КХУЗТКЪЕ ИТТ ШО ДАЬЛЛАЧУЛ Т1АЬХЬА

КХУЗТКЪЕ ИТТ ШО ДАЬЛЛАЧУЛ Т1АЬХЬА

Дохтукаев Сайди суна бераллехь дуьйна вевза. Иза чІогІа гергарло дезаш, и лелош а стаг ву. Вистхилар кІеда-мерза ду Сайдин. Даима, шен дог-дикалла бахьанехь, стаг дуьхьалкхетча, велакъежна а ву.
Цкъа сарахь сан телефон йийкира. Номер керла яра, амма Сайдин аз девзира суна.
– Сайд-Хьасан хьан книга араяьлла ма боху.
– Яьлла.
– Суна яла цхьаъ хир ярий?
– Дера, хир яра.
– Ас кІант воуьйтур ву хьуна.
Цул тІаьхьа цхьа бутт гергга хан елира. УьйтІахь кхойкхуш а хезна аравелира со. ХІокху Іаьно а ца деана ло догІуш, хаза буьйса яра и. Сайдин кІентан кІант вара и, кехат дохьуш веана.
«Лараме Сайд-Хьасан!
Ахь язйина книгаш чІогІа хазахетарца, самукъадолуш, сайн къаналла, цхьалла, сайгара гІайгІа-бала а бицбелла йоьшу ас, мелла а еша дог догІуш.
Ас муха йоьшур яцара уьш, жима волуш вайшиъ цхьаьна кхиъча санна, сан дахаран некъ, сан дог-ойла а ахь схьагойтуш хилча?
Суна санна массарна а даг чу юьжуш ю и хьан книгаш. И гойту вайн яздархойн, Іилманчийн а рецензеша а.
Ас чІогІа дозалла до хьо тайпа къонах, оццул хьекъал, кхетам, доьналла а долуш волу яздархо Куршлойн-Эвлара, Нохчийчуьра валарна. Иштта дог-ойла вайн юьртахойн, массо а нохчичун а хила езара.
Хьайн юьртан а, къоман а сий-пусар хьалаийа, Дала хьо а, хьо саннарш а кхиабойла, хан яхйойла шун.
Маршаллийца, Дохтукаев Сайди. 10.02.2014 шо.»
Кху шеран 23-чу февралехь нохчий цІера баьхна 70 шо кхочу. И дагадогІурш дукха бисна а бац. Сайди волчу ваха ойла хилира сан.
Дохтукаев Сайди вина 1926 шарахь Куршлойн-Эвлахь. Иза Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тІеман ветеран, тылан къинхьегамхо а ву. Пенсе вах-халц, юьртабахаман жоьпаллийн белхашкахь лаьттина а ву иза.
– 1944-чу шеран 17-чу февралехь тхан дега Хизире телефон туьйхира Моллаев Супьяна, – дагалоьцу Дохтукаев Сайдис. – Цу хенахь Моллаев Нохч-ГІалгІайн АССР-н Совминан председатель вара. Цо элира телефонехула:
– Хизир, тховса 10 сахьт далале ГІала схьакхача.
– ОйхІ, сан кема дац я машен яц, со муха вогІур ву?
– Дискусси ечохь дац гІуллакх, билгалйинчу хенахь схьакхача веза.
Говрахь Гуьмсе вахана, белхалойн цІерпоштанца ГІала дІакхаьчча, бухахь нохчийн, гІалгІайн а 24 районера векалш, обкоман,  Совминан, райкомийн, райисполкомийн белхахой а хилла кхеташоне кхайкхина.
Берриш схьагулбеллачул тІаьхьа чуваьлла Л. П. Берия, Советски Союзан чоьхьарчу гІуллакхийн министр. Цо аьлла:
– Партин, Іедалан а сацамца, нохчий, гІалгІай а гуттаренна а Юккъерчу Азе – Казахстане, Киргизе а дуьгуш ду. Махках бохучеран бакъо ю шайца карахь яхьалург схьаэца, ткъа шуьга, кху чохь болчаьрга, 500 кийла кхаччалц йолу хІума шайна луъург йохьуьйтур ю. Нагахь санна аша дуьхьало яр доцуш, адам махках доккхуш Іедална гІо дахь, дуьхьало яр эрна хиларх, дуккха а нехан цІий Іенар хиларх кхетадахь, тІом дІабаьллачул тІаьхьа 6 бутт баьлча, цІа дахка пурба лур ду шуна. Шена хетарг ала лууш мила ву?
