М. Бексултанов а, цуьнан зама а
Вайн заманахьлера гIараваьлла вевзаш волу нохчийн яздархо, Бексултанов Мозин кIант Муса дуьненчу ваьлла 1954-чу шеран август баттахь, Казахстанехь. Хууш ма-хиллара, берриге нохчий, гIалгIай, цхьадолу кхин къаьмнаш а шайн махках даьхна зама хилла иза. Вайнах Сибрехара цIа боьрзуш, МусангIеран нах Хьалха-Мартан районехь йолчу Олхазар-кIотарахь баха охьаховшу.
Цу юьртарчу юккъерчу ишколехь итт класс йоккху Мусас. Оцу юьртахь вехаш а, ишколехь нохчийн литература хьоьхуш а, директоран болх беш а хилла нохчийн вевзаш волу поэт, этнограф Сулейманов Ахьмад. Къоман дIадаханчух дуккха а хIумнаш гулдеш, хууш, дIаяздеш, уьш нахана довзуьйтуш дуккха къхахьоьгуш стаг, нохчийн меттан дика говзанча а вара Сулейманов Ахьмад. Оцу башхачу стага а, цо дечо-лелочо а боккха тIеIаткъам бинчух тера ду хинволчу яздархочунна Бексултановна.
Цунна тоьшалла до Мусас шен дуьххьарлерчу киншкин юьххьехь, Ахьмадан 63 сий-ларам беш, даггара яздинчу дешнаша а. Ишкол чекхъяьккхинчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоманотделеничекхйоккхуцо. ЦултIаьхьамасех шарахь хьехархочун болх бо – эхашарахь Таьнгичохь, деа шарахь гергга Олхазар-кIотарахь. Университетехь доьшуш волчу хенахь а, цул тIаьхьа а Мусас жигара дакъалецира нохчийн къоначу литераторийн «Пхьармат» цIе йолчу цхьаьнакхетараллехь.
1986-чу шарахь республикин исторехь дуьхьара «СтелаIад» цIе йолу берийн журнал дIадоьллу. Иза дIадилличахьана оццу журналехь болх беш схьавогIуш ву иза. Лакхахь хьахийна ма-хиллара, Бексултановн дийцарийн хьалхара киншка «Мархийн кIайн гIаргIулеш» араяьлла 1985-чу шарахь. ШолгIаниг – «Юха кхана а, селхана санна» – 1988-чу шарахь арайолу. Цу тIехь дийцарел сов, киншкина цIе елла повесть а яра. Кестта, Дала мукъалахь, цуьнан кхоалгIа киншка а араер ю. Республикин комсомолан цIарах долчу совгIатан лауреат а ву Бексултанов. Политически цхьана а партешна а, боламашна а юкъагIиртина воцу Муса, балхахь а, ша вехачохь а юкъараллин гIуллакхашна цхьа а юьстах лаьттина вац. Вайн мехкан а, дозанал арахьара а исбаьхьаллин литература дика евза Бексултановна. «Орга» журналан анкетин хеттаршна жоьпаш луш, нохчийн яздархой берриш а лору ша, церан нохчийн маттаца йолу уьйр бахьана лоруш, аьлла яздира цо. Нохчийн поэзи нохчийн прозел а кхиамехь хета цунна, уггаре шена герга Абдуллаев Лечин поэзи лору. Ткъа кхечу къаьмнийн яздархойх, Мусас ша ма-яздарра, цо дукхабезачийн могIарехь цIераш яьхнарш бу: Ч. Айтматов, Н. Думбадзе, Э. Хемингуэй, Х. Борхес, Х. Кортасар, И. Андрич, У. Фолкнер, Х.К. Онетти, С. Беккет, Г. Лорка, И. Неруда, С.Вальеха. Х.К. Браннер, А. Камио, И. Шоу, и.дI. кх. а. Цара тIеIаткъам бина цуьнан хьежамашна а, литературни говзалла кхиарехь а.
Бексултанов Мусан кхоллараллехь керла мур дIаболабелла лара мегар ду тIаьххьарчу шинакхаа шарахь. Цуьнан керла дийцарш сих-сиха арадуйлу «Орга», «Вайнах» журналашкахь. Цул сов, нохчийн бевзаш болчу яздархойн кхоллараллех эссеш, статьяш язъян а воьлла Муса тIаьххьарчу хенахь. Нохчийн литературоведенин, критикин къелла дагалаьцча (ян а яц ца алахь), чIогIа мехала гIуллакх ду литературни критикехь цо дийриг.
