Об утверждении Свода основных орфографических правил

Об утверждении Свода основных орфографических правил

Глава Чеченской Республики

Указ

29.04.2020 г. Грозный №83

Об утверждении Свода основных орфографических правил

чеченского языка

В соответствии с Законом Чеченской Республики от 25 апреля 2007 года № 16-рз «О языках в Чеченской Республике», в целях сохранения и развития чеченского языка п о с т а н о в л я ю:

  1. Утвердить прилагаемый Свод основных орфографических правил чеченского языка (далее — Свод).
  2. Экспертному совету по сохранению и развитию чеченского языка при Главе Чеченской Республики обеспечить актуализацию Свода в части внесения в него новых изменений с периодичностью в 3 года.
  3. Государственному казенному учреждению «Институт развития чеченского языка и истории» внести изменения в план научно-исследовательской работы с учетом подготовки проекта Большого орфографического словаря чеченского языка.
  4. Министерству финансов Чеченской Республики выделить Министерству образования и науки Чеченской Республики на издание Свода и Большого орфографического словаря чеченского языка денежные   средства в сумме 5 000 000 (пять миллионов) рублей за счет средств, предусмотренных в бюджете Чеченской Республики на 2020 год по разделу 01 подразделу 11 «Резервный фонд Главы Чеченской Республики», с последующим внесением изменений в сводную бюджетную роспись республиканского бюджета.
  5. Контроль за выполнением настоящего указа возложить на заместителя Председателя Правительства Чеченской Республики Ахмадова Ш.С.
  6. Настоящий указ вступает в силу со дня его официального опубликования.

Р.А. Кадыров

УТВЕРЖДЕН

указом Главы
Чеченской Республики

от 29.04.2020 № 83

СВОД

основных орфографических правил чеченского языка

НОХЧИЙН МЕТТАН

НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ

ЧУЛАЦАМ

МУКЪАЧУ А, МУКЪАЗЧУ А ЭЛПИЙН НИЙСАЙАЗДАР. 3

ЦӀЕРДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР. 6

БИЛГАЛДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР. 12

ТЕРАХЬДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР. 14

ЦӀЕРМЕТДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР. 14

ХАНДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР. 16

ПРИЧАСТИЙН, ДЕЕПРИЧАСТИЙН НИЙСАЙАЗЙАР. 21

ЦХЬАЬНА А, КЪАЬСТИНА А, ДЕФИСЦА А ЙАЗДАР. 24

Чолхечу цӀердешнийн нийсайаздар. 24

Чолхечу билгалдешнийн нийсайаздар. 25

Чолхечу терахьдешнийн нийсайаздар. 26

ЦӀерметдешнийн нийсайаздар. 27

Чолхечу хандешнийн нийсайаздар. 28

Чолхе причастеш, деепричастеш нийсайазйар. 29

Чолхе куцдешнаш нийсайаздар. 29

Чолхе айдардешнаш а, азтардарш а нийсайаздар. 30

Дешхьалхенаш а, дештӀаьхьенаш а нийсайазйар. 30

Хуттургаш нийсайазйар. 31

Дакъалгаш нийсайаздар. 31

Йукъадалочу дешнийн нийсайаздар. 33

ДОШ ДЕХЬАДАККХАР. 33

ДОККХА ЭЛП ЙАЗДАР. 34

МУКЪАЧУ А, МУКЪАЗЧУ А ЭЛПИЙН НИЙСАЙАЗДАР

§ 1. Йукъарчу цӀерашкахь [й] аз «й» элпаца билгалдо («я», «ю», «яь», «юь» элпаш ца йаздеш).

Масала:

йаздан (дӀайаздан);

йало;

йалх;

йалхитта;

йамарта;

йаьлла;

йаьӀна;

йаьшка;

йемалйан;

йеха;

йеша;

йига;

йир;

йист;

йоьжна;

йоьтти;

йоьхна;

йузу;

йукъарйаьккхина;

йоза;

йоха;

йохка;

йурт;

йуьззина;

йуьртахь;

йуьхьиг;

совйала

шекйала.

Билгалдаккхар.

1. Оьрсийн маттера а, оьрсийн маттехула а тӀеэцначу дешнашкахь «я», «ю», «ё» («е») элпаш йаздо.

Масала: компьютер, статья, евро, альянс, фортепьяно, конъюнктив, адъютант, интервью, волонтёр, партнёр, шахтёр

2. Долахь цӀерашкахь «я», «ю», «ё» («е») элпаш йаздо:

Масала:

 Яха, Яхийта, Ялийта, Якъуб, Яковлев, Явус, Ялхой-Мохк

 Юнус, Юсуп, Юлий (Цезарь), Юрмала

 Европа, Елена, Емалхан

 Пётр, Фёдор.

§ 2. Оьрсийн маттера а, оьрсийн маттехула а тӀеэцначу дешнашкахь а, долахь цӀердешнашкахь а «щ», «ь», «ы», «ф» элпаш йаздо.

Масала: Щорс, Салтыков-Щедрин;

июль, Н.В. Гоголь, пьеса, председатель, секретарь;

шашлык, тыл, убыхаш;

фонетика, инфикс, постфикс, интерфикс, картограф, кафе, кафедра;

кинофестиваль, фонема, морфологи, офис, файл, фирма.

Амма оьрсийн «родийн» чаккхенаш «я», «е» вайн маттахь ца йазйо.

Масала: конференци, морфологи, орфографи, этнографи, философи, автобиографи, коммерци, композици, лабиализаци, лаборатори, лекци, мероприяти, монографи.

§ 3. Йеха а, йоца а дифтонгаш «иэ», «уо» йазйан магадо.

Масала:

иэца  –       эца;

диэша –      деша;

къиэста –  къеста;

дуьниэ –     дуьне;

уоза  –       оза;

луо    –       ло;

иэс    –       эс;

дуо    –       до;

лиэла –       лела;

пиэс  –       пес;

гуо    –       го;

зиэн   –       зен;

тиэн –       тен.

§ 4. Мукъа аьзнаш [и], [уь] деха хилар гойтуш, царна тӀехьа «й» элп йаздо.

Масала: динахь – дийнахь, дуьлу – дуьйлу, йуьлу – йуьйлу (хьалхарчу дешнашкахь (динахь, дуьлу, йуьлу) мукъа аьзнаш деха дац, цундела «й» элп ца йаздина, ткъа шолгӀачу дешнашкахь (дийнахь, дуьйлу, йуьйлу) [и], [уь] деха ду, цундела «й» элп йаздина).

Билгалдаккхар. МаьӀна чӀагӀдеш, мукъаза элп шалхадолуш хилча а йаздо «й» элп.

Масала: нийса – нийсса, гӀийла – гӀийлла, дийнахь – дийннахьехь, Ӏуьйранна – Ӏуьйрре, дийна – дийнна.

Кхидолчу мукъачу аьзнийн дохалла куьйгайозанехь а, зорбанехь а (тароне хьаьжжина) тӀехула сиз хьакхарца билгалдаккха магадо.

Масала: цунах вēша – луо̄ деша, гӀалат да̄ла – совгӀат дала, дукха ва̄ха – ге̄на ваха, мекха баккха – ме̄кха ла̄ца, шийла догӀа – неӀаран до̄гӀа.

§ 5. Мукъазий, мукъий аьзнаш вовшахъуьйш ца хилахь, царна йуккъе къасторан хьаьрк ъ йаздо.

Масала: тӀехъиккхина, дайъина, ойъу, синъоьздангалла.

Билгалдаккхар. Адамийн долахь цӀерашкахь къасторан хьаьрк ца йаздо: Яхья, Бекхан.

§ 6. Дашна хьалха йа мукъачу элпана тӀехьа [э] аз «э»элпаца билгалдо, мукъазчу элпана тӀехьа «е» элпаца билгалдо.

Масала:

элира          – йелира;

дӀаэлира    – дӀайелира;

дӀаэн          – кӀеда;

эсала          – шера;

схьаэца      – меда;

дӀаэккха     – Ӏема.

§ 7. Шеконца оьв, ой, эв хезачохь дешан йуьххьехь «эв» йаздо: эвхьаза, эвла, эвсаре;

«І» йа «хь» элпашна тӀехьа «аьв» йаздо: хьаьвда, бӀаьвнаш, нӀаьвла, Ӏаьвши;

кхидолчу мукъазчу элпашна тӀехьа «ев» йаздо: девзиг, вевза, кевнаш, йевдда, къевлина

§ 8. Барта къамелехь дашна хьалха с, т, ст шеконца хезачохь (диалекташкахь йа с, йа т бен ца олучохь) литературин (йозанан) маттахь ст йаздо: стом, стов, стигал, стол, старгӀа, стелахаьштиг, стим, стаг.

§ 9. ЦӀерниг дожаран чаккхенгахь шала мукъаза элпаш лл, сс, тт йаздо, нагахь дош хийцича мукъаза аз шалхадалахь. Шалха ца далахь – цхьаъ бен ца йаздо.

Масала:

балл – боллах (о или а) – баьллаш;

хатт – хоттан – хатташ;

дитт – диттах – дитташ;

бутт – батто – беттанаш;

мотт – меттан – матто – меттанаш.

Амма: бал – болах – баьлнаш, бос – басах – беснаш, бат – бетах – батош.

§ 10. Дашехь мукъаза шалха ши элп йух-йуххе нислахь, хьалхарчу элпан шолгӀа хьаьрк ца йаздо, шолгӀа элп дуьззина дӀайаздо.

Масала: [вокхкха] – воккха, [йукъкъе] – йуккъе, [цӀоцӀкъам] – цӀоцкъам, [лачӀкъа] – лачкъа, [могӀгӀара] – моггӀара, [эхӀхӀай] – эххӀай, [бахьхьаш] – баххьаш, [латӀкъам] – латкъам, [даьтӀтӀа] – даьттӀа, [тӀкъа] – ткъа, [цӀкъа] – цкъа.

Билгалдаккхар 1. Чолхечу дешнашкахь йух-йуххехь нисделла шина орамера шалха мукъаза элпаш дуьззина йаздо.

Масала: чекххьажар, йуьхькӀам, йуьхькӀайн.

Билгалдаккхар 2. Нагахь шалха кхо элп йух-йуххе нислахь, хьалхарчу шина элпан т1етуху хьаьркаш ца йаздо.

Масала: [лечӀкъкъашехь] – лечккъашехь; [ӀетӀкъкъалц] – Ӏетккъалц.

§ 11. Доьшуш доцу чаккхенгара н элп йаздо:

  1. цхьана дешдекъах лаьттачу хандешнийн билгалзачу кепехь: дан, дāн, та̄н, ган, ла̄н, лиэ̄н, э̄н, зиэ̄н; тиэ̄н, де̄н;
  2. цхьана дешдекъах лаьттачу хандашна хьалха дешхьалхе йа кхин орам хӀуттуш кхолладеллачу хандешнийн билгалзачу кепехь: дӀада̄н, схьадāн, тӀета̄н, схьаган, схьаэн; дуьхьалван;
  3. цхьана дешдекъах лаьттачу билгалдешнийн йуьхьанцарчу кепехь: цӀен, дайн (йозаллина), вон, кӀайн, кӀон. Ткъа лач дожаршкахь ца йаздо: цӀечу зезагна, дайчу боларца, кӀайчу кехата тӀехь;
  4. доланиг дожаран кепах кхолладеллачу билгалдешнашкахь: лоьрийн духар, дешаран учреждени, литературин мотт, орфографин бакъонаш, нохчийн мотт, шаройн диалект;
  5. цхьана дешдекъах лаьттачу карарчуй, йогӀучуй хенийн лаамазчу причастешкахь а: ден гӀуллакх, йен забар, гун сурт, лен нах, ден йалта;
  6. царна хьалха дешхьалхе йа кхин орам хӀуттуш кхоллайеллачу причастешкахь а: схьаден гӀуллакх, дӀайен забар, схьагун сурт, дӀаден хӀу;
  7. дожаршца хийцалучу дешнийн доланиг дожарехь:

цӀердешнийн: аннийн, берзан, йуьртан, нехан;

лаамечу билгалдешнийн: берзачун, йуьртарчун, нехачун;

лаамечу терахьдешнийн: цхьаннан, шиннан, пхеаннан, бӀенан;

цӀерметдешнийн: сан, цуьнан, хӀораннан, вукхуьнан, цхьаболчеран;

лаамечу причастийн: олучун, аьллачун, молучун, меллачун.