Сел ирча кхаъ хезча, Іадийначохь диснера адам. Оцу дешнаша, энаша лаьцча санна, хорам бинера адамийн дегнашна. ХІора а шен гІийлачу, мискачу доьзалан, тІебеанчу балина хьалха ша гІорасиз хилар а ойла еш вара.
ЦІера дохур ду бохург наха юкъахь тІаьххьарчу хенахь къайлах-къулах лелаш хиллехь а, цхьаммо а бакъдеш дацара и. ДогІанна язъеллачу мархаша ялта кхиош беркате догІа даийта а тарло, йийнарг хІаллакъеш къора тоха а тарло.
Тийналла яхъяла йоьлча, хьалхарчу могІаршкахь хиъна Іаш волчу тхан дена тІе а вирзина:
– Ахь хІун эр дара, накъост Дохтукаев? – хаьттина Берияс.
Хизир лекхачу дегІахь, даккхий мекхаш лелош стаг вара. Иза дуьненан І-чу тІеман декъашхо а, революционер, Къилбаседа Кавказехь Советан Іедал дІахІотторехьа жигара къийсамхо а, тІаьххьарчу шерашкахь Іедалан жоьпаллин белхашкахь а вара. Жимма соцунгІа а хилла, Хизира жоп делла:
– Даймехкан тІеман инвалидаш бу тхан, тахана а немцошца тІом беш бу нохчийн, гІалгІайн а цІе-эскархой, дуккха а эгнарш бу, церан зударий, бераш, дай-наной а бу. Церан хІун бехк бу? Бехкенаш белахь, уьш баха беза-кх цІера. Дерриг халкъ махках даккха оьшуш дац.
– Хьо кхераме стаг хилла, накъост Дохтукаев, – элира Берияс. – Хьуна тІаьхьа ладугІуш хир ду вай.
Эрна дешнаш олуш вацара иза. ЦІера даьхначул тІаьхьа, юкъа дукха хан ца юлуш, боцу бехк тІебожийна, 10 шо хан туьйхира Хизирна. Сталин веллачул тІаьхьа реабилитаци йира цунна.
Нохчийн къам яхь йолуш, гІиллакх долуш, оьзда долуш, хьаша-да ларар хаза долуш, луларчу къаьмнашца гергарлонаш дезаш, лелош а дика къам ду. Дела цхьаъ веш, Элча бакъвеш.
Нохчий нийсо езаш, харцо ца ловш къам хилар гойту, вайна юкъахь, кхечу къаьмнийн санна, лай, элий а цахиларо. Вайн дайша хІора 4 шо моссаза дели, хІора доьзална цхьатерра кхачош, боькъуш хилла мохк. Нохчаша луларчу къаьмнашца гергарлонаш лелош хилла, гІаддайначарна гІо деш хилла. Нохчийн цхьана а къомаца хьагІ-гамо цахилар, вай уьш лоруш хилар а гойту доьзалшна тохкучу цІераша: ГІумки, Іаьнди, Іаьрби, ГІалгІай, Суьйли, Таркхо, ХІири, НогІи, Узбек, Киргиз… Церан зударий схьабалош хилла, шайнаш цаьрга бохуьйтуш хилла. Цунна тоьшалла ду 1933-чу шарахь Украинера мацаллах бевдда баьхкина нах тІелацар, гІо дар а, церан зударий балор а. ХІинца а вайна юкъахь бехаш бу церан доьзалш.
Бакъду, тІамца веанчунна кога кІел доьдуш-м ца хилла нохчийн къам. Дукха, кІезга а ца бохуш, тІемаш бина монголашца, астагІа Тимаран къизачу эскарца а. Паччахьан инарлаша дукха ярташ ягийна, нохчийн аренаш схьайохуш, цигахь станицаш, гІаланаш а йохкуш. Паччахьан Іедалан эскаран дукхалло, церан къизалло а ницкъ бина, токхе аренаш йитина, Кавказан лаьмнийн готте доьхкина. Ханна ницкъ эшнехь а, сица къарделла дац цкъа а. Массо а заманахь боккха аьтто хилла вайн дайша йина бІаьвнаш. БІо богІуш, вовшашка орца даккха, цхьана стаге а эскар сацалуш йолчу меттигашкахь йина ю уьш. БІеннаш шераш хьалха йина йолу, тахана а лаьтташ ю и чІагІонаш, вайнехан доьналлин, говзаллин, майраллин а масалш.