Бексултанов Муса, цхьа а шеко йоцуш, йоккха лаккхе ю вайн культурехь. И тайпа лакхенаш дукха а яц вайн. Делахь а вайна ца го-кх уьш, кIеззиг йоллушехь. Ца го вайн дакъазаллина, вай бIаьрзе хиларна. Ткъа лакхенийн бехк ма бац и. Цара шайн декхарш кхочуш ма до – уьш къега, баланехь долчу вайна серло луш, бердах ца дахийта некъ гойтуш. Бексултанов Мусан кхолараллин ницкъаша, цуьнан похIмо зазахецна мур бу карарниг. Иштта, кхоллараллин лакхенаш яьхна волуш, нохчийн литература кхиорехь доккха дакъа юкъа диллинчех цхьаъ волуш, шен шовзткъе итт шаре кхаьчна Бексултанов Муса – нохчийн къомо шен и хиларх дозалла дан а, лерам беш хила а хьакъволу къонах а, воккха яздархо а ву. Дала могаш-маьрша, дукха вахавойла и. Шен нехан а, берриг мехкан а баланаш даиманна дIабевлла, хIора доккхучу дийнахь даккхий диканаш гуш, ирсе дахар нислойла цуьнан!
Хьалхарчу цхьаьнакхетарх дагахь дисинарг. Муса Бексултанов суна дуьххьара гира 1983-чу шеран аьхке чекхйолучу хенахь «Пхьармат» литературни цхьаьанкхетараллин рогIерчу цхьана кхеташонехь. Стенна делахь а, суна иза хIетахь «Пъьарматехь» коьртаболчарах ца хийтира. Коьртаниш суна Ахмадов Муса, Яралиев Юсуп, Абдулаев Леча, Ахмаров Рамзан, Хатуев Iабдул-Хьамид, и.дI.кх. а хетара. Церан цIераш а суна со дуьххьара 1978-чу шарахь «Пхьармате» вале дуьйна евзаш яра – «Орга» альманах тIехь а, юкъарчу поэзин, прозин сборникашкахь а ешнера ас церан произведенеш. Ткъа Бексултановс язйина хIумма а ешна яцара ас, я цуьнан цIе йоккхуш а ца хезнера. Цундела «Пхьарматан» куьйгалла деш волчу Шайхиев Iалвадис «Бексултанов» аьлла цIе яьккхича, ванах, и композитор М.Бексултанов ву-те. Я цуьнан ваша ву-те, аьлла дагаиккхира суна. Бексултановс цу дийнахь шен цхьа дийцар дийцира, аьлча а деша долийра-кх, тIаккха и тийсавала воьлча (суна хиира иза, со санна, толкха вуйла), Ахмадов Мусас, шега схьало, ша доьшу и дийцар, элира. Дийцар стенах дара дага ца догIу суна, амма и чохь болчара дика тIеийцирий хаьа.
Iалвадис аьлла дагадогIу сунна: «Хьан и воккха стаг идеалист ву-кх. Вуй, Муса?» Стенна делахь а, иза идеалист хилар дика долуш санна дара Iалвадис хоьттург. Iалвади коммунизман идеологин пропагандист вацара… Мусас хIун элира, дицделла суна.
Хьалахьаькхина еха месаш йолуш, лекхуочу дегIахь, товш жима стаг вара Муса. Еха тIаьрсиган палаш а яра цуьнан. Мусан шен атрибут санна, тIаьхьа а йисира и билгалонаш – еха месаш, тIаьрсиган еха палаш. Цуьнгахь тан а товра уьш – цул лохачуьнгахь я цул лекхачунгахь иштта товш хир яцара. Болар сиха хуьлура цуьнан, цхьанна дарвелла, дов даккха воьдуш санна. Суна, бакъдерг аьлча, иза дуьххьара гича а, цул тIаьхьа а (цуьнан хьалхара киншка араяллалц) Бексултанов 64 я ша лелочух, я оха лелочух, я ерриг литературах, искусствох вешаш а воцуш, цхьа дан хIума цахиларна, я цхьана ханна сахьийзаш «Пхьармате» оьхуш, цхьа лармаза къоламаш хьоькхуш санна хетара. Цуьнан партократин, хьаькаман, литераторан, Iилманчин, хьехархочун кеп-куц дацара. Цуьнан кеп-куьце хьаьжча, иза цхьана йоккхачу гIалахь мафи юкъахь ву аьлча, я Голливуд санна лераме йолчу учрежденехь актер ву аьлча, атта теша тарлора, иза яздархо ву бохучул.
ХIетахь халуо дара цуьнан амалх кхета а, иза дика вовза а, нагахь хьо цуьнан гергарчу нахах я накъостех вацахь. Цуьнан хьалхара киншка араяьлча, дерриге гучуделира ша ма-дарра. Муса а гучувелира ша ма-варра – иза Советан Iедалан идеологин воккха мостагI хиллера, иза ша волу яздархо мел ву, цкъа а машар хир боцу, цкъа а бертавогIур воцу мостагI.
