«Къоламца-белаца кехат а охкуш…»* (Юсупов Iилманан байташ йоьшуш хилла тидамаш)

«Къоламца-белаца кехат а охкуш…»* (Юсупов Iилманан байташ йоьшуш хилла тидамаш)

Юсупов Мовсуран Iилман – поэт, хьехархо, журналист – вина 1951-чу шеран 23-чу сентябрехь Казахстанерчу Павлодаран областан Майски кIоштан Кировн цIарахчу совхозехь. 1950-гIа шераш чекхдовлуш шайн йуьрта – Веданан кIоштарчу Хоттане цIабирзира Мовсуран доьзал.
1970-чу шарахь тIехдика дешна чекхйаьккхира Iилмана МахкатIера йуккъера ишкол. 1978-чу шарахь – Ленинградан (хIинца – Санкт-Петербурган) пачхьалкхан университетан историн факультет. Оццу шарахь Хоттанерчу йуккъерчу ишколехь хьехархочун балха волавелира, тIаьхьуо директоран заместителан дарже хIоттийра. 1993-чу шарахь литературин-исбаьхьаллин «Орга» журналан коьрта редактор чIагIвира. 1996-1999-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран хьалхарчу заместителан жоьпалле болх бира. 2001-чу шарахь махках ваьлла, Швеци пачхьалкхехь дIатарвелла Iаш ву.
Юсупов Iилмана дуьххьарлера стихотворени шен 13 шо долуш йазйина, «Кема» аьлла цIе а йолуш. Оцу заманахь – 1960-гIа шераш дуьйладелча – массо бер стигалахь, космосехь ойла йолуш кхуьуш ма дара, дуьххьарлера космонавт Гагарин багара охьа а ца вуьллуш. Амма Iилманна Дала комаьршша делла похIма кхин хиллера – поэзи. Цу хенахь дуьйна цунах дахаран маьIна а, къилба а дина веха поэт.
Iилманан поэзи шатайпана йу: суртхIотторца а, хормица а, чулацамца а, кепашца а, жанрашца а. Ткъа дустаршца, метафоршца хIокхуьнан поэзин кIоргалле цхьа а кхочур ву аьлла ца хета. Хьовсур вай хIокху могIанашка:

…Лехьош сайн хьажарца хьан куьцан дургал,
Дависа, хьан дагна йу тоьхна, вала…
(«Мотт муха керчар бу…» сонета йукъара).

Гуьйрено декхнашна диллина гIина.
Мархашна Iома чохь шайн йаххьаш го…
(«Гуьйренан декхнашна…» бархIмогIанера).

Iин къуьйсу йараша, вовшашца тIом барца,
Бешан сатийсам бу ношбелла стом гарца…
(«Iа дедда дIадаха…» бархIмогIанера).

Мехийн ворданаш ца кхоош, вовшийн йохье довлий,
Ткъесийн шодмаш йетташ, мархийн говраш лаьхкина,
ДогIу догIанаш а хета замой бу-те, олий,
ДIо стигална Латта-нускал дига баьхкина…
(«Деган цастарш» цIе йолчу биъмогIанашна йукъара).

Юсуповн поэзи вуно шуьйра йу шен чулацамца.
Кхузахь вайна карор йу: адамийн йукъаметтигийн а, дуьненан а бухбоцу философи; цхьа а дозанаш йа гураш доцу синмаршо; Даймехкан Iаламан исбаьхьа басарш; дайн махке а, къоме а йистйоцу безам; нохчийн гIиллакхийн а, ламастийн а оьздангалла, хазалла; синхьежамийн, синлехамийн кIоргалла; лирикин экама васташ. Оцу дерригенах а лаьцна йолчу шен байташкахь Iилмана гIо до йешархошна адамийн амалш йовза, церан (адамийн) цIена а, хьанал а ойланаш, синхаамаш самабаха. СинпаргIато, синтем ца беза цуьнан лирикин турпалхочунна (дукха хьолахь автор ша ву иза), даим геналле, паналле, синхаамийн доза доцчу кIоргене дIаоьхуш, лехамехь ву иза:
Къоналлин бIарлагIа хьистина, кIадвелла, со воккхуш сама,
Кхочур бу, Iаса а луьйзуш, дахаран жамI даран мур…
(«Къоьжаллин канаша…» байта йукъара).

