Даггара хьехамаш…
(Аутаев Сулейман-Хьаьжин кхоллараллах)
ХIор а адам ша цхьаъ догIу кху дуьнен чу, шала и динехь а. Иштта, ша цхьаъ, дIа а доьду адам кху дуьнен чуьра, цуьнан Iожалла дуккха а нахаца нисйелла хилча а. Homo sapiens олучу тобанехь болчеран массеран а коьрта долучунна цхьатера догIмаш хиларна а, билггалдолчу маьIнехь церан дахаран-Iеран хьелаш а, гонахара дуьне а, Iалам а цхьатера долу дела а адамийн хетарш, ойланаш, синхаамаш дукха йа кIезиг цхьатера хуьлуш нисло. Амма хIетте а хIор а стаг шен дахар долуш ву, цхьана а стеган цкъа а хилла а доцу, хир а доцу – цуьнан шен дахар. Шен бен йоцчу ойланийн, синхаамийн дахар. Шен син дахар. Шина адаман мел чIогIа цхьатера, гергара ойланаш кхоллайеллехь а, царах хIораннан ойланаш шайн башхаллин мухIар тIехь доцуш йац. Цундела ду и син дахар. ЧIогIа чолхе а ду и чоьхьара дахар. Вайна гуш болчу а, царал эзарзза сов – вайна гушбоцчу а хиламийн, хийцамийн инзаре дукхалла йолуш, вуно чулацаме ду син дахар.
Кхузахь ас дуьйцург керла а йа нахана цахуург а дац. Амма цхьана заманчохь сих-сиха сан коьрте хьийзаш хилла и ойланаш йуха а карлайевлира сан, вайзаманан нохчийн поэтан Аутаев Сулейман-Хьаьжин байташ йешча. Динан поэзин коьрта ламасташ а лардеш, дуьненах, дахарх, дахарехь тIеIитталучу тайп-тайпанчу хиламех а, Iожаллах а, адамийн йукъаметтигех а йинчу ойланийн а, кхоллабеллачу синхамийн а бух тIехь йазйина йу уьш. Искусствон цхьа дакъа хиларе терра, поэзин хьоста а, орамаш а син дахарехь ду. Иза дуьххьалдIа ала догIу Сулейман-Хьаьжин кхоллараллах а.
Таханлерчу нохчийн поэзехь керла хилам бу цуьнан байташ. Муьлха билгалонаш йу, и байташ вайн поэзехь керла агIо хилар гойтуш? Цунах дийца хьовсур ду-кх вай. Кхузахь уггар а хьалха билгалдаккха деза, Аутаев СулейманХьаьжин дукхахйолчу байташкахь вайн гуш ду, паччахьан заманашкахь а, советийн Iедал хIоьттинчу хьалхарчу шерашкахь а нохчийн маттахь кхиъна хиллачу бусалба динан поэзица уьйр хилар.
Билгалдаккха деза: и уьйр уггар а хьалха формийн (кепийн) агIор йоцуш, дуьнене болчу хьежамашца йолу маьIнийн уьйр йу. Кхузахь хьахо догIу, СулейманХьажа воккха Iеламстаг ву, иттанаш шерашкахь дин Iамош, дин хьоьхуш, шен дерриг дахар динца доьзна схьавогIуш… Къилбаседа Кавказан къаьмнаш Россин империн карадахарца Кавказан тIом дIабирзинчул тIаьхьа, адамийн дахаран-Iеран гIуллакхаш инзаре халачу хьоле девлла хиллехь а, шех дашо мур ала мегар долуш зама йеана вайн махкахь. Цу муьрехь Нохчийчохь бевлира вайн къомана шайх доккха беркат даьлла болу сийлахь эвлайааш, шайхаш, устазаш, динан дай. Царалахь, Iаьрбийн йозанах пайда а оьцуш, дIадоладелира мовлад дешаран къепе а, назманаш а, хьехамаш а йозане бахар, уьш вовшашка дIаса а кхачош. Цунах литературах долчу Iилманехь духовная поэзия – син поэзи олу, нохчийн маттахь динан поэзи аьлча, нийса хета суна.
19-бIешеран чаккхенехь – 20-бIешеран йуьххьехь нохчашна йукъахь кIезиг ца хилла Iаьрбийн йоза-дешар хуурш.
Ткъа царалахь назманаш, байташ йохурш а хилла. Кхузахь къаьсттина хьахо хьакъ ву Гайсумов Сухьайб-Молла (1837-1932 шш). Ерриге Къилбаседа Каваказехь а вевзаш, маситта мотт а Iамийна, уггаре дика бусалба дин хуучу нахах хилла ву иза шен заманчохь.
