Бусалба динан дуьххьарлера газет

Бусалба динан дуьххьарлера газет

ХIинцачул 33 шо хьалха лахьанан (ноябрь) беттан 6-чу дийнахь арайаьлла бусалба динан «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу республикин газетан хьалхара номер. ХIетахьлерчу СССР цIе йолчу пачхьалкхехь бусалба динан дуьххьарлера газета дара иза. Шен харжах иза арахеца волавелларг а, газетан коьрта редактор а вара Жимчу АтагIара совдегар Заурбеков Жунидан МасIуд.

1990-чу шеран июнь беттан деношкахь, хIеттахь кхоллайеллачу ДУМЧИ-н (Духовное управление мусульман Чечено-Ингушетии) муфтица къоначу Iеламстагаца Газабаев ШахIид-Хьаьжица цхьаьнакхетар хилира сан. Бусалба нахана лерина газет арахеца сайн лаам хилар хьахийра ас цуьнга.
Дукха воккхаверца тIеийцира ШахIид-Хьаьжас сан Iалашо, амма ахчанца шен харжаш йан таро цахилар схьахаийтира сихха. Ас элира: «Оцу тIехь ахь сагатдан оьшуш дац, и ас сайна тIелоцур ду», — аьлла. 1987-чу шарахь дуьйна производственни кооператив схьайиллина, дуккха а нахана белхан меттигаш а хуьлуьйтуш, Дала аьтто бинера сан сайн таро хила а. Ас деанчу гIуллакхна чIогIа реза хиллачу ШахIид-Хьаьжас элира: «Вайн махкахь гучуйаьлла цхьа тоба йу шайх «вахабисташ» олуш.
Иза вайн берриге а махкана доккха зулам дохьуш тоба йу.
ЧIогIа дика хир дара бусалба нехан газет хилча, царна дуьхьал идеологически болх дIабаьхьча». ХIетахь и тайпа хилам (вахабистийн тоба) вайн махкахь хилар суна дуьххьара хезира ШахIид-Хьаьжера, дукха нахана хууш а дацара и.
Тхойшиннан барт хилира. Амма хIетахь Советан Iедалан и бакъо луш долу «Зорбанан хьокъехь Закон» арадалаза дара. Бакъду, Iедалан агIорхьара кхерам а бара и тайпа газет арадаккха гIортар, Муфтията чохь денна а Iеламнехан, цига хIуьттучийн «доладеш» республикан КГБ-н белхахо Мадаев Леча вара.
Хууш дара, динан хьокъехь долчу зорбанна тIехь гуттар чIогIа тидам латториг хилар, нагахь и тайпа бакъо луш хилахь а. Амма сан лааман доза дацара, цхьана а тайпанчу кхерамо со сацор ву а ца моьттура суна, нагахь и бакъо хила йиш йолуш йелахь а.
Журналистан балхахь со воцу дукха зама йаьлла хиларна, гIapа а ца волуш, сайна тешаме накъост лахаран ойла йира ас. Шина дагахь воцуш, сан ойла журналистана Тимирханов Iаднанна тIехь сецира. Iаднан суна дика вевзаш а, ас чIогIа лерам беш дика а, оьзда а накъост вара, хIетахьчул ткъех шо хьалха Нажин-Йуьртахь сан гергарло тасаделла. Оцу заманчохь Соьлжа-гIалахь арадолучу НП-н Республикин «Даймохк» газетан белхахо вара иза. Дехха дийцарш динчул тIаьхьа, Iаднана сан лаам тIеийцира, оцу балхана кхин а цхьа белхахо – Хаджимурадова Санет йукъаозо барт а хилира тхойшиннан.
Хьалхара номер арайаллалц, гIap ца довла барт хилира тхан: хьанна хаьара мича кхераме, йа новкъарлоне ладегIа деза?