Билгалдаккхар: хан, чан, кан, лан, гӀан, бен, хен, Ӏин, чин, дин, хьун, бун, ан, жин, кхин, пен, ун, цӀун, шун бохучу цӀердешнийн чаккхенгахь дерг шеконан «н» элп а доцуш, къастош дӀадеша дезаш долу дуьззина «н» ду. Дуьззина «н» чаккхенгахь долу дешнаш дагардеш хилахь, и «н» шалхадолу.

Масала: ханний, чанний, канний, гӀанний, динний, бунний.

ЦӀЕРДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР

§ 12. Чаккхенгахь г, к элпаш долчу цӀердешнашкахь тӀаьххьарчул хьалхарчу дешдекъехь хезаш о йа дифтонгаш иэ, уо йелахь, тӀаьххьарчу дешдекъехь «а» элп йаздо, кхин элпаш делахь, «и» элп йаздо.

Масала: зезаг (зиезаг), бирдолаг (бирдуолаг), лоппаг, тентак (тиентак);

дечиг, тӀийриг, тӀаьрсиг, киртиг, бертиг, дуьхьиг, пӀаьлдиг, уьйриг.

Йукъардаккхар: кийсак, тиймак, пийсак, гийзаг, саьрмак, хьаьрмак, боьлак.

§ 13. Цхьаллин терахьан цӀерниг дожаран чаккхенгахь л йа р долчу цхьаннал сов дешдекъах лаьттачу цӀердешнийн дукхаллин терахьехь шнахьалха аэлп ца йаздо, нагахь дуккхаллин кеп кхуллуш, суффиксал хьалха догӀучу дешдекъера мукъа аз дахлуш дацахь.

Масала:

 турпал – турпалш, турпалшна, турпалшка, турпалшца;

 векал – векалш, векалшна, векалшка, векалшца;

 синтар – синтарш, синтаршна, синтаршка, синтаршца;

тукар – тукарш, тукаршна, тукаршка, тукаршца.

§ 14. Дуккхаллин терахь кхоллалуш, суффиксаний, орамний йукъа «м», «н» хӀуттуш долчу дешнашкахь «-ш»-на хьалха а йаздо (дегӀ – догӀ-м-аш, беш – бош-м-аш, йоза – йоза-н-аш, саба – саба-н-аш, лам – лаьм-н-аш);

«ар» хӀуттучу дешнашкахь – ца йаздо (диг – даг-ар-ш, гӀум – гӀам-ар-ш, зӀок – зӀак-ар-ш);

«р» хӀуттучохь – йуьхьанцарчу кепехь цхьаннал сов дешдакъа долчу дешнашкахь ца йаздо (доьхка – доьхка-р-ш, бухка – бухка-р-ш, кохка – кохка-р-ш);

йуьхьанцара кеп цхьана дешдекъах лаьттачу дешнашкахь «-р»-на тӀаьхьа а йаздо (цӀе – цӀе-р-аш, шо – ше-р-аш, чӀу – чӀо-р-аш).

Кхидолчу цӀердешнашкахь дуккхаллин терахьехь чаккхенгахь хезаш шеконан «а» делахь, суффикс «-аш» йазйо: сом – соьм-аш, лар – лар-аш, говр – говр-аш, мур – муьр-аш, хир – хир-аш, бер – бер-аш, татол – татол-аш, картол – картол-аш, гӀарол – гӀарол-аш, горгам – горгам-аш, гӀабакх – гӀабакх-аш, гӀан – гӀен-аш, кехат – кехат-аш, лимон – лимон-аш, вагон – вагон-аш, синкъерам – синкъерам-аш.

§ 15. Йуьхьанцарчу кепан чаккхенгахь «и» долчу дешнашкахь дуккхаллин терахьан суффиксехь «ш»-на хьалха «е» йаздо:

причасти – причастеш, студи – студеш, лами – ламеш, предложени – предложенеш, илли – иллеш, чами – чамеш.

§ 16. ЦӀерниг дожаран чаккхенгахь «ъ» долчу цӀердешнийн доланиг дожарехь а, кхечу лач дожаршкахь а «ъ» йаз а ца деш, дожаран чаккхе тӀетуху.

Масала:

меъ – меан;

кхаъ – кхоан;

гаъ – гоан;

хӀоъ – хӀоан;

хӀаваъ – хӀаваан;

маъ – моан ;

Зайнаъ – Зайнаан;

Зураъ – Зураан.

§ 17. ЦӀерниг дожаран чаккхенгахь доца «а» долчу тӀеэцначу дешнашкахь доланиг дожаран чаккхе —ин йазйо («а» дӀа а долуш).

Масала:

республика – республик-ин;

поликлиника – поликлиник-ин;

база – баз-ин;

группа – групп-ин;

доминанта – доминант-ин;

математика – математикин;

физика – физикин;

политика – политикин.

§ 18. Цхьаннал сов дешдакъа а долуш, цӀерниг дожаран чаккхенгахь «и», «у», деха «а» долчу цӀердешнийн доланиг дожарехь чаккхе —н йазйо.

Масала:

чами – чами-н;

рагӀу – рагӀу-н;

иту – иту-н;

алу – алу-н;

бумбари – бумбари-н;

строфа – строфа-н;

графа – графа-н.

Цу бакъонна йукъадоьлху чаккхенгахь —о долу тӀеэцна дешнаш а:

правительство – правительство-н;

министерство – министерство-н;

агентство – агентство-н.

§ 19. ЦӀерниг дожарехь чаккхенгахь мукъаза аз долчу цӀердешнийн доланиг дожарехь чаккхе —ан йазйо.

Масала:

бел – бел-ан;

бос – бес-ан;

стом – стоьм-ан;

колл – кулл-ан;

лам – лом-ан;

гӀан – гӀен-ан;

кан – кен-ан;

воӀ – воӀ-ан;

йоӀ – йоьI-ан;

чан – чен-ан;

потак – потак-ан;

толам – толам-ан;

ницкъ – ницкъ-ан;

гӀуркх – гӀуркх-ан;

чам – чом-ан;

тӀом – тӀем-ан;

ишкол – ишкол-ан;

гӀаларт – гӀаларт-ан;

вагон – вагон-ан.

§ 20. ЦӀерниг дожаран чаккхенгахь «иэ» йа «уо» хезачу цӀердешнашкахь доланиг дожаран чакхе -ан йазйо, шена хьалха йукъахIутту «-н-» а долуш.

Масала:

гуьйре (гуьйриэ) – гуьйре-н-ан;

суьйре (суьйриэ) – суьйре-н-ан;

бӀаьсте (бӀаьстиэ) – бӀаьсте-н-ан;

дуьне (дуьниэ) – дуьне-н-ан;

гӀайре (гӀайриэ) – гӀайре-н-ан;

таро (таруо) – таронан;

бакъо (бакъуо) – бакъо-н-ан;

харцо (харцуо) – харцо-н-ан;

нийсо (нийсуо) – нийсо-н-ан.

§ 21. Хотталург дожаран чаккхенгахь «-ах» йаздо.

Масала:

бахам – бахам-ах, толам – толам-ах, кечам – кечам-ах, беш – беш-ах, хьолтӀам – хьолтӀам-ах, хьехам – хьехам-ах, сардам – сардам-ах, хьоршам – хьоршам-ах, безам – безам-ах, лаам – лаам-ах, саттам – саттам-ах.

Билгалдаккхар.

1. Чаккхенгахь «л» йа «р» долчу цхьаннал сов дешдекъах лаьттачу цӀердешнийн тӀаьххьарчу дешдекъехь доца мукъа аз «а» делахь, хотталург дожарехь чаккхе «-х» йазйо. Масала: тукар – тукар-х, басар – басар-х, тускар – тускар-х, векал – векал-х, хьуьнар – хьуьнар-х, цамгар – цамгар-х, хаттар – хаттар-х, нускал – нускал-х, турмал – турмал-х, москал – москал-х.

2. Лач дожаршкахь чаккхенна хьалхарчу дешдекъехь мукъа аз дахлуш делахь, «-ах» тӀекхета.

Масала:

татол – татол-ах, картол – картол-ах, гӀарол – гӀарол-ах.

§ 22. Йуьхьанцарчу кепехь цхьаннал сов дешдакъа долчу дешнашкахь цхьаллин терахьан доланиг дожаран тӀаьххьарчу дешдекъехь «и» хилахь, хотталург, дустург дожаршкахь шинна а терахьехь «-ех», «-ел» йаздо.

Масала:

илли                    иллин                   иллех                    иллел;

мача                    мачин                  мачех                    мачел;

гали                      галин                   галех                    галел;

лами                    ламин                  ламех                    ламел;

предложени        предложенин      предложенех       предложенел;

концепци              концепцин           концепцех            концепцел;

монографи           монографин         монографех         монографел;

лекци                    лекцин                 лекцех                  лекцел.

§ 23. Йуьхьанцарчу кепехь чаккхенгахь цхьа мукъаза аз а, цхьаннал сов дешдакъа а долчу цӀердешнашкахь лург, коьчалниг дожарийн чаккхенга «на», «ца» йаздо, тӀаьххьарчу дешдекъехь доца мукъа аз делахь.

Масала:

толам-на   –        толам-ца;

лимон-на    –        лимон-ца;

тускар-на  –        тускар-ца;

векал-на     –        векал-ца;

Исаев-на    –        Исаев-ца;

физик-на    –        физик-ца;

дингад-на   –        дингад-ца;

варзап-на   –        варзап-ца;

орамат-на –        орамат-ца.

§ 24. Чаккхенгахь мукъаза аз долчу цхьана дешдекъах лаьттачу цӀердешан лург, коьчалниг дожаршкахь чаккхенаш «-ана», «-аца» йазйо.

Масала:

кор – кор-ана, кор-аца;

лом – лоьм-ана, лоьм-аца;

топ – тоьп-ана, тоьп-аца;

Ӏайг – Ӏайг-ана, Ӏайг-аца.

Амма чаккхенгахь «н» делахь, лург дожарехь цунна «-на» чаккхе тӀекхета.

Масала:

хан – ханна;                            ан – анна;

бун – буьнна;                          ун – уьнна;

бен – бенна;                           ийман – ийманна;

дин – динна;                           кан – канна;

жин – жинна;                        кхин – кхинна;

гӀан – гӀанна;                          хьун – хьуьнна;

хен – хенна;                            цӀун – цӀунна;

салон – салонна;                    балкон – балконна.

§ 25. Чаккхенгахь йух-йуххехь мукъаза ши элп долчу цӀердешан лург, коьчалниг дожаршкахь чаккхенаш «-ана», «-аца» йазйо.

