Зорбанера арайаьлла Нохчийн фольклоран 9-г1а том
ХIокху деношкахь Соьлжа-гIалахь «ИПК «Грозненский рабочий» АО-хь Нохчийн Республикин Iилманийн Академин Президиуман сацамца зорбатоьхна Нохчийн фольклоран 9-чу томана. Иза хIоттийнарг ву, вайн махкахь хилла ца Iаш, Россин Федерацин Iилманчийн гонашкахь а дика вевзаш волу Iилманча, филологин Iилманийн кандидат Мунаев ИсмаьIал. Билгалдаккха догIу, оцу хьуьнаречу Iилманчас йоккха хазна йиллина шен къоман культура кхиорна йукъа. Ма-дарра аьлча, оцу похIме Iилманчас ша цхьамма бинарг инзаре боккха болх бу. КIезиг хIума дац къоман фольклор гул а йина, цу тIехь бан беза Iилманан-талламан болх а бина, иза хьакъдоллучу дакъошка дIа а нисйина, орфографин, стилистикин шарамаш а бина иза зорбане йаккхар. ХIинца арайаьлларг 9-гIа том йу. Кечйеш йу рогIера 10-гIа том а.
Оцу белхан мах хадорхьама кхин цкъа а билгалдаккха лаьа мел хала а, чолхе а болх бу халкъан барта кхолларалла гулйар. Ала дашна, цхьа илли, узам, туьйра, йиш, доIа, назма дIайазйан мел хала, дуккха а хан йайа дезаш хIума ду хуур дац ша иза ца лелийначунна.
Делахь-хIета 608 агIо йолчу оцу 9-чу томехь Мунаев ИсмаьIала зорбане йаьккхинарг тайп-тайпа жанрера 275 говзар йу: узамаш, назманаш, доIанаш, хьехамаш, тийжамаш, турпалаллин-историн иллеш, забаре иллеш, эшарш, туьйранаш, наьрт-орстхойн дийцарш, нохчийн халкъан кицанаш, тидамаш, хIетал-металш, чехкааларш. 9-чу томан рецензенташ бу махкахь а, цул арахьа а цIейаххана Iилманча, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин член-корреспондент, Нохчийн меттан институтан директор Овхадов Муса, Нохчийн Республикин Халкъан йаздархо Ахмадов Муса.
Нохчийн фольклоран 9-гIа том арахецна 2022 шеран 28 ноябрера № 245 йолчу «Нохчийн Республикехь 2023 ШО Нохчийн меттан кхайкхорах лаьцна» НР-н Мехк-Ден Указан гурашкахь.
Газетдешархойн кхиэле йуьллу оха оцу киншкин Мунаев ИсмаьIала йазйина дешхьалхе.
ДЕШХЬАЛХЕ
«БисмиллахIир-РохьманирРохьим!
Лараме махкахой, шун тидаме йуьллу Нохчийн фольклоран IХ-гIа том. Масийтта шарахь, таханлерчу дийне кхаччалц, дукха наха гIо дина, дакъалаьцна, гулйина йу хIокху киншкина йукъахь йолу тайп-тайпана жанрийн фольклоран говзарш. Вайна гIо деш хиллачу нехан цхьа коьрта билгало йара – хIара ДегIаста, нохчийн мотт, ийман, гIиллакх дезар. Иштта, хIокху тIаьхьарчу пхеа шарахь гергга хIара IХ том вовшахтухуш зорбане кечйечу йукъана кхелхинарш а бу. Царна АллахI-Дала гечдойла, ткъа гIодинчарна массарна а АллахI-Делера йал хуьлийла.
ХIара киншка пхийтта декъе йекъалуш йу нохчийн барта кхоллараллин говзарийн жанрашка хьаьжжина. Балладин жанран произведенеш хIокху йукъахь йац, уьш X-чу том йукъахь арахеца кечйина йу.
Хьалхара дакъа нохчийн узамех хIоттийна ду. Церан тема йу 1944-чу шарахь 23-чу февралехь нохчийн къам, луьрачу къизаллица арадаьккхина Сибрех дахийтар, йуха, кхойтта шо даьлча, 1957-чу шарахь ДегIаста цIадерзар.
Вайна йукъахь хIинца а болуш бу 79 шо сов хьалха, нохчийн къам дерриге дохийна, эшелонаш тIехь арадакххар дагадохуш болу нах. Амма уьш дукха бац, церан тоьшаллаш вайн тIаьхьенна оьшуш ду.
Хьалха божарий дIа а къастийна, цомгуш берш, лела ца луш болу баккхийнаш кIел а буьтуш (уьш дукха хан йалале тоьпаш тоьхна байина), студобекаршна тIе а буттий, аьчка некъа тIехь лаьтташ йолу кораш доцу товарни вагонаш тIе боху, божарий царна тIебалабо. Инзаре мацалла, хьогалла, шело ловш, дегIан доладан аьтто боцуш, дIаихна.
Эхь-бехк, ларам бохийна, шина кIирнах вагонаш чуьра чомахь ара ца бовлуьйтуш, беллачеран декъий новкъахь лайла кхуьссуш, жIаьлешний, акхарошний даар хуьлуьйтуш, некъ бина.
Цул сов, тиф цамгар йаржош хьал а хилла-кх Къилба-Казахстане а, Киргизе дIабуьгучу нохчашна.
Бухахь болчу казахашка, узбекашка, киргизашка хьалхе хаамаш бина хилла, балош берш, даккхий марош а долуш, адамаш дуу акха къам ду аьлла. Ткъа гIаланашкахь Iаш болчаьрга немцошна гIо дина йамарт нах бу баьхна нохчашна. Сан дедас Мохьмад-Хьаьжин Шикъранис дуьйцура, шаьш ДжалалАбадехь ламаз деш, улле а богIий «Бисмилла» доьшуш леррана ладугIур киргизаша, узбекаша