Нохчийн къоман истори ларйинарш
2022-чу шарахь 100 шо кхаьчна Нохчийн республикин автономи дIакхайкхийна. И терахь билгалдоккхуш шуьйра мероприятеш дIаехьна вайн махкахь. Цигахь хIоразза а билгалдоккхура виэшан пачхьалкхе кхуллуш, цуьнан экономика, культура, кхидолу дакъош кхиош къоман интеллигенцис дакъалацар, цо хьегна къа, цара лайна халонаш, баланаш.
БIе шо еха зама йу, адаман оьмаре диллича – ши чкъор кхуьу хан йу иза. Оцу заманан йохалла нохчийн къам а, пачхьалкхе а кхиорна йукъа мехала хазна йиллина къоман интеллигенцин гоьбевллачу бIеннаша векалша. Церан хьалхарчу чкъурах бу Эльдарханов Таьштамир, Мутушев Ахьмад, вежарий ШериповгIар, Митаев Iела, Гайрбеков Муслим, Вахаев Хаси, Дудаев Iабди, Нажаев Ахьмад, Арсанов Саидбей, Ошаев Халид, Сальмурзаев Мохьмад, Саракаев ИбрахIим-Бек, дуккха а кхиберш.
Нохчийн пачхьалкхалла чIагIъйарехь, культура кхиорехь доггаха къахьегна цара, шайна тIехь лайна советан Iедалан къизалла, йамартло.
Уьш дIабевлча, цара дIаболийна хилла некъ сийлаллица дIабехьна шолгIачу чкъурах йолчу интеллигенцис. Царех бу нохчийн къоман дуьхьа шайн ницкъ-хаарш ца кхоош, хьанал баьцнарш – Татаев Ваха, Хамидов Iабдулла, МамакаевгIар – Мохьмад, Iарби, Джамалханов Зайнди, Музаев Нурди, Дадуев Абу, Эдилов Хас-Мохьмад, Айдамиров Абузар, Эсамбаев Махьмуд, Айдамирова Марьям, Ахматова Раиса, Габисов Бийсолта, Кагерманов Докка, Гайтукаев Казбек, Магомаев Салавди, Вагапов Якъуб, Алироев ИбрахIим, Ибрагимов Хьамзат, Дешериев Юнус, Чокаев Кати, Эсхаджиев Якъуб, Эльмурзаев Сиражди, Чалаев Билал, Ахмадов Iумар, Кусаев Iадиз, Саракаев Хьамзат, Гайсултанов Iумар, Абазатов Мохьмад, Муталибов Зайнди, иттанаш кхиберш. Царах хIора а хьакъ ву шех лаьцна очерк йа дийнна книга йазйан. Заманан йохалла царна догIу хьакъ дIа а луш, иза иштта хир ду аьлла а хета суна, Дала мукъ лахь.
Делахь а, тахана ас сайна хьалха хIоттийнарг кхин Iалашо йу – Нохчийн Республикин автономи дIакхайкхийна I00 шо кхачарца доьзна вайн пачхьалкхалла, культура кхиоран декъехь хьанала къахьегначех цхьаболчарах лаьцна сайна хетарг алар, ца бевзинчарна уьш бовзийтар. Церан могIарера ву Дадуев Абу (1922-чу шарахь вина а, 2006-чу шарахь кхелхина а волу). Дукха хан йоццуш Соьлжа-гIалахь А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь билгалдаьккхира нохчийн поэт, фольклорист, журналист Дадуев Абу дуьненчу ваьлла 100 шо кхачар.
Цигахь дакъалоцуш бара вайн махкахь шуьйра бевзаш болу йаздархой, Iилманчаш, йуккъера а, лакхарчу а дешаран заведенийн студенташ, школашкара хьехархой, интеллигенцин кхиболу векалш, бевзаш болу политикаш. И суьйре дIахьош хиллачу йевзаш йолчу йаздархочо, журналиста Газиева Азас билгалдаьккхира коьртаниг: Дадуев Абу а, цуьнан заманхой а баьхначу халчу хенан башхаллаш, цара вайн къоман дуьхьа динарг а, цуьнан иэсехь йитина лар а йицйан вайн бакъо цахилар.