Масала:

муьстарг – муьстарг-ана, муьстарг-аца;

истанг – истанг-ана, истанг-аца;

туьйдарг – туьйдарг-ана, туьйдарг-аца;

гӀаларт – гӀаларт-ана, гӀаларт-аца;

президент – президент-ана, президент-аца;

церг – цергана, цергаца;

цуьрг – цуьргана, цуьргаца;

цӀокъберг – цӀокъбергана, цӀокъбергаца;

чкъург – чкъургана, чкъургаца;

чурт – чуртана, чуртаца;

бутт – баттана, баттаца;

борз – барзана, барзаца;

барз – борзана, борзаца;

хьаьрк – хьаьркана, хьаьркаца.

§ 26. ЦӀерниг дожарехь мукъаза элп чаккхенгахь долу цӀердешнаш дагардечохь, «ий» суффиксана хьалха мукъазниг шалхадолу, «ь» чаккхенгахь хилахь, иза дӀа а долуш, цунна хьалхара мукъазниг шалхадолу.

Масала:

Мохьмад – Мохьмаддий ;

Салман – Салманний;

председатель – председателлий;

секретарь – секретаррий.

ЦӀерниг дожарехь деха мукъа аз /а, и, у/ чаккхенгахь долу цӀердешнаш дагардечохь, и деха мукъа аз хийца а ца луш, суффикс «-й» тӀекхеташ йаздо: Хьавай, Рабуй; Мусай, Ӏийсай, Зайндий.

ЦӀерниг дожарехь доца мукъа аз «а» чаккхенгахь долу цӀердешнаш дагардечохь, и доца мукъа аз дӀа а долуш, суффикс «-ий» тӀекхета: Ӏелий, Вахий; Розий, Луизий; Зиний, Тамарий.

ЦӀерниг дожарехь чаккхенгахь «ъ» долу цӀердешнаш дагардечохь «ъ» элпана тӀаьхьа «-ий»суффикс йазйо: Асмаъий, Зураъий, Залпаъий, Зараъий.

§ 27. Хьалха заманахь тӀеэцна долу хӀара дешнаш олуш ма-хиллара, хийцинчу кепара йаздо.

Масала: аьрша (аршин), аккази, стака, кепек, минот, самар, ведар, инарла, эпсар, парз, кампет, кухни, газет, иту, машен, сиконд, копаста, куршка, кало (калош), картол, пичени, палто, пираьнг, павидал, пагон, подар, салти, жуьйлиг/жоьлг, милцо, батенк (←ботинок), вилспет, маццикал, меташка, мидал, гӀомат, кибарчиг, полици, пикарни, торпал, салаз, турба, бани, чамда, четар (шатёр), чот (счёт), йаьшка.

Кхидолу дешнаш шинна а кепара йаздан магадо.

Масала:

ишкол – школа;

киншка – книга;

пурстоп – пристав;

ишкап – шкаф;

лоьмар – номер;

тилпо – телефон;

пилмот – пулемет;

шопар – шофёр;

тилвизор – телевизор;

халдилник – холодильник;

марзилник – морозильник;

карант – крант.

§ 28. Терминаш, йукъараллин-политикин маьӀна долу вайн матто тӀеэцна долу дешнаш, «родийн» чаккхенаш цайазйар бен, кхин башхо йоцуш, оьрсийн орфографехь санна йаздо нохчийн маттахь а.

Масала: социализм, резолюци, философи, истори, конференци, сесси, орфографи, морфологи, гармони, постфикс, инфикс, интерфикс.

§ 29. Оьрсийн фамилеш, цӀераш, ден цӀераш, оьрсийн маттера тӀеэцна географин цӀераш (хийн, мехкийн, пачхьалкхийн, йартийн, гӀаланийн, лаьмнийн), журналийн, газетийн, кхийолу долахь цӀераш оьрсийн орфографехь ма-йазйарра йазйо нохчийн маттахь а: Николай Алексеевич Островский, Анна Алексеевна Оленина, Эльбрус, Волга, Нева, Семен Михайлович Буденный, Георгий Константинович Жуков, Москва, Алма-Ата.

Амма пачхьалкхийн, мехкийн, меттигийн цӀерашкахь шайна тӀехь тохар доцу оьрсийн «родийн» чаккхенаш дӀа а йохуш, «и» йаздо: Росси, Чехословаки, Норвеги, Испани, Итали, Ази, Петропавлоск-Камчатски, Шелковски, Старогладовски, Червленни, Ищерски.

Оьрсийн маттахь шена тӀехь тохар долу чаккхе йелахь, нохчийн маттахь цуьнан метта «ой» йаздо, оьрсийн маттахь «род» муьлхха йелахь а: Бологое – Бологой, Степное – Степной, Степная – Степной.

БИЛГАЛДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР

§ 30. Терахьашца хийцалучу лаамазчу мухаллин билгалдешнийн дуккхаллин терахьан кепаш иштта йазйо.

Масала:

жима – кегий;

доккха – даккхий;

готта – гаттий;

онда – андий;

стомма – стаммий;

доца – доций;

горга – горгий;

дуткъа – дуткъий;

гома – гомий.

§ 31. Дожаршкахь ца хуьйцуш йаздо кху тайпана лаамаза мухаллин билгалдешнаш.

Масала:

ал бос – ал басахь;

раз некъ – раз некъаца;

пурх некъ – пурх новкъа;

лач дожар – лач дожарехь;

перс сиз – перс сизашца;

деакӀов цӀа – деакӀов цӀийнах;

пис совдегар – пис совдегаро;

харц къамел – харц къамелехь;

сов цӀа – сов цӀенош;

йамарт стаг – йамарт стагах.

§ 32. Дожаршкахь ца хуьйцуш йаздо доланиг дожарх кхолладелла лаамаза билгалдешнаш:

Масала:

вешин кастом – вешин кастомах;

аннийн керт – аннийн кертах;

белхалойн класс – белхалойн классо;

йишин кортали – йишин корталино;

нохчийн мотт – нохчийн маттах;

лерган нӀаьна – лерган нӀаьнах;

некхан у – некхан уьнехь;

бецан тхи – бецан тхица.

§ 33. Шиннал сов дешдакъа долчу лаамазчу билгалдешнийн чаккхенгара «а» лач дожаршкахь ца йаздо.

Масала:

йистера кор – йистерчу кораца;

йуьртара хьаша – йуьртарчу хьешо;

кханалера де – кханалерчу денна;

йуккъера школа – йуккъерчу школехь;

хьалхалера – хьалхалерчу;

мацахлера – мацахлерчу;

стохкалера – стохкалерчу;

буьххьера – буьххьерчу;

йуьхьанцара – йуьхьанцарчу;

хьомсара – хьомсарчу.

§ 34. Шина дешдекъах лаьттачу лаамазчу мухаллин билгалдешнийн лач дожаршкахь доца шеконан мукъа аз билгалден чаккхенгара «а» элп лардо.

Масала:

ЦӀ.    жима кӀант                  йоккха йоӀ

Дл.    жимачу кӀентан           йоккхачу йоьӀан

Л.      жимачу кӀантана        йоккхачу йоӀана

Др.    жимачу кӀанта            йоккхачу йоӀа

К.      жимачу кӀантаца        йоккхачу йоӀаца

X.      жимачу кӀантах           йоккхачу йоӀах

М.     жимачу кӀанте             йоккхачу йоӀе

Дс.    жимачу кӀантал           йоккхачу йоӀал

§ 35. Лааме билгалдешнаш цхьаллин терахьехь -иг, -ниг, дукхаллин терахьехь – -аш, -наш суффиксаш йолуш йаздо.

Масала:

дика-ниг – дика-наш;

мерза-ниг – мерза-наш;

сирла-ниг – сирла-наш;

цӀен-иг – цӀен-аш;

кӀайн-иг – кӀайн-аш;

дайн-иг – дайн-аш.

§ 36. Лаамечу билгалдешнийн лач дожарийн чаккхенаш хӀокху кепара йазйо:

цхьаллин терахьехь – —чун, -чунна, -чо, -чуьнца, -чух, -чуьнга, -чул;

дукхаллин терахьехь – -черан, -чарна, -чара, -чаьрца, -чарах, -чаьрга, -чарал.

Масала:

Цхьаллин терахь                           Дукхаллин терахь

ЦӀ.    диканиг                                  диканаш

Дл.    дика-чун                                 дика-черан

Л.      дика-чунна                            дика-чарна

Др.    дика-чо                                  дика-чара

К.      дика-чуьнца                           дика-чаьрца

X.      дика-чух                                 дика-чарах

М.     дика-чуьнга                           дика-чаьрга

Дс.    дика-чул                                 дика-чарал

§ 37. Цхьана дешдекъах лаьттачу мухаллин билгалдешнийн дустаран суффикс —хо йазйо (-гӀо ца йазйеш).

Масала: кӀон – кӀохо, цӀен – цӀехо, кӀайхо, вохо, дайхо, йайхо.

ТЕРАХЬДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР

§ 38. «Цхьаъ» боху терахьдош легош «цхьа» боху орам хийца ца ло.

Масала: цхьаъ, цхьаннан, цхьанна, цхьамма /цхьаммо/цхьанно, цхьаьнца, цхьаннах, цхьаьнга, цхьаннал.

§ 39. Масаллин цхьаъ, шиъ, кхоъ, пхиъ, ткъа терахьдешнех кхолладелла декъаран терахьдешнаш хӀокху кепара йаздо: цхьаъ – цхьацца, шиъ – шишша, кхоъ – кхоккха, пхиъ – пхиппа, ткъа – ткъаттӀа.

§ 40. Терахьаш 40, 60, 80, 100, 1000, 19 гойту дешнаш кху кепара йаздо: шовзткъа, кхузткъа, доьзткъа, бӀе, эзар, ткъоьсна.

§ 41. РогІаллин терахьдешнийн нийсайаздарехь литературин маттахь тІеэцна кепаш: цхьаъ – хьалхара, шиъ – шолгӀа, кхоъ – кхоалгІа, диъ – доьалгӀа, пхиъ – пхоьалгӀа, йалх – йалхалгӀа, ворхӀ – ворхӀалгӀа, бархӀ – бархӀалгӀа, исс – иссалгӀа, итт – итталгӀа, цхьайтта – цхьайтталгӀа, шийтта – шийтталгӀа, кхойтта – кхойтталгІа, дейтта – дейтталгӀа, пхийтта – пхийтталгӀа, йалхитта – йалхитталгӀа, вуьрхӀитта – вуьрхӀитталгӀа, берхӀитта – берхӀитталгӀа, ткъоьсна – ткъоьсналгӀа, ткъа – ткъолгӀа, доьзткъа – доьзткъалгӀа, ткъе цхьаъ – ткъе цхьолгӀа, бӀе  –  бӀолгӀа.

ЦӀЕРМЕТДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР

§ 42. Со, хьо, тхо, шу бохучу йаххьийн цӀерметдешнийн хотталург, дустург дожарш ораман мукъа аз ца хуьйцуш йаздо.

Масала: сох, сол, хьох, хьол, тхох, тхол, шух, шул. ГӀалат хир ду хӀокху кепара йаздар:соьх, соьл, хьоьх, хьоьл, тхоьх, тхоьл, шуьх, шуьл.

§ 43. Шу бохучу цӀерметдешан коьчалниг, меттигниг дожарш кху кепара йаздо:шуьца, шуьга. ГӀалат хир ду иштта йаздар: шоьца, шоьга.

§ 44. Со, хьо, шу бохучу цӀерметдешнаш дийриг дожарехь ас, ахь, аш йаздо.

Билгалдаккхар. Маь1ница  дог1учохь аса, ахьа, аша йаздан а магадо.

