Къоман зорба кхиаран новкъахь
Къамеле ваьллачохь цхьацца хабарш хеза советийн Iедал тIедаллац, йоза-дешар доцуш, нохчийн къоман культура къен хилла, бохуш. Иза бакъдолчунна аьттехьа дац. Iаламат дукха Iеламнах болуш, Iаьрбийн маттахь яздина жайнаш долуш, баьхна вайнах, оьрсийн йоза-дешар хуушберш кIезиг хиллехь а. Исламан динехь болчу вайнаха лелошдерг Iаьрбийн йоза хилла. XIX-чу бIешарахь йохк-эцаран зIенаш Россица чIагIлучу муьрехь Iамо долийна вайн махкахоша оьрсийн йоза-дешар. XIX-гIа бIешо чекхдалале дикка нах хилла вайна юкъахь оьрсийн йоза-дешар кIорггера хууш а, цунах шуьйра пайдаоьцуш а. Уьш бу: ЧикуевгIар, ЧермоевгIар, ШериповгIар, СаракаевгIар, МациевгIар, БадуевгIар, МутушевгIар, иштта дуккха а кхиберш. XIX-чу бIешеран чаккхенехь оьрсийн журналистикехь ларамца йоккхуш шайн цIе йолуш, Петербухехь зорбане дуьйлучу газеташкахь кест-кеста статьяш язъеш хилла вежарий МутушевгIар. Тифлисехь зорбане дуьйлучу «Кавказ» газетехь шен корматаллехь хьалхара гIулчаш яьхна ву журналист Саракаев ИбрахIим-Бек. ТIаьхьа цунах, подполковникан чинехь, эпсар хир ву. Амма цо дукха къахьегна нохчийн къоман журналистике зIийдиг хецийта лууш. ХХ-чу бIешеран юьххьехь дуьйна Кавказехь арадовлучу дукхахдолчу газеташкахь шен статьяш зорбане йохуш хилла Саракаев Ибрагим-Бека. 1911-чу шарахь нохчийн къоман интеллигенцин векалша шайн харжех газет схьадоьллу «Терец» цIе а йолуш. Зорбане далар оьрсийн маттахь хиллехь а, коьртачу декъана оьрсийн паччахьан Iедалан ямартло, нохчашкахь латто Iазап, бала, церан лазамаш, сингаттамаш балхош хилла «Терец» газет. Цкъа-шозза Iедало дIакъевлина а хилла иза, революционни шовкъах сийсаш ду бохуш. Къаьсттина жигара болх беш хилла оцу газетехь вежарша ШериповгIара а, Саракаев ИбрахIим-Бека а.
Советийн Iедало мехала лоруш дара газеташ. Цундела кегийчу къаьмнийн газеташ арахецар сихонца шайн семачу тидаме лецира коммунисташа. 1918-чу шеран юьххьехь дIадолийра Кавказерчу къаьмнийн меттанашкахь газеташ арахеца кечамаш бар. Теркан областан Совнаркоман тIедилларца дуьххьара йина шрифташ хIирийн, лаьзгийн, гIазгIумкийн, гIалгIайн меттанашкахь хилла, уьш оьрсийн графикин буха тIехь кечйина хилла, газеташ зорбане довлар къаьмнийн меттанашкахь хиллехь а. Бакъду, нохчийн маттахь дуьххьара арадаьккхина «Ламанан къехой» («Горская беднота») цIе йолу газет Iаьрбийн йозанца зорбане даьккхина хилла. Теркан областан совнаркоман харжех 1918-чу шеран асаран (июнь) баттахь арадаьккхина нохчийн маттахь «Ламанан къехой» цIе йолу дуьххьарлера газет. Аьхкано а и газет арадолуш хилла, ярташкахула дIасахьош а хилла. Амма граждански тIом марсабаларо сацийна иза зорбане далар а, цуьнан кхиар а.