Нохчий къонахий хилар масалш дуккха а ду исторехь: Шайх-Мансур, Берса-Шайх, Таймин Биболат, обарг Зеламха, Шарипов Асланбек, Нурадилов Ханпаша, Магомадов ХасугІа… Вайн фольклоран турпалхой – Мадин Жаьммирза, Адин Сурхо,  Эвтархойн Ахьмад, Исмайлин Дуда, Жумин Акхтула, Зайтин Шихмирза, обарг Вара… Оцу хІора къонахчух лаьцна романаш язлур яра, кинош яхалур яра, амма дийца кхачор дацара.
Нохчий бакъболу интернационалисташ хилла. Нохчаша уггар коьрта лорург – стеган маршо ю. Шен керта иккхина стаг мостагІашка я Іедале дІавалар доккха эхь хилла стагана. Иштта оьрсийн паччахьан лоллех бевдда баьхкина оьрсий, укрой а латтанаш луш, шайна юкъахь дІатарбина нохчаша. Шемалан заманахь а сехьавала луу салти я дийнна доьзалш а, тІелоцуш хилла. Шайна лаахь, тІама юкъахь дакъа лаца, лаьмнашкахь маьрша баха а бакъо хилла церан.
Деникинан эскарх бевдда ГІойтІе баьхкина хилла дуккха а оьрсийн цІен-эскархой. ГІойтІархоша уьш дІа ца луш, шайх дукха нах байийтира цу тІамехь. Луларчу ярташкара орца кхаьчча, Деникинан эскар шаьш бохург ца хилла юха дахара.
1919-чу шарахь Шеларчу Гойсумов Соип-Моллас шен мурдашца Дахадаев Махач Куршлойн-Эвларчу Дохтукаев ЙогІалби-Хьаьже дІавеллера, Деникинан эскарх а, кхечу зуламах а ларвеш, иза ДегІастана кхачаве, аьлла.
Дахадаев Махача «Карабинка» олуш йолу пхоьазза йолу жима топ еллера ЙогІалбина.
ЙогІалбин ваша Дохтукаев Хизир коьртехь волуш, Куршлойн-Эвларчу тІемалойн тобано Махач, зен-зулам доцуш, ДегІастанарчу Сулак-хин тІай тІехь шайн нахе дІавеллера. И тІемалой бара: Дохтукаев Іусман, Дохтукаев Нурдин, Дохтукаев Юнус, Тайсумов Ума, Кацаев Абзу, Едаев Халид, Магомадов Ахьмад, Ибрагимов ЦІога, Хасиев Къуддус, Осмаев Баудди…
Оцу хьокъехь долу кехаташ Соьлжа-ГІаларчу Мохкбовзаран Іаламан музейхь дара вай цІера дахале.
Дохтукаев Хизир, Кужуев Іабдурашед, Дохтукаев Рашед а, иштта дІа кхиберш 1914-1919 шерашкахь «Нохчийн дошлойн полкехь» гІуллакх деш хилла. «4-чу даржан Георгийн мидал» яра Хизиран елла.
Кужуев Іабдурашед эпсар хилла. Иза коьртехь волуш, Дохтукаев Хизир, кхин а 5 салти а говрашца Днестр бохучу хил дехьа бевлла. Эрзашна юкъахь кхеран разведкина хаабелла мостагІийн салтий. Гуо бина схьалаьцча, йийсархошна юкъахь хилла Германин кайзеран Вильгельман ваша а. ТІаккха вайн разведко уьш Миколай-паччахьан вешега инарла-майоре сийлахь-воккхачу эле Михаил Александровиче дІабелла. Кавказан къаьмнех лаьтташ йолчу «Акхачу дивизин» командир волчу Михаил Александровича «Железный крест» цІе йолчу орденашца совгІаташ дина кхарна.
Дивизи вовшахтоьхнера гІебартойн, балкхаройн, суьйлийн, нохчийн, гІалгІайн, чергазийн, абхазийн, кхарачойн, азербайджанийн а къаьмнийн векалех. Дивизехь лелаш долу гІиллакхаш Россин империн эскаран низамца, ламасташца а доцуш, сий-ларам чинца, даржца а доцуш, стеган доьналлица, майраллица а, жима-воккха хиларца а дара.