Сан денош – дой ду, уьш дахарехь хехка со хьакъвина Дала.
Шо-гуо чекх мел бели, керланиг кхин буоло уьш кийча ду.
ГIеххьачу реманан да волчу суна а-м халуо ду ала,
Маса дин хир бу сайн берриг а, бисинарг маса гуо бу…
(«Сан дой» байта йукъара).

Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса,
Толлу ас сайн мукъам денбен башха сатийсам…
(«МаьркIаженан IиндагIашка…» байта йукъара).

Юсупов Iилманан поэзи дуьненан тоьллачу поэзин могIаршка хIоьттина, кхиъна йу. Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь цхьатерра кхиаме къахьоьгуш волчу цуьнан байташ оьрсийн, шведийн, ингалсан, испанхойн, болгарийн, украинхойн, гуьржийн меттанашкахь зорбане йийлина. Нохчийн поэтикехь сонеташ, сонетийн кочарш кхоллар дуьххьара йукъадалийначарах а, оцу декъехь лаккхарчу тIегIане кхаьчначарах а ву Iилман.
Сонет хала жанр йу, тохар даран а, рифма нисйаран а леррина кепаш йолуш, чулацамца – кIорга а. Иштта йу хIокху гуларехь йолу иттаннаш сонеташ:

Сайн меттан зевнечу махкахь со веха,
Сай санна, оьздачу гIиллакхца цхьаьна.
Ца хьерча сан дагах ачонан Iеха,
Ца бо сан ойланна шеконан нIаьна.
(Сайн меттан зевнечу…» сонета йукъара).

…Аматийн зазашлахь, баI санна, къеста
Шераша сан йуьхь тIе даржийна йоза.
ХIетте а хьан беснийн зезагаш хьеста
Лууш бу сан бIаьргийн ши накхармоза…
(«Аматийн зазашлахь…» сонета йукъара).

Ша къаьсттина меттиг дIалоцуш ду Iилманан кхоллараллехь сонетийн кочарш. Ткъа сонетийн кочар – 15 сонетах лаьтташ долу – поэзин лакхара лакхе ю. Уьш хIокху тептарехь ялх ду. «Нохчийчоь» цIе йолчу кочарехь авторо гойту, шен дагах чекхбоху, шен сица луьтту, шен деган алуца ботту Даймехкан лазамаш, цо лайнарш, цуьнан сийлалла:

…Нохчийчоь – сан къоман сийлаллин бен,
Мокхазан тарха тIехь гIиллакхо бина.
Сан дагна ха деш бу хьан горга пен,
Хьан цIарах дарба деш нохчичун синна…

…Сан къена верас бу хьан акха лам,
Сан кхиэлан цIенкъа йу хьан шера аре,
Сан меттан буьххьехь бу хьан лаьттан чам,
Ас сица дору хьан стигланан даре…

«Иэсан гIу» сонетийн кочар махках даьккхина хиллачу 13 шеран къахьонан баланех нохчийн къам чекхдаларх лаьцна йу. Басарш гайта, сурт хIотто, дустарийн мотт бийца, синхаамийн мерзех «пIелг тийса» йолчу шен говзаллица, и берриге а гIирсаш ца кхоош, вайн къомо синошна а, догIмашна а дахделлачу оцу шерашкахь лайначух а, ийманах, дайн гIиллакхех, доьналлех, ненан маттах ца духуш, оцу къизачу зиэрех нохчий чекхбовларх а йолу йозанан бIов йу иза.