§ 45. Уьш, хӀорш, вуьйш, ишттанаш, муханаш, муьлханаш, оццулнаш, хӀоккхулнаш бохучу цӀерметдешнийн хотталург, дустург дожарш кху кепара йаздо: царах, царал, кхарах, кхарал, хӀокхарах, хӀокхарал, вукхарах, вукхарал, ишттачарах, ишттачарал, мухачарах, мухачарал, муьлхачарах, муьлхачарал, оццулчарах, оццулчарал, хӀоккхулчарах, хӀоккхулчарал (царех, царел, кхарех, кхарел, -чарел, -чарех йаздар гӀалат лору).

§ 46. Шен хӀоттамехь —берш дакъа долчу цӀерметдешнийн (цхьаберш, наггахьберш, цхьаццаберш, кхиберш) хотталург, дустург дожарийн кеп иштта йазйо: цхьаболчарал, цхьаболчарах, кхиболчарах, кхиболчарал.

§ 47. Дукхаллин терахьан лаамечу доладерзоран цӀерметдешнийн хотталург, дустург дожарийн йазйан магийна чаккхенаш —чарах, -чарал йу: вайнаш – вайчарах, вайчарал, тхайнаш – тхайчарах, тхайчарал, и. д. кх. а.

§ 48. Лаамечу доладерзоран цӀерметдешнийн цхьаллин терахьан лач дожарийн чаккхенаш кху кепара йазйо: -чун, -чунна, -чо, -чуьнца, -чух, -чуьнга, -чул. Церан дукхаллин терахьан лач дожарийн чаккхенаш иштта йазйо: -черан, -чарна, -чара, -чаьрца, -чарах, -чаьрга, -чарал.

Масала: вайниг, вайчун, вайчунна, вайчо, вайчуьнца, вайчух, вайчуьнга, вайчул; вайнаш, вайчеран, вайчарна, вайчара, вайчаьрца, вайчарах, вайчаьрга, вайчарал.

§ 49. Вовшийн, массо а, дерриге а, вайша /вайшиъ/ бохучу цӀерметдешнийн дожарийн кепаш иштта йазйо:

ЦӀ.                       массо а                дерриге а                       вайша /вайшиъ

Дл.    вовшийн     массеран а           дерригенан а                 вайшиннан

Л.      вовшашна массарна а           дерригенна а                 вайшинна

Др.    вовшаша    массара а             дерригено а                  вайшимма (ммо)

К.      вовшашца массаьрца а         дерригенца а                 вайшинца

X.      вовшех       массарах а           дерригенах а                 вайшиннах

М.     вовшашка   массаьрга а          дерригенга а                  вайшинга

Дс.    вовшел       массарал а           дерригенал а                 вайшиннал

§ 50. Маса бохучу хаттаран цӀерметдешан дожарийн чаккхенаш кху кепара йазйо: -ннан, -нна, -мма /-ммо, -нца, -ннах, -нга, -ннал.

ЦӀ.    маса

Дл.    масаннан

Л.      масанна

Др.    масамма /-ммо

К.      масанца

X.      масаннах

М.     масанга

Дс.    масаннал

ХАНДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР

§ 51. Хандешан кепех кхолладелла дешнаш шаьш схьадевлла кеп ларйеш йаздо:

Масала: оху – охуна, тоьгу – тоьгуна, хутту – хуттург, соцу – соцунгӀа, кхоьлина де, йуьззина, йаьржина предложени, хӀутосург, йолхьокхург, йукъанайуьллург, тӀехулатосург, дийцар, хьехам, такхор.

§ 52. Хандешан карарчу хенан орамехь мукъа элпаш о, оь, у, уь, ов, ой хилахь, цуьнан чаккхенга у элп йаздо: олу, боху, доьшу, оьцу, лору, лоьру, хьожу, гойту, хьовсу, хьоьжу, узу, уьду, йуцу, йуьлу, соцуьйту, молуьйту, ловзу, къовсу, дойту, вохуьйту, лоьйту, зоьйту.

Йукъардаккхар: тоа – тоьа, хоа – хоьа.

§ 53. Хандешан карарчу хенан орамехь мукъа элпаш аь, е, ий, ев, аьв хилахь, чаккхенга а элп йаздо.

Масала: лаьа, хаьа, лаьтта, Ӏема, Ӏена, лела, хеза, хьаьвза, хьийза, цӀийза, сийса, къега, вевза, терса.

Билгалдаккхар. Нийса доцу хандешнаш кхечу кепара йаздо:

  1. билгалзачу кепан тӀаьххьара мукъа аз доца «а» делахь, карарчу хенахь чаккхенга «о» хӀутту. Масала: дахьа – хьо, дала – ло, дан – до, марздан – марздо, таздала – тазло.

Йукъардаккхар: даха – доьду, Ӏан – Ӏа;

  • билгалзачу кепан орамехь деха «а» делахь, карарчу хенахь чаккхенга «ов» хӀутту: тан – тов, лан – лов, хьан – хьов, дан – дов.

Йукъардаккхар: дан – догӀу, дан – дохьу;

  • билгалзачу кепан орамехь деха «иэ» делахь, карарчу хенахь чаккхенга «уьй» / «оь» йаздо:

лиэн – лоь / луьй;

хьиэн – хьоь / хьуьй;

зиэн – зоь / зуьй;

диэн – доь / дуьй;

тиэн – тоь / туьй;

иэн – оь / уьй.

Йукъардаккхар: Ӏен – Ӏа.

§ 54. ХӀинцца йаханчу хенан чаккхенаш хӀокху кепара йазйо:

  1. билгалзачу кепехь тӀаьххьара мукъа аз деха «иэ» йа «уо» долчу хандешнашкахь – «ий».

Масала:

лиэн – лий;

иэн – ий;

тиэн – тий;

карчо (карчуо) – карчий;

къасто – къастий;

шаршо – шарший;

Ӏамо – Ӏамий;

  • билгалзачу кепехь тӀаьххьара мукъа аз деха «а» долчу хандешнашкахь – «й»:

лан – лай;

дан (дов) – дай;

тан – тай;

хьан – хьай.

Йукъардаккхар: дан – догӀу – деа, дан – дохьу – деа;

  • Кхидолчу хандешнийн хӀинцца йаханчу хенан чаккхенгахь «и» йаздо:

саца – сеци;

лаца – леци;

деша – дийши;

хьийза – хьийзи;

марздан – марзди;

ган – ги;

алийта – алийти;

тоха – туьйхи;

дала – дели;

дахьа – даьхьи;

дан – ди.

Йукъардаккхар: ваха (йуьрта) – ваха.

§ 55. Гуш йахана хан хӀинцца йаханчу хенан кепа тӀе «ра» тохарца йазйо:

лиэн – лий – лийра;

иэн – ий – ийра;

тиэн – тий – тийра;

карчо – карчий – карчийра;

къасто – къастий – къастийра;

шаршо – шарший – шаршийра;

Ӏамо – Ӏамий – Ӏамийра;

лан – лай – лайра;

дан (дов) – дай – дайра;

тан – тай – тайра;

хьан – хьай – хьайра;

саца – сеци – сецира;

лаца – леци – лецира;

деша – дийши – дийшира;

хьийза – хьийзи – хьийзира;

марздан – марзди – марздира;

га – ги – гира;

алийта – алийти – алийтира;

тоха – туьйхи – туьйхира;

дала – дели – делира;

дахьа – даьхьи – даьхьира;

дан – ди – дира.

§ 56. Йахана йаьллачу хенан кепаш кхаа кепара йазйо:

  1. хӀинцца йаханчу хенан кепа тӀе -на тохарца:


лий – лий-на;

ий – ий-на;

тий – тий-на;

карчий – карчий-на;

къастий – къастий-на;

шарший – шарший-на;

Ӏамий – Ӏамий-на;

лай – лай-на;

дай (дов) – дайна;

тай – тай-на;

хьай – хьай-на;

Ӏеми – Ӏеми-на;

керчи – керчи-на;

лаьтти – лаьтти-на;

малийти – малийти-на;

ги – ги-на;

ваха – ваха-на;

деа – деа-на;

  • ХӀинцца йаханчу хенан кепан чаккхенгара «и» дӀа а долуш, —на тӀетохарца:

сеци – сецна;

лехи – лехна;

лези– лезна;

хези – хезна;

хьаьжи – хьаьжна.

Иштта кхоллалучу цхьадолчу дешнийн хІинца йаханчу хенан орамера «э» / «е» «аь»-не, «ий» «э» / «е»-не хийцало:

дІахийци – дІахецна;

дийши – дешна;

ийши – эшна ;

дежи – даьжна;

эхи – аьхна.

  • хӀинцца йаханчу хенан чаккхенгара «и» охьадужучохь лардан тӀаьххьара мукъаза элп «л», «т», «тӀ», «д» делахь, и мукъаза элп шалхадолу:

ала – аьлла;

вала – ваьлла;

хада – хаьдда;

вада – ведда;

хьада – хьаьдда;

лата – летта;

йата – йетта;

ата – аьтта;

йатӀа – йаьттӀа.

         Къамелехь кхечу хандешнашкахь а йаьржина йу тӀаьххьара мукъаза элп шалхадолу кеп. Йозанехь а и кепаш магош йу. Масала:

саца – сецна – сецца;

хеца – хецна – хецца;

дажа – даьжна – даьжжа;

леха – лехна – лехха;

лаза – лезна – лезза;

хаза – хезна – хезза;

деша – дешна – дешша;

хьажа – хьаьжна – хьаьжжа.

§ 57. Хьалха йахана хан йазйо йахана йаьллачу хенан кепан ларда тӀе «ера» тохарца:

лийна – лийнера;

ийна – ийнера;

тийна – тийнера;

карчийна – карчийнера;

къастийна – къастийнера;

шаршийна – шаршийнера;

Ӏамийна – Ӏамийнера.

§ 58. Ихна хан карарчу хенан кепа тӀе «ра» тохарца йазйо:

Масала:

вогӀувогӀура;

доьшу – доьшура;

дуьйцу – дуьйцура;

хеза – хезара;

Ӏема – Ӏемара;

хета – хетара;

кхета – кхетара;

го – гора;

ло – лора;

хьо – хьора;

йаздо – йаздора.

§ 59. Карарчу хенан чаккхенгахь о долу хандешнаш йогӀучу хене хуьйцуш, чаккхенгара о у-не доьрзу.

Масала:

ло – лур ду;

йохло – йохлур йу;

го – гур ву;

шелло – шеллур йу;

хьагло – хьаглур йу;

мацло – мацлур йу;

кӀадло – кӀадлур ву;

цӀийло – цӀийлур ву;

схьаго – схьагур ду;

хьо – хьур ду.

Йукъардаккхар: до – дийр ду.

§ 60. «Дала» (дӀакхалха), «Ӏан», «Ӏен», «дан» хандешнийн хин йолчу хенан кепан чаккхенга «ийр» йаздо, хила мегачу хенан чаккхенгахь «ер» йаздо:

Масала: дан – дер – дийр ду, Ӏан/Ӏен – Ӏер – Ӏийр ву, дала – лер – лийр ду.

Уьш чолхечу хандешнийн хӀоттамехь хилча а, ларйо изза кеп: йаздан – йаздер – йаздийр ду, шелйан – шелйер – шелйийр йу, йохйан – йохйер – йохйийр йу, кӀадван – кӀадвер – кӀадвийр ву.

§ 61 Хила мегачу хенан хаттаран кепан суффиксехь ши «р» йаздо:

соцур – соцуррий;

дер – деррий;

лур – луррий.

§ 62. Гуш йаханчу хенан кеп, хӀинцца йаханчу хенан кеп а ца хуьйцуш, цу тӀе -ра тухуш йазйо.