Кавказан тІом дІабаьллачул тІаьхьа, Россин империно тІелаьцначу декхарех цхьаъ дара кавказхой салтбохур цахилар а. Ткъа хІун бахьана дара эзарнаш кавказхоша шайн лаамехь Россин кхечу пачхьалкхашца болчу тІемашкахь дакъалацар?
Бахьанаш экономикин, политикин а дара. Ламанхой, латтанаш тоьаш ца хиларна, гІийла бохкура. Кхуьуш болу доьзалш кхаба безара. Паччахьан администрацино адамийн бакъонаш доза тоьхна яра. Шайна ма-лиъина, хьуьнхара дечиг даккха а, юкъах дихкина герз лело а бакъо а йоьхкура. Йохкуш школаш яцара, нахана оьрсийн мотт ца хаьара, оьрсийн законаш ца довзара. Жимма а со-ас долу стаг Сибрех хьажавора. Тоьлла даьлла Іедал хьайн цІерачарна хьуо бахьанехь бале ца далийта тийна-таьІна Іан везаш вара къонах. Нахана кхин масал а гора. Хьалха ГІирман, Турцин, Японин а тІемашкахь дакъалаьцнарш а, милицехь хилларш а мелла а паргІат, маьрша, таро йолуш, Іедалехь дарж, чин, сий долуш хилар а.
Паччахьан Іедал дезар дацара кавказхой шайн лаамехь тІаме язбалар, шайн говр, духар, тур, топ, шаьлта а эцна. Цкъа делахь, къонахалла гайта меттиг яра и, шолгІа, материальни агІо, кхоалгІа, орденаш, мидалш оьхкина цІа веъча, меттигерчу Іедалан цІуьхІаршна хьалха сий-ларам а.
Россина а пайденна дара ламанхойх эскар вовшахтохар. Іамо а ца безаш, шайн салтел, гІалагІазкхел а тоьлла тІемалой хилар а, лата хьуьнар долу стаг, цкъаччунна ваьккхина а, махках ваккхар а.
Кавказан туземхойн дивизин бІаьхаллин гІуллакхаш даиманна а юкъадахна Россин историна.
Февралан революци хиллачул тІаьхьа, кавказан ламанхой шайн чІагІонна, тІеман декхарна а тешаме бисира.
– Тешаме дисина эскар дуй хьан? – аьлла, хаьттича, Ханна долчу Іедалан коьртакомандующи волчу Корниловс жоп деллера:
– Ламанхой бу, – аьлла.
– Эхь ма ду вайна оьрсийн маршо ламанхошка яккхийтича.
Массо агІор дІасаийзош, доьхна хьийзачу Іедало, кхарна тІетевжачу меттана, хІорш цІа хьовсийра.
Оцу чолхечу заманахь шайн герзашца цІа бирзира дивизин дошлой. Тайп-тайпана нисбелира церан кхоллам. Генарчу мехкашкахь вежарий, доттагІий санна Іийнехь а, Россехь хуьлучу хийцамашна юьстах ца бисира, мостагІашна шайн цІе йоккхуш хезча а тоьънарш. Цхьаберш (дукха хьолахь эпсарш) кІайчарна юкъа кхийтира, важаберш большевикийн ваІданах тийшира… Маршо, Латта, ШарІ. Нохчий, гІалгІай а, берриш бохург санна, Советан Іедалехьа бевлира.
Орга-хин аьтту агІор йолчу ярташкахь Советан Іедал дІахІотторна тІехь куьйгалла деш вара Дохтукаев Хизир. Деникинан эскарца, Бичераховн кІайн-гІалагІазкхашца а тІемаш беш бара цо вовшахтоьхна кегийрхой, дуьххьарлера комсомольцаш. Ярташкахь маьрша дахар дІахІоттош, ликбезаш,  колхозаш йохкура…
– Оцу дерригенна тІехь а Хизирна, кхечу юьртахошца цхьаьна, къаьсттина доккха накъосталла деш бара хьан да, девежарий. Юьртахь, махкахь а лоруш, дика таро йолуш нах бара КацаевгІар. Церан йоккха ков-керт, дика цІенош а дара. Цундела революционерийн гоьбевлла куьйгалхойн цхьаьнакхетарш церан керташкахь дІахьора. Кацаев Абзу Хизирн заместитель вара. Цуьнан хІургонахь дІасалелош яра Хизира тІам тІера цІа вогІуш еана станкови пулемет а. Ас дозалла до сайн ден доттагІчун Абзун доьзалш, шу иманехь, хьекъал, кхетам болуш, нахана дезаш кхиарна. Абзу къонах стаг волу дела яийтира цуьнга къурайшин цІийнах болчу наха шу нана ПетІамат а. Вайна юкъара и гергарлонаш бахьанехь ялийра тхан вешин кІантана Идрисана шун йиша Аминат а.