…Февраль беттан ирча денош карладохуш дена,
Къежлуш йу сан йоьлхучуьра сецна йоцу нана…

Лайнарг дийца дош ца карош, узам беш, сагатдо
Кхойтта шарахь доIа хилла лелла болчу матто…

«Замане кехат», «Ойланийн хIоз» сонетийн кочарш – дахаран, дуьненан, эхартан философи йу, авторо шен сица литтина, ойланца лийсина, маттаца марзйина. Ткъа «Безаман чIурам» а, «Карзахе безам» а сонетийн кочарш лирикин аьхна мотт буьйцуш, синхаамийн шовкъ оьздачу аматашца гойтуш, безаман йукъаметтигаш къегинчу метафоршца, дустаршца, суьрташца хазйеш кхоьллина шатайпана хIолламаш бу.
Малхбален, Малхбузен бIешерийн поэзин аматаш хаало Юсупов Iилманан кхоллараллехь. Дуьненахь гоьбевллачу поэташа кхоьллинчу классикин кепашна а, жанрашна а нохчийн поэтика, нохчийн мотт хийра цахилар гойту цо. Сонетех, сонетийн кочарех вай лакхахь элира. Амма Iилман, цунах тоам бина ца Iаш, кхидIа а кхуьу шен поэзехь, цо шен похIма зуьй верлибр, глосса, газель, рондо1 олучу жанрашкахь а. Ма-дарра аьлча нохчийн поэтикехь и жанраш йукъайалийнарг ву ала мегар ду Юсупов.

Верлибр:
Кхоллам, Iуьйрре маьлхан стогар латабехьа суна,
йовхо йоттахьа сан гIайгIанан шийлачу кийра,
дахдехьа безаман бIаьцанаша кхоьллина сан гIадвахар,
ирсе вехьа со, дуьненна хьерваьлла а моттуьйтуш…

«Цхьалла» глоссана йукъара:
…Чохь – сенийн баганаш гIаттийна пенаш,
Вовшашна цара ден аз дойна хабарш.
Ткъа арахь – набарха туьдуш шайн гIенаш,
Буьйсанан синоша деш долу шабарш,
Дош-кIорни тIома кIел лечкъадар матто,
Сан беснел арахьа Iаь йаьлча механ…

«Хьо кIур бу сан дагах…» газелана йукъара:
…Цхьа тамехь зов хазахь хьайн лерехь декаш,
Лара со иллица хьайн дола ваьлла…

…Сан кхиэлан тхов тIера чоргIе а йохош,
Безаман ладар сан дагах чекхдаьлла…
Юсупов Iилманан поэзехь массо хIума ойла йойтуш ду. Даймохк а, нана а; дахаран чолхенаш а, адамийн кхолламаш а; доттагIалла а, безам а; гIиллакх-оьздангалла а, ямартло а; жоьпалла а, тIаламазалла а; мехкан Iалам а, цуьнан басарш а – иштта шуьйра бу цуьнан лирикин а, эпически, философски поэзин а чулацам.
Цхьа шатайпана, цунна шена бен ца девзачу суьрташца, синхаамашца, хьежамашца го Iилманна-поэтана хIара дахар. И башхалла, и шатайпаналла йу йоьшучунна цкъацкъа чолхе хетачу кепашка, хорманашка цо дехкинчу васташкахь. «Къиза грамматика» байтехь поэто кхоьллина васташ, басарш, дустарш а ду иштта. Ненан маттах лаьцна йолчу оцу байтехь дешнашна диттина шатайпана гураш лору цо тIадамаш, цIоьмалгаш, къовларш, дожарш…

Зевне могIа сацабо вай, тIехьа тIадам буьллуш,
Iаьрше хьаьдда боьду иза ца кхочуьйту хьала.
Дешдекъана тохар кхетта, дош лазийна Iуьллуш,
И балдашца хьалагIатто ду-те вайна хала?..