Масала:

эли – эли-ра;

эхи – эхи-ра;

йазди – йазди-ра;

хьаьжи – хьаьжи-ра;

хези – хези-ра;

Ӏеми – Ӏеми-ра;

дийши – дийши-ра;

гайти – гайти-ра;

ваха – ваха-ра;

лий – лий-ра;

зий – зий-ра;

дай – дай-ра;

лай – лай-ра.

.

§ 63. Хьалха йаханчу хенан кеп, йахана йаьллачу хенан чаккхенгара —а дӀа а долуш, —ера тӀетухуш йазйо.

Масала:

аьлла – аьллера;

хьаьжна – хьаьжнера;

ваьхна – ваьхнера;

лерина – леринера;

аьхна – аьхнера;

Ӏемина – Ӏеминера;

Ӏамийна – Ӏамийнера.

§ 64. Хандешан ихначу хенан кеп йазйо карарчу хенан кепа тӀе —ра суффикс тӀетухуш.

вогӀу – вогӀура;

дуьйцу – дуьйцура;

доьшу – доьшура;

дуцу – дуцура;

гойту – гойтура;

вуьгу – вуьгура;

йуцу – йуцура;

йуьлу – йуьлура;

лаьтта – лаьттара;

хеза – хезара;

хьийза – хьийзара;

терса – терсара;

го – гора;

йаздо – йаздора;

шелло – шеллора;

йохло – йохлора;

хьагло – хьаглора;

мацло – мацлора;

кӀадло – кӀадлора.

ПРИЧАСТИЙН, ДЕЕПРИЧАСТИЙН НИЙСАЙАЗЙАР

§ 65. Лаамазчупричастийн нийсачу дожарехь шиннал сов дешдакъа делахь, лач дожарехь «чу»-на хьалха мукъа элп ца йаздо: лестина – лестин-чу, Ӏемина – Ӏемин-чу, хаьттина – хаьттин-чу, дийцина – дийцин-чу, хаьрцина – хаьрцин-чу, ластийна – ластийн-чу, лазийна – лазийн-чу, йадийна – йадийн-чу.

Амма «а» йаздо, нагахь причастин нийсачу дожаран кепехь шиъ бен дешдакъа дацахь: хезна – хезна-чу, доьжна – доьжна-чу, тоьхна – тоьхна-чу, Ӏийна – Ӏийна-чу, лийна – лийна-чу, дина – дина-чу, гина – гина-чу, лиъна – лиъна-чу, деъна – деъна-чу, хиъна – хиъна-чу.

Билгаладаккхар. «Ган», «дан» дешнаш тӀекхетарца кхолладеллачу хандешнех схьайевллачу причастешкахь а ца йаздо «чу»-на хьалха «а» элп: билгалдина – билгалдин-чу, йаздина – йаздин-чу, даздин-чу, кӀайдина – кӀайдин-чу, схьагина – схьагин-чу.

§ 66. Причастийн а, деепричастийн а карарчу хенан кепаш шаьш схьайевлла хандешан кеп ларйеш йазйо:

оху латта – охург – охурш – охуш;

доьшу кӀант – доьшург – доьшурш – доьшуш;

гойту книга – гойтург – гойтурш – гойтуш;

хьовсу книга – хьовсург – хьовсурш – хьовсуш;

хьожу книга – хьожург – хьожуш;

худу хи – худург – худурш – худуш;

уьду бекъа – уьдург – уьдурш – уьдуш;

йуцу керт – йуцург – йуцурш – йуцуш;

йуьлу мача – йуьлург – йуьлурш – йуьлуш;

йуьйцу книга – йуьйцург (йуьйцурш) – йуьйцуш;

дуьйцу туьйра – дуьйцург (дуьйцурш) – дуьйцуш;

доккху дечиг – доккхург (дохурш) – доккхуш;

лаьтта стаг – лаьттарг (-арш) – лаьтташ;

хеза дош – хезарг (арш) – хезаш;

терса говр – терсарг (арш) – терсаш;

хьаьвза хьер – хьаьвзарг (арш) – хьаьвзаш;

вевза стаг – вевзарг (арш) – бевзарш – вевзаш (бевзаш);

хьийза хьер – хьийзарг – хьийзаш.

Билгалдаккхар. Цу бакъонна йукъардовлу нийса доцу хандешнаш а, иштта «хаа», «лаа» боху хандешнаш а:

дан – ден гӀуллакх – дийриг (дийраш) – деш ;

дала – ло  – лун совгӀат – лург (лурш) – луш;

ган – го – гун сурт – гург (гурш) – гуш;

сацадала – сацало – сацалун говр – сацалург (сацалурш) – сацалуш;

дохдала – дохло – дохлун хи – дохлург (дохлурш) – дохлуш;

лен – лоь – луьй стаг – луьйриг (луьйраш) – луьйш;

хьен – хьоь – хьуьй бод – хьуьйриг (хьуьйраш) – хьуьйш;

зен – зоь – зуьй кема – зуьйриг (зуьйраш) – зуьйш;

ден – доь – дуьй йалта – дуьйриг (дуьйраш) – дуьйш;

тен – тоь – туьй гӀовгӀа – туьйриг (туьйраш) – туьйш;

эн – оь – уьй адам – уьйриг (уьйраш) – уьйш;

хаа – хаьа – (ца)хуу х1ума – хуург (хуурш) – хууш;

лаа – лаьа – (ца)луу х1ума – луург (луурш) – лууш.

§ 67. Карарчу хенан лаамечу причастин цхьаллин терахьехь -риг суффикс, дуккхаллин терахьехь -раш суффикс йазйо, нагахь санна оцу суффиксана хьалхара мукъа аз деха делахь:

дийриг – дийраш;

луьйриг – луьйраш;

туьйриг – туьйраш;

дуьйриг – дуьйраш;

Ӏийриг – Ӏийраш;

зуьйриг – зуьйраш;

хьуьйриг – хьуьйраш;

лийриг – лийраш;

уьйриг – уьйраш.

§ 68. Причастийн а, деепричастийн а йаханчу хенан кепаш шаьш схьайевлла хандешан кеп ларйеш йазйо:

Ӏемина хӀума – Ӏеминарг – Ӏемина веъна;

Ӏамийна дешар – Ӏамийнарг – Ӏамийна веъна;

дешна кехат – дешнарг – дешна веъна;

аьлла дош – аьлларг – аьлла ваьлла;

йедда бекъа – йеддарг – йедда йеъна;

йаьттӀа коч – йаьттӀарг – йаьттӀа дӀайаьлла (йатӀа а йаьттӀа).

§ 69. Лаамечу причастийн лач дожарийн чаккхенаш цхьаллин терахьехь -чун, -чунна, -чо, -чуьнца, -чух, -чуьнга, -чул,дукхаллин терахьехь -черан, -чарна, -чара, -чаьрца, -чарах, -чаьрга, -чарал йазйо.

Масала:

ЦӀ.     олург                             олурш

Дл.    олучун                         олучеран

Л.      олучунна                     олучарна

Др.    олучо                            олучара

К.      олучуьнца                   олучаьрца

X.      олучух                          олучарах

М.     олучуьнга                   олучаьрга

Дс.    олучул                          олучарал

ЦӀ.     дешнарг                        дешнарш

Дл.    дешначун                     дешначеран

Л.      дешначунна                 дешначарна

Др.    дешначо                       дешначара

К.      дешначуьнца               дешначаьрца

X.      дешначух                     дешначарах

М.     дешначуьнга                дешначаьрга

Дс.    дешначул                     дешначарал

§ 70. Хандешнех латтаман кепаш кхоллалуш, мукъазчу аьзнийн шалхадалар йозанехь билгалдоккху:
хеззашехь, хеззнашехь, хезнашшехь;

гушшехь, гиннашехь;

моллушехь, меллашехь;

дуьйццушехь, дийцциншехь;

дешшехь, диннашехь, динашшехь.

Амма «ъ» аз шалхадолучохь «ъ» элп цхьаъ бен ца йаздо:

дуу – дуъушехь («дуъъушехь» ца йаздеш);

 хьаа – хьаьъашехь, хьаьънашехь;

тоа – тоьъашехь, тоьънашехь.

§ 71. Йаханчу хенан хандашах хиллачу латтаман кепехь суффикс чи ца йазйеш ча йазйо.

Масала:

аьлла – аьлча;

хезна – хезча;

йаздина – йаздича;

Ӏемина – Ӏемича;

дийцина–дийцича;

хаьттина – хаьттича;

хьаьжна – хьаьжча.

Билгалдаккхар. Фольклорехь, исбаьхьаллин литературехь, барта къамелехь -чахь чаккхе лелор нисло: аьлчахь, хезчахь, йаздичахь, Ӏемичахь, дийцичахь.

§ 72. «Ду» бохучу хандашах кхоллайеллачу причастин лааме а, лаамаза а кепаш – «долу», «дерг», «доцу», «доцург» – къаьстина йазйо:

хуьлуш долу         – хуьлуш дерг     – хуьлуш доцу     – хуьлуш доцург;

гуш долу              – гуш дерг           – гуш доцу          – гуш доцург;

гун долу                – гун дерг            – гун доцу           – гун доцург;

луш долу              – луш дерг          – луш доцу          – луш доцург;

самах долу           – самах дерг       – самах доцу       – самах доцург;

са долу                 – са дерг             – са доцу             – са доцург;

лун долу               – лун дерг           – лун доцу           – лун доцург;

декхар долу          – декхар дерг       – декхар доцу     – декхар доцург;

сийлахь долу        – сийлахь дерг    – сийлахь доцу    – сийлахь доцург;

къайлах долу        – къайлах дерг    – къайлах доцу   – къайлах доцург;

мел долу               – мел дерг           – мел доцу          – мел доцург;

дагахь долу          –  дагахь дерг     – дагахь доцу      – дагахь доцург;

ЦХЬАЬНА А, КЪАЬСТИНА А, ДЕФИСЦА А ЙАЗДАР

Чолхечу цӀердешнийн нийсайаздар

§ 73. Шиъ йа масех дош цхьаьнакхетар чолхе дош ларало, нагахь оцу цхьаьнакхетарехь керла маьӀна а делахь, церан тӀаьххьара дакъа бен хийцалуш а дацахь, царах цхьаъ ша къаьстина оццу маьӀнехь лелаш а дацахь:дегабаам, беттаса, билгалдош, бочабӀар, бобер, дагалацам, дагахьбаллам, Даймохк, даьхнилелорхо, деваша, дегайовхо, дейиша, демаьхча, денана, дешдакъа, жаӀу, зудабер, йишикӀант, йукъаметтиг, йоӀстаг, кӀантстаг, куцдош, къилбаседе, къинхетам, къинхьегам, малхбале, малхбузе, марваша, марда, марнана, маьрйиша, маьхчйоӀ, маьхчкӀант, мехкадаьтта, нēнамаьхча, ненанана, стунваша, стунда, стунйиша, стуннана, тешнабехк, озабезам, хьелиозархо, цӀердош, цӀийнда, цӀийннана, цӀоькъалом, шагатӀулг, шалгу, шедакхаж, шичйоӀ, шичкӀант.

Билгалдаккхар. ШолгӀа компонент «кӀант», «йоӀ» дешнашца долчу цхьаьнакхетаршкахь дакъош къаьстина йаздар а магадо, хьалхара дакъа йуьззинчу кепехь а йаздеш: шичин кӀант, маьхчин кӀант, шичин йоӀ, маьхчин йоӀ.

§ 74. ЦӀердошший, лааме причастий цхьаьнакхетарца хилла цӀердешнаш цхьаьна йаздо.