Граждански тIом чекхбаьлча нохчийн къоман интеллигенцин векалша юха а карладаьккхина ненан маттахь газет кхолларан гIуллакх. Нохчийн къоман газет хила лууш сагатдинчарах бу Эльдерханов Таьштамир, Хакишев Солта, Арсанов СаьIид-Бей, Саламов Iабдул-Хьалим, Сугаипов ШахIаб, Ибрагимов Iаббаз, иштта дуккха а кхиберш. КIеззиг ца хилла Нохчийчоь санна йолчу жимачу областана оьрсийн маттахь зорбане долу «Грозненский рабочий» цхьа газет тоьар ду, эрна харжаш ян ца еза бохурш а. Цундела нохчийн халкъан иэсехь даима деха дуьххьарлера къоман газет кхуллуш гIо-накъосталла диначеран цIераш. Царах цхьаъ вара оьрсийн яздархо Фадеев Александр. Арсанов СаьIид-Бейца доттагIалла лелош волчу цо доккха дакъа лаьцна нохчийн дуьххьарлера газет схьадоьллуш. Цул сов, 1923-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь арадаьлла «Советская автономная Чечня» газет нохчийн къоман интеллигенцин векалша шайн ахчанах арахецна. Юьхьанца «Советская автономная Чечня» а хилла оьрсийн маттахь зорбане долуш. Цуьнан шен долахь редакцин тхов кIело ца хилла. Партин обком хIусамехь, «Грозненский рабочий» журналисташа накъосталла деш зорбане йийлина газетан хьалхара лоьмарш. Амма коьртаниг, халонашна ца къарлуш вайн турпалчу дайша и газет диллар ду, къоман зорбанан кхидIа кхиа некъ бастар а ду. «Советская автономная Чечня» газето бух кечбина нохчийн маттахь «Серло» газет зорбане далийта, къоман шуьйрачу хаамийн гIирсаш беркате зазахецна дIабахийта. Цундела, ларалуш ду ненан маттахь долчу газетан кхолладалар 1923-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-гIа де.
Доцца аьлча «Советская автономная Чечня» газет Iаьрбийн йозанца зорбане долуш хиллехь а, нуьцкъала лард ю тIаьхьо кхолладеллачу «Серло» газетан.
«Советская автономная Чечня» газетан дуьххьарлера коьрта редактор Эльдерханов Таьштамар хилла.
Дуьххьарлера жоьпаллин секретарь нохчийн яздархо Ошаев Халид хилла.
Дукхахболчу нохчийн литературин бухбиллархойн йозанаш «Советская автономная Чечня» газетехь дуьххьара зорбане дийлина.
Царна юкъахь бу Сальмурзаев Мохьмад, Эльдерханов Iийса, Арсанов СаьIид-Бей, Ошаев Халид, иштта кхиберш.
1925-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь араяьлла «Серло» газетан дуьххьарлера лоьмар, шен коьртехь редактор Арсанов СаьIид-Бей волуш. Юьхьанца «Серло» газет а хилла Iарбойн йозанца зорбане дуьйлуш. Бакъду, газет зорбатоха типографи-м ца хилла Соьлжа-ГIалахь цу хенахь. Оьрсийн маттахь арадовлу газеташ Буру-ГIалахь йолчу типографехь зорбане дохуш хилла, ткъа Iаьрбийн йозанехь арадовлурш – ХIинжа-ГIаларчу типографехь.
1925-чу шарахь дерзийна нохчийн меттан йоза латиницин буха тIе. ТIаккха «Серло» газето а дIадолийна оцу графикица зорбане дийлар. 1925-чу шарахь язйина, тIаьхьа «Серло» газетан редактор хиллачу Эльдерханов Iийсан «Шейх Мохсум» пьеса. Дуьххьара «Серло» газетан агIонаш тIехь зорбане яьлла, халкъан барта кхолларалли тIехь кхоьллина и башха говзар. Газетан агIонаш тIехь дуьххьара шайн говзарш зорбане яьхна, кхоллараллехь кхиар газетаца цхьаьна хилла бу поэташ Дудаев Iабди, Нажаев Ахьмад, Мамакаев Мохьмад, кхиберш. Уллера гергарло хилла «Серло» газетца нохчийн литературин бухбиллархочун Бадуев СаьIидан а. ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь газетца гергарло жигарадоккху нохчийн яздархойн керлачу чкъуро: Айсханов Шамсуддис, Музаев Нурдис, Мамакаев Iаьрбис, кхечара.
1934-чу шарахь хийцамаш хуьлу вайн мехкан политикин дахарехь. Кремлан лаамца вовшахтуху нохчийн а, гIалгIайн а мехкаш. Областаш хиллачуьра дIайовлий, Нохч-ГIалгIайн Автономин Советийн Социалистически Республика царах. ГIалгIайн махкахь а хилла «Сердало» цIе йолуш къоман газет. Цундела, 1934-чу шарахь дуьйна нохчийн «Серло» цIе йолу газет «Ленинан некъ» цIарца зорбане дала долало. Ненан маттахь зорбане дуьйлучу газетан кхидIа долу кхиар еххачу хенахь «Ленинан некъ» цIарца хуьлу.