Гулбеллачара дуккха а довха дешнаш элира Дадуев Абух лаьцна, къоман культура кхиорехь цуьнан кхолларалло хьакъ йоллу меттиг дIалаьцна хиларх. Къамелаш динчара массара аьлча санна Абуца цхьаьна хьахайора цуьнан хIусамнана Рабу (АллахIа гечдойла цу шинна). Иштта бен хуьлийла а дацара, хIунда аьлча и шиъ журналистикин, литературин хьаьрмахь цхьаьна къахьегна дара шаьшшиъ бакъдуьнена дIадаххалц. Дала декъалдойла и шиъ, АллахIа Йалсаманин хьеший бойла! «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь» цIе йолчу шен книги тIехь Газиева Азас Рабух лаьцна йазйина очерк а йу. Нохчийн журналистикин къаночо Магомаев Салавдис «Ленинан некъ» («Даймохк») газетан 95 шо кхочуш йазйинчу «Даймохк» газет а, цуьнан журналисташ а» цIе йолчу книги йукъа а йахийтина ДадуевгIарах лаьцна ша йазйина очерк.
Абух а, Рабух а лаьцна къамелаш дечара массара аьлча санна цIерш йохура цу заманахь баьхначу вайн къоман интеллигенцин векалийн, хIунда аьлча цара массара а шен-шен белхан меттехь динарг цхьа гIуллакх дара: къоман культура кхиор. Царна цу тIехь гIо-накъосталла, аьтто бинчу Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгалхойн цIерш а йохура.
Царах цхьаъ вара Гайрбеков Муслим. Иза шен ненашича вара, элира къурайшин цIийнах волчу республикин Парламентан депутата Ахмадов Сайд-Iабдулла-хьаьжас. 1944-чу шарахь махках даьккхина вайн къам Даймахка цIа дерзорехь а, цул тIаьхьа республика йухаметтахIотторехь а Гайрбеков Муслима динчу гIуллакхех дуьйцуш, цо элира: «Шен-шен заманчохь хIоразза Дала цхьа къонаха ло шен халкъана хьалхавала, цуьнан Iер-дахар дIанисдан. Иштта, вайн махкахь къиза ши тIом кхерстачу хенахь Дала вайна велира Кадыров Ахьмад-хьаьжа. Иза гIазотехь дIакхелхича цуьнан некъ дIабахьа хьалхавелира цуьнан воI Рамзан-хьаьжа.
Дадуев Абу а, цуьнан заманан накъостий а, уьш санна кхиболу нохчийн интеллигенцин векалш а бицбан ца беза вай. Вешан сийлахь дай ларар, церан сийдар ду тахана вай лелош дерг.
Цундела гулделла вай тахана кхузахь, – аьлла дерзийра цо шен къамел.
Дадуев Абух лаьцна боккхачу безамца дуьйцу Гайрбеков Муслиман тIедилларца 1957-н шеран 15-чу июлехь «Ленинан некъ» газета схьадилличхьана
Абуца цхьаьна болх бинчу нохчийн журналистикин къаночо поэта Кагерманов Доккас: «Абу тешаме накъост а, шен къоман бакъволу патриот а, эхь-ийман, гIиллакх-оьздангалла шеца йолш а стаг вара, халонашна бIокъажор болш а вацара. Йуьхьанца кIирнах цкъа арадолуш дара газет. Йаккхий халонаш лан дезара тхан. Йазъян хууш болу журналисташа тоьаш бацара, Йазйинарг нохчийн маттахь зорбане йаккха линотиписташ а бацара, ур-атталла стол-гIант, кхидолу белхан хьелаш а дацара. Буьйса йукъал тIехъйаьлча йа сатоссуш бен цIа доьлхийла а ца хуьлура тхан дукхахьолахь. И ерриге халонаш цхьаьна лайра оха ненан маттахь долу къоман газет арадаьлчхьана, бохуш, дуьйцу Кагерманов Доккас.
Бурчаев Хьалима ма-аллара, Абу а, цуьнан могIарера кхиболу интеллигенташ а къома йукъара бовлар ларамаза дац, иза вайна Дала дина совгIат ду.
Кхидерг ца дийцича а, хийрачу махкахь 1955-чу шарахь «Къинхьегаман байракх» цIе йолу газета арахецар а, къам цIадоьрззушехь Соьлжа-ГIалахь 1957-чу шеран 15-чу июлехь «Ленинан некъ» газетан хьалхара номер арайаккхар а тоьар дара нохчийн интеллигенцис гайтинчу хьуьнаран мах хадо!