Араяьллачу киншко Мусан амалх а кхетийра, ткъа хьалха ца кхеташ хиллачу амало киншкех а кхетавора.
«Мархийн кIайн гIаргIулеш» – хьалхара киншка. Иза дара 1985 шо. СССР-хь къанбеллачу наха олалла даран мур чекхболуш бара – велира царах тIаьххьарниг – Черненко. Керла хаьржина КПСС-н Генеральни секретарь М. Горбачев мила ву, цо хIун политика дIакхоьхьур ю, хIун хийцамаш хир бу – цхьанна а хууш дацара.
«Керла ойлаяр», «гласность», «перестройка» бохучу хIумнаша шайна тIаьхьа схьадеънарг цкъа мацца а хир ду аьлча, хIетахь цхьа а тешар вацара. Махкахь лаьтташ дерг шех «застой» олуш хилла политико-экономически хьал дара. Амма Ерригсоюзни тIегIан тIехь тоьллачу яздархойн могIаршкахь дIахIиттинарш дукха хьолахь коммунистийн идеологин йийсарехь болу нах бацара. Ч. Айтматов, В. Астафьев, В. Быков, В. Белов, В. Распутин, Н. Думбадзе, Ю. Кузнецов, Е. Евтушенко, А. Вознесенский, и.жI.кх.а. Уьш 60-чу шерашкахь дуьйна схьа бIе эзарнаш дешархошна безабелла авторш бара, шайн заманчохь цхьаболчарна «ойланийн баьччанаш» хилла ала мегар долуш. Царна Iедало, цабевллачу денна делахь а, тайп-тайпана совгIаташа дора, цара язйина произведенеш пачхьалкхехь олаллехь йолчу идеологица йогIуш цанисъелча а. Цара уьйура юкъараллехь хьулйича санна лаьтташ йолу ира иэхь-бехкан, гIиллакхийн, оьздангаллин проблемаш (масала, Ч.Айтматовн «БIешарал а дахло де» цIе йолчу романехь манкуртийн проблема).
Перестройка йолаелча арайийллина «ТангIалкх» («Плаха» Ч. Айтматов), «ГIайгIане детектив» («Печальный детектив» Б. Астафьев), «ЦIе ялар» («Пожар» В. Распутин) юкъараллин доккха маьIна долу хилам санна тIеийцира махкахь. И лакхахь цIераш яьхнарш а, цIераш яхаза бисна могIарера кхин яздархой а кегий нах бацара – уьш цхьаберш тIамах чекхбевлла, ткъа цхьаберш набахтехь баьхкина, дахарехь дуккха а вуон-дика лайна, кIорггера дешараш дешна, похIма а, хьекъал а долуш нах бара.
Вайн республикерчу церан хенарчу яздархойн цаьрца юкъара кIезиг хIума дара, оцу хьалхарчара меттахйохуш йолу яккхий проблемаш, кхоллараллин лехамаш хийра гIуллакх дара вайн махкарчу дукхахболчу яздархошна. Дозанал арахьарчу литературехь йолу проблемаш, цуьнан кхиаран некъаш, баккхий кхоллараллин хиламаш а вайн дукхахболчу литераторшна, Марса тIехь долу хьал санна, генара гIуллакх дара.
70-чу шерийн шолгIачу эхехь нохчийн литературехь (билгалдаккха лаьа, цхьана масех шарахь) гучуйолу иттех керла цIе. Уьш «пхьарматхой» бара. «Пхьарматах» лаьцна цкъа кхано тIаьхьа ша къаьсттина дуьйцур ду вай, ткъа кхузахь ца ала йиш яц, и «пхьарматхойн» мур нохчийн литература кхиаран некъо уггаре коьрта голатохар дара, иза нохчийн литературин шен исторехь уггаре йоккха тулгIе яра. Литература хIетахь шен маьIнина герга еара «пхьарматхойн» кхоллараллехь. Цул хьалха шаьш цхьацца гучубуьйлуш похIма дерш хиллехь, хIетахь гучудаьлларг похIма долчу нехан дийнна чкъор дара. Уьш берриш халчу заманчохь, нохчий Сибрех болуш, дуьненчу бевлла кегий нах бара. Хьекъале, цкъацкъа амалш сиха, генетически иэсехь шайн къоамана лелийначу харцонийн лар йисна нах хилла уьш. Ма-дарра аьлча, уьш гIаттамхой бара шаьш язъечу произведенешца, шайн лехамийн маьIница, шайн психологица. И дерриге цкъа дика талла дезаш а ду литературоведаша, критикаша.