Цхьанна а дагадогIур доцу васт карадо поэтана «Базарахь» цIе йолчу байтехь. Кхузахь йохкархоша йухкуш йерг: гIайгIа, бохам, лазар, бала, сингаттам. Уьш цаьргара, беза мах а луш, оьцуш верг поэт ша ву, кхин цхьа а вац:

…Шен лазам дIаэца олий, цхьамма орца доккху,
Со-м тIевоьду, лан ца лой и иштта гIийла гар.
Деган бохча меллаша сайн кийрара схьадоккху,
ДIадагардо цIена дашо ахча – доглазар…

Йа чохь са долуш пеш гиний шуна? Iилманан «Пеш» байтехь ишттаниг а йу. Шена чохь догучу дечиго, лелхаш йа цIийзаш, авторан «мерза наб йохарх шен бехк» хеташ, и гIовгIа ма-хуьллу ца йан а гIерташ, амма чоь йовха а латтош, шен дахарца йехаш йу и пеш:
…Буьйса йу тийналлин йургIа тIеийзош,
Сан цхьалха кор детта седано-хьешо.
Дос2 догуш тесна кIур шен багахь сийсош,
Оти чохь хьинкIаш3 йо поппаран пешо…

«Саллар» цIе йолчу байтехь поэтан кхоллараллица дусту Юсуповс салларан доца дахар. Ша лийр буй хуъушехьа, ша хьоьгучу къинан жамI шена гур доццушехьа, «адаман хьашташна» беций, «доггах хьегнарг» эрна а ца хуьлуш, цо «тIеуьйзу Iожалла ирча»:

…Хьайна тIе хаддаза хьерчадеш дуткъа тай къоьжа,
Эххар цо хорам бой, хьо цуьнан кIоргенехь ле-кха.
Хьан сирла каш хуьлий дIахIутту ахь бина гоьжа4 –
Азаллехь ахь йуьхьарлаьцна хьан Iалашо лекха…

…Лахьтанан гоьжанахь хууш сайн дезар дуй Iилла,
Ас оццул къахьегча, ца лоьхуш хастам а, йал а,
Хир бац-те мацца а сан байтех мел баьлла чилла
Сох бухадуьсучу иэсана цхьа бедар йалла?..

Эвхьазаллех къехкаш, оьздангаллин гураша къевлина, эвхьенан шовкъашца «лозуш» йу Iилманан безаман лирика. Кхузахь шатайпа кIеда-мерза мотт карабо авторна, синан суйнаш къагош, хIитточу суьртийн басарш совдохуш, кхуллучу вастийн амалш денйеш болу:

…Дашна тIе даш хьаькхча тесначу цIерашка
Ас латайайтина сайн зовкхан пеш…
(«Со коран хехо ву…» байта йукъара).

…Хьуна тIе некъ бо ас, син пхьалгIахь тусий,
Болатах бахчабеш синхьехам мерза.
Сан байтийн гIопаста хьайн вастех йузий,
Цкъа меттахдаккхахьа сан кхиэлан терза…
(«Хьан амат охьуш йу…» байта йукъара).

Хенал хьалха иккхи ас хьо лаца боьгIна гура,
И йуха а булун дерг сан къарцавалар ду
Шовкъан молха духкуш, йуьзи ахь сан деган гIура:
Хьан бIаьран суй цу чу кхетахь, кийра эккхар бу…
(«Деган цастарш» цIе йолчу биъмогIанашна йукъара).

Юсупов Iилманан поэзин башхаллех дийца дукха ду. Амма цо ша аьллачул дика а, кхачаме а алалур дарий-те, олий, шеко кхоллало, хIокху дешнашна тIекхаьчча:

Къоламца-белаца кехат а охкуш,
Де-дийне доккху ас цхьа сирла каш.
Цецдохуш дуьненан сан гIуллакхаш,
МогIанийн бIаьллаш ду гонаха Iохкуш…
(«Къоламца-белаца…» байта йукъара).