ДоггIуче аьлча, генарчу 1955-чу шарахь Алма-Ата шахьрахь дуьххьара нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газета арахеца долийча, хьалхарчу дийнахь дуьйна оцу редакцехь болх бинчу журналистех цхьаъ вара Дадуев Абу. Оцу заманахь мах хадийна ца валлал маьIне хилам бара иза. 1944-чу шеран февралехь махках а даьккхина, политикин а, граждански а бакъонаш хьаьшна дIа а йаьхна, сийсаз а дина Iаш долчу халкъана боккха кхаъ хиллера ненан маттахь газет схьадиллича.
Иза зорбанан гIирс хилла ца Iаш, дерриге а нохч-гIалгIайн къоман культуран шатайпа туш хилла дIахIоьттира. Цигахь вовшахкхетара нохчийн интеллигенцин векалш, дийцаре дора нохч-гIалгIайн халкъан йукъара гIуллакхаш, проблемаш, къаьсттина Даймахка йухадерза бакъо йаккхараннекъаш.
Нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газета арадалар мел доккхачу маьIне гIуллакх дара дуьйцу лакхахь аса хьахийначу книги тIехь цу заманахь оцу газетехь Дадуев Абуца цхьаьна болх беш хиллачу журналиста Магомаев Салавдис.
«Къинхьегаман байракх» газетан редакци шуьйрачу хаамийн гIирс хилла ца Iара. Цхьа а бакъо йоцуш, гуттар а охьатаIийна латтийначу нохчийн халкъана иза Iедалан метта дара. Хийла стаг вогIура цига шен лазам, бала бохьуш, орца доьхуш. Нохчийн, гIалгIайн шайн Даймахка цIадерзаран дегайовхо уггаре а алсамъйаьллачу хенахь, 1956-чу шеран аьхка Алма-Ата веара КПСС-н ЦК-н Хьалхара секретарь Хрущев Никита. Оцу деношкахь алсамбевлира редакце богIучу нехан барам. Массарна а хаа лаьара Н.С.Хрущевна тleкхача йолчу таронах лаьцна. Цхьана дийнахь тхо долчу редакцехь вовшахкхеттера нохчийн интеллигенцин uleйаххана болу векалш. Царна йуккъахь вара Гайрбеков Муслим, хlетахь Казахстанан Компартин ЦК-н инструктор, тIаьхьа нохчий, гIалгIай цIаберзоран Вовшахтохараллин комитетан председатель, Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттийначул тIаьхьа – республикин Министрийн Советан Председатель, Татаев Ваха, хIетахь Алма-Атахь пачхьалкхан филармонин директор, тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министр, цIейаххана вевзаш волу хелхарча Эсамбаев Махьмуд, «Къинхьегаман байракх» газетан редактор Абазатов Мохьмад, жоьпаллин секретарь Габисов Бийсолта, редакцин отделан заведующи Магомаев Хасмохьмад, йаздархой Хамидов Iабдулла, Музаев Нурди, Магомедов Нохьа, редакцин кхиболу белхахой а, хьеший а.
Цара сацам бир Н.С.Хрущевна тIе нохчийн къоман делегаци йахийта. Ткъа муха, муьлш бахийта?
Мехкан хьалхарчу куьйгалхочунна тIекхача атта хиларна уггаре а бегIийла хийтира цига зударий бахийтар.
Цунна кьастийра редакцин белхахой поэтесса Ахматова Раиса, Бакашева Раиса, Казахстанан культурин министерствон белхахо Нинциева Нина. И зударий Н.С.Хрущевна тIекxeчиpa, цо уьш тIе а ийцира.
Редакцехь шайна ма-хьеххара, цара партин хьалхарчу куьйгалхочуьнга дийхира Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттор а, нохчий, гIалгIай шайн Даймахка цIаберзор а.
– Хир ю шуна шайн Кавказ, жимма сатоха, – элира Н.С.Хрущевс.