Яздархо санна шен схьавалар оцу «хIусамера» долчу Бексултанов Мусан «Мархийн кIайн гIаргIулеш» цIе йолу хьалхара киншка араелира 1985-чу шарахь. Оцу киншки тIехь уггаре ирачу кепехь, еллаелла чов санна, лазаме гучуелира Бексултановн гIайгIанаш, оьгIазлонаш, иза резавоцуш, цо емалдеш дерш, цуьнан оьздангаллин мехаллаш.
И дерриге а – цунна дезадерш, гIайгIанаш, резавацарш – цуьнан шен цхьаьннан дацара, аьлча а шен цхьаннан хилла ца Iара, уьш юкъара дара цуьнан а, цуьнан нийсархойн а, дерриге къоман а. Иза исбаьхьаллин гIирсашца дерриге къоман цIарах долуш долчунна духьахьало яр дара. Амма цуьнан цхьаьна кхиамаш исбахьаллин литературин лакхарчу тIегIане а кхевдира иза.
«Мархийн кIайн гIаргIулеш» – киншкин цIе а шатайпа поэтически яра. Ткъа цIе, адамийн елахь а, стеннан елахь а, шен цхьа маьIна долуш ю. И 65 киншка араяларца дуккха а хIума хийцаделира нохчийн литературехь – похIма долуш яздархо гучуваьлла ца Iаш, нохчийн къоман, цуьнан культурин, меттан, гIиллакхийн бала болуш, доладан доьналла а долуш, Сулейманов Ахьмад, Айдамиров Абузар, Арсанукаев Шайхи, Ахмадов Муса, кхин масех а санна кхин цхьаъа дIахIоьттира. И киншка студенташа а чIогIа лерина йийшира. Университетан хьехархоша тIедиллина а доцуш, студенташа хийла йийцаре йира и. Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» цIе йолчу романал тIаьхьа, «Мархийн кIайн гIаргIулеш» санна, наха дукха йоьшуш хилла киншка ца хаьа суна вайн литературехь тIаьххьарчу ткъа шарахь.
Ткъа нохчийн маттахь йолу киншка наха дика йоьшуш хилар – деккъа а и цхьаъ а вуно мехала гIуллакх ду, вайн мотт ларбан безаш хилар хьесапе эцча-м муххале а.
Цул хьалха, хетарехь. «пхьарматхошна» а бен вевзаш хилла воцу Бексултанов, махкахь уггаре бевзаш а, безаш а болчу яздархойн могIаре дIахIоьттира. Поэзехь иштта, цIаьххьана тоьхна ткъес санна, юкъавеънарг Бисултанов Апти а вара. Амма могIарерчу дешархочунна ца го (бакъду, и ган декхар а вац) и «цIаьххьана» боху де тIехIотталц мел дукха сица лов, мел дукха сица къахьоьгу кхоллараллин стага.
ТIехула хьаьжча хета и атта а, сиха а, амма вай дицдан ма ца дезий, «бIешарал де дахдала» тарлуш хилар а..наггахь…
Бексултанов Мусас шен юкъаваларца шел хьалха нохчийн литературехь къахьоьгуш хиллачу баккхийчу а, кегийчу а яздархойх похIма долуш хилларг цхьа а дIа а ца теттира, я кегий а ца бира уьш. Цо шен меттиг дIалецира, и воцучуьнга лацалур йоцу меттиг, амма цо иза дира чIогIа нуьцкъала а, сиха а, тIаьхьавуьсуш санна. Цуьнан болар, хатI чIогIа къаьсташ ду кхечу яздархойчух. Бексултанов максималист ву, цунна ца оьшу кегий хIумнаш, кIеззиг хIумнаш – цунна уггаре коьртаниг, уггаре дезаниг шен доладаккха лаьа шен кхоллараллин лехамехь… Хетало, и ца хилахь – хIумма а доцуш виса реза ву.
Иштта бара цуьнан дуккха а турпалхой а. Масала, ТоргIа, Iаьзим, Довта, Бексултанов санна, шен турпалхойх тера, цаьрца бехаш, цаьрца иэбелла яздархой дукха хир бац, аьлла хета. Цаьрга а – авторан шатайпа безам бу. Уьш цо даима шен леринчу тидамехь-тергонехь латтабо, уьш шайн лааме бовларна кхоьруш санна.
«Юха кхана а, селхана санна». Иштта йIе йолу Бексултанов Мусан шолгIа киншка араелира 1988-чу шарахь. Перестройкин мехаш СССР-н массо маьIигашкахь хьекха буьйлабелла хан яра и. Стаммийчу журналийн тиражаш миллионашка евлира, хьалха Iедало ца могуьйтуш йихкина лаьттина произведенеш, къайлах латтийна историн документаш а тIетаьIIина зорбадетташ дара. Урам-новкъахь бевзарш тIеттIакхаьчча, ахь и ешний, ахь важа ешний, олий хоьттура. Беллачул тIаьхьа шайн произведенешца Малхбузера Даймахка цIа боьрзуш бара эмиграце бахана хилла оьрсийн цIеяххана яздаархой, философаш, публицисташ, политикаш, и.дI.кх.а.