Цо маситта жайна арахецна 20-бIешеран йуххьехь Темир-Хан-Шурехь (хIинца – Буйнакск). Царна йукъахь СухьайбМоллас ша йазйинчу назманийн масех гулар хилла бохуш, чIагIдо Iилманчаша.
Цундела нохчийн маттахь йолчу динан поэзин бухбиллархойх цхьаъ ву иза.
Нохчийн литература когайахаран муьрах коьрта болу хаамаш вайн Iилманчаша гулбина, Iамийна, зорбане баьхна.
Оцу заманчохь партин (пачхьалкхан)заказ хьалхарчу меттехь хиларе терра, оьрсийн литературо хьалхарчу меттехь – идеологин агIор а, шолгIачу меттехь – исбаьхьаллин агIор а тIеIаткъам бо вайн литература кхиарна. Идеологех хьакхалург мел чолхе хиллехь а, нуьцкъала бара нохчийн барта кхолларалло вайн литературина бина тIеIаткъам а. Масала, йаздархоша шуьйра пайдаоьцура вуно хьал долуш йолчу нохчийн фольклоран исбаьхьаллин гIирсийн системах, турпалхойн, къонахийн васташ кхолларан зиэделлачух а. Коьрта долчунна оцу шина хьостанах – оьрсийн литературах (цуьнгахула – дуьненан литературех а), халкъан барта кхоллараллах а пайдаоьцуш схьайеана нохчийн литература советийн Iедал доххалц а, цул тIаьхьа а.
Вайн литература кхиаран кхоалгIачу хьостано – динан (син) поэзино – нохчийн исбаьхьаллин литературина бина тIеIаткъам, йа кхечу дешнашца аьлча, цунах йаздархоша пайдаэцар хенаца а, барамца а кIезиг хилла. Назманийн исбаьхьаллин ламастех пайдаэцнарш буьйцуш, цIе йаккха хьакъ ву Дудаев Iабди а, Нажаев Ахьмад а, иштта кхин дIа а. Чулацамца, идеологица дерг, хууш ма-хиллара, хьехадойла дацара хIетахь, цундела формальни агIо, кепийн агIо йуьйцу вай.
Ма-дарра аьлча, нохчийн маттахь вуно дика кхиъна хиллачу динан поэзица нохчийн литературин уьйр йерриге хаьддера советийн заманахь. Суна хетарехь, йуха а билгалдаккха лаьа, и уьйр шен кхоллараллица йухаметтахIоттийна Сулейман-Хьаьжас.
Советийн заманчохь йазйина динца йоьзна цхьа а произведени ца йевза суна, Гадаев Мохьмад-Селахьан Мохьмад-Пайхамарна а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна!), Кунта-Хьаьжина а (Дала къайле цIинйойла цуьнан!) лерина поэзин произведенеш йоцурш. Бакъду, халкъалахь йевзаш вуно дукха а, дика а назманаш йара, наха куьйгайозанца вовшашлахь дIаса а йаржайеш. Бусалба динан тематикехь дика йазйеш тахана дуккха а нохчийн поэташ бу, амма шен кхолларалла коьртачу декъана цунна лерина, бусалба динан дуьнене болчу хьежамийн а, ламастийн а гурашкахь шен кхолларалла йолуш схьавогIуш хIокху бIешарахь, суна хууш, дуьххьара ваьлла поэт ву Аутаев Сулейман-Хьаьжа. Хууш ма-хиллара, Малхбалерчу къаьмнийн поэзин тIеIаткъам хиллачу нохчийн назманашкахь рифма йаран кепаш дукха хьолахь иштта йу: аааб; ааба; аааа. Рифма йохош, йа йан а йоцуш меттигаш а нисло назманашкахь. И “сакхт” хийла нисдо чоьхьарчу рифмаша йа йух-йуххехь нислучу декарца герга долчу мукъазчу аьзнаша. Назма олучо, ритм нисйархьама, шена оьшучохь йаханчу хенан хандешнийн чаккхенгара доца мукъа аьзнаш ца олуш а дуьту (“дуу”), шена оьшучохь, мукъаме хьаьжжина, дах а до. Оцу кепара назманийн стихаш дактиль, хорей олучу барамашна “чуйерзина” хуьлу. Иштта сурт го вайна нохчийн халкъан барта поэтически кхоллараллехь ритмикин декъехь, амма рифма йаран декъехь долчух аьлча, цигахь аааб, ааба кепаш ца нисло.