ТIаьххьарчу ткъех шарахь цIера ваьлла, Швеци пачхьалкхехь рицкъанаш хилла, цигахь Даймахках тера аматаш карийна вехаш ву Iилман. Къона волуш дуьйна а Европин культуре, литературе хьежамаш болуш, и йевзаш хилла поэт хIинца ша лийринчу оцу мехаллашна йукъахь шен кхолларалла а кхиош схьавогIу. Бакъду, нохчийн поэтикин ламасташ, гIиллакхаш, кепаш Европин литературехь йовзуьйтуш, цуьнан гураш шордеш хуьлу поэтан хIора а керла байт. Цундела цецволуш дац Швецин йаздархойн тобано шайн дIадолорца Юсупов Iилман шайн могIаршка тIеэцар а, 2011-чу шарахь шведийн маттахь цуьнан поэзин гулар Бурос гIалахь арайалар а, шведийн литературин, йешархойн йукъараллехь иза боккха хилам лерина тIеэцар а.
Иза тIечIагIдо хIокху бакъдолчо а.
2006-чу шеран 9-15 октябрехь Швецин Хëрнeсанд гIалахь хIора шарахь хуьлуш йолу рогIера поэзин фестиваль йара дIайоьдуш. Пачхьалкхехь шуьйра бевзаш, ешархоша безаш тIеоьцуш болу поэташ бара литературин оцу боккхачу хиламехь дакъалоцуш. Фестивалан цкъа а ца хилла шатайпаналла йара поэзин кIиранна йукъахь дийнна цхьа де нохчийн поэтан Юсупов Iилманан кхоллараллина дIаделла хилар. Цигахь шведийн поэто, йаздархочо, Юсуповн байташ шведийн матте гочйинчу Вольф-Ватц Яна, гулбеллачарна Iилман вовзуьйтуш, цуьнан поэзех лаьцна дуьйцуш аьлла дешнаш массара а къобалдеш тIеийцира: «Шведийн литературина керла йиша карий – нохчийн лаьмнийн поэзи».
ХIокху дуьненахь Дала адамаш кхоьлличхьана церан дегнашкахь йаьхна поэзи. Йехаш а йу. Йехар а йу, поэташ мел бу. Царна йукъахь – Юсупов Iилманан байташ а.
Юнусов Хьамзат

  • Иштта цIе йолуш байт йу Юсупов Iилманан, хIокху гуларна йукъа ца йахана иза.
    1 Верлибр (франц.), глосса (исп.), газель (Iаьрб.), рондо (итал.) – поэзин кепаш (жанраш).
    2 Дос – сахиллац пешахь йагийта хадийна-йаьккхина
    гуьйриг
    3 ХьинкIаш – гIийла догучу дечиго лелхаш йен гIовгIа
    4 Гоьжа – салларо шен тайца шена чохь Iен деш долу цIа (кокон – оьрс.).

Кхо синхаам

Сайн иллийн хIусамехь баьрчче мотт биллина,
ДIабижо кечби ас кхо синхаам.
Царна хIуо кхетийта, деган кор диллина,
Хьийза сан уггаре оьзда лаам.

Хьалхара синхаам йезачун бIаьргаша,
Геннара схьакъежий, гIенашла хьо.
Шовданан коьрте дIабигийтар цаьрга ша
Набарха даима далхадо цо.

ШозлагIа синхаам, ненан дог хьаьстина
Баьлча бен, цхьанна а тхьаьвсаш ца го.
Тем боцу наб хуьлу йийриг цо къаьсттина –
МIаьргонехь эзарза бIаьрг боьллу цо.

КхозлагIчо, Iаьржачу вонна некъ бихкина,
Нисдо сан кхолламан коьрта низам.
Набаран суй банза, ондда йукъ йихкина,
Даймехкан ойла йеш, Iаш бу иза-м…

Ойланийн сирла мотт царна кIел биллина,
Сайн кхуьй а синхаам хьоьстуш со Iа.
Хьалхарчу шиннан наб ларйо ас виллина,
КхозлагIчо гонаха хIоттадой ха…


Даймохк, хьох тешийна ирачу могIанан баьлча5,
Сан илли-ахархо балхана каде тIетаьIа-кх.
Ткъа мало хетало, оханехь ойлане ваьлча,
Къинхьегам безаро йийначу кIадонан даьIахк.