Нийса хир дацара нохчийн къоман газетан кхоллараллин некъ, цкъа а кхоьлина, марха йоцуш, сирла, ирсе хилла аьлча. СССР-н массо а маьIIе къизаллин бала боссош даьхкира ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш. НКВД-с тобанашкахь схьалоьцуш, набахти чу кхуьйсура бехк-гунахь доцу нах. Вайн махкахой а ца бевлира цу къаьхьачу балех. 1937-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 10-чу дийнахь Шкирятов Матвейн омранца дукха адам набахти чу кхоьссира. Царна юкъахь бара Нохч-ГIалгIайн историн, культурин, литературин Iилманан-талламан институтан директор Саламов Iабдул-Хьалим, Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзан председатель Бадуев СаьIид, Нохч-ГIалгIайн радиокомитетан директор Айсханов Шамсудди, къоман театран директор Яхшаатов Хьамид, «Ленинан некъ» газетан редактор Мамакаев Мохьмад, «Ленинан некъ» газетан жоьпаллин секретарь Арсанукаев Халид, иштта дуккха кхиберш а. Iаламат чIогIа хала дара оцу чолхечу хьелашкахь болх бан. Делахь а, нохчийн къоман газетан журналисташа, яхь дIа ца луш, хьанал къахьийгира шайгахь йолчу таронца бакъдош халкъе дIакхачон йолчу Iалашонца. Нуьцкъала зIе яра журналистийн газетдешархошца. Цара кехаташ яздора редакце вайн махкарчу бахархоша боху кхиамаш, церан лазамаш буьйцуш. 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь немцойн фашисташа вайн Даймахкана ямартлонца тIелатар дича, шайн лаамехь ЦIечу Эскаран могIаршка дIахIиттира «Ленинан некъ» газетан дукхах болу журналисташ. ТIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь шен лаамехь фронте баханчарах а бу: Шаипов Iийса, Хаджиев Ризван, Муталибов Зайнди, Габисов Бисолта, Музаев Нурди, Мусаев Мохьмад, иштта дуккха а кхиберш. БIаьхаллин хьуьнарца дуьненна ша йовзийтинчу Нохч-ГIалгIайн 255-чу дошлойн полкан комиссар вара «Ленинан некъ» газетан редактор хилла Имадаев Мохьмад. Сталинградан йистошца буьрса кхихкинчу тIемашкахь 1942-чу шеран хьаьттан (август) беттан 5-чу дийнахь турпала воьжна иза, ленвоцчу сийлалле гIулч йоккхуш. Халкъо а, махко а шех дозалла дан хьакъдолуш къонахий хилла журналиста Имадаев Мохьмад а, иштта, тIеман арахь турпала воьжна Межидов Зеламха а.
Цкъа а йицлур йоцчу къизаллица цIевзина схьакхечира 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-гIа шийла Iуьйре. Сталинан хьадалчаша махках даьккхира вайн дерриге а халкъ. Ерриге а бакъонех хадийна, дай баьхначу лаьттах хьоьгуш, хийрачу махкахь 13 шо даьккхира халкъо, цуьнца цхьаьна нохчийн журналисташа а. Амма уьш мокъа ца Iийра. Нохчийн журналисташа кехаташ яздора Сталине а, цуьнан гоне а нохчийн халкъана тIехь кхоьллинчу харцонах, цунна йинчу ямартлонах лаьцна. 1955-чу шарахь Алма-Атахь «Къинхьегаман байракх» газет схьаделла ницкъ кхечира хьуьнаречу нохчийн журналистийн. Абазатов Мохьмад, Хамидов Iабдул, Магомаев Хас-Мохьмад, Хаджиев Ризван, Ахматова Раиса, иштта дуккха а кхиболу нохчийн журналисташ бара газетехь болх беш. Дийца даьккхинчуьра билгалдаккха догIу «Къинхьегаман байракхан» белхахой Ахматова Раиса, Бакашева Раиса, Нинциева Светлана ю 1956-чу шарахь Алма-Ата веанчу Хрущев Никита Сергеевична тIекхаьчна, цунна вайнехан халкъера бала бовзийтинарг а, цIадерза болу халкъан лаам бовзийтинарг а. Цу муьрехь КПСС-н ЦК-н секретарь хиллачу Хрущевс вайн мехкарийн догъэцна, Сталина махках даьхна халкъаш кестта цIадоьрзург хилар хоуьйтуш.