С. Аутаевн кхоллараллин динан поэзин ламасташца йолу уьйр арахьарчу кепашца, рифма йаран башхаллица йац, шен чулацамца, маьIница, бусалба динан бух тIехь дуьнене болчу хьежамашца йу. Динан поэзехь санна, Сулейман-Хьаьжин байташкахь а коьрта ду ши хIума – кхайкхам а, хьехам а.
Оцу кхайкхамийн, хьехамийн коьрта маьIна ду: дуьсур долчу дуьненахь, шайтIане ша Iеха ца войтуш, къинойх ларлуш, массо хенахь кхана догIур долчу дийнан ойла йеш, Далла кхоччуш Iамал йеш, шен дахарехь нийсонца, бакъонца чекхвалар, нахаца даим кIеда-мерза, гIиллакхе, оьзда хилар. Ма-дарра аьлча, и кхайкхам а, хьехам а авторо шен байташ йоьшуш волчу вайзамахочуьнга къамелдаран кепаш йу.
Амма назманийн автор, “со” аьлла, йуьхь, йуьхьша (личность) санна билгалйолуш ца хуьлу, автор “волу меттиг а хаалуш” йоцуш санна йу, назма йазйинарг билггалволу автор велахь а. Сулейман-Хьаьжин байташ шайн чулацамца, маьIница динан поэзин “цIийнах, цIийх а” йелахь а, вайзаманан поэзи йу оцу билгалонца – кхузахь авторо йоккха меттиг дIалоцу, авторан васт а дика къаьсташ кхоллало. Лакхахь хьахийна махиллара, адамаш мел цхьатера делахь а, хIор а адам шен ойланашца, синхаамашца, синкхетамца, шех тера кхин хила йиш йоцуш, индивидум, ша цхьаъ хилар ца духуш, йуьхьша (личность) ца йаьржаш йуьсу Сулейман-Хьаьжин байташкахь. Иза мехала агIо йу. Цхьа а шеко йац, динан поэзин ламасташкахь кхайкхориг, хьоьхург, дуьйцург коьрта ду авторал а. Автор шолгIачу, итталгIачу меттехь а хьовха…, цхьана а меттехь вац (масала, вай йуьйцучу назманашкахь). Сулейман-Хьаьжин байташкахь а авторал коьрта ду цо дуьйцург, кхайкхориг, хьоьхург. Амма цуьнца цхьаьна бакъ ду, автор билгалволуш, авторо произведенехь дакъалацар дуьззина долуш хилча, и произведени синхаамийн басарша хазйина хуьлу, ткъа тIаккха оцу произведенин тIеIаткъаман ницкъ мелла а алсамболу. Кхайкхам. Хьехам.
Кхузахь уггара маьIне хета суна, хьан беш бу кхайкхамаш, хьехамаш бохург – авторан васт. Хьехам, кхайкхам нийса барехь авторан бусалба динах долчу Iилманан хаарийн тIегIа маьIне ду, ткъа уьш адресато (йешархочо) тIеэцарехь маьIне йу исбаьхьаллин а, оьздагаллин а (нравственни) агIонаш. Иза хьакхало муха беш бу кхайкхамаш, хьехамаш бохучух. Кхузахь тIе тидам бахийта оьшу авторан йешархочуьнца йолчу йукъаметтигна. Уггар хьалха кхузахь авторан ларам го ша кхайкхам (йа хьехам) беш волчу стаге. Лакхарчо лахарчуьнга деш къамел дац и, Iиттарш йар, цхьаъ аьшнашван гIертар муххале а дац кхузахь. Мелхо а адамах доглазарца, сагатдарца шен бусалба веше беш кхайкхам(хьехам) хуьлу иза массо а хенахь. Цундела йоьшучо (ладугIучо) дагца тIелоцур ду и къамел. Масала:
Оьздачу гIиллакхца
Чекхвалахь дахарехь,
Йуьсур йу хьол тIаьхьа
Дика цIе нахалахь.
Эхартан хазалла –
И ниIмат ду, хьуна,
Хьан синна, дегIана
СовгIат а ду, хьуна.
Сан ваша! ХIара сан
Даггара хьехам бу –
Вайн Делан дуьхьа ахь
Ойлайар дехар ду.