Доцца аьлча, цахиллачу кепара махкахь массо а бохург санна киншкаш, журналаш доьшуш вара, хIунда аьлча, деша лууш, амма йиш йоцуш, нехан са кIамдеш долу хIумнаш дуккха а IаьIнера. Ишттачу хьолехь араяьлла йоллушехь, Бексултанов шолгIа киншка а нохчийн дешархойн боккха тидам тIебоьдуш, чIогIа езаелла тIеийцира.
Романтизман хьал а, къелла а. Гонах долу дахар-Iер, яккхий новкъарлонаш, сингаттамаш, баланаш боцуш, хаза хилча, цунах башха дийца а ца дуьйцу, хьеха а ца до. Оцу дахарца адам деха.
Амма долуш долу дахар доьхна делахь, са а доьхна делахь, гонахарчу дахарехь а, дагчохь а гармони йоьхнехь, иделаьни (коьртехь, идейшца йолу) гармони кхоллало, са бертадало гIерташ, мадарра аьлча, са Iехош. Цул сов, сина хаа а хууш, Iехош ду и, гонах йолу эрчалла йовза ца лууш, иза хIуъа дина йицъян лууш. Амма иза долуш долчун къелло, йолуш йолу эрчалла эшо гIорасиз хиларо кхуллу бух боцу хазалла ю. Нохчаша ма-аллара, иза ша тIехь йина гIала ю.
Иза ю романтизман къелла. Iилманчаша романтизм билггал йолчу заманийн гурашна юкъалацар нийса массо а хенахь хир дац, хетарехь. Романтизм тайп-тайпанчу барамашкахь я кепашкахь даима а ехар ю. ХIунда аьлча романтизм кхуллуш долу бахьанаш дуьсуш ду, церан кепаш (суьрташ) хийцалахь а.
Бексултанов кхоллараллехь романтизм, реализм тайп-тайпанчу барамашкахь иэелла ю.
Авторан а, турпалхойн а гонах долу дахар харц ду, шалхо, аьшпаш, ямартло гучуюьйлу массанхьа а – хIус амашкахь, къараллин дIахIоттамехь, ерриг пачхьалкхехь – иза долуш дерг ду.
И гонахара долуш дерг къобал ца до Бексултановн коьртачу турпалхойн синкхетамо. Цуьнан турпалхой дуьхьал бу, цара емалдо гонахара дахар. Иза долуш долчунна оппозици ю(адаман шен чоьхьара, сица йолу) – романтизман коьртачех цхьа билгало. Амма долуш долчу хьолана дуьхьало еш цара деш хIумма а дац, кхуллуш керла (альтернативни) хьал гуш дац («Со-м вист а ца хуьлу» бохучу дийцарехь – къоман легенда, «Юьртан хийист» дийцарехь, жимачохь санна, 66 доьзалца юха цхьана кертахь дахар, кхин масех масал доцург). Амма къобал ца дечу, емалдечу гонахарчу дахарна дуьхьал дерг, хьала а, охьа а цул дуккха хаза а, цIена а хила дезаш дерг, лакхахь ма-аллара, гуш дац, автора яздина охьадуьллуш дац… Иштаниг тахна а дан а доцу дела. Амма цуьнца цхьаьна (автора, хIара ду шуна долуш дерг дIадаьккхича, хила дезарг, аьлла охьадиллина дацахь а) дешархошна тIекхиа хала дац авторо гонахарчу эрчаллина (цо чулоцурш дагардан дуккха а ду – адамийн кIезгалла, духуш лаьтта гIиллакхаш, харцонаш, шалхонаш, кхахьпалла, ямартлонаш, хьаьгIнаш) дуьхьал дайн оьзда гIиллаккхаш, доьналла, дайн хьалха ма-хиллара Iер-дахар доккхуш хиларна. Иза, кхечу дешнашца аьлча, къонахийн дахар ду. Керлачу замано «кхоьллинчу» цхьалхачу, сица эгIазчу стагна дуьхьал къонах воккху автора. Амма къонахийн шайн цхьа зама хилла, исторически боккха-жима цхьа мур.
И зама дIаяьлла – цуьнца дIабелла (я дIабелла бовлуш бу) и къонахий. Иза, лаахь а, ца лаахь а, вайна мел новкъа делахь а, хиланза цадолург ду – керлачу заманан керлачу хьелашкахь исторически къонахий дIабовлар я хийцабалар. Церан метта богIуш берш – дика нислахь – закон лардеш, кхечун бакъонаш ца талхош, шен бакъонаш Iалашъеш, хьекъале, билггалчу (вуно готтачу!) маьIнехь оьзда нах бу, ткъа вуон нислахь – шаьшшайн хIаллакдийр долу адамаш-автоматаш ю. Уьш бу дешна а, Iилма, техника дика карерзийна а болуш, амма эхь-бехк, оьздангалла бохург, ворданна пхьоьалгIа чкъург санна, совнаха хIума лоруш болу нах. И шолгIа кепара нах дебна, олалле дIахIитта алсам таронаш йолуш бу таханлерчу заманан хьелашкахь.
