Ненан мотт

Ненан мотт

Тахана а хеза радиочухула, телевиденехула дечу къамелашкахь, зорбанан изданешкахь цхьаболчу нохчаша чIагIдеш, советан Iедало бусалба дин ца леладойтура, нохчийн мотт ца буьйцуьйтура, нохчаллица доьзна мел дерг дихкина дара, бохуш. Соьга хаьттича и тайпа къамелаш бух болш дац.
И боьха Iедал мел чIогIа хиллехь, дечо ламаз а дора, кхобучо марха а кхобура, мовладаш а доьшуьйтура, зуькарш а дойтура, велларг бусалба дино ма — бохху дIа а верзавора. Ненан маттаца доьзна дерг а дара хIораннан лааме хьаьжжина: луучо нохчийн мотт буьйцура, иза ца безачара КПСС-н обкоме кехаташ йаздора, шайн берашна школашкахь ненан мотт ма хьеха, иза хиндерг доцуш мотт бу, бохуш.
Цхьаболчара нохчийн маттахь долу газета, журнал йаздора, исбаьхьаллин литература йоьшура, кхечара оьрсийн, ингалсан, Iарбойн, немцойн меттанаш Iамадора. Суна-м ца хезна ламаз-марха ду, йа ненан маттаца, литературица марзо йу аьлла Нохчийчохь цхьа а чувоьллин а йа Сибрех вахийтина, олуш. Атта-м дера ду цу хенахь нохчийн маттах, бусалба динах ваша а ца вешаш, шена ма луъу а лелла, тахана берриге бехк Iедалан коча боьллича. Вовшийн вай Iехийча а Хастам хиларг Iехалур ма вац цхьангге а. Иза ма ву дерриге гуш а, хууш а.

Бакъду, бусалба динца, нохчийн маттаца уьйр-марзо йолу адмаш дагадоьхна дацара советан Iедал.
Къоман культура, исламдин, ненан мотт мелла а IиндагIехь хилийтарна тIехьажийна йара хIетахьлерчу Iедалан идеологи, политика. Амма ненан матте а, дине а, нохчалле а шовкъ йолчарна совгIаташ деш ца хиллехь а, таIзарш а ца дора.
Суна хетарехь, ма-дарра дийцича, бехкениг лоьхуш эрна хан йойуш, къахьега ца оьшу. Бехк вайн вешан бу. Цунна тоьшаллаш дало хьожур ву со. Чекхдаьллачу бIешеран 70-чу шерашкахь 1 миллион гергга долчу нохчийн къомана лерина республикехь арадолуш 2 газета дара оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь – «Грозненский рабочий», «Ленинан некъ».
Хьалхарчун тираж – 120 эзар яра, шолгIачун – 6-7 эзар. Мила вара-те цу хенахь шайн ненан маттахь долчу газете йазбала нохчашна новкъарло еш хилларг? Цхьа а вацара.
Дуьххьала дIа царна и газета а, нохчийн мотт а ца эшар дара цуьнан бахьана.
Цул тIаьхьа дуккха а хан йаьлла, Iедал а хийцаделла, коммунистийн олалла а доьжна, бусалба дин, ненан мотт, къоман культура кхио цкъа а ца хилла хьелаш кхоьллина вайн махкахь.
ХIинццалц хIора шарахь цхьа де дара – 25-гIа апрель — вайн республикехь нохчийн меттан Де ду аьлла билгалдоккхуш.
Цуьнан хьурматана апрель бутт берриге аьлча санна нохчийн мотт базбеш дIабоьдура вайн махкахь.
Школашкахь, оьздангаллин кхерчашкахь, пачхьалкхан хьукматашкахь, йукъерчу а, лакхарчу а дешаран заведенешкахь, къинхьегаман коллективашкахь апрель баттахь хIора денна аьлча санна нохчийн маттана лерина чулацаме мероприятеш вовшахйеттара гоьбевллачу вайн йаздархоша, хьехархоша, меттан Iилманчаша дакъа а лоцуш.