Седарчийн жарж бууш, берстинчу беттан кIайн къежар
Бахьанехь хетало буьйсанан IиндагIаш аьрга.
Даймохк, хьан корера кIирвелла со арахьежар
Iаьткъича, хир бу-кха къорачу боданна бIаьрг а.

Къоналлин кенара синхаам хIоара буьйлуш6
Хьан шунаш дохорах ларйелла сан шерийн метиг.
БIаьрсинан къурдашца хьан лаьмнаш, аренаш муьйлуш,
Лоьху ас сайн илли цкъан цкъа а лийрдоцу меттиг.

Амма со ца воллу, цунах сайн къубба7 а йина,
Осала хьесталуш, лензаллин гIевланга хийша –
Сан илли дуьненан массо а пхьегIанахь хьийна,
Дика а, вон а цо цхьабосса тIелаьцна Iийша.

Цундела гIерта со, дош къуьйлу гIурчош8 а дагош,
Абаден хIусаме доссадан сайн илли-хьаша:
Адамийн шовкъаца уьншеран бодаш а къагош,
Цо цигахь буцур бу хьоь болчу безаман маша…

Хьайн лаьмнийн уггар а лекхачу момсар тIе даккха
Чекхдаьллий-даланзий сан илли, хьайн сица луьттуш.
Азаллин къайле а, йасталуш, хьаьар йу тIаккха,
Кхолламан синтемах седарчийн кIохцалш а Iуьттуш…

Поэте дина хеттарш

– Аш сингаттам хIунда Iуьйшу, йуттуш байтийн гIала?
– Тхуна тхаьш, поэташ, хета кху дуьненан дай!
Къежделлачу цунна-м чIогIа хазахетар дай
Тхо гIайгIане хилча, кхаьчна шен хиндолчун бала.

– ХIунда хуьлу тIаккха цкъацкъа сакъералой шу?
– Тхаьш дуьненан хьеший лору оха, мел ду дийна.
Ткъа хьошалгIахь дика дац-кха гуттар хилар тийна:
ХIусамда, тхан сагатделча, холчахIуттур ву…


Мохк хуьйцу олхазарш йуха а, жатташка IаьIна,
Дуьйлало хIаваэхь кхочушдан шайн тIома хелхар…
Кху хене девли уьш, ца девзаш шайн кхиэлан маьIна,
МоттаргIа санна ду шар-шарахь цара ден белхар.

Дош олуш, йаьлла Iаь, меллаша дахкарлахь хьуллой,
Шен йовхо тхишна луш, эсарлахь цаьрцанна йоьлху…
Даг тIера гIевттина могIанаш, байташка гуллой,
Сан халкъан кхетаман къилбехьа – барта дIадоьлху…


Шаьлтанан дитт ду сан дахаран илли.
Сан Даймохк, ткъа шаьлта – хьан пхьалгIахь йина.
Сох цуьнан мукъ а бай, хьайн буйна виллий,
Хьайн хьуьнарш дебадеш, йал йехьа синна.

Хьан керайуккъехь со вахана кога,
Хьан чкъуран хьацарлахь цIинвелла ваьхна.
Мукъ бина коьчал мел хилахь а шога,
Теша, со хир ву хьан куьйгана аьхна.
Мацца а йожахь хьайн пIелгаш йуккъера
Сан шаьлта, мукъ хьалха лаьттах дIайогIа,
Хьайн хIаваъ хадорна болуш къинтIера,
Чуртана айлуш сан тIаьххьара могIа…


Стогаран милт хьалауззушехь,
можачу серлоно чоь серлайоккху,
Къорачу татанца стогаран шишанах
беттало полланан тIам…
Генарчу некъаша сан даг тIе тийсинчу,
хьаьхначу кIадонал йоккха
ГIайгIа йу тховса а, бовзуьйтуш суна
шен стимал а къахьбелла чам.