Юха а, юха а ала лаьа: автора, цуьнан турпалхоша цхьанхьа а ца бахахь а, царна хаьа хьалха хилларг, хьалха ма-хиллара, кхин цкъа а хир доций. Кхузахь ду гIайгIанийн хьоста. Бексултановн коьрта турпалхо гIайгIа ю, цо ша мааллара «маьрза гIайгIа». Амма мел мерза елахь а, гIайгIа ю-кх и. Доцца аьлча, идейно-нравственни альтнрнатива дIадаханчуьнгахь бен гуш яц. Нохчийн синкхетаман шатайпаналла хила а тарло и: дIадаьккхинчун метта (подвергнутому снятию) дилла цул гIоли дерг карош цахилар. Амма долуш долчун олаллехь шалхо, харцо елахь, цунна кIел а ца сацало нохчийн синкхетам. Иштта синкхетам бу Бексултановн коьртачу турпалхойн.
Дуккха а эзарнаш адамаш хIаллакхуьлуш, иттанаш шерашкахь тIамца дуьхьалонаш йинчул тIаьхьа эшна долу нохчийн къам Россин империн карадахна ХIХ-чу бIешарахь. Паччахьан Iедал духуш а вуно дукха хIаллакьхилла нохчий. Юха Советан Iедало хьийзийна нохчийн къам. Масийтта эзар стагана тоьпаш тоьхна, дерриге къам махках даьккхина 13 шо даьлла, юха Даймахка цIа дирзича а, нехан хIусамаш схьа ца луш («ТIаьхьенна дисна цIа»), лаьмнашка хьала шайн ярташка ца бохуьйтуш, я гIалахь охьа ца ховшуьйтуш, дуккха а харцонаш лелийна нохчашца. Уггаре лан хала дара Советан Iедал нохчийн доьзалшна юкъагIертар, динна а, къоман гIиллакхашна а дуьхьал хилар. Амма Советан Iедал доьхча а, нохчашна, даим санна, дохар, тIемаш кхечира.
Уьш дериш а къоман дахарехь, вайн хIора стеган дахарехь, яккхий лараш юьтуш, дуккха а вуон хийцамаш бина, къиза хIумнаш ду. Нохчийн къоман бIешеран дахарехь дерриг ду Мусан дийцаршкахь тайп-тайпанчу барам ехь.
Амма еккъа цхьана боццачу муьран я хиламан проблемаш а, Iоттабаккхамаш а кIеззиг бу вайн заманан воккхачу яздархочунна – бакъйолу исбаьхьаллин произведенеш кхуллучу яздархочунна. Воккха яздархо, бакъволу яздархо философина герга валориг хIуманан (хиламан) юкъара маьIна, юкъара сурт, коьрта дерг лехар ду. Оцу «жимачу хенан» (М. Бахтин) проблемашна юкьахь цунна садаIа хала хир ду.
Мусана шена а, цуьнан дешархошна а моттадала тарло, автора шен произведенешкахь юьйцурш еккъа Советан Iедалца йоьзна я билггала цхьана боцачу муьро кхоьллина проблемаш ю. Амма иза иштта цахилар, суна хетарехь, кхин хIумма а ца хилча а, Советан Iедал дохарца билгалделира. ХIунда аьлча, и Iедал дохарца цо кхоьллина ю моьттина проблемаш дIа ца евлира. Уьш керлачу заманан проблемаш а хиллера.
Муьлххачу а муьро шен билгалонаш, шен кеп, шен амал ло йолуш йолчу проблемашна – яккхийчу, масийтта бIешерера орамаш долчу проблемашна («йоккхачу хенан» проблемаш).
Нохчийн стаг масийтта бIешарахь я эзарнаш шерашкахь – цхьана меттехь, цхьана дахаранIеран суьртехь, гIиллакхийн, ламастийн, Iадатийн цхьана буха тIехь кхуьуш схьавеана. Гергарчу хьесапехь, ХIХ бIешо чекхдолуш дуьйна схьа болчу муьрехь нохчийн къам, шен орамашца нуьцкъах бухдаьккхина маргIал санна, шен буха тIера дIа а даьккхина, ша бIешершкахь (я эзарнаш шерашкахь хила а тарло) марзделлачу, доьллачу дахарх дIа а хадийна, керлачу, хийрачу хьелашка кхоьссина.