(“Даггара хьехам”)
Амма, хIоьттинчу хьолан маьIна дан а хууш, хIуманан йа хиламан цIе ма-йарра йоккху авторо:
Цхьа нах бу вай бехдеш,
Вайх маIаш Iиттарца,
Массо а хIуманна
Вай жоьпе хIитторца.
ХIун дича, хIун хир-те? –
Ойланаш йаьржина.
Питана ду, вадарх а,
Вервоцуш, даьржина.
(“Дуьненан бала”)
Бусалба дино ма-бохху, ийман хиларца цхьаьна шеца нохчаллин тоьлла амалш йолчу стеган-авторан васт хьалха хIутту вайна оцу байташкахь. Йишица а, берриге доьзалца а йолу шатайпа мерза а, экаме а йукъаметтигаш дика гайтина Сулейман-Хьаьжас шен байташкахь. Уьш бусалбачу нохчийн хила йезачу кепара йолу йукъаметтигаш йу, бусалба динца а, нохчаллица а йогIуш йолу йукъаметтигаш. Къаьсттина дагах кхеташ, бIаьргех хи даккха йиш йолуш, хIор а стагна шен ненаца хилла марзо карлайоккхур йолуш ду СулейманХьаьжас шена сил а дукха йезаш хиллачу нанна лерина йаздина исбаьхьа могIанаш. Наной безарх-м цецвала хIума дац, амма хIетте а нене оццул сийлахь безам а, лерам а дикачу кIентан бен хила йиш йац, аьлла тешна ву со:
…ХIай, сан нана,
Хьо сан деган мерз бу,
Хьо мел йеха,
Со мел ирсе веха.
Кху дуьненах
Къаста дезар герга
Хиларна цхьа
Шело йу сан дегIехь…
Хьоме нана –
Йалсаманин догIа,
Хьан доIанца
Дегайовхо лаьтта.
Кхоьруш ву со,
Кхоьруш ву со чIогIа,
Висарна со,
Хьан беркатах хаьдда.
Амма кхузахь а ийманах мискъалзарратал а цавохар коьрта ду авторна, оццул дукха шена нана йезарна ша хотIе ма ларалахь аьлла, Деле дехар а деш.
Махка бала боьссинчу буьрсачу хенахь шен къомана орцахваьллачу, лаккхара доьналла а, кIоргера хьекъал а гайтинчу къонахчун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин турпала васт а вуно говза кхоьллина Сулейман-Хьаьжас “Сан гIала”, “Къонахчун весет” цIе йолчу байташкахь.
Шена тIе тидам бохуьйтуш йу цо доттагIашна лерина йазйина байташ а. Кхузахь авторо церан шеца хилла дика йукъаметтигаш хьалха ца йохуш, церан (доттагIийн) дикалла, доьналла, комаьршалла хестайо, уьш халкъан йуьхь ларйеш (ларйина), халкъана хьалха шайна тIехь долу сийлахь жоьпалла диц ца деш, къонахий хилар билгал а доккхуш. Тешамечу доттагIчун лазам а, безам а гойтуш, бакъдуьнене хеназа дIакхелхинчу Якубов Шамсуддинна лерина йазйина байт Далла хьалха дина вуно дика тоьшалла лара мегар ду. Мотт муьлхххачу къоман а уггаре коьрта билгало йу. Цундела беза а, сийлахь а бу ненан мотт. Нохчийн маттах кхин йаздан, ала хIумма диса а диснийте аьлла, дукха байташ йазйина вайн поэташа хIокху тIаьххьарчу шерашкахь. Амма кхузахь а карийна СулейманХьаьжина, кхета чолхе а доцуш, амма цхьаммо аьллачух тера доцуш, шайн дика маьIна долуш дешнаш. Мел говза боху поэто, ненан меттан сийлалла масех дашца билгал а йоккхуш:
МостагIчо буьйцуш а,
Хаза бу-кх ненан мотт,
Йиш-вашас буьйцуш-ма
Моз ду хьо, ненан мотт
Шайн маьIница вуно дика а, аларца атта а нисделла дешнаш, цхьаболчарна ма-моьтту, атта йаздина ца хуьлу.
Дукха хьолахь уьш хийла йинчу ойланийн поэзин гIирсашца дина жамIаш хуьлу. Царах йу йоьшуш верг гIийла велар эккхарца цхьаьна ойлане воккхур волуш йолу хIара байт а:
Жималла дIайаха,
Кхин йогIур йоцуш.
ТIекхечи къаналла,
Вада йиш йоцуш.