Германан тІом болабелча шайн лаамехь тІам тІе бахара иттаннаш эзарнаш нохчий. Цу тІамехь лета а лийтира мостагІчух, уггар хал-халчу меттигашкахь. ХІетте а вайнахана хьакъдолу совгІаташ дІа ца лора, Турпалхочун Седа ца лора, чинехь полковникал хьала а ца воккхура.
Куршлойн-Эвлара рузбанан маьждиг долчура районан администраци тІекхаччалц йолчу кІеззигчу юккъера тІам тІе бахара: Дохтукаев Юсуп, Дохтукаев Махьма, Дохтукаев Салман, Дохтукаев Хизир, Дохтукаев Абубакар, Тазбаев Мурид, Мангуев Мохьмад, Асхабов ТІахІир, Абдурахманов Хамзат, Ильясов Лом-Іела, Улубаев ХьасагІа, Одаев Махьмуд, Вахаев Ахьмад…
Уьш тхан лула-керташкара суна дагабогІурш бу. Ткъа ерриг а юьртара мел дукха бара уьш! Царах дукхахберш цигахь бисира. Зударша а, кхиболу цІахь бисинчара а куьйга колхозан аренаш охкура белашца. Белхан цхьана дийнан барам 0,01 га йолуш, цу тІера хилла ялта пачхьалкхана гурахь шайн гехь тІоьрмигаш чохь Гуьмсе заготзерно дІакхоьхьура. Къеначара, кхиазхоша а танкашна дуьхьал оьрнаш дохура, Терка тІера Къилба лаьмнашка кхаччалц. Пачхьалкхан планаш: ялтица, жижигца, хІоашца, тІаргІанца, налогашца тІехкхочушйора.
ТІом Нохчийчу схьа а ца кхаьчнера. Немцойн къомах нах тхуна махках даьхначохь бен гина а бац. Бакъду, немцоша кеманца десант кхоьссинера Итон-Кхаьллан лаьмнашка. Цигахь НКВД-н начальник Гелдаганара Хаджиев Хьамзат вара. Цо и десантникаш, цхьаъ кІелхьара ца воьлуьйтуш, хІаллакбира.
ТІеман историкаша тайп-тайпана дуьйцу: нохчийн лаьмнашкахь Советан Іедална дуьхьал гІаттамаш бара, пачхьалкхан бахамашна талораш дора, бохуш.
Къилбаседа Кавказехь Советан Іедалан кхоллам къаьстачу хенахь, вайн къаьмнаша доггаха цуьнан агІо лецира. Дуккха а тІемаш бира, и толо гІерташ. Амма чІагІделла ког хІотталц, шен ваІда кхочуш динехь а, чІагІделлачул тІаьхьа, паччахьан зама йицъеш, бале делира халкъана. ТІаккха а, шена гергахь бехкенаш белахь, Хизира ма-аллара, дерриг халкъ ца хьийзош, мостагІий дІалахьийчахьана чекх ма долу и. Вайн эскарш а цу хенахь Европехь ду, толамца дІадоьлхуш. Царна юкъахь дуккха а нохчий, гІалгІай а бу. Немцой чубогІур бу ала кхерам а бац. ХІетте а дийнна къаьмнаш цІера дахаро гойту, бахьана кхин хилар…
– ЦІера дахаран сурт иштта дара, – кхидІа а дуьйцу Дохтукаев Сайдис. – Іаьмеркан «Студебеккер» олуш йолу дукха машенаш, цІен-эскархой, чоьхьарчу гІуллакхийн а, НКВД-н а эскарш далийра Нохчийчу. Эпсарш, салтий а нехан чу дІасабекънера. Нахе олура, тІам тІера садаІа балийна бу. Амма садаІа балийна ца хиллера, балина балийна хиллера. Тхан чохь капитан Стряпунин, лейтенант Статин а дІатарвинера.
Шайн доьзалшца тІамах бевдда баьхкина Гуьмсера Заурбиев Мохьмад, Ахьмад а вара тхоьгахь. 22-чу февралехь сарахь арадевллачу тхоьга элира Мохьмада:
– Кхана бала буссу де ду, марханаш лацалаш, – аьлла.