Оццу хенахь ас сайн вукха накъосте – журналисте Гапураев Хьасане (Хьасан соьца цхьаьна Шелан кIоштан газетан редакцехь болх бина вара) къамел дира суо Калуга шахьара, вайн махкара арабаьхна дика нах, вайн махкахой-эвлайааш Iийначу метте ваха Iалашо йолуш хиларх лаьцна. Хьасан соьца ван лиъна карзах- велира, и лаам болуш ша хьалхе дуьйна хилар, амма ахчанца таро йоцуш хилар хоуьйтуш. Йеш йолу харжаш сайн чоьтах йолуш, Хьасан сайца вуьгур ву аьлла кхаъ баьккхира ас цуьнга. Тхойшиннан барт хилира, август баттахь, цуьнан отпуск йолчу хенахь, новкъавала. 1990-чу шеран 2-чу августехь сан хIусамехь Хьасан а волуш, сайн вежарий а, сан хьеший — Iовдин а, Iелин а муридаш – Маьхьта, ГIайрбиг, кхиберш болуш, мовлад а дешна, новкъа довла кечам бира оха. Хьасана хаийтира, шайн кхин цхьа белхахо — журналист Вокаев Тутуш чIогIа цига ван лууш хилар а, цуьнгахь ахча цахилар а. Йан йезачу харжашна сагатдан оьшуш цахилар а хаийтина, тхайца вигира оха Тутуш а. Калугехь дукха видеосъемкаш йира оха, архивера алссам материалаш а йеара. «Даймохк» газетан агIонаш тIехь дукхахйерш зорба а туьйхира. Iаднанаца охашимма газетан хьалхарчу номерна материалаш кечйан йолийра.
Iаднана Иорданера хIетта даймахка цIавирзина волчу вайн махкахочун Бено Аминан къамел дIайаздира, кхийолу материалаш а вовшахтуьйхира, Санета Курчалойн-Эвлахь хIетта болх бан йолайеллачу хьуьжарера материалаш кечйира. ХIинца дуьненахь а дика вевзаш волчу Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентаца, России Турпалхочуьнца Кадыров Ахьмад-Хьаьжица хиллачу цхьаьнакхетарх, мутаIеламийн дахарх лаьцна йаздира, ас Гапураев Хьсанаца цхьаьна йазйина «Iовдин кIант Iела» очерк кечйира.
Муфтиятехь масийтта цIе йийцаре йира: «Ислам», «Исламан нур», «Нурул Ислам», «Динал Ислам», кхин дIа а. Амма «Исламан зIаьнарш» – «Зори Ислама» тилла сацийра газетан цIе. Со реза а хилира.
Газетана регистраци йан Министрийн Совете (Председателан заместитель волчу Эльмурзаев ГIайрсолтин цIарах) заявлени чу делира ас 1990-чу шеран октябрь беттан деношкахь. Оццу хенахь газетан номерна лерина материалаш, макет а хIоттийна, «Книга» цIе йолчу цхьаьнакхетаралле (хIинца «Грозненский рабочий» типографи) зорба тохийта чуйелира. Цуьнан директорца Дзейтов Хьаьжбекарца дийцира, 1000 сом ахча (хIетахь цунах уггар тоьлла бежана йогIура) цуьнан счета тIе даьккхира ас, цунах къайле йина латтадайта, сайна накъосталла дайта доккха совгIат а дира, цул сов газет зорбанна кечдеш болчу цуьнан белхахошна а совгIаташ дира.
ХIаьжбекара болх тIелецира, амма регистраци йина хиларан хьокъехь кехат керахь хир дацахь, газет типографи чуьра арадаккхийта шен бакъо цахилар а, и дан ша ваьхьарг цахилар а хаийтира, цунах со кхеташ а вара – дукха луьра а, чIогIа а дара советийн Iедал. ХIоттийначу макетаца наборйар чекхдаьлча, газет зорбатоха кечдан долийра, амма белхан хан чекхйаьлла, белхалой цIа баха кечлуш бара. Оьрсийн къомах йолчу (цуьнан цIе йицйелла суна) меташкане ас дехар дира, цунна кхин тIе а совгIатана ахча а делла, «тховса тIаьхьа а сецна и болх чекхбаккхахьара ахь», аьлла. Муьлххачу хенахь болх чекх балахь а, айса машенахь цIа дIакхеториг хилар а хаийтира, амма ша типографин кевнна гена йоццуш Iаш хилар, дIакхето оьшуш цахилар схьахаийтира цо. Со кхоьрура газет кханенга даьлча, тхан балхана Iедало цхьа новкъарло йарна. ТIаьххьара ас динчу нисдаршна правкаш а йина, наборщица дIайахара.