Масала: чӀерийлоьцург (олхазар), босбуург, хидуьллург (тӀадам), чимтосург, шекъадуттург, шекардуьллург, туьхадуьллург, хӀутосург, йолхьокхург, кӀаорург, тӀобоккхург, кӀалдйоккхург, чермадузург, йукъанайуьллург.

§ 75. «БӀе», «шо» лардаш цӀердешан маьӀнехь лелаш йелахь, цхьаьна йазйо (ткъолгӀа бӀешо, вуьрхӀитталгӀа бӀешо, йуккъера бӀешераш). Терахьдош а, цӀердош а шен шен маьӀнехь лелаш делахь, къаьстина йаздо (бӀе шо даьлча; бӀе шо хьалха; итт шо кхаьчна).

§ 76. Гулдаран маьӀнехь долу чолхе цӀердешнаш дефисца йаздо: да-нана (да а, нана а), коч-хеча (коч а, хеча а), кад-Ӏайг (кад а, Ӏайг а), тай-маха (тай а, маха а), текх-цаца (текх а, цаца а), ког-корта (ког а, корта а), мох-дарц (мох а, дарц а), ка-мӀараш, нуй-аьшкал, нуй-горгам, сал-пал, шай-кай.

§ 77. Йуххедиллар ша билгалдечу дашца дефисца йаздо: зуда-хьехархо, чабакх-чӀара, йай-чӀара, нана-котам, йоӀ-дешархо, буц-аре, нана-борз, Соип-молла, газа-гуьзалг, Нана-ДегӀаста, Нана-Нохчийчоь, седа-жайна.

§ 78. Цхьана дешан маьӀна а долуш, цхьаьнакхеттачу шина цӀердашах хилла чолхе цӀердешнаш дефисца йаздо.

Масала: инарла-майор, инарла-лейтенант, инарла-полковник, премьер-министр, вице-президент (легарехь шолгӀа цӀердош бен ца хийцало: инарла-майора, инарла-лейтенанта).

§ 79. Цхьа хӀума билгалйеш йолу чолхе долахь цӀераш дефисца йазйо, ший а дакъа доккхачу элпаца а йаздеш.

Масала: Мохьмад-СаӀид, Сайд-Мохьмад, Сайд-Ӏусман, Тиймар-Солта, Ӏабдул-Керим, Ӏели-Йурт, Ножи-Йурт, Селам-Солта.

§ 80. «Ах» боху дош шеца долчу цӀердашах къаьстина йаздо: ах хорбаз, ах агӀо, ах йурт, ах керт, ах дакъа, ах километр, ах мах, ах сом.

Йукъардаккхар: ахгӀайре.

Чолхечу билгалдешнийн нийсайаздар

§ 81. Доланиг дожаран кепехь долчу шишша йа цул сов цхьаьна нисделлачу дешнех хилла  чолхе билгалдешнаш дефисца йаздо.

Масала: нохчийн-оьрсийн лугӀат, оьрсийн-нохчийн лугӀат, нохчийн-гӀалгӀайн-оьрсийн лугӀат.

§ 82. Мухаллин билгалдешнийн лардех лаьтташ долу чолхе билгалдешнаш дефисца йаздо:

цӀен-къорза;

йуткъа-йеха;

лоха-лекха;

тиша-цӀена;

дика-вон;

сирла-цӀен;

таьӀна-цӀен;

цӀен-расха;

таьӀна-цӀен-можа;

таьӀна-боьмаша;

кӀеда-мерза.

§ 83. Дустаран маьӀнехь долу цӀердошший, мухаллин билгалдошший цхьаьнакхетарца кхоллалуш долу чолхе билгалдешнаш дефисца йаздо:

шурул-кӀайн;

кӀарул-Ӏаьржа;

цӀарул-цӀен;

барул-можа;

бел-баьццара;

лилул-сийна.

§ 84. Орам карлабаларца кхолладелла чолхе билгалдешнаш дефисца йаздо.

Масала:

дик-диканиг (дик-дика);

хаз-хазаниг (хаз-хаза);

жим-жиманиг (жим-жима);

лекх-лекханиг (лекх-лекха);

лох-лоханиг (лох-лоха);

керл-керланиг (керл-керла);

йокх-йоккханиг (йокх-йоккха).

§ 85. ЦӀерниг дожарехь долчу цӀердашна тӀе билгалдош кхетарца кхолладелла дешнаш цхьаьна йаздо.

Масала: догцӀена стаг – догцӀенаниг, догдика адам – догдиканиг, догмайра иччархо – догмайраниг, догкӀеда, догъӀаьржа; сацӀена, тӀамшера, самаьрша, самеца, сакӀезга, чошера, чуомеца, бӀасийна, боссийна, босцӀена, босхаза, куьгбехке, когбайн, куьгговза.

Чолхечу терахьдешнийн нийсайаздар

§ 86. Чолхе декъаран терахьдешнаш дефисца йаздо.

Масала: биъ-биъ къолам, йалх-йалх дешархо, ворхӀ-ворхӀ жайна, исс-исс могӀа.

Билгалдаккхар. Цхьайттанна тӀера ткъоьссанна тӀе кхаччалц долу терахьдешнаш а, ткъаннаш дагардеш долу шовзткъа, кхузткъа, доьзткъа боху терахьдешнаш а декъаран терахьдешнашка дерзош, дефисца йаздо, хьалхара орам шалха а болуш: цхьайт-цхьайтта, шийт-шийтта, кхойт-кхойтта, дейт-дейтта, пхийт-пхийтта, йал-йалхитта, вуьр-вуьрхӀитта, бер-берхӀитта, ткъоьс-ткъоьсна, шов-шовзткъа, кхуз-кхузткъа, доьз-доьзткъа.

§ 87. Чолхе билгалза-масаллин терахьдешнаш дефисца йаздо.

Масала: цхьа-ши стаг – цхьа-шиъ, кхо-виъ кӀант, пхи-йалх, исс-итт, ши-кхо кор – ши-кхоъ.

§ 88. Цхьайттанна тӀера берхӀиттанна тӀе кхаччалц долчу чолхечу масаллин терахьдешнийн ши орам цхьаьнакхетачохь, хьалхарчу ораман чаккхенгарчу мукъачу элпана тӀехьа йтта, мукъазчунна тӀехьа итта йаздо.

Масала: цхьайтта, шийтта, кхойтта, дейтта, пхийтта, йалхитта, вуьрхӀитта, берхӀитта.

§ 89. ХӀоттаман терахьдашна йукъахь долу хӀора дош къаьстина йаздо.

Масала: ткъе цхьаъ, эзар ворхӀ бӀе ткъе йалх.

ЦӀерметдешнийн нийсайаздар

§ 90. Йуьззинчу кепашкахь цхьаьнадогӀуш долу йаххьийн а, доладерзоран а цӀерметдешнаш къаьстина йаздо: со суо, хьо хьуо, и ша, тхо тхаьш, вай ваьш, шу шаьш, уьш шаьш.

Лакхахь далийнчарах кхоллайелла лач дожарийн кепаш а, лааме цӀерметдешнаш а ду къаьстина йаздеш: сан сайн – сан сайниг, хьан хьайн – хьан хьайниг, цуьнан шен – цуьнан шениг, тхан тхешан – тхан тхешаниг, вайн вешан – вайн вешаниг, шун шайн – шун шайниг, церан шайн – церан шайниг, кхуьнан шен – кхуьнан шениг, кхеран шайн – кхеран шайниг, цо ша, ахь айхьа, соьга сайга, хьоьца хьайца, шуьца шайца

§ 91. Орам карлабаларца кхоллалуш долу чолхе цӀерметдешнаш дефисца йаздо: муьлх-муьлха, муьлх-муьлхха а, мил-мила, мил-милла а, хьен-хьеннан а, хьан-хьанна а, хьаъ-хьаъа а, хьаьнц-хьаьнца а, хьан-хьаннах а, хьаьнг-хьаьнгга а, хьан-хьаннал а.

§ 92. «Волу», «верг» тӀекхетарца кхолладелла цӀерметдешнаш цхьаьна йаздо: цхьаволу – цхьаверг, цхьаццаволу – цхьаццаверг, кхиволу – кхиверг, наггахьволу – наггахьверг, дукхахберш, дукхахверг.

Чолхечу хандешнийн нийсайаздар

§ 93. Билгалдешнашна а, хандешнашна а тӀе «дан», «дайта», «дала», «далийта», «даккха» («дāха»), «дāла» («довла», «дийла»), «дуола» кхетарца кхолладелла хандешнаш цхьаьна йаздо:

йаздан, сихдан, цӀийдан, кӀайдан, кӀайдайта, цӀандайта, малдайта;

самайаккха, карлайаккха, самсадаккха;

лахдала, жимдала, кӀайдала, цӀийдала, Ӏарждала, сендала;

макхдалийта, маждалийта, кӀаддалийта, гӀелдалийта, жимдалийта, хьабдалийта, дийцадалийта;

самайала, серлайала, самсайала, лакхадала;

писдуола, мурдуола, мажардуола.

§ 94. Билгалдешнашна т1е «дан», «дала» (карарчу хенахь – «ло»), «дайта», «дуола» кхетарца кхолладеллачу хандешнашкахь хьалхарчу лардан чаккхенгара «а» ца йаздо:

лахдала, жимдала, к1аддала, к1аргдала, 1арждала;

къордуола, писдуола, мурдуола;

марздан, 1арждан, мацдан, ц1индан;

сендайта, т1ундайта, дурдайта.

Билгалдешнашна а, куцдешнашна а т1е «даккха» («дāха»), «дāла» («довла», «дийла») кхетарца кхолладеллачу хандешнашкахь хьалхарчу лардан чаккхенгара «а» йаздо:

лакхадаккха, лахадаккха, генадаккха;

самадāла, чуьрадāла, гучадāла;

самадовла, чуьрадовла;

арадийла, къайладийла;

самсадаха, нилхадаха.

§ 95. Хандешнашна т1е «дан» («до», «дуора»), «дайта», «дала», «далийта», «даккха» («дāха»), «дāла» («довла», «дийла») кхетарца кхолладеллачу хандешнашкахь хьалхарчу лардан чаккхенгара «а» йаздо:

1амадо, сацадо, тешадо;

сацадайта, 1амадайта, лазадайта;

деладала, ийзадала, къовсадала;

тохадалийта, лацадалийта, деттадалийта;

ловзадаккха, халхадаккха, лазадаккха;

ловзадāла, халхадāла, сийсадāла;

хьийзадовла, ловзадовла, халхадовла;

ловзадийла, халхадийла.

§ 96. Чолхечу хандешнашкахь хьалхара лард шиннал сов дешдекъах лаьтташ йелахь, оцу лардан чаккхенгара «а» ца йаздо:

йукъара – йукъардала; йукъардаккха;

нацкъара – нацкъардала;

йуьстаха – йуьстахдала;

Ӏункара – Ӏункардерза;

букара – букарвола.

Чолхе причастеш, деепричастеш нийсайазйар

§ 97. Орам карлабоккхуш кхоллайелла чолхе причастеш дефисца йазйо.

Масала: йаз-йазйинарг, йазйин-йинарг, йеш-йешнарг, гин-гинарг, аьл-аьлларг, хез-хезарг, хез-хезнарг, соц-соцург, сец-сецнарг, хьож-хьожург, хьаьж-хьаьжнарг, мег-мегарг, мег-мегнарг, дийц-дийцина, лиъ-лиъна, тоьх-тоьхна, маг-магийна, сац-сацийна, хаз-хаздина.