Нохчийн меттан Де билгалдоккхуш хIора шарахь пхи-ялх миллион соьмана харжаш йора Iедало: ненан меттан, литературин хьехархошна, муьран зорбанехь къахьоьгучу ненан маттахь йазъечу журналисташна йукъахь массарел тоьлларш, хьакъберш билгал а бохуш, царна ахчанан даккхий совгIаташ дора. Цхьаболчарна машенаш елла меттигаш а йара.
Амма Iедалдайша аьтто буора аьлла хийцаеллийте вайн ненан маттаца йолу йукъаметтиг, алсамйаьллий-те цуьнга йолу марзо, ларам? Бакъдолчара деш долу тоьшаллаш хIорш ду: герггарчу хьесапехь 1 млн. 700 эзар гергга долчу вайн къоман нохчийн маттахь арадолуш цхьаъ бен доцчу «Даймохк» газете 2023-чу шарна йазбеллачийн терахь 2000 бен дац (хIокху тIаьххьарчу иттех шарахь иза кхузза гергга лахара дара). «Орга» журнале йазбелларш кхин а кIезиг бу.
Советан Iедал долш Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделенехь кеч а беш хIора шарахь арахоьцура нохчийн меттан а, литературин а, оьрсийн меттан а, литературин а 50 хьехархо.
Карарчу хенахь оцу говзаллина Iама луучу абитуриентийн барам дикка лахбелла. Ойла йейша оцу белхан! Тахана дешаран хьаьрмахь къахьоьгуш болу ненан меттан, литературин хьехархой иттех шо даьлча пенсе гIур бу.
Церан метта мила хIуттур ву, вайн университете деша баха лууш кегийнах а, мехкарий а ца хилча?
Вай тахана саццаза орца даххал доьхна хьал ду оцу декъехь махкахь хIоьттинарг.
Цхьана а къоман доцчу кепара ледара ду махкахь нохчийн мотт бийцар, дахарехь цунах пайдаэцар.
Вайн коьртачу шахьрахь, кIошташкахь, гIаланашкахь, йарташкахь массо а туька, кафе, ресторан, заправка, махлелоран ерриге аьлча санна объекташ оьрсийн, я кхечу къаьмнийн маттахь цIе йолш ю. Ког мел баьккхинчахь йолу реклама, баннерш оьрсийн маттахь ю. Вайн базаршкахь буьйцуш берг оьрсийн мотт бу. ХIун доьху ахь оцу сурсаташ, аьлла, хаьттича, къаналла букара йаханчу йоккхачу стага а жоп ло: «Сто сорок рублей» я «Семьсот девяносто» олий. Тилпонан лоьмар хаьттича бIенна йукъахь 5 стаг а ца волу и терахьаш нохчийн маттахь олуш. Изза хьал ду кIиранчохь долу 7 дийнан цIерш йохуш а: понедельник, четверг, пятница, суббота олу мел къеначо а оршот, еара, пIераска, шот ца олуш.
Кхин а доьхнарг ду доьзалехь оьрсийн мотт бийцар. Цундела вайн берашна, дукха хьолахь, ца евза халкъан барта кхолларалла: нохчийн туьйранаш, иллеш, кицанаш, хIеталметалш.
Вайн берашний, кхиазхошний ненан мотт марзбарехь хьакъ йоллу меттиг дIалаца таро йолу берашний, кхиазхошний лерина 20 эзар тираж а йолш («Даймохк» газетаца дуьстича 10-зза алсам) арадолуш долу «Наша школа» цIе йолу газета а оьрсийн маттахь ду. Оха теллинчу оцу газетан 5 лоьмаран 40 агIонах цхьаъ бен нохчийн маттахь йац.
Важаерш – оьрсийн маттахь йу. ТIаккха бехк буй вайн берийн нохчийн мотт ледара хиъча?