Дукха хан йалале цо шен дош кхочуш а дира. Дуккха а болчарна редакци культурин туш йара. Кхуза богIура нохчийн халкъан интеллигенцин гоьбевлла болу векалш, йаздархой, спортсменаш, могIарера бахархой. Дуьххьара кхузахь вевзира суна дуьненахь а уггаре а лекхачарех цхьаъ хилла волу баскетболист Ахтаев Увайс. (ХIетахь цуьнан локхалла 2 м. 40 см. гергга йара), тIаьхьо цIейаххана артист хилла Эдисултанов ШитIа, цуьнан хIусамнана Сардалова Зулай.
Редакце йогIуш, Iамийна, Казахски радиохула нохчийн маттахь «Асет», «Зезаг» эшарш локхуш йара казахийн зуда СССР-н халкъан артистка Багланова Роза.
1956-чу шарахь партин съезд хиллачул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн Республика йухаметтаxIотто а, нохчий, гIалгIай цIабало а вовшахтуьйхира оргкомитет. Цо шен дуккха а гIуллакхаш дийцаре дора редакцин кабинеташкахь. Цигахь кест-кеста хуьлуш бара оргкомитетан председатель Гайрбеков Муслим, Нохчийн Республикин тIеман, къинхьегаман ветеранийн Советан председатель хилла волу Индербиев Мохьмад, Дукузов Хьамид, Чентиева Марем, кхиберш а.
«Къинхьегаман байракх» Казахски ССР-н культурин министерствон газет дара. Амма цунна куьйгалла деш а, цуьнан балхана идеологически кхачо еш а йара Казахстанан Компартин ЦК. ТIаьхьо ЦК-н орган дира газетах.
Махках даьхна, цхьа а бакъонаш йоцуш долчу вайн халкъана ненан маттахь арадолу газет диллар а, цо болх бар а Iаламат доккха политически а, исторически а маьIна долуш дара.
Газетехь зорбатухура халкъан угтаре а сагатдечу теманашна йолу материалаш. Уыш йара халкъан Iер-дахарх, балхах, церан дегайовхонех, сатийсамех, литературах, культурах, искусствох лаьцна. Къаьсттина тидам тIебохуьйтура нохчийн маттана, йозанна лерина болчу белхашна. Муьлххачу а темина лерина материалаш йазъян а, талла а похIма долуш бара газетан редакцехь болу белхахой.
Газето дуьззина кхочушдира шена хьалхахIоттийна политически доккха маьIна долу декхар. Цо гойтура вайн халкъан дахар, мотт, культура, литература йайна цахилар. Уыш меттахIитториг хиларан дегайовхонийн хьалхара билгало йара газет. Ткъа суна нохчийн мотт бовзаран, караберзоран, кхиоран школа хилла дIaxIoьттира «Къинхьегаман байракх» газет.
Нохч-ГIалгIайн Республика метта а хIоттийна, нохчий, гIалгIай Даймахка цIаэха буьйлабелча, республикин «Ленинан некъ» газет йуха а арахеца долийра. 1957-гIа шо чекхдолуш дIакъевлира «Къинхьегаман байракх» газет.
Дадуев Абу шен йуьртахо вара бохуш дуьйцу махкахь шуьйра вевзаш волчу политика, Нохчийн Республикин Парламентан спикеран заместитела Джамалдаев ШахIида.
– Ша Соьлжа-гIалахь Iаш вара иза, амма сих-сиха кхочура ша винчу ЧIаьнти-йуьрта. Йуьртахоша чIогIа лоруш стаг вара Абу. Поэт, журналист, фольклорист хиларал сов хаза гIиллакх-оьздангалла йолш, массаьрца а кIеда-мерза, вистхилар кIеда долуш, адамашца ваза хууш, собаре стаг вара иза. Абу тхан йуьрта кхаьчча хIоразза а цуьнан сийдеш синкъерам бора иза тIевоьссинчу цуьнан доттагIаша, нийсархоша, веза хьаша санна лелавора, шаьш цунна хIун там бийр бу ца хууш хьийзара уьш хIоразза а.
Махкахь цIейаххана Iилманча волчу историн Iилманийн докторна, профессорна Ибрагимов Мовсурна хетарехь, Дадуев Абус а, цуьнан могIарерчу кхечу интеллигенташа а вайн къоман культура кхиорехь бIаьрла лар йитина. Цундела мехала ду Абус а, и санначара и динчух книгаш йазъяр, тIейогIучу тIаьхьенашна иза охьадиллар. Хууш ма хиллара, муьлххачу а къоман истори йеш дерш адамаш ду: хIораммо а ша-ша волчахь Даймехкан дуьхьа къахьегча, цуьнан дуьхьа хьуьнарш, доьналла, турпалалла гайтича кхоллалуш йу къоман истори. Хилларг,лелларг, аьлларш дицдала тарло зорбане доккхуш ца хилча, боху Ибрагимов Мовсура.