Жималла, цхьажимма
Хьо йухайеъча,
Ма дукха дара сан
Дийца гулделла…
Ас дуьйцур дара хьоь,
Схьайан йиш хилча,
Къаналло со муха
Хьийзаво хIинца…
(“Бакъ дешнаш”)
Шеконийн хьаса боцу цIеналла а, лаккхара оьздангалла а хаало йоIе болчу безамна лерина йазйинчу байташкахь. Бакъйолчу нохчаллин лехамаша тоьхна дозанаш цхьаболчу нахана луьра хетахь а, уьш бIешерашкахь, мисар-буолатах йича санна, тешаме кепаш хилла, эхь-бехк, сий, оьздангалла боху къоман синмехаллаш ларйан а, таханлерчу дийне схьакхачо а аьтто хуьлуьйтуш. Шен цхьаннан дахаран бен ойла ца йеш вац йа, чувоьлла, нахах хервелла Iаш вац поэт…
Бакъдерг а, нийсо а лоьху цо даима. Поэтан сагатдеш ду тIаьхьарчу хенахь дуьнен чохь дукха нислуш долу зуламаш, Iаламан бохаме хиламаш, адамийн ца хуьлу барт, тIемашка доьрзу къаьмнийн девнаш, массо а пачхьалкхашкахь даьржина цамгаран ун… Цо йемалйо харцонаш, шалхонаш, йамартлонаш, моттаргIнаш лелор. Халкъан дахар – цуьнан дахар ду, йукъараллин сингаттам – цуьнан сингаттам бу.
“Дуьненан датIар поэтан даг чухула чекхдолу”, – аьлла Гейнес.
Иза метафора хилла ца Iа, иза бакъдерг ду бакъволчу поэтах дуьйцуш хилча. Поэт ца хилча а, гонах хуьлуш дерг бен-башха доцуш хила мегар дац цхьа а стаг. Нахана дика-вуон тIедеъча, бала ца кхочуш Iер нохчийн амалехь муххале а мегаш дац. Цундела ма хала дац-кх Сулейман-Хьаьжас сагатдарца бохучух кхета, цо ша “вай йоьгIна бIаьвнаш тулгIено йохорна кхоьру…”, – аьлча… Баккъал а болчу къонахийн вастан коьрта агIонаш билгалйохуш, поэто боху:
Коьрта Iалашо йу къонахчунна
Халкъан хьашташ кхочушдан некъ лехар.
Ши куьг даим даьстина ду цуьнан,
Дог адамна дIадиллина веха.
Къонахалле болчу некъан тача
Билгалдаьлла, мах бала ца безаш…
Ма къонах ву-кх ницкъ тоънарг дIакхача,
Сий, йахь, оьздангалла – цуьнан герзаш.
(“Къонахалле боьду некъ”)
Суна Сулейман-Хьаьжа вевзина дукха хан йац. Бусалба динан а, дуьненан а Iилма долуш, махкахь дика вевзаш, нахана йукъахь боккха ларам болуш стаг ву иза. Дуккха а мехкашкахь а, тайп-тайпанчу белхашкахь а хилла иза, хала киртигаш тIе а хIиттина цунна, Iожаллин а, дахаран а зилана тIе кхаччалц. Амма хIетте а, доккхачу дашна аьлла доцуш, цIена бусалба дог-ойла а, нохчаллин бакъйолу амалш а цо ларйина хиларо цхьа а шеко ца йуьту цо жимчохь дуьйна хаьржина шен дахаран некъ цунна шена а, нахана а беркате а, нийса а хиларх.
“Хаамийн технологийн бIешо” аьлла, цIе тоьхначу вайн заманчохь а бусалба динан а, нохчаллин а синмехаллашца шен дерриге дахар доьзна волу стаг мел кхиаме хила йиш йу гойтуш, кхетош-кхиоран доккха маьIна долуш, дика масал а ду и къоначарна. Аутаев СулейманХьаьжа, адам санна а, поэт санна а, вайзаманхо ву, оцу дешан дуьззинчу маьIнехь. Доьналлица, стогаллица, нийсонна тешаме хиларца цхьаьна цуьнан байташкахь гуш йу нохчо волчу вайзаманан бусалба стеган адамалла, нахаца къинхетаме, лераме хилар.
ТIаккха ойла кхоллало: иштта стаг поэт ца хила йиш а йацара… Вай кхоьллинчу Везчу Дала аьтто бойла хьан, Сулейман-Хьаьжа!
Цуруев Шарип,
поэт, литературни критик