Берийн бошмашкахь дуккхаха йолу мероприятеш а оьрсийн маттахь дIахьош йу. Цигахь бераша дагахь Iамош йолу байташ, кхийолу произведенеш оьрсийн маттахь хуьлу. Сарралц берийн бешахь а Iийна шайн доьзалшка цIадирзича а оьрсийн меттан йийсарехь хуьлу вайн бераш: набаро тедаллалц Iа уьш телевизор чохь а, тилпонаш тIехь а оьрсийн маттахь йолчу мультфильмашка хьоьжуш. Цундела хIумма а тамашийна хIума дац царна ненан маттал а шера оьрсийн мотт хаар.
Оцу декъехь мелла хийцамаш а хир бу, нохчийн маттана гонаха кхолладелла хьал хаъал бегIийла а догIур ду аьлла дегайовхо кхоллало Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Россин Турпалхочо Р.А. Кадыровс хIара тIедеана 2023-гIа шо нохчийн меттан Шо ду аьлла дIакхайкхийна хиларо.
Бакъду, нохчийн мотт боккъалла а вайна оьшуш а белахь, хIора нохчочун коьрта декхар хилла дIахIотта деза цуьнан сийларам бар, иза кIорггера Iамор, безар, кхиор.
Цу тIе доьгIна аьлча, нохчийн меттан Шо ду аьлла хIара шо дIакхайкхорах пайда а оьцуш Iедалан массо а тIегIанехь саццаза болх бан беза нохчийн меттан сий-ларам айарна тIехьажийна.
Шеко йоцуш дерг цхьаъ ду: вай мел дукха мероприятеш дIайахьарх, цигахь нохчийн маттахь байташ йешарх, ненан маттахь мел хаза а, дукха а къамелаш дарх нохчийн мотт кхуьур бац, цуьнга долу хьашт лакхадер дац.
Малхбале къаьмнийн кица ду: «Хьавла боху дош мел дукха бахарх бага марзлур яц», аьлла. Цундела нохчийн мотт кхио, цуьнан маьIна лакхадаккха лууш вай делахь массо а нохчочуна доггах йэша, хьаштхила беза шен ненан мотт.
ТIаккхий бен цо Iамор а бац, цунна оьшур а бац, цо буьйцур а бац иза. Шен ненан мотт хаархьама, шарбархьама йеша йеза исбаьхьаллин литература, муьран зорбанан изданеш (газеташ, журналаш), Iамо йеза халкъан барта кхолларалла – нохчийн иллеш, туьйранаш, кицанаш, узамаш. Дай-наноша шайгара масал а гойтуш хIора доьзалехь цIена нохчийн мотт бийца беза, нийсса ах оьрсийн маттаца иэбина гIурт-мотт а ца буьйцуш. Шайн бераша «керла мотт» буьйцуш ур-атталла уьш нисбан а, царна шайн гIалаташ довзийта а ца хьовсу дукхаха болу дайнаной. Цундела ламаст хилла дIахIоьттина вайн бераша «гIурт-мотт» бийцар: «Мамо, дадо, нано, папо, дIавазван (записать) и. дI.кх. дешнаш шайн къамелехь далор.
Иза хир дацара бер аганахь техкочу хенахь цуьнан лерехь аганан илли олуш хиллехьара, иза кога доьдуш дуьйна цунна нохчийн туьйранийн турпалхойн суьрташ гойтуш, царех лаьцна беламе хIумнаш дуьйцуш церан самукъа доккхуш хиллехь, ялх-ворхI шаре хьалагIоьртича царна нохчийн туьйранаш довзуьйтуш хиллехь. Иза даран метта беран кара мобилан тилпо а йуьллий, цунна оьрсийн маттахь йолу «Маша а, ча а» цIе йолу мультфильм а латтайой, нана «ВатсАп» чу йолу, махкахь, дуьненахь долу эладитанаш талла, ша санна болчу наношца уьш дийцаре деш сахьташкахь къамелаш дан. Цундела буьйцу вайн бераша, чIегIардигаша санна, шерра оьрсийн мотт. Цу тIехь уьш оьрсийн берел а генна хьалхабевлла.