Республикехь шуьйра вевзаш волчу Iилманчас, филологин Iилманийн кандидата, халкъан барта кхолларалла таллархочо Мунаев ИсмаьIала лаккхара мах хадабо Абус нохчийн фольклор гулъйарехь бинчу белхан.
«Шен къам дукхадезаш, цуьнан культура кхиорехь мало йоцуш къахьегна стаг вара Дадуев Абу.
Халкъан барта кхолларалла къоман коьрта хазна хиларх догтешна ша хиларе терра, оцу декъехь мехала лар йитина цо», – боху И. Мунаевс.
«Шен къам дукхадезаш, цуьнан культура кхиорехь кIадо йоцуш къахьегна стаг ву Дадуев Абу, – боху историн Iилманийн доктора, похIма долчу журналиста Осмаев Мовлас. – Нохчийн интеллигенцин шолгIачу чкъурах болчу векалшна йукъахь хьакъйоллу меттиг дIалаьцна цо. Кхин цхьа хIума а билгалдаьккхира Iилманчас: ша йуьхьарлаьцна некъ дIакхехьа дика кIант бухавитина Абус – Мохьмад. Тахана вайн республикехь шен йаккха дика цIе а йолш, массара сий-ларам беш схьавогIу политикин Iилманийн кандидат Дадуев Мохьмад. Куьйгаллин лаккхарчу даржашкахь хилла иза 50 шарахь гергга. Амма цкъа а ас-со бохуш ца лелла, адамийн хьашташка хьожуш, гIиллакхоьздангаллех вуьззина чекхваьлла иза шех ала дика дош а, йаккха цIе а йуьтуш. Муьлххачу а дена боккха йуьхькIам бу-кх шел тIаьхьа иштта кIант кхиар, боху Осмаев Мовлас.
– Вайн халкъ махках даьккхинчу хенахь Казахстанехь а, ГIиргIазойн махкахь а дуьненчу бевллачарна дика хаьа хIетахьлерчу советан Iедало нохчийн, гIалгIайн мел сий дайинера, бохуш дагалоьцу Россин пачхьалкхехь шуьйра вевзаш волчу нохчийн йаздархочо Нунуев Сайд-Хьамзата. – Царна массо а нохчо, гIалгIа – жима а, воккха а – къу, зуламхо, талорхо ву моьттура. Оцу хьолехь, шайн ненан мотт, къоман истори, гIиллакхаш, ламасташ, дин хьаьшна дIадаьккхинчу, цхьа а бакъо йоцуш сийсаздинчу вайн къомана боккха кхаъ хилира Алма-Атахь 1955-чу шарахь нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» цIе йолуш газета арадалар. Актюбински областехь Ключевой кIоштахь Голубиновка йуьртахь дехаш дара тхо. Тхан хIусамехь «Родина» олу радиоприемник йара батарейкаша лучу токаца болх беш. Цу чухула Алма-Атахь «Къинхьегаман байракх» газето зорба тоьхна статьйаш нохчийн маттахь йоьшуш радиога ладогIа тхан хIусаме схьагуллора йуьртахой. ХIетахь царна боккха синкхача бара ненан маттахь и газет арадалар, нохчийн мотт шен бакъонашкахь меттахIоттор.
ХIетахь тхуна ца хаара и газет арахоьцуш а, радиохь ненан маттахь передачаш кечъеш а болчу журналисташна йукъахь Дадуев Абу хилар. Цунах лаьцна суна хиира дуккха а зама йаьлча, со хьехархойн институтан студент волш. ХIетахь вевзира суна Дадуев Мохьмад.
Иза филологин факультетехь доьшуш вара, ткъа со – историн факультетехь. Мохьмада боккхачу безамца а, дозаллица а дуьйцура шен ден-ненан башхачу амалех, комаршонах, гIилакх-оьздангаллех, Абу а, Рабу а чIогIа барт болш, вовшашна а, нахана а цкъа а халахетар ца деш даьхна хиларх. Цуьнга ладоьгIуш суна хIоразза а дагадогIура нохчийн хьекъале кица: «Iаж Iожа кIел бужу».