ХIинца, печатница шен верстки тIехь нисдарш чекх а даьхна, газетан цхьа экземпляр йохьуш суна тIе йеара – со цеха чохь цуьнан балхе ладоьгIуш вара, хIинца со декхарийлахь вара цу тIе «В свет разрешаю» аьлла йаз а дина, куьг таIо.
Ас газет схьадиллира. Цу тIехь сан уггаре гергарчу нехан, сан устазийн Iовдин а, Велин а сурт долуш, «Iовдин кIант Iела», аьлла ас Гапураев Хьасанца цхьаьна йазйина исторически очерк йара. Со цхьана ханна суьрте хьоьжуш, сацавелира… Ас дукха сатийсинера иштта газет хиларе, ас дукха сатийсинера сайна дуьненчохь уггаре хьоме хеташ болчу эвлайаийн сурт тIехь а долуш, церан дахарх лаьцна оцу кепара газет сайна бIаьрга гape, и лаам болуш дара ас 1968-69-чуй шерашкахь советски эскарехь со гIуллакх деш волуш, Iовдех а, Велех а лаьцна муридаша йаьхна а, дIаолуш а йолу назманаш вовшах а йетташ, зорбатухучу машинки тIехь айса зорба а тухуш, къайлах, буьйсанашкахь, сайн хьаькамаш дIабаханчул тIаьхьа, кеч а йеш, ши книга вовшахтохар, Iедална гергахь и Iаламат кхераме доллушехь. Со хIетахь а вара чогIа воккхавеш, и гIуллакх дан сайн Дала аьтто баккхарна. (Эскарехь со кадрийн отделе балха хIоттийнера). Ас уггаре йеза библиотека, деза жайна лоруш, цIа йеанера и ши книга, эскарехь йоккху хан чекх а йаьлла, со цIа вогIуш. Тхан доьзалехь, дуккха а шерашкахь лаьттира и ши жайна, сан кегийчу вежарша а пайдаоьцуш. Ткъа хIинца… ХIинца баккьал а йолчу зорбанан машинки кIелхьара схьадаьлла, кхана дуккха а нахана ган мегаш, официалан, бусалба нахана лерина долу, «Исламан зIаьнарш» цIе а йолуш газет дара сан карахь. Уггар со воккхавийриг цу тIехь Iовдин а, Велин а сурт хилар дара, церан дахарера цхьа кийсиг йара, хIинццалц цхьана а эвлайаан сурт хилла дацара цхьана а заманчохь вайн махкахь, зорбанехь.
Сан бIаьргаш оцу суьрта тIехь севцира, сан бIаьргашна хьалхахула чекхйелира и хьалха дIаихна зама… Ас Iе а ца велла, газет сайн бета тIе а деана, суьртана барт баьккхира. Оццу хенахь сан бIаьргех хи делира, велхар а эккхаш… Ас куьг йаздаре хьоьжуш лаьтгаш йолу оьрсийн къомах йолу печатница, уллера дIайелира, ас лелочух кхетта. ТIаккха мелла а паргIатваьлла, газетаца сайн йуьхь йуьлуш санна, эвлайаийн сурт сайн йуьхьа тIе дижийра ас, дог паргIат доккхуш.
Сайн ойла йуха а йерзийна, «В свет разрешаю» йаздира, тIаккха печатнице дIаделира.
Зорбатоха дезаш 10 эзар экземпляр газет дара. Цхьана ткъех минотехь машино зорбатоьхначул тIаьхьа, тIе а вахана, дагар а дина нийсса 20 газет схьа а эцна, белхахочуьнга со дIавоьду аьлла, Iодика а йина, аравелира. Типографин гIишлочуьра аравалале, вавшахтоьхна, пиджакан чухула долчу кисана дехкира ас газеташ. Суна билггал моьттура, арахь машенна уллехь со ларвеш, новкъарло йан гIерташ Iедалан (КГБ-н) белхахо хир ву, суна цхьа а ца вайра.