Хизир, Бериян кхеташо чекхъяьлча, цуьнан заместителх Кругловх тоьхна Гуьмсе валийна. Кругловс, ракетни эскарийн инарла волчу Вороновх тоьхна, Куршлойн-Эвла схьавалийна. Оцу Вороновца буьйсана тІайш толлуш, муьлха юрт муьлхачу цІерпоштнекъан станце юьгур ю хьоьжуш лелла уьш.
Буьйса юкъал тІехъяьлча, тхоьгахь волчу шина эпсарна юьззина яккхий чамданаш чукхехьа йолийра. Схьахетарехь, туьканашкара тоьлла товараш дара цара шайна кІелхьарадохуш.
Юьртахь массо а цІенца герзашца дІахІоттийна 3-4 салти вара. Цара божарий, ара а бохуш, эвлан йисте дІабуьгура:
– ЦІечу Эскаран де даздан, – бохуш.
Эвлан йисте дІакхаьчча, дегІах хьоьжуш, шаьлтанаш, арсаш схьадохуш оьла йинера. ТІаккха дехьа, салташа гуо лаьцначу, наха юкъа дІатухура. Гуо чІогІа лаьцнера. Бертал бийшина, пулеметаш тІетоха кийча бара цхьаберш, вуьйш – гуонаха таррашца говрашкахь. МТСан керт юьззина танкаш яра кийчча лаьтташ. Кечам чІогІа бинера. Киранан машенан борт тІеваьлла, цІера дахарх лаьцна вистхилира инарла. Цхьа а вист ца хилира, Вагапов Масанип воцург. Цо элира, ша гІур вац Сибрех, кхузахь ве ша, аьлла. Инарло Хизире гочдайтира. Вела а велла, цавашарца элира инарло:
– ГІур ву, дера. Вала меттиг бац.
Зударий, бераш а гІаш, ворданашкахь а схьакхоьхьуш «Студебеккершна» тІебоьттира.
Кхеташо чекхъяьлча Хизирца тхан керта веара инарла Воронов. Тхоьга некъана хІумма а схьа ца оьцуьйтуш волчу капитан Стряпунинна шеташ туьйхира Вороновс:
– Кхахьпа! Тоьпаш тоха езара хьуна! – аьлла. Юха Хизирегахьа вирзира: – Машен хир ю хьуна. Шайга яхьалуччул хІума хьуо аша.
Берияс аьллера, карахь яхьало хІума бен ма яхьийта нахе Сибрех. Башха яхьа нехан йийбарш яцара, ялта дохьуьйтуш дацара. Адамаш юьртах даьхча, юьртахь дукха чІогІа ирча сурт хІоьттира: Іоьхуш бежнаш, угІуш жІаьлеш. Музыканташ машенахь юьрта некъашкахула чекхбевлира, шайн толам базбеш, зурманаш лоькхуш.
Тхан нана чІогІа карзахъяьллера:
– ДІадахана а ца девли вай, – бохуш.
Иштта а холчахь волчу Хизира элира:
– Ахь дуьйцург ду, веллачу стага коше сатосу, бохург.
Сал-пал машен тІе а боьттина, тхаьш тІеховшале, со вилхира. Соьца тхан нана Аружа а йилхира.
Гелдаганхула, Цоцин-Юьртахула «Джалкха» олучу цІерпоштнекъан станце дигира тхо. ТІеман госпиталера чевнаш ерзо цІа ваийтина Дохтукаев Юсуп а вара тхоьца. Машен очакх чукхетта кхоссаелча, Юсупан бихкина болу корта дІакхийтира.
– Да велла йиса хьо машен! – элира Юсупа, чевнаш йина корта схьа а лаьцна. – Ма чехка а йоьду-кх хьо, цхьа доккхачу дикане тхо дуьгуш санна!