Цунах тера кхин цхьа кица а ду вайнехан, боху Сайд-Хьамзата:
«КIант шен дел ши пIеллиг тоьлла хир ву, йа ши пIелг оьшуш хир ву». ЧIогIа хьекъале дешнаш ду уьш. Дукха хьолахь тIаьхье шен орам тIера схьа хуьлу – дех, ненах терра.
– Кхин цхьа хIума а чIагIдийр дара аса сацамболлуш, элира С.-Хь. Нунуевс: дех-ненах масал эцча санна, йукъахь марзо йолуш, бертахь дехаш ду Мохьмад а, цуьнан хIусамнана Хадижат а. Шаьш санна беркате, бертахь доьзал а кхиийна цушиммо. Дадуев Мохьмадан а, сан а къинхьегаман некъ а цхьатера хилла, – кхин дIа а дуьйцу Сайд-Хьамзата. – Шиммо а болх бина комсомолехь: аса – ВЛКСМ Веданан райкомехь, Мохьмада – комсомолан обкомехь. Цул тIаьхьа шиннех а тешийна идеологихула волчу партин райкоман секретаран дарж – со Ведана кIоштахь вара, Мохьмад – ТIехьа-Мартан кIоштахь. Оцу даржехь волчу стеган мелла а алсам таронаш йара шен къоман культурин, искусствон, литературин, историн декъехь пайдехь гIуллакхаш дан, и дакъош кхиорна йукъа мехала хазна йилла. Дадуев Мохьмада олуш ма-хиллара, къоман интеллигенцин чкъор хийцаделла, ханна баккхийчеран метта къона интеллигенци дIахIоьттина мур бара иза. Ала дашна, Абун а, Рабун а ДадуевгIеран, шайн хенахь, гоьбевллачу йаздархошца Ошаев Халидах, Эдилов Хас-Мохьмадах, Муталибов Зайндих, Саидов Билалах, Сулаев Мохьмадах, МамакаевгIарах – Мохьмадах, Iарбих, нохчийн меттан, фольклоран говзанчех Джамалханов Зайндих, Эльмурзаев Сираьждих, кхиболчех ирс иэца аьтто хилла. Делахь-хIета чекхдаьллачу бIешеран 70-80-чу шерашкахь болх бинчу къоначу партийни белхахойн а хилира аьтто цу хенахь алссам зеделларг а долуш, шайн йаккха цIе а йолш, доггах шайн къам а, мохк а безаш, цуьнан доьхьа шайн догIмаш, синош а ца кхоош схьабаьхкинчу бакъболчу къонахашца, нохчийн къоман патриоташца цхьаьна болх бан, массо а хIуман тIехь цаьргара масал а оьцуш. Церан цIерш йаха лаьа – Магомадов Леча, Яндаров Андарбек, Эльмурзаев ГIайрсолта, Махаури Гелани, Сайханов Руслан, кхиберш.
Тоталитаран раж йара аьлла йуха ца бовлуш, шайн къоман хьашташ девзаш а, уьш дуьззина кхочушдарехь шайн ницкъ, хаарш ца кхоош, оьшучохь доьналла а, шогалла а гойтуш бакъболу патриоташ бара уьш.
Цара дуккха а дика гIуллакхаш дина шайн къоман дуьхьа. Цундела уьш гуттаренна а бисина нохчийн халкъан иэсехь, аьлла дерзийра шен къамел Нунуев Сайд-Хьамзата.
Нохчийн интеллигенцин гоьбевллачу векалех долу къамел дуьззина хир дац бакъболчу патриотийн, шайн къоман цIе, сий лардеш хIетахьлерчу Iедалца майрра къийсина болчу Iилманчийн Гайтукаев Казбекан, Вагапов Якъубан, Музаев Мохьмадан, Вацуев Iабдуллин цIерш ца йаьхча.
Оцу йахь йолчу къонахаша а бIаьлра лар йитина нохчийн къоман культурехь, Iилманехь.
Уьш даиманна а масал хилла
лаьттар бу тIекхуьучу вайн тIаьхьенашна шен халкъ дезар, цунна тешаме, муьтIахь хилар дечу гIуллакхашца муха гайта деза хьоьхуш. АллахI реза хуьлда царна!