Со тешаш вацара иштта атта и чекхдер ду бохучух, цIадIакхочуш. кетIахь, со чу кхачале новкъарло йан мега а моьттура суна, амма цхьа а новкъарло йацара кетIахь а. 20 газет а дохьуш чу кхечира со. Бакьдолуш, суна хIетахь айса дерриге дуьне цIа деана моьттура, цхьаболчарна гIеххьа беламе хета а тарло и.
Мукъа денош дIа а довлийтина, регистрационни кехаташ схьаийцира ас, йерриге тираж ара а йаьккхина, муфтияте схьа а йеана, цаьргахула нахана дIайийкъира. Цул тIаьхьа хийламма сайга: «газетана ахь йеш йолу харжаш метта мукъане а хIуьттий хьан?», – аьлла хаттар дича, ас шина дагахь воцуш олура: «Газетан дуьххьарлерчу номеран 20 экземпляр айса цIа йаьхьначу буса, хьалха айса мел йина харжаш а, цул тIаьхьа мел йеш йолу харжаш а, хIинцачул тIаьхьа мел йен йолу харжаш а меттахIиттина сан», – олий. Бакьдолуш, хета а хетара суна иштта.
Оцу кепара дара нохчийн а, гIалгIайн а исторехь дуьххьарлера бусалба нахана лерина газет арадалар.
Цул тIаьхьа, ши-кхо бутт баьлча, газетана шенна лерина типографи кхоьллира ас, цул тIаъхьа тхешан типографехь зорба тухура.
Сан дозаллица цIераш йаха йиш йу газетехь жигара дакъалоцуш хиллачу, республикехь бевзаш болчу журналистийн. Уьш бу: Тимирханов Iаднан, Барзанукаев Ахьмад, Сумбулатов Дени, Тимирсултанов Iалис, Хаджимурадова (Магадаева) Санет.
Газетаца жигара зIе латтош, цуьнан дахарехь дика накъосталла деш, цуьнан дика доттагIий хилла лаьттира, газетан штатехь шаьш бацахь а цхьамогIа жигархой. Уьш бара вайн махкахь дика бевзаш болу: этнограф Саидов ИбраьхIим, йаздархо Юсупов Iазиз, поэт, вайн халкъан топоними вовшахтоьхна волу Сулейманов Ахьмад, кхиберш а. Тхоьгарчу хIумане са а ца туьйсуш, редакце схьаэха мало а ца йеш, Iаламат мехала дакъалецира цара, шаьш цIенна бусалбанаш хилар дара цара динарг, динан газетана шайгара хуьлуш долу гIо-накъосталла хила лаам болуш шаьш хилар а дара. Царна даггара баркалла ала а лаьа суна, Дала гечдойла ала а лаьа кхелхинчарна.
Редакции типографехь белхаш бира: Миназов Вахас, цуьнан хIусамнанас Миназова Розас, журналиста Зангаев Бадруддис.
1992-чу шарахь дуьйна соьца цхьаьна болх бан (бизнесехь) волавеллачу Сатаев Мусас соьца цхьатерра ахчанца дакъалецира цхьана муьрехь. Цунна а даггара баркалла ала лаьа суна.
Со уггаре воккхавийриг а, оцу балха тIехь сан дог ойбуш, со дIагIертийнарг а кхин цхьаъ дара: газетан редакце бусалба наха йаздеш хилла кехаташ, церан чот йина девр а дацара тхо, дукха дара уьш. Коьрта долчу декъана, и газет схьаделларна баркаллаш бохура, иштта баркаллаш бохура газетан тобанна, йаздора шайн лаамех. Дуккха а болчарна хазахетара эвлайаэх йаздина дийцарш, шайн устазех йаздар доьхура, шайна хууш дерг тхоьга йаздора, оха уьш зорбатухура, ницкъ кхачаран барамехь церан лаам кхочушбан гIертара. Доцца аьлча, уллера уьйр-безам хиларца, гергарло леладора газет арахецаран тобанца.
Дела реза хуьлда царна массарна а!
Заурбеков МасIуд,
«Исламан зIаьнарш»
издании бухбиллархо,
НР-н хьакьволу журналист