§ 98. Деепричастешкахь маьӀна чӀагӀдечохь деха олуш долу мукъа аьзнаш у йа а гойту элпашйуккъе дефис а йуьллуш, шала йаздо.

Масала: дуьйцу-уш, Ӏема-аш, соьцу-уш, йожуьйту-уш, Ӏийна-а, лелла-а.

§ 99. Дош карладоккхуш а, чӀагӀдаран маьӀница а кхоллайелла чолхе деепричастеш шинхьа дефис йуьллуш йазйо.

Масала: соц-соцу-уш, Ӏем-Ӏема-аш, лох-лоху-уш, хорж-хоржу-уш, хьож-хьожу-уш, йуьл-йуьллу-уш, хез-хеза-аш.

Чолхе куцдешнаш нийсайаздар

§ 100. Орам карлабоккхуш кхолладелла чолхе куцдешнаш дефисца йаздо.

Масала: сар-сарахь, шар-шарахь, кест-кеста, йух-йуха, йукъ-йукъа, тӀаьхь-тӀаьхьа, тайп-тайпана (дуьйцу), бес-бесара (олу), дукхе-дукха, гап-гиппехь, дап-диппехь, кӀарс-кӀирссехь / кӀарс-кӀирснехь, лап-липпехь / лап-липнехь, къарш-къиршшехь.

§ 101. Цхьа боху дош тӀекхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш цхьаьна йаздо.

Масала: цхьажимма, цхьакӀеззиг, цхьанаггахь, цхьатерра.

§ 102. Аьлла боху дош тӀекхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш дефисца йаздо. Масала: тӀоф-аьлла дӀатилира, тап-аьлла дӀатийра, парт-аьлла хьалаиккхира, гап-аьлла, дап-аьлла, тӀох-аьлла, тӀап-аьлла вайнера, тӀах-аьлла лелаш вара, гӀарчӀ-аьлла ву.

§ 103. ХӀара куцдешнаш дефисца йаздо: диэдда-йукъа, йукъ-кара.

Чолхе айдардешнаш а, азтардарш а нийсайаздар

§ 104. Чолхе айдардешнаш а, азтардарш а дефисца йаздо. Масала: эхӀе-хӀай, хӀай-хӀай, маржа-йаӀ, байттамал-йаӀ, жолам-йаӀ; гап-гип, дап-дип, чахь-чихь, гов-гив-гов, дап-дип-дап, гап-гип-гап, чахь-чихь-чахь.

§ 105. Чолхечу айдардешан чаккхенга хӀуттуш долу чӀагӀдаран дакъалг -кх дефисца йаздо.

Масала: маржа-йаӀ-кх, жолам-йаӀ-кх, байттамал-йаӀ-кх, эхӀе-хӀай-йаӀ-кх.

 

Дешхьалхенаш а, дештӀаьхьенаш а нийсайазйар

§ 106. Доланиг дожарца лелаш йолу «дуьхьа», «хьокъехь» дештӀаьхьенаш къаьстина йазйо.

Масала: Даймехкан дуьхьа, церан дуьхьа, баккхийчеран дуьхьа, берийн дуьхьа, дийцаран дуьхьа, хетийтаран дуьхьа; белхан хьокъехь, дешаран хьокъехь, дахаран хьокъехь.

§ 107. «Чу», «тӀе», «тӀаьхьа», «тӀоьхула», «чухула» дешхьалхе а, дештӀаьхье а хуьлий лела. Нагахь санна шена хьалха долчу дашца цара латтам кхуллуш белахь, уьш дештӀаьхьенаш йу, цундела къаьстина йазйо: хи чу кхосса (мича кхосса?), стоьла тӀе йилла (мича йилла?), хи чухула (дӀа) дахара, хи чухула дахара (мичахула дахара?), тӀай тӀоьхула ваьлла (мичахула ваьлла?), жайни тӀе хьажа.

Кхечу хьелашкахь уьш дешхьалхенаш йу, цундела уьш хандешнашца цхьаьна йазйо: хи чудоьжна, кӀант тӀевеъна, книгина тӀехьажа, цунна тӀаьхьавада

Цул сов, нагахь царна тӀаьхьа догӀучу хандашна тӀе дешхьалхе йа коьрта къамелан дакъойх долу дош хӀотто йиш йелахь, уьш дештӀаьхьенаш ларало, цундела къаьстина йазйо: хи чу (дӀа)кхосса, хи чу (тӀулг) кхосса, стоьла тӀе (охьа)йилла, стоьла тӀе (кехат) дилла,  хи чухула (дӀа)дахара, хи чухула (кема) дахара,  тӀай тӀоьхула (дехьа)ваьлла, тӀай тӀоьхула (стаг) ваьлла.

Кхечу меттигашкахь уьш дешхьалхенаш хуьлу, цундела уьш хандешнашца цхьаьна йазйо: хи чудоьжна, тхуна тӀевеара,

 

Хуттургаш нийсайазйар

§ 108. Дагардаран маьӀнехь дашна тӀаьхьа йогӀу хуттург «а» хьалхарчу дашах къаьстина йазйо: Хьава а, Зайнап а, Роза а ишколе йахара. Бацалахь лепара сийна а, можа а зезагаш.

Ца мега: Бацалахь лепара сийнаъ, можаъ зезагаш.

§ 109. ХӀоттаман хуттургийн дакъош къаьстина йаздо.

Масала: нагахь санна, хӀунда аьлча, аьлча а, делахь а, хӀетте а.

§ 110. Чолхе хуттургаш бакъду, цхьабакъду цхьаьна йазйо.

Масала: Арахь йекхна йара, бакъду йовха-м йацара.

Билгалдаккхар. Амма «бакъду» бохучу хуттургах къасто деза хӀоттаман сказуеми кхуллуш долу ши дош «бакъ ду».

Масала: Ахьмада бохург бакъ ду.

Дакъалгаш нийсайаздар

§ 111. ХӀара дакъалгаш дефисца йаздо: -кх, -кхи, -кха, -м, -х, -теша, -те, -техьа, -ца, ма-:

Аьллий-те? Хезний-техьа? Йаздиний-теша?

Асета-м пхиъ даьккхина сочиненина. Иза-х школехь тӀех дика дешна йу. Цо йазйина-кх сочинени, цхьа а гӀалат доцуш. Иза иштта аьлла-кхи цо.

ма-аллара, ма-хеттара, ма-дийццара, ма-ваххара, ма-йоггӀу, ма-моьтту, ма-дуьйццу.

Иза иштта аьллий-ца цо?! Иштта бохурий-ца цо?!

ма-дду, ма-вву, ма-ййу, ма-ббу, лан ма-ллу, ван ма-ллу, хьуна ма-ггу, вох ма-велли, кӀад ма-веллинехь, охьа ма-воьссинехь.

§ 112. Дакъалг «ма», шеца лела дош орамера мукъаза аз шалхадолуш делахь, дефисца йаздо, дацахь, къаьстина йаздо.

Масала: Оха школехь Ӏамадо ма-дарра а, лач а къамелаш.

шена ма-хетта                     иштта ма хета

ма-хиллара                            иза ма хуьлу кӀеда

ша ма-варра                           и ша ма вара

кхосса ма-веллинехь               кхосса ма ло

шен ма-хуьллу                         цунна-м ма хуьулу и

чкъург ма-хьаьвзза                 чкъург ма хьаьвза цуьнан

стигал ма-ййу                        стигал ма йу сирла

хьалха ма-хьехабарра            хьалха а ма хьехийра

§ 113. «Ца» дакъалгдацаран маьӀнехь хандашца къаьстина йаздо: ца хеза, ца хезна, ца хаьа, ца хета, ца лаьа, ца дуьйцу.

Масдаршца а, карарчу а, йаханчу а хенан лаамечу причастешца а дакъалг «ца» цхьаьна йаздо: цахазар, цахаар, цахетар, цалаар, цадийцар; цахезарг, цахезнарг, цахуург, цахиънарг, цахетарг, цахеттарг, цалуург, цалиънарг, цадуьйцург.

§ 114. Чолхечу масдарехь, причастехь шина орамна йуккъе нислахь а, дешхьалхенний, орамний йуккъе нислахь а, дакъалг ца цхьаьна йаздо.

Масала: къацахетар, дӀацаалар, сацагар, дӀацаэцар, дӀацавийцар, йазцадар /цайаздар, дӀацааьлларг, къацахетарг, къацахьегнарг, лазацавар, харццадар, лахцадар, дохацадар, латацадар.

§ 115. ЙогӀучу хенан лаамечу причастица дакъалг ца къаьстина йаздо:

Масала: ца хеза дерг, ца хета дерг, ца хуу дерг, ца дуьйцу дерг, ца моьтту дерг, ца лору дерг.

§ 116. Дакъалгаш ца йа ма чолхечу хандашехь йуьххьехь а, шина орамна йуккъехь а нисло. Уьш къаьстина йаздо.

Масала: ма йазде – йаз ма де, ца йаздо – йаз ца до; ма шелло – шел ма ло, ца шелло – шел ца ло; ма кӀадло – кӀад ма ло, ца кӀадло – кӀад ца ло.

§ 117. Дацаран дакъалг ца деепричастица къаьстина йаздо.

Масала: ца олуш, ца хезаш, ца хеташ, ца моьттуш, ца хоттуш, ца гуш, ца хьожуш, ца дуьйцуш.

§ 118. Дакъалг ца лаамазчу причастица къаьстина йаздо.

Масала: ца олу дош, ца аьлла дош, ца хеза дош, ца хезна дош.

§ 119. Хандашна тӀехьа лела дакъалг «ца» дефисца йаздо: хиъний-ца, аьллий-ца;

хьенех дӀавижнерий-ца; йамартлоно кадаьккхин-ца  хьан; дагана а хиллий-ца кхин цхьа дог тӀеоьшуш; хӀетте а йоьдий-ца  буьйса а шекйоцуш дӀа;

§ 120. Дакъалгаш «дела», «дера», «мел», «бен», «хьуна» къаьстина йаздо: аьлла дера, дера аьлла, мел хаза а, тийна а ду, ца кхуьу дела; дера вогӀур ву; гӀали тӀе мел кхочу; ша мел дийриг; Зина-м ма йара цигахь, Роза-м ма йахара школе; деккъа тӀулгаш бен, цхьа гӀулч йаккхал бен.

§ 121. Ур-атталла боху чолхе чӀагӀдаран дакъалг йуккъе дефис йуьллуш йаздо.

§ 122. ХӀан-хӀа боху чолхе дацаран дакъалг йуккъе дефис йуьллуш йаздо.

§ 123. «ДуьххьалдӀа» боху дакъалг цхьаьна йаздо.

§ 124. «Билггал» дакъалг мукъаза элп «г» шалхадоккхуш йаздо.

§ 125. Муьлххачу а хандешан чаккхенга хӀотта тарло дацаран дакъалг ца (ц), иза цхьалхе, чолхе йа дешхьалхенца хиларх башха а доцуш. Дацаран дакъалг ца (ц) хандешан чаккхенгахь цхьаьна йаздо.

Масала: алац (ца олу), йаздац (ца йаздо), хаац (ца хаьа), магац (ца мега).

ЙогӀучу набарна гӀовла эшац, баханчу безамна хазалла эшац.

Йукъадалочу дешнийн нийсайаздар

§ 126. РогӀалла гойтуш долу чолхе йукъадало дешнаш йуккъе дефис йуьллуш йаздо.

Масала: цкъа-делахь, шолгӀа-делахь / шозлагӀа-делахь, кхоалгӀа -делахь / кхозлагӀа -делахь, доьалгӀа-делахь / доьазлагӀа-делахь.