Оцу керлачу хьелашкахь дерг (хIора денна болх, машен, кема, телевизор, яккхий гIаланаш, компьютер, адамийн эвхьаза юкъаметтигаш, кхин дуккха а) нохчийн синкхетамна тIеэца, ахьа, карадерзо вуно халчу даьлла. Вайна санна, кхечу 67 къаьмнашна а ду и хала. Оцу таханлерчу цивилизаци тIе цхьана болларехь даьхкинчу европейски къаьмнашна а ду чIогIа хала. Доцца аьлча, вай ваьш дац хIоккху дуьненахь хIокху проблемашца. Вайна хаахь а, ца хаахь а вай дуьненан культурина юкъадахна девлла дуккха а хан ю. Вайна лаахь а, ца лаахь а, дуьненан юкъара проблемаш – цивилизацин кхиаран башхалло кхуллуш йолу проблемаш – хьалхахIуьттур ю вайн къаьмнашна, ткъа уггаре хьалха интеллектуалашна а, яздархошна а, Iилманчашна а, и.дI.кх. а. Нохчийн къоман гIиллакхаш, Iадаташ шен сих, тIамарх доьлла, фольклора тIехь, са ломахь а долуш, кхиъна волу Бексултанов Муса, лакхахь дийцинчун маьIнехь аьлча, вуно чIогIа хIокху заманан яздархо а ву.
Керла стаг, керлачу заманан стаг уггаре хьалха цхьана (цхьалха) стаг, декъаза стаг а ву. Ткъа хьалхалера дуьне вайна духуш ду. Я и доьхна а даьлла, цуьнан кескаш тIехь лаьтташ хила тарло вай. И доьхний а ца хууш. Гонах дIахIуттуш (я дIахIоьттина) керла дуьне ду, амма вайн синкхетам хьалхалерчу дуьненахь хилларг бу, шен кIоргенехь, шен орамашца.
Цхьа тIехула хIокху дуьненах а тарбелла и синкхетам. Цундела ю гIайгIа. Мусан гIайгIа. Мусан коьртачу турпалхойн гIайгIа – вайн массеран гIайгIа ю. ДIайоьдуш ю зама, юхайогIур а йоцуш. Даима дIайоьдуш, амма цкъа а юха схьайогIуш яц. «Юха кхана а, селхана санна» цкъа а хир дац. Адам гIорасиз ду, цуьнан карахь кIеззиг хIума ду. Даима цхьана хIуманна дуьхьалвуьйлуш, реза ца хуьлуш, оьгIазоьхуш – иштта ву Мусан хIора бохург санна турпалхо. Уьш синхаамашца, дагца беха – хьекъалца долу дахар кхин а къен ду. Адамийн хьекъал кхин гIорасиз ду. Массо а бохург санна Мусан дийцар турпалхойн иэшам болуш чекхдолу. Иза дукха хьолахь нуьцкъалчу нехан эшам хуьлу.
Царна, хетарехь, иштта эшар гIолехь хета, гонах долчунна тIетайна, кIел сецна, «тоьлучул». Мусан турпалхойн иэшам син, оьздангаллин толам бу.
Мусас тIаьххьарчу шерашкахь язъеш йолчу произведенеша цуьнан кхоллараллехь керла мур билгалбоккху. Иза хьалхалерчуьнца вуьстича, цIенна маьрша художник ву. Шена луъучух яздо цо. Яздан дезачух (ша-шена тIедеанчух) ца яздо, тайп-тайпана жанрашка вуьйлу (эссеш, кегий дийцарш). ХIинца цунна коьрта ловзар ду – исбаьхьаллин дашца, васташца, синтаксисан декъехь эксперменташ еш, жанран хормашца говза ловзу и. ХIора предложени, хIора могIа, воттана хьаькхча санна, шарбина, къагийна, шен хила тарлучу дикалле дIакхачийна бу. И ловзар авторна шена чIогIа тамехь а ду. Цо вуно чIогIа къа а хьоьгу, амма оцу къинхьегамехь цуьнан синкъерам а бу.
Формальни агIор Мусан произведенешкахь хийцамаш дика гуш бу, произведенин дIахIоттамехь – къаьсттина. Амма оцу гуш болчу тIехуларчу хийцамаша, керлачу духарша хьулйинехь а, къайла ца яьккхина цуьнан гIайгIа. Иза йолуш ю, тIаьххьарчу хенахь мелхо а юткъаелла кIаргъелла йолу гIайгIа.
Хьалха санна, генарчу бIешершкара дуьйна схьа баьхначу, бехачу нохчийн нехан кийрара дуьйлу аз ду цуьнан гIайгIа. МӀаьргонна арз яздора ас – галвала тарлора со. Арз – и балхам бу я дехар ду, муха делахь а. Ткъа оцу кепара дехар, хетало, Деле бен дийр долуш бац цуьнан коьрта турпалхой а, яздархо ша а.
