерашкахь вахавойла Ахьмад!
    Дала диканехь кхин а соввоккхийла Ахьмад! Цо лелориг Сийлахьчо Шен дуьхьа лорийла!
    Гайтукаев Асламбек