Сирлачу кханенах тешарца…

Сирлачу кханенах тешарца…

ХХ-чу бIешеран 90-чу шерийн йуьххьехь дара Исмаилов Iимран суна вевзаш. Iаламат чолхе зама йара иза. 70 шарахь олаллехь хилла советийн Iедал доьхна дIадаьллера. Сутара даржаш къуьйсучу федеральни Iедалан векалийн барт хила ца туьгура. Цкъа мацах дуьненна «бIов» баьхна СССР пачхьалкх, эзар декъе йекъайелла, къацахетарийн карайаханера. Цу кегарехь, низаман урх малйаларх пайдаэцна, Нохчийчохь жигара хьийзаш зуламхой бара. Беркъа хьал дара шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь, къаьсттина гIело ловш дара газеташ а, журналаш а. Алапа долуш а, доцуш а эгIаза ка-мIараш йетташ бара журналисташ. Иштта, къизачу хьолехь болх беш вара, 1992-чу шарахь дуьйна «Республика» газетан коьрта редактор волу Исмаилов Iимран. Халкъана, махкана сингаттамаш дебош йеанчу цу чолхечу хенахь тоьллачех цхьаъ ларалуш дара цо куьйгалла деш хилла «Республика» газет. Вайн махкахоша доьшуш а, лерам барца цIе йоккхуш а дара иза. Цуьнан бахьана цхьаъ дара, Iедалан векалшна хьестадалар доцуш, халкъан лазамаш Iорабохуш а, царах лаьцна статьяш зорбане йохуш а дара «Республика».
Цундела кест-кеста, ара ца долуьйтуш, дIакъовлар а нислора цуьнан. Дукхазза кхерамаш а тийсинера газетан коьртачу редакторна Исмаилов Iимранна, цо куьйгалла дечу журналистийн тобанна. Амма бакъволу журналист Исмаилов Iимран нийсонан къилбанах ца волура. Зорбане кечйинчу «Республика» газетан хIора номерехь цхьаъ-шиъ Iаламат ира статья хуьлура. Вайн махкахоша, газет кар-кара оьцуш, уьш йеша а йоьшура. «Республика» газетан а, цуьнан журналистийн а хьакъболу мах хадабора. Бераллехь дуьйна нуьцкъалчу амалехь кхиийна Iимран цкъа а догдуьллуш вацара нохчийн къоман сирлачу кханенах.
Ша куьйгалла дечу газетехь зорбане йоху материалаш а зуламхойн доза доцчу аьрхалло Iазапе лаьцначу вайн махкахойн дог-ойла гIаттош, уьш диканах тешош, церан синошкахь дегайовхо кхиош хилийта лууш къахьоьгура коьртачу редактора. Адамаллех йуьззина башха амал йолуш стаг ву Iимран.
Нохчийн къоманна баланаш тIебазбеллачу муьрехь цо гайтира Iаламат похIме журналист а, схьаваьллачу халкъан тешаме воI а ша хилар. Доьналлица чекхвелира вайн турпалхо ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь нохчийн халкъана тIехIиттинчу инзаре халачу зерех…
Алма-Атахь бехачу нохчийн доьзалехь 1957-чу шеран кхолламан беттан 9-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Исмаилов Iимран. Нохчийн къоман исторехь шатайпанчу башхаллица къаьсташ ду и де. 1957-чу шеран кхолламан беттан 9-чу дийнахь Москвахь арадевллачу дукхахдолчу газетийн агIонаш тIехь хаам бара, Сталинан хьадалчаша къинхетамза арадаьхначу къаьмнашна, дай баьхначу лаьтта тIе цIадерза бакъо йаларан хьокъехь. 13 шо дара нохчий а, гIалгIай а оцу дийне сатуьйсуш Iаш болу.
1955-чу шеран мангалан баттахь дуьйна Алма-Атахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетехь болх беш хиллачу Исмаилов Халидана ши кхаъ бохьуш деанера и де: кIант дуьнен чу валар а, нохчийн халкъана цIадерза бакъо йалар а. Халида сихо йира шен ворхIе да ваьхначу Шелан кIоштан Жимачу АтагIа цIаверза. Жимачу АтагIахь вахара Iимран 1964-чу шарахь школе деша а. 1974-чу шарахь оццу йуьртара йуккъера школа кхиамца чекхйаьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша вахара иза. Вайн махкарчу Университетан филологин факультете деша ваханехь а, журналистан дозалехь хьалакхиъначу кIентан ойланаш а йара цкъа мацах шен дас харжина хиллачу корматаллех хьерчаш. Книгашна йукъахь, историх, культурах, литературах долчу къамелашна йукъахь хьалакхиъна вара иза. Бераллехь дуьйна книгаш йешар чIогIа марзделла, царьца бен кхин синкъерам гуш а вацара.
Даима кIантана масал хилла лаьтташ вара нохчийн къоман журналистикехь тоьллачарах цхьаъ хилла шен да – Халид. Ден лорах дIаваха лууш вара вайн турпалхо а.
Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь. Кхо курс чекхйаьккхича иза Уралан пачхьалкхан Университетан журналистикин факультете дехьа волу. 1981-чу шарахь Свердловскехь (хIинца Екатеринбург) журналистан корматалла карайерзайой Соьлжа-ГIала цIавоьрзу.