Ас цунна лерина ларйеш йу леррина,
гIевланга йиллина латтош,
Ойланийн хьаьвхенехь9
меттамотт лаьцначу
шийлачу IиндагIийн курс.
Генара деанчу кехатан доларчу
дешнашца синхаам гIаттош,
Сайн деган уггар а къорачу соне ас
дIагулбо гIайгIанан кIурз.

И бу-те ачанах биллинарг богучу
стогаран шишанна гонах?
Цо карзахбоху-те дахарехь Iаьржа бос
ца ловчу полланан бIаьрг?
Овкъаршлахь ца йайта дахаран кIайн алу,
ша вогу бакъволу къонах,
Адамийн кхетамехь йазлучу сийлаллин
йозанехь дуьтуш шен хьаьрк.

Хорша шен герз лору хIинца а вайн догIмех
къастазчу бIешерийн хьуно,
И къарйеш латийна, вай леккха латтайо
ойланийн йовш йоцу цIе.
Мацах цкъа ваьгна дIаваьлла вай бахахь а
хьуьнаре Джордано Бруно,
ХIетте а гIерта вай ваьгначу цуьнан
чим ийначу алуна тIе.

ХIора а декхар ву шен деган суйнаца
оьмарехь цIе лато йоккха,
Багабеш хьомечу шен халкъан белшаш тIе
тевжина гIайгIанийн лам…
Хьажал, ас стогаран милт хьалауззушехь,
цо гIийлла чоь серлайоккху:
Йогучу милтана тIекхача гIерта-те,
бетталуш, полланан тIам?..

Къийсаме

Иллин багахь лозуш хилла дешнаш-цергаш тий сан-м,
Ахь ца делча суна цаьрца кегдан шовкъан бIараш.
Хьо-м ма бара хьайн тешаме мурд со лоьруш, къийсам,
Соьга ахь кхин ир ца йойту хьайн болатан мIараш?..
ХIоьан чкъуьйриг санна, готта хIара томан оти,
Дог таIочу синхьааман буьйра лешон долу.
Сатийсаман шахьар хилла йилбаз-гIала отий,
Синтоам шен мисарболат даг тIе леца болу…
Лаьтта тIера дуьххьарлера дакъа санна, цхьалха
Iаддадуьтуш иллин туьран буьххьехь карзахвийлар,
Синтемзаллин цIокалара волу со-м цкъа хьалха.
Цул тIаьхьа тIедужу суна кIадо марахь къийлар…
Къийсам, аса-м синтем бустош, дегайовхо а йийна –
Цуьнан дилханан цуьрг – со – Iа цхьаллин цергах летта…
Ас кхетаман бIаьрса-ъ лахий, ойла муст а йина,
Бендацаран къорза лаьхьа суна уллехь сетта…
Меттан шалго хьалаIуьттуш, синхIуо элах кегош,
Ла ца луш сан озан бIаьрхиш, къинхетаме лешарш,
Шен кIамлучу дегIан чIагарш инкарлонца легош,
И-м шакарца зарзйан гIерта хьо хестийна эшарш…
Сан лехамийн бIона оьшу хьан тешаме байракх –
Нийсонна хехь даим дитташIуьйра лаьтта тарраш!
Ирдайтахьа соь уьш наггахь, йаош шерийн гIайракх,
Хьакъвеш со а, толам базбеш, тоха ондда тIараш!
Схьалохьа сан иллин лазам – шовкъан маса бера,
Хьайн стогаллин малхехь
къагош синмаьждиган момсарш.
Хьажал хьо-м сан иллин бага: йац кхеманах10 тера
Хийла зулам дIатабийна дешнийн ира кIомсарш…

5 Баьлча – нахаран мукъ.
6 ХIоара далар – кена тIера буьртигаш схьадовлар.
7 Къубба – кошана тIехула бина тхов йа гонаха йина гIишло (гробница – оьрс.).
8 ГIурчош – черманашна гонаха лоцу хIазарш.
9 Хьаьвхе – ломахь IиндагI лаьтта шийла басе.
10 Кхема – зубной протез (оьрс.).