§ 127. ШолгӀа дакъа «хьуна» долчу йукъадало дешнийн цхьаьнакхетар къаьстина йаздо: дуй хьуна, деца хьуна.

ДОШ ДЕХЬАДАККХАР

§ 128. Дош цхьана могӀанера керлачу могӀане дехьадоккху, дешдакъош а ца дохош.

Масала: ла-ми, га-ли, ча-ми, ил-ли, ол-ха-зар, мел-ла-ша, эм-кал, ич-чар-хо, дӀа-дий-ши-ра, ле-ци-ра, ме-ли-ра, во-та, доьх-ка, мер-за, къах-кий-ра, хат-тар, дий-цар.

§ 129. Дош дехьадоккхуш, цхьана дешдекъах лаьтта дош декъа мегар дац.

Масала: лам, лом, диг, некъ, элп, говр, аз, зил, сиз, шач, къаж, жарж.

§ 130. Дош дехьадоккхуш, цхьа элп хьалхарчу могӀанехь дита а, дехьадаккха а ца мега.

Масала: ага, ога, эша, угӀа.

§ 131. Цхьана дешдекъах лаьтта дешхьалхе, дош дехьадоккхуш, йекъа а, йохо а ца мега.

Масала: дӀа-чӀагӀа, дӀа-йелла, схьа-чӀагӀа, схьа-йелла, тӀе-татта, тӀе-чӀагӀа, тӀех-вала.

§ 132. Шина йа кхаа дешдекъах лаьтта дешхьалхе, дош дехьадоккхуш, дешдакъошца йекъа мега.

Масала: тӀе-ра-йоккху, тӀе-ху-ла-тосург, дӀа-са-вахара, хьа-ла-эца, хьа-ла-хьо.

§ 133. Дош дехьадоккхуш, шала мукъаза элпаш декъа мега.

Масала: сал-лар, кхал-лар, кхос-сар, хат-тар, дат-тар, бат-там, дил-лина, йит-тина, хаьд-да, аьл-ла, йаьл-ла.

§ 134. Дош дехьадоккхуш, шалха шала мукъаза элпаш долчу дешнашкахь дехьадаккхар шина кепара магадо: хьалхарчу элпан шолгӀа хьаьрк ца йаздеш а, ший а элп дуьззина йаздеш а.

Масала: дуьх-хьара – дуьхь-хьара, дак-кха – дакх-кха, дек-къа – декъ-къа.

§ 135. Дош дехьадоккхуш, шалха элпаш а, дифтонгаш а йекъа ца мега.

Масала: къе-га, тер-са, шер-ша, кер-ча, ло-хьа, лой-ша, йал-та де-хьа, йал-та дей-ша, дуь-хьарг, йуьхь-кӀам, хьаьр-са, къаь-хьа, хьаьж-на, хаьр-жи-на.

§ 136. Дешдакъа ца кхуллуш долу дакъалг ша дехьадаккха ца мега: ди-кх, со-м, со-х, аьл-ла-кх, кӀант-м, ле-кха-ниг-м, кӀант-х, ду-кх, мацвелла-кх, стигал-м

§ 137. Дош дехьадоккхуш, ъ, ь, й шайна хьалхарчу элпех /дешдекъах/ къасто ца мега.

Масала: айъ-ина/айъи-на, сай-ра, бай-ракх, гӀай-ракх, цӀий-ло, кӀай-ло, йай-ло, компь-ютер/компью-тер, шекь-хила/ шекьхи-ла.

§ 138. Аббревиатураш йекъа ца мега.

Масала: НР, РФ, НГӀАССР, НПУ, НПХЬУ.

§ 139. Терахьца долу дацдина дош дехьа ца доккху: 2019 ш., 15 кеп., 20 сек., 1000 с., 100 л., 80 км, 50 к.

§ 140. Цифрашца билгалдинчу терахьан чаккхе дехьайаккха ца мега: 30-чу дийнахь.

§ 141. Хьалхарчу цхьана элпа тӀе кхаччалц дацдина дешнаш декъа ца мега: и. д. кх. а (иштта дӀа кхин а); ц. т. кх. а. (цу тайпана кхин а.)

§ 142. ЦӀей, ден цӀей билгалйен элпаш а, фамили а керлачу могӀане дехьайоккхуш вовшах къасто ца мега: Тимаев А.Д., Чокаев К.З., Ю.Д. Дешериев, Абдуллаев Л.Ш., Л.Н. Толстой

ДОККХА ЭЛП ЙАЗДАР

§ 143. Доккхачу элпаца йазйо:

1) долахь цӀераш (адамийн, дийнатийн, хӀуманийн, пачхьалкхийн, гӀаланийн, йартийн, и. д. кх. а): Зина, Роза, Луиза, Тоита, Хеда, Зулпаъ, Мохьмад, Ахьмад, Терк, Орга, Советан Союз, Москва, Алма-Ата, «Исламан зӀаьнарш», «Даймохк» газет, «Еха буьйсанаш», «Зеламха» цӀераш йолу книгаш; Ча такхийна тача, Юпитер, Сатурн, Уран, Леча, Барза, Чхьонкар, Гуьйриг, Хьама, Шарик, КӀорни, Чухаш, Тулам.

2) предложенин хьалхара дош: Мархех халла чекхйуьйлучу маьлхан зӀаьнарша таьӀно къегадора, киса санна, кӀайн долу башлаьмнийн кортош. /М. Сулаев/.

§ 144. Долахь цӀерех схьадевлла цӀердешнаш йукъара цӀераш ларало, цундела уьш жимачу элпаца йазйо: Шела – шелахо, Марта – мартанхо, Терк – теркахо, ДегIаста – дегIастанхо, Кубань – кубанхо.

§ 145. Къаьмнийн а, тайпанийн а цӀераш а, иштта гӀаланийн а, йартийн а цӀерех кхоллайелла адамийн йукъара цӀераш а кегийчу элпашца йазйо: нохчи, гӀалгӀа, гуьржи, оьрси, гӀебарто, узбек, казах, новрахо, москвич, Ӏаларо, курчало, бено, цӀонтаро, чӀинхо, гендаргано.

§ 146. Пачхьалкхийн, пачхьалкхан субъектийн цӀерашкахь массо дош а, пачхьалкхан (пачхьалкхан субъектийн) лаккхарчу органийн, даржийн цӀераш а даккхийчу элпашца йазйо: Нохчийн Республика; Россин Федераци; Ӏарбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ; Нохчийн Республикин Куьйгалхо; Нохчийн Республикин Правительство; Нохчийн Республикин Парламентан Председатель; НР-н Правительствон Председатель; Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администраци; Нохчийн Республикин Кхерамзаллин Кхеташо; Нохчийн Республикин Йукъараллин Палата; Нохчийн Республикин Конституци; Нохчийн Республикин Куьйгалхочун буьйр; Нохчийн Республикин Правительствон сацам; Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхочун сацам.

§ 147. Министерствийн, комитетийн, комиссийн, ведомствийн, учрежденийн, организацийн цӀерашкахь хьалхара дош а, долахь цӀераш а доккхачу элпаца йазйо, кхидӀадерш – кегийчу элпашца йаздо: Къилбаседа Кавказан гӀуллакхийн министерство; Нохчийн Республикин пачхьалкхан университет; Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министерство; А.А. Айдамировн цӀарах къоман библиотека, амма: Могашалла Ӏалашйаран министерство; Къоман библиотека; Нохчийн Республикин экономикин а, йукъараллин кхерамзаллин а кхеташо; НР-н Правительствон туризман министерство.

Масала: Со тахана Дешаран а, Ӏилманан а министерстве вахара. Спорстменийн хьокъехь къамел хилира Физически культурин, спортан министерствехь. Баккхий кхиамаш бу Автомобилийн некъийн министерствон.

§ 148. Пачхьалкхийн, къаьмнийн исторехь хиллачу баккхийчу хиламийн цӀераш доккхачу элпаца йазйо. Ша хилам билгалбен дош (тӀом, революци, гӀаттам) жимачу элпаца йаздо: Сийлахь-боккха Даймехкан тӀом, Февралан революци, Дуьненан шолгӀа тӀом, Кавказан тӀом, Французийн революци.

§ 149. Орденийн, мидалийн, пачхьалкхан кхидолчу совгӀатийн цӀераш даккхийчу элпашца йазйо, ткъа цу цӀерашкахь хуьлуш долу «орден», «мидал», кхидолу дешнаш жимачу элпаца йаздо.

Масала: Кадыровн орден, ДоттагӀаллин орден, Къонахаллин орден, «Ненан сий» мидал, Сийлаллин грамота, Баркаллин кехат.

§ 150. Дезачу а, гӀарадевллачу а денойн цӀераш доккхачу элпаца йазйо.

Масала: Хьалхара май, БорхӀалгӀа март, Керла шо, Нохчийн меттан де, Толаман де.

Нагахь рогӀаллин терахьдош цифраца билгалдоккхуш хилахь, цунна тӀаьхьадогӀу дош доккхачу элпаца йаздо.

Масала: 1-ра Май, 8-гӀа Март.

§ 151. Ӏилманийн, бӀаьхаллин даржийн, гӀуллакхаллин, сийлаллин цӀераш кегийчу элпашца йазйо.

Масала: НР-н Ӏилманийн академин президент, инарла-лейтенант, инарла-майор, инарла-полковник, Пачхьалкхан планови комиссин председатель, РСФСР-н хьакъволу артист, РФ-н халкъан хьехархо, НР-н халкъан артист.

§ 152. «Турпалхо» боху цӀердешан йаздаран ши кеп йу. Сийлаллин цӀеран маьӀнехь доккхачу элпаца йаздо: Россин Турпалхо, Советски Союзан Турпалхо; йукъарчу маьӀнехь – жимачу элпаца: романан турпалхо, майра турпалхой, туьйранан турпалхо, историн турпалхо.

§ 153. «Даймохк» боху цӀердош доккхачу элпаца йаздо.

§ 154. Дуьненан агӀонийн цӀераш шайн коьртачу маьӀнехь кегийчу элпашца йазйо: къилбе, къилбаседе, малхбале, малхбузе.

Нагахь и цӀераш мехкийн цӀерийн маьӀнехь хилахь, уьш доккхачу элпаца йазйо.

Масала: Геннара Малхбале, Малхбузен пачхьалкхаш.

§ 155. Россин Федерацина йукъайогӀуш йолчу республикийн цӀерашкахь массо а дош доккхачу элпаца йаздо, ткъа областийн, округийн, крайн, автономин областийн цӀерашкахь хьалхара цхьа дош доккхачу элпаца йаздо.

Масала: Нохчийн Республика, Ставрополан край, Ростован область, Ненцойн къоман округ.

§ 156. Йукъарчу маьӀнехь «республика» дош жимачу элпаца йаздо.

Масала: Россина йукъайогӀу республикаш; Къилбаседа-Кавказан республикаш.

§ 157. Долахъчу цӀерашкахь – аббревиатурашкахь дерриге а элпаш даккхий йаздо: НР, РФ, НР ӀА, РӀА, ЧГТРК, НПУ.

Йукъара цӀераш билгалйеш а, аьзнашций, дешдакъошций дешалуш а долу чолхе-дацдина дешнаш кегийчу элпашца йаздо: вуз, йуьртсовет, госхоз, районо.

§ 158. Областийн, кӀоштийн, йартийн администрацийн цӀерашкахь хьалхара цхьа дош доккхачу элпаца йаздо: Карагандан область, Алма-Атан область, Теркан кӀошт, Шелан администраци, Шуьйтан а, Веданан а кӀошташ.