Грозненски кIоштан «Заветы Ильича» цIе йолчу газете балха хIутту иза. Йуьхьанца могIарерчу корреспондентан даржехь болх беш хилла вайн турпалхо, дукха хан йалале отделан заведующи хIоттаво. Нохчийн маттахь а, оьрсийн маттахь а цхьабосса дика йаздора къоначу журналиста. Цуьнан очеркаш, статьяш, зарисовкаш дахаран аьзнех йуьзна хуьлура.
Цундела уьш йеша дог догIура, газетдешархой Iимрана йазйина материалаш зорбане йовларе сатесна а хуьлура.
ТIаьхьо, Нохч-ГIалгIайн кегийрхойн «Комсомольское племя» газетехь болх бира журналиста.
1985-чу шарахь дуьйна «Ленинан некъ» газетехь болх беш вара вайн турпалхо. ХХ-чу бIешерийн 50-чу шерийн чаккхенехь шен дас Исмаилов Халида бина болх бара, хIинца Iимранах тешийнарг – жоьпаллин секретарь. Лаккхарчу дешаран кхерчахь журналистан корматалла карайерзийна волчу цунна дика бевзара газет зорбане даккха кечдаран болх. Муьлха статья мичахьа йилла йеза, цуьнца хIун сурт хила деза хаьара. Иштта дика девзара йукъараллин политикин хьал а. Мулххачу темина статья йазйан ша похIма долуш вара иза. Iимранан адамаллех йуьзна амал бахьанехь «Ленинан некъ» газетан журналисташна атта дара цуьнца болх бан. Багара йолу Iаь кIеда-мерза йолуш, белхан накъосташца ваза хууш стаг вара. Цундела белхан накъосташна дукхавезара иза, цуьнца доттагIаллин зIенаш хазахетарца дIакхоьхьура. ХХчу бIешеран 80-чу шерийн чаккхенехь «Ленинан некъ» газетан тоьллачу журналистийн могIарехь цIе йоккхуш вара вайн турпалхо.
1990-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн кегийрхойн «Республика» газетан редакци дехьа велира иза. Йуьхьанца коьртачу редакторан заместителан даржехь болх беш вара Iимран. 1992-чу шарахь дуьйна «Республика» газетан коьртачу редакторан болх бира цо, халкъана, махкана буьрса даьхкинчу оцу шерашкахь.
«Республикехь хиллачу тIемаша экономика а, гIаланаш а, йарташ а йохийна ца Iаш, амма хедийра йукъараллехь вовшашца йолу зIенаш а, уьйраш а. Йохийра белхан меттигаш. Республикин дукхахболчу бахархойн шайн доьзалш тIамах кIелхьарабаха, шайн дай баьхна меттигаш, хIусамаш дIатесна цIерабовла дийзира. Царна йукъахь вара Iимран а.
Амма тIом сецна, республикера маьрша дахар меттахIотта доладелча, хьалхарчарна йуккъехь цIавирзира Iимран. Цо белхаш бира «Вести Республики» газетан а, кегийрхойн «Молодежная смена» газетан а редакторийн заместитель хилла. Оццу хенахь республикин волейболан «Грозный» клубан пресс-службин куьйгалхо а хилла Iимран.
2013-чу шеран кхолламан баттахь Iимран, корматаллин журналист хилар тидаме а эцна, республикин Мехк-Ден, Правительствон пресс-службе балха дIавигира, тIаьхьо республикин Куьйгалхочун, Правительствон хаамийнаналитически урхаллин декъан заведующин болх бира, цигара пенси вахара Iимран». – Йаздо «Даймохк» а, цуьнан журналисташ а» цIе йолчу шен книги тIехь Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Магомаев Салавдис.
Бакъду, белхан меттигаш мел дукха хийцанехь а, «Даймохк» газетаца йолу уьйр цкъа а хадийна вац вайн турпалхо. Ала деза (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 70 шо кхачарна лерина Iимрана йазйина «Кавказан лаьмнийн мукъамаш» цIе йолу очерк вайн махкарчу дукха газеташа, журналаша зорбане йаьккхира.
Иштта вайн турпалхо 2012-чу шарахь Дуьненайукъарчу «Дашо пелаг» 7-чу конкурсехь «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьокъехь тоьлла материал» номинацехь толамхо хилира. Кхин масане йара уьш, похIме журналист Исмаилов Iимран толамхо хилла конкурсаш. Цунна къеггина тоьшалла ду вайн турпалхо «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» сийлахь цIе лелош хилар а. Ткъа дуккха шерашкахь нохчийн къоман журналистика кхиорехь цуьнан хьанал къинхьегам тидаме эцна, Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада цунна делла Баркаллин кехаташ а, Сийлаллин грамоташ а йагарйина вер вац. Иштта алссам ду цуьнан Iедало делла кхидолу совгIаташ а.
Делан къинхетамца, тахана а могаш-маьрша волуш, шен йозанаш тIехь кхиамца къахьоьгуш ву Исмаилов Iимран.
Йоккха, сирла йу нохчийн къоман журналистикехь цо йитина лар. Ткъа «Даймохк» газетан журналисташна къаьсттина мехала ду цо нохчийн къоман газетехь шен хьаналчу къинхьегаман лар йитина хилар. Цундела, доккхачу дуьненан муьлххачу маьIIехь Iимран велахь а, тхуна хаьа вайн турпалхо «Даймохк» газетан уллера верас вуй а, тхан редакцица долу гергарло, цо цкъа а хадор доций а.
Газиева Аза