Йоьхна Іуьйре яра и – 1944-чу шеран 23-гІа февраль. Хьоькхуш шийла мох, хьийзош дуькъа дарц дара, бІаьрг боьллийла йоцуш. Адам чІогІа къен дара, яахІума яцара, тІехь-когахь дацара, мотт-гІайба бацара. Йолчун наьІармачаш яра, чу лод йоьллина, когаш шел ца балийта. Уьш а дукхахъерш йоьхна, Іуьргаш девлла яра. Оцу барзакъца новкъадаьккхира нохчийн къам. Цомгуш меттахь верг, больницехь верг а тоьпаш тоьхна байира. Ламанца йолчу ярташкара нах масийтта бІе стаг, бераш, зударий а колхозан божалш чу а боьхкина, гонаха ча доьхкина, цІе тесна багийра. Чуьра аравала гІоьртинчунна герз детташ. Исторехь кхин цхьана а деспота, дийна боллуш нах багийна бохуш ца хезна суна, Іийса-пайхамаран заманахь Риман паччахьо имдиллинарш бен-м. Шайн пачхьалкхехь, шайн халкъана тІехь фашисташа а ца лелийна и къизаллаш.
Къелла, мацалла а дала доллуш долу нохчийн къам, бежнаш санна, оцу шийлачу вагонаш чу доьхкина дІахьажийра. Шен гІуллакхана араваха йиш йоцуш, нохчийн вовшашца эхь-бехк чІогІа хиларна, къаьсттина кегий зударий, хьоткъана ахкаргаш лелхаш, лара.
Адамашна динчу мезеша мацалла, шело а йицйинера. Чоьнан ун кхетта, чІогІа баларш даьржира вагонаш чохь. Беллачеран декъий, салташа хьовса а хьовсий, дІакхийса арадохура. ДІабухкуш Іан йиш яцара. Эшелон дІайолалора, тІаьхьа висинчунна тоьпаш тухура.
Ялхийтта-вуьрхІитта дийнахь некъ бира оха. Дуьхьалбаьхкинчу казахаша, гІиргІизоша а ворданашкахь, тишачу «полуторка» олучу машенашкахь а дІасадаьккхира адам. Тхо Джамбулерчу Таласски районан Иваново-Алексеевске дигира. Цкъа а хьаьхна йоцчу, чохь даьхни кхаьбначу боьхачу оти чу. Кху чохь вай муха Іийр ду, бохуш, тхан йиша йоьлхуш, хІорш хІунда балийна, бохуш, бухара гІиргІизойн зударий боьлхуш, тезет хІоьттира цигахь. Хала дІаяьхьна хІумнаш охьаяхка я дІадийша а меттиг бацара.
Іедало даха билгалъяьхначу меттигашка дІакхаьчча, нахе хІоьттинарг вуон хьал дара. Доьзалшца чуверза меттиг яцара. Дуьйш-дерзош латтанаш дацара. Колхозаша шайна елла 0,25 га бошмаш дІа ца йийра, хІинца-хІинца юха цІа дуьгу, бохуш. ДІаден делла кІа диира. Гурахь шелъяла йоьлча, наха шайна тоьланаш ехира. Царна йогІа неІ, кор я чохь ягон пеш а яцара. Адамаш мезеша, мацалло, шелоно а хІаллакдеш дара. Дукха наха махкалла динера. Мацалла дан хІума доцуш, бецаш юура. Уьш беста а бестий, лара. Велларг дІаволла ницкъ болуш стаг вацара. Дийнна доьзалш цхьаьний бала а лей, уьш чохь Іаш болу тоьланаш, уьш кІелахь а буьтуш, царна тІетухура.
Хизир Таласски райисполкоман председателан мухІажарийн гІуллакхехула заместитель вара. Нахана тІехула, цаьрга хьоьжуш, лелара иза, оцу къеллийна, цамгаршна, баларшна дан хІума а доцуш. Цхьана сарахь цІа веъча, тхан нанас шена хьалха йиллина чорпа кхабана чу а йоьттина, соьга боху Хизира:
–  Вало, кхо-йиъ километр генахь тоьли чохь Іаш  Сайд-Солта бохуш стаг ву, чохь мел верг вала а велла висина. ХІара чорпа цунна дІало.
Оцу буса Хизирна яа кхин хІума а яцара тхоьгахь. ЧІогІа шийла буьйса яра и. Церан тоьлин берте вахана мохь тоьхча, чуьра схьа адаман гІийла аз хезира суна:
– ХІун бах ахь? – аьлла.
– ХІара яахІума дІаэца хьайна, – аьлла, чу мохь туьйхира ас.
Цо дуьхьал жоп делира:
– Ма Іехавехьа со. Мила хир вара кху дуьнен чохь суна яахІума яийта?
– Тахана шуьга хьажа веанчу Хизира ваийтина со, – элира ас.
ТІаккха цо со чу кхайкхира.