1957-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу деношкахь хьалхарчийн могIарехь дай баьхначу лаьтта цIабирзина Нохч-ГIалгIайн культурин белхахой. Царна юкъахь бара цхьаболу нохчийн журналисташ а. ХIутосург баттахь дийцаре дира «Ленинан некъ» газет меттахIоттаран хьокъехь долу гIуллакх. Бакъду, дийцар цхьаъ ду, хьакъ доллучу кепара газет меттахIотто хьелаш кхоллар кхин ду. И хьелаш данне а доцуш дара. Редакцин хIусам яцара, стол яцара, гIант дацара. Нохчийн маттахь зорба лахьон хууш стаг вацара. Амма ненан маттахь газет арадаккха лаам чIогIа бара нохчийн журналистийн. Уьш а масех стаг бен ван а вацара: Нажаев Хожа, Исмаилов Халид, Тасуев Султан, Дадашев Iабдул, Кагерманов Докка, Джабраилов Мохьмад, Магомаев Салавди, Батаев Мустап. Делахь а, уьш чIогIа яхь йолуш кIентий хиллера, шайн Даймохк, ненан мотт, къоман газет дезаш. Церан хьуьнар, лаккхарчу тIегIанехь йолу корматалла бахьанехь, 1957-чу шеран асаран (июнь) беттан 12-чу дийнахь араелира меттахIоттийначу «Ленинан некъ» газетан хьалхара лоьмар.
Цхьана а кепара шеко йоцуш, шен заманан лехамашна жоп луш газет дара «Ленинан некъ». «Ленинан некъ» газет нохчийн халкъан верас дара. Цуьнан журналисташа хазахеташ яздора нохчийн халкъан кхиамех, толамех, яхь йолчу адамийн хьуьнарех. Газето бовзуьйтура халкъан яздархой, артисташ, спортсменаш, суьрташдахкархой иштта, дуккха а кхидолу похIме адамаш. Уггаре а коьртаниг, нохчийн метан пхьалгIа хилла лаьттина ду «Ленинан некъ» газет. Вайн дукхахболу яздархой а, поэташ а шайн хьаналчу къинхьегаман беркате гIулчаш «Ленинан некъ» газетехь яха буьйлабелла бу. Советийн заманахь кIиранах кхузза арадолуш дара «Ленинан некъ». ХХ-чу бIешеран чаккхенехь ткъех эзар экземпляр гергга тираж яра цуьнан. Вайн махкахошна дош-дезар хетачу шуьйрачу хаамийн гIирсех цхьаъ дара «Ленинан некъ» ХХ-чу бIешеран чаккхенехь. Къаьсттина мерза кхаъ хилла даьхкира вайн махкахошна «Ленинан некъ» цIе дIаяьккхина, редакцин журналистийн тобано газетана «Даймохк» цIе тиллина денош. Ткъеитт шо дIадаьлла цул тIаьхьа. Тахана массо а воьлла газетан керлачу цIарах, хIора а дика кхета къоман газетан цIе иштта хила езаш хиларх. Цул сов, ХХ–ХХI-чуй бIешераш хотталучу муьрехь вайн махкахь буьрса кхихкинчу тIемашкахь шен халкъаца дара «Даймохк». Луьрачу тIамо Iазапе лаьцначу шен халкъаца дара. Дала гIазот къобалдойла цуьнан, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьажас арабаьккхина некъ къобал бина, цу некъа тIехь чекхбевлира «Даймохк» газетан журналисташ вайн халкъана уггаре а хала еанчу хенахь. Тахана а оцу некъа тIехь схьабогIуш бу шайн коьртехь Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Шамсудинов Бувайсар волу «Даймохк» газетан белхахой. Вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана доза доцчу хьуьнарца дIакхоьхьу беркатечу машаран политика халкъе дIакхачон йолчу Iалашонца, де-буьйса ца лоьруш, къахьоьгуш бу тахана «Даймохк» газетан журналисташ. Хаддаза шайн хаарш тIедузуш, корматалла лакхайоккхуш, нохчийн меттан хазалла газетдешархошна йовзуьйтуш схьабогIу газетан белхахой. Уьш даима а бу кхоллараллин лехамашкахь, кхиаран новкъахь. Нохчаллех къилба дина халкъан доьхьа къахьегар хаза гIиллакх ду церан. 97 шо кхаьчна къоман газет оцу беркатечу новкъа схьадогIу.
Газиева Аза