Нохчийн поэта Сулейманов Ахьмадний дайна, кхечу къаьмнийн меттанаш хаар-м дика дара. Бакъду, шен ненан мотт дIа а тоьттуш иза деш хилча нийса дац, аьлла хетало. Оцу дерригенан а ойла йича коьрте хаттар догIу: «Вайна хIун хилла, вай мича кхача гIерта?»
Республикин Конституцис чIагIдина ду оьрсийчуьнца цхьаьна нохчийн мотт а пачхьалкхан бу, аьлла. Амма махкахь массо а документаш, кехаташ оьрсийн маттахь яздеш ду.
Вайна цхьаммо а дихкина дац делопроизводство нохчийн маттахь лело.
Иза дан вай хIиттахьара массо а гIуллакхъхошна, Iедалан белхахошна хаъал шарлур бара йозанан нохчийн мотт. Цуьнца цхьаьна лакхадер дара ненан меттан сий-пусар, цуьнга болу лерам.
Ненан матте долу хьашт хаъал лакхадер дара нагахь санна ишколехь иза Iаморна билгалдина сахьташ алсамдаьхча, математика, оьрсийн мотт, кхийолу предметаш санна нохчийн маттехула ЕГЭ дIайалар йукъадаьккхича.
Цхьа а шеко яц, тIаккха дай-наной арабевр бара шайн берашна нохчийн мотт Iамо зеделларг долу хьехархой лаха, царна алссам йал йала реза а болш. Пачхьалкхан мотт бина дIакхайкхийна хилча нохчийн меттан ЕГЭ-ца дерг кхочушдалур ду аьлла хета. Иза дича, хаъал толур дара ненан маттаца доьзна мел дерг. Цхьаммо кхайкхамаш бан а ца оьшуш берийн дай-наной, йукъ йихкина, шаьш арабевр бара маттаца йоьзна йолу проблемаш кхочушъян, шайн берашна нохчийн мотт Iамор шардеш-тодан.
Суна хетарехь, дечу гIуллакхел совбевлла махкахь ненан мотт хьакъдоллучу тIегIантIе баккхаре болу кхайкхамаш. Вайн олуш ду-кх «Дукха диъча моз а къахьло». Цунний дайна, къамелаш мелла кIезиг а деш, дечу гIуллакхашца тIечIагIдан деза вайх хIораммо а шена нохчийн мотт безар, цуьнга шен хьашт хилар. Оцу декъехь уггар хьалха дан дезарг – нохчийн маттахь арадовлучу газеташка, журналашка бахархой йазбалар. ШозлагIа – хIора доьзалехь цIена нохчийн мотт бийцар, берашна туьйранаш, мультфильмаш – ненан маттахь ерш нисъяр. КхозлагIа – вайн телевиденехь нохчийноьрсийн мотт иэбеш бийцар дехкар. Телевизиона передача цхьана маттахь хила еза – оьрсийн йа нохчийн. ДоьазлагIа – вайн школашкахь юьхьанцарчу классашкахь дешар ма-хуьллу сиха нохчийн матте даккхар. Вай цунна кийча дац, Iаматаш йазъян еза, хьехархой кечбан беза бохуш дуьйцу 30 шо сов зама ю. Дуьненахь а бевзаш болчу вайн Iилманчаша Дадашев Райкома, Чокаев Катис, Халидов Мусас, Солтаханов ИбрахIима, Тимаев Вахас, Арсанукаев Iабдуллас (царах цхьаберш боцуш бу, Дала гечдойла царна), йаздархоша Абдулаев Лечас, Ахмадов Мусас, Умхаев Хьамзата, Бексултанов Мусас, кхечара, делилаш а далош чIагIдо йуьхьанцарчу классашкахь дешар ненан матте даккхар пайдехь а, эвсаралле а хилар.