ХIокху могIанийн авторна Дадуев Мохьмад вевза а ду 54 шо. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенехь доьшуш дара тхо.
Мохьмад (оха Мамед олура цунах) тхол 2 курс лахахь вара.
Цунна и цIе тиллина хиллера Абун доттагIаша-йаздархоша шайн накъостан Сулаев Мохьмадан сийнна, и санна патриот, къоман верас, интеллигент цунах хиларе догдохуш. ХIумма а дестийна хир дац церан сатийсам кхочушхилла аьлча: Дадуев Мохьмад, шен ораме хьаьжжина, шен цIийца, сица, аларца, леларца, дечу гIуллакхашца, йечу ойланашца вуьззина интеллигент а, патриот а ву.
Цуьнан амалехь, шен ден Абун санна, коьртаниг – комаьршалла, догцIеналла, тешаме хилар, гIиллакх-оьздангалла, собар, адмалла шегахь йолш хилар ду.
Мохьмад массо а хенахь схьавеана нехан гIулакх дина вала кийча волш. Иза дерриге а дегара, ненера схьа ду. Абун, Рабун комаьршаллех, уьш хьаша-да везаш тIеоьцуш хиларх дуьйцуш дукха тоьшаллаш хезна суна. Нохчийн гоьбевлла йаздархой, поэташ, журналисташ, актераш, Iилманчаш, кхиболу хьеший дукха лаьттина хIусам йу ДадуевгIерниг. Церан оьздачу, кIорггера маьIна долчу хьекъале къамелашка дукха ладийгIинчу Мохьмада ден накъосташкара схьаэцна дика, оьзда мел дерг. Цундела ларамаза дац иза а, шен да санна, махкахь дика цIе йоккхуш вуьззина къонаха хилар.
Тхо студенташ долу хан (чекхдаьллачу бIешеран 60-70-гIа шераш) таханлерниг санна, токхе йацара. Массо а цхьатерра хала воллуш вара: йучуьнцамолучуьнца а, духарца а, кхидолчуьнца а лол бетта дезаш хуьлура. Амма, цуьнга хьаьжна доцуш, МохьмадгIеран группера 30 гергга кIанттий, йоIIий (уьш дукхаха берш республикин массо а аьлча санна кIоштийн йарташкара бара) ДадуевгIеран хIусамах шайн децIа а дина Iийра шаьш институтехь доьшуш йаьккхинчу хенахь.
ДадуевгIар Соьлжа-гIалахь Калининан цIарахчу поселкехь бехаш бара. Цигахь кест-кеста хьошалгIахь хуьлура студенташ. ХIоразза безаш, хийра хьеший санна дика тIеоьцура уьш Мохьмадан дас, нанас. Рабу, лаьттах ког ца кхеташ, тIахъаьлла хьийзара царна чомехь кхача кечбан гIерташ, ткъа Абун самукъадолура цаьрца цхьацца къамелаш деш. Уьш, дукха хьолахь, нохчийн къоман историх, культурех, халкъан барта кхоллараллех, къоман гIарабевллачу турпалхойх, нохчийн гIиллакх-оьздангаллех, ширчу ламастех хуьлура.
– Тхан «дахаран университеташ» АбугIеран кхерчахь чекхъевлира, – бохуш дагалоьцу Мохьмадца цхьана группехь дешна волчу Шелан кIоштара Гермчигарчу вахархочо Вокуев Абус. – Хьаша-да везаш, догцIена, комаьрша адамаш дара Абуй, Рабуй. Цара кхиоре терра ала хIума доцуш дика стаг ву Мохьмад а – тхан массеран а дика ваша, тешаме накъост, воцуш йиш йоцу доттагIа, хьекъале хьехамча.
Цкъацкъа Мохьмадца церан цIа дахча тхуна, студенташна, цигахь карабора Абун накъостий – нохчийн йаздархой, поэташ, иллиалархой – Эдилов Хас-Мохьмад, Сулаев Мохьмад, Айдамиров Абузар, Окуев Шима, Джамалханов Зайнди, Кагерманов Докка, Магомедов Султан, Дагаев Валид, кхиберш.