Цхьадолу жамIаш
- Нохчийн литература кхиаран некъ дикачу агIор хийцабала болало 70-чу шерийн чаккхенехь – 80-чу шерийн юьххьехь. Исбаьхьаллин лехамашца идейно-оьздангаллин яккхий проблемаш ийарца иза дуьххьара гергайогIу оьрсийн а, дуьненан а литературашна, хIетахь дуьйна шен чулацамца, кхиамашца, уьйбучу гIуллакхашца дуьненан литературин контекстехь йийца а мегар долуш. Коьрта долчунна «Пхьарматан» цIарца доьзна а ду иза. Ткъа оцу «пхьарматхошлахь» а уггаре бIаьрлачарах ву Бексултанов Муса.
- Бексултанов, шен масех накъост санна, ша вехачу муьрехь олаллехь йолчу идеологин йийсарехь воцуш, боккъалла а къоман лазаме йолу оьздангаллин проблемаш ийа волавелла. Шен къоман синоьздангаллин позици тIехь а лаьтташ. Амма Бексултанов яздархо санна дIахIоттарехь – тайп-тайпана литературни кепаш, синтаксически конструкцеш, форманаш, жанраш, кхиболу а исбаьхьаллин гIирсаш караберзорехь – цунна боккха тIеIаткъам бина дуьненан литературин классикаша. Кхечу кепара хуьлийла а дацара вайн заманахь вехаш волу воккха яздархо кхиар.
- Бексултановн дийцарш тайп-тайпанчу теманашна лерина ду. Доьзалера чолхе юкъаметтигаш, оьздангаллин, кхетошкхиоран проблемаш, лецначу нахехь дерг – кхин дуккха а ду Мусас исбаьхьаллин гIирсийн гIоьнца ойлане даьхнарш. Амма, хетарехь, коьртаниг – Бексултанов 68 Муса нохчийн къоман ламасталлин дIахIоттамехь даьхначу нехан векалан даржехь дIахIутту шен произведенешкахь. Шен орамашца, кхоллаваларца, психологица Бексултанов, къоман векал санна, ХХ-чу бIешарера хилла ца Iа, иза ХIХ-чу, я кхин а хьалхалерчу бIешерашкара а ву. Керлачу заманан хьелаш: тIемаш, революцеш, социализм, капитализм, техника, Iилма, адамийн эвхьаза юкъааметтигаш, царна юкъахь – Iоттабаккхамаш а…
Уьш Советан Iедало кхоьллина бац, и Iоттабаккхамаш, цо чIагIбинехь а. Шайн кIоргерачу маьIнехь уьш европейски хьоста долу цивилизаци кхиаро кхоьллина проблемаш ю, шай чулацамехь а , кепехь а советийн Iедалан башхаллаш хиларца. Бер кийрахь доллуш дейтича, шен несан нахе чIир хьеян дагадеъна ву воккха стаг Атаби («Цунна и ца хаьара»). Амма иза а тахана кхиъначу цивилизацис кхоьллина проблема ю. Керлачу замано дохьуш а, деъна а вуон мел долчунна дуьхьалваьлла къоман векал, шен къоман дахаран кепан гIарол санна дIахIутту яздархо Бексултанов – шен турпалхошца цхьаьна. Кхузахь дийца догIуш дац, мел бакъ ву, мел ницкъ болуш ву, мел хиндерг долуш ву оцу даржехь верг. Амма оцу декъехь нохчийн литературехь уггаре бIаьрла яздархо ву Бексултанов. - Мусан дийцаршкахь хьехамаш бац. Дешнийн чIогIа кхоам бо автора. ХIора исбаьхьаллин элемент маьIна долуш ю. Предложенеш дукха хьолахь яккхий а, тIех чолхе а яц. Бексултановс нохчийн литературехь шен керла хатI кхоьллина – цо шуьйра пайдаоьцу шех «дагардийцаран» (исповедальни) олучу прозин приемах: арахьара, формальни билгалонаш ца юьйцуш, чоьхьара, коьрта маьIна лелош йолу билгалонаш йийцича – синхIоттам, синхаамийн дахар. И.дI.кх.а. Мусан проза вуно герга ю поэзина.
- Мусан коьрта турпалхо оьшуш чекхдолу цуьнан хIора а бохург санна дийцар. Амма юьхьсин (духовни) мехалле диллича, уьш эшна бац цкъа а – уьш гонахарчу харц дахаро кхоьллинчу хьелашна къар ца ло цкъа а – иза бакъболу толам бу, юьхьсин толам. Мусан турпалхой нуьцкъала нах бу, яхь йолуш, доккха доьналла долуш.
Цуруев Шарип