«Уьдучу шерийн лорах»
Вайн республикехь дика вевзаш волчу журналистан, поэтан Сейлмуханов Мусан араяьллачу цхьана киншкин цIе ю «Уьдучу шерийн лорах». ХIокхул хьалха Сейлмухановн стихаш йовза таро хуьлура ешархошна вайн республикехь нохчийн маттахь арадовлучу газетийн а, журналийн а агIонаш тIехь.
«Нохчийчуьра тIом дIаберзаре сатуьйсуш, Делан кхиэле дIабирзинчу вайн хьомсарчу наношна лерина ду сан хIара жайна», – аьлла, доладо авторо оцу гуларехь ша олуш долу поэтически дош.
Сейлмуханов Мусан дуьххьарлерчу стихашкахь дуьйна схьа карарчу хенахь язйинчарна тIекхаччалц гуш ду иза гуттар а ша вехаш волу шен зама шена йовза а, йовзийта а гIерташ хилар. Шена билггал гушдолчух, деккъа шен дагна Iаьткъинарг схьаолу Сейлмухановс шен байташкахь. Дукхахьолахь цуьнан стихаш ша-шеца монолог санна я ша-шега луш долчу хаттаршца цхьаьна шена жоп лучу кепехь язйина ю.
Хьан боху, доьду шо дог делош доьду?
Я маьрша догIур ду Керла шо тIе?
Лаьар-кха, барт хилла, машаран кедахь
Доьдучо дIаяхьа кху тIеман цIе…
Гуттар а шен заманца вехаш волчу поэтан Сейлмуханов Мусан говзарех дукхахъерш тIамах лаьцна ю – иттех сов шерашкахь вайн махкахь кхерсташ хиллачу шина тIамах. Шен дукхахйолу стихаш Мусас хIокху хиламел хьалха язйина. Вайна массарна а санна, Мусана а хала ду-кх доьхна хьийзо халкъ а, талийна-багийна мохк а ган.
Шен акхаралле, къизалле, бохамалле хьаьжча, адамо ша санна долчу адамна тIехь гIело, ницкъбарал кхин тIех зулам хуьлийла дац тIамца дуста.
Маьлхан денойх адам хьегош,
Яош тIеман кIуьран къахь,
Юьйлу тоьпаш, лаьмнаш дегош,
Вайн Даймехкан лаьтта тIехь…
Хьан лур ду цунах жоп? Хьаьнга доьхур ду и? Мила ву вайн Нохчийчохь тIеман къизалла яржош верг? Хьенан ву и? Мичахь? – оцу хаттаршна жоьпаш лоьху поэто.
ТIамо я кхечу бохамаша исбаьхьчу Нохчийчоьнан Iаламна бешболу тIеIаткъам ирча а, тIаьхьало зуламе а йолуш хиларна юх-юха тIевалаво ешархо авторо: «Дарлой хьийза» Iаьржа мархаш, «гина суна тIамо Iалам делхош, зазан метта лаьтта Iенош чим», «шен тийналлех цец а дуьйлуш, Iалам Iаьнан шаршу малхехь ягош Iа», – иштта кхин а ду Сейлмухановн стихашкахь Iаламах дог лозуш яздина могIанаш.
Ненан васт кхолларехь шатайпа мукъамаш хеза ешархочунна Сейлмухановн кхоллараллехь. Масала:
Нана, хьан кераюкъ – беркате хьаьтта
Сайн юй а ца хууш, ас хьешна лаьтта…
ХIокху лаьттахь даха кхоьллинчу адамийн хIораннан а декхар – вовшашца догдика, къинхетаме, комаьрша хилар тIечIагIдо поэта. Амма оцу дерригенна а яхь оьшу, и яцахь, дахаран маьIне кхачалур а вац.
…ХIара дуьне дитина дайша а, –
Валар ду хIоранна тIехь.
Аьшнашвеш вуьйцур ву вайшиъ а,
Яхь йоцуш дIакхелхинехь.
Iаламан сурт керлачу басаршца, исбаьхьаллин гIирсашца, васташца гайта говза хилар го вайна Сейлмуханов Муса цуьнан хIара могIанаш доьшуш:
Стиглахь кхетта беттаса –
Сан ойланийн седа –
Iаьнан буса, серло схьа
Етташ, корехь къеда.
ДIасаийзош тIера чкъор,
Iаьржа бода этIош,
Цо детица тоьгу кор,
Седарчий тIелетош.
Сейлмуханов Мусан «Жима доттагI», «Хьочан синтар», «Ши йиша», иштта кхин а байташ ю берашна лерина. Берийн дуьне, церан хьежамаш, дог-ойла авторна дика евзаш хилар го вайна и стихотворенеш йоьшуш.
«Дахаран новкъахь зийна билгалонаш» аьлла билгалдаьхна Сейлмухановс шен дахарера, тидамашкара шена зеделлачух яздина могIанаш. И аларш стих кхолларан кепехь далийна ду. КIорггера ойлаярца, ша дуьйцучун дуьхе кхиа гIертарца йина ойланаш уьш хилар го, царах цхьаерш ахзабаречу маттахь язйина а ю:
Топ кхуьйсуш, ловзош гахь, юххе ма гIерта;
Цкъа мацца а шийла мохь цо бохьу керта.
Заманан халонаша гучудехира вай:
Ма хала хилла-кх хьо, мацъелча, гай.
Иштта ю Сейлмуханов Мусан поэзин башхаллаш. Вай теша, нохчийн литература ешархоша цуьнан шатайпана кхолларалла шайн тидаме оьцург хиларх.
Бурчаев Хьалим