Дадуев Абуна дукхадезара нохчийн халкъ, дагалоьцу Вокуев Абус. Тхуна, студенташна, мехала йара нохч-гIалгIайн къомах, цуьнан хиндолчух йолу цуьнан ойланаш, хьежамаш. Абуна ца дезара къаьмнашна йукъара барт эгIош долу къамелаш, питанаш. Къаьсттина доьхьал вара иза нохчий, гIалгIай ши къам ду бохучу хабаршна.
– Нохчий, гIалгIай цхьа къам ду, олура Абус – цхьа мотт, цхьа дин, цхьа истори, гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ цхьаъ долуш.
Дуьххьара цуьнгара хезна суна оцу хьокъехь вевзаш волчу Iилманчас, гIалгIайн дуьххьарлерчу этнографа, мохкталлархочо, юриста Чах Эльмурзиевич Ахриевс аьлларг.
Гочдеш галморзахаллаш ца хилийтархьама а, йуьйцуш ерг экаме тема хиларна а, тIаьхьарчу хенахь цу декъехь вайн шина къома йуккъехь весаш хиларна а Iилманчас аьлларг ша ма-дарра оьрсийн маттахь даладо аса (ред. А.Б.): «Ингуши – народ Чеченского племени, численностью более 31 тысяч душ, входит в состав населения Владикавказского округа, располагаясь в ущельях гор главного Кавказского хребта – Галгаевском, Джераховском и др. и на плоскости, в окрестностях укр. Назрановского, между р.р. Сунжею и Камбилеевкою, до хребта Кабардинских гор.
Название своё ингуши получили от одного из аулов, находившегося в Тарской долине и называвшегося Ингушт, или Ангушт. В I830 г. большая часть этого племени была выселена из гор на плоскость, преимущественно в окрестности укр. Назрановского, почему и получила название Назрановцев.
Сами себя ингуши называют Ламур»//Ахриев Ч. Ингушевские праздники. ССКГ (Сборник сведений о кавказских горцах).
Вып. V. Тифлис, 1871. С. 1.//
Дадуев Абух лаьцна дуьйцучахь цуьнца цхьаьна болх бинчу цуьнан белхан накъостий ца хьахийча нийса хир дац.
Царех ву Кагерманов Доккий, Магомаев Салавдий.
И шиъ вайн махкахь шуьйра вевзаш ву похIма долу журналист, йаздархо, публицист санна. Цу шиннан дахарехь дуккха а хIумнаш ду цхьаьнадогIуш: ший а схьавалар Хьалха-Мартан кIоштара долуш ву. Докка – ГIойтIахь дуьненчу ваьлла I933-чу шеран июль баттахь, Салавди – I936-чу шеран март баттахь. – Хьалха МартантIехь. Бералла ацхьатерра халчу хьелашкахь, къам махкахдаьккхина Сибрех дахийтинчахь, дIайахана цу шиннан. Говзалла а цхьаъ хаьржина – журналистика. Зорбанан издани а цхьаъ йу – шиммо а республикин «Ленинан некъ» («Даймохк») газетехь болх бина 60 шарахь сов. Ший а дахарехь нохчийн маттах къилба а дина схьавеана ву.
ХIокху могIанийн авторан шен хенахь ирс хилла «Ленинан некъ» газетехь цу шинца болх бан. Иза дара 1971-чу шарахь. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделени чекх а йаьккхина журналистан новкъахь хьалхара гIулчаш йохуш волчу суна чIогIа оьшура алссам зеделларг долчу белхан накъостийн хьехам, гIо-накъосталла.
Редакцин белхахошлахь ханна массарел а къона вара со. Институтехь даьккхинчу 5 шарахь республикин радиокомитетехь а, «Ленинан некъ» газетехь а штатехь воцу корреспондент а волуш йозанаш динехь а, суна доккха гIо хуьлура Габисов Бийсолтера, Кагерманов Доккера, Магомаев Салавдигара, Кусаев Iадизера, Ошаев Махьмудера, Магомаев Лечера, Нашхоев Русланера, Шайхиев Iалвадигара, кхечаьргара. Царах цхьаберш хIинца боцуш бу, Дала декъалбойла уьш. Сан говзалла кхиар, коьртачу декъана, оцу беркатечу журналисташца доьзна ду. Дела реза хуьлда царна.
(ТIаьхье хир йу.)
Барзанукаев Ахьмад,
«Аргун» газетан
коьрта редактор,
НР-н Хьакъволу журналист