Жирга хетташехь, оцу декъеш юккъехула цу чу вахара со. НеІаран метта хІоттийна серех дина заІар дара, чохь цІе я чиркх бацара, пенахь даьккхинчу корехь кхийра хедар дара, цу чу и чорпа йоьттина со аравелира дукха чехка. Аз хазар бен-м, цу чохь верг Сайд-Солта ву я вац а ца хиира суна, цу декъеш юкъахь, цу Іаьржачу тоьли чохь кхин гуш хІума а дацара. Со цІа веара. Цо и чорпа йиъна я ца йиъна хаац суна. Ши-кхо де далале иза а веллера.
БІаьсте яьлла йохъелча, мацалла, шелонна а беллачу нехан декъий дахка а делла, хьожанна эвлахь Іан ца лора. Юьртана масех километр дехьа «Ортарыкчон» олуш оьрнаш дара. Іедало хІургонахь оцу оьрнаш чу дІакхиссийтира и декъий.
Иштта хала хан яра и. Адамаша лаза хІума дисна а дац.
Шо-шаре мел долу дийна бисинчийн гІуллакхаш кІез-кІеззиг тоделира. Дийнахь-буса а колхозан аренашкахь, шахтанашкахь белхаш беш дара адам.
Нагахь санна юьхьанца, йиша-ваша лаха а, хил дехьадаьлла бежана схьалалла а юьртара юьрта вахча а чувуллуш хиллехь, тІаьхьо паргІато елира. ТІам тІера цІа баьхкинчу нохчийн, гІалгІайн а салташа, эпсарша а совнаха долу хІумнаш ца леладойтура коменданташка, кхечу куьйгалхошка а. ХІумма а ийза ца луш, адамийн бакъонаш юханехьа схьаехира цара. ТІедан кхин доккха вуон дацара, цундела кхерам бацара дагчохь. Ямартчу Іедалан, цхьаьнне а пусар ца дора, оцу жоьжахатех чекхбевлла, дийна бисинчара.
ЦІенош дина, кегий нах деша а бахана, гІийла-мискачунна гІо дан йиш йолуш дІахІиттира вайнах.
Дала Шен къинхетамца, «на вечное поселение» боху Сталинан сацам бо-хош, нохчашна цІа берза бакъо елира.
Мел хала, декъаза дара и.
Казахстанехь, Киргизехь а шаьш халла дина цІенош дуьтуш, цІа баьхкина доьзалш, ворхІе да ваьхначу, шайн керта ца буьтура, чу даха хІусамаш яцара. Бухарчу Іедало нохчашна цІа берза дуьхьалонаш йора. Гуьржехана, Ставропольна, ДегІастанна а юкъахь бекъна бара нохчийн мохк. Оьрсаша ГІалахь йоккха митинг йинера, нохчий цІа ма балабе, бохуш. Юкъа вер-ваккхар а дужура.
Нохчаша шайн Даймахке болчу боккхачу безамца, тІеІитталучу халонашка ца хьоьжуш, шайна цкъачунна чохь Іан ков-керт денйора. Шайн цІенойх мах луш, юханехьа схьаоьцуш меттигаш яра. Таро-аьтто ца бохуш, цу чуьранаш дІабахчахьана.
Генара политик ца хилла, бохуш, Россин Іедална гергахь Никита Сергеевич Хрущевн башха сий дацахь а, вайнахана гергахь иза, сийлахь-воккха ву. Иза пачхьалкхан коьртехь волуш пурба делира вайна цІа дерза, меттахІоттийра республика а. Ткъа Сталин, Берия а боьха жІаьлеш санна бисна халкъан иэсехь. Ах къам хІаллакьхилира вайн Сибрехахь…
Шен къоман истори йовзар пайденна ду, къаьсттина кегийрхошна. Дешаза волу стаг Іехо, тило, лелочух ца кхиийта а атта ву. Цуьнгара гІалат а атта дужу.
Вай деша деза. Кхане дешарехь ю.
Вайн Пайхамара а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла, Іилма Іамаде.
Іилма кхиъна долу къам ловза лур дац ямартхошка, муьлхха къомах уьш белахь а. Іилма доцу къам гІорасиз ду, хьайбанаш санна. Вай хьекъале хила деза, кхин оцу тайпана бала вайна тІе ца боссийта.
Дала тІаьхье беркате йойла вайн!

2014

Сайд-Хасан Кацаев