Иза ца деш вай стенга ладоьгIуш ду? Йа мила ву вайга иза ца дойтуш? Йиллинчу неIарехула чоьхьа вала пурба дехар санна хIума хета суна цу тIехь вай лелориг.
Кхин цхьа хIума а билгалдаккха деза. Нохчийн меттан Денна тIекхочуш республикехь цкъа а ца хиллачу кепара жигараболура ненан маттана гонаха беш болу болх.
Апрель бутт болабелчахьана шуьйра дIадолалора махкахь нохчийн мотт базбар. Школашкахь, культуран кхерчашкахь, кIоштийн, гIаланийн администрацешкахь, кхийолчу хьукматашкахь дIахьора нохчийн йаздархошца, меттан говзанчашца, Iилманчашца цхьанакхетарш.
Церан дукхалла, цкъацкъа, хьалха мича баха беза ца хууш, массанхьа а хила рагI ца кхоччуш, гатбелла хьийзара меттан говзанчаш, йаздархой. Вайн и лиэло дезар дацара, нагахь апрель баттахь санна шеран бисинчу 11 баттахь а вай нохчийн меттан сий-пусар деш делхьара, цIар-хазмана а доцуш, ненан матте вешан безам хилар, ваьшна иза оьшийла хIора денна вай гойтуш делхьара.
ХIинццал вайн махкахь нохчийн меттан цхьа де бен – 25-гIа апрель – ца хиллехь, 2023-гIа шо нохчийн метта Шо ду аьлла дIакхайкхийна. Цундела вайн декхар ду хIинццалц апрель баттахь санна ненан мотт базбар дийнна шарахь дIадахьа, иза кхиорехь, марзбарехь, цуьнан сий-пусар айарехь билггала долу гIуллакхаш дар.
Сайн къамел дерзош суна кхин цкъа а билгалдаккха лаьа: нохчийн маттахь вай мел дукха байташ йешарх, чулацаме мероприятеш вовшахйеттарх нохчийн мотт куьур бац цунна тIехьажийна коьрта 7-8 гIулч ца йаьккхича. Хьалхарниг – йуьхьанцарчу классашкахь дешар нохчийн матте дерзор. ШолгIаниг – берийн бошмашкахь оьрсийн маттаца цхьаьна (50×50%) нохчийн мотт лелор. КхозлагIа – ма-хуьллу сиха берашна лерина мультфильмаш нохчийн матте йахар. ДоьалгIа – республикин, гIаланийн, кIоштийн газеташкахь беккъа цхьана оьрсийн маттах пайдаэцар дехкар, уьш шина маттахь арахецар.
ПхоьалгIа – школашкахь болх бечу нохчийн меттан хьехархошний, муьран зорбанехь къахьоьгучу нохчийн маттахь йазйечу журналисташний йукъахь тайп-тайпана къовсамаш дIабахьар, толамхошна мехала совгIаташ а деш.
ЯлхолгIа – шина маттахь арадовлучу республикин, гIаланийн, кIоштийн, газетийн тираж алсамйакхар. ВорхIалгIа – нохчийн маттахь йазйечу йаздархойн, журналистийн сийларам айар, церан Iердахаран хьелаш тодар, кхиболу аьттонаш бар.
БархIолгIа – республикехь делопроизводство нохчийн маттахь лелор.
Доцца аьлча, ненан мотт баьрччехь хила беза, цуьнан сий-пусар ца дийриг нохчо ву алар а хьарам ду, бохуш, деза-даккхий, мерза къамелаш а ца деш, дечу гIуллакхашца гайта деза вайх хIорамма нохчийн мотт боккъалла а ваьшна оьшуш а, гергара а хилар. Цу тIехь АллахIа аьтто бойла вайн.
Барзанукаев Ахьмад,
Нохчийн Республикин
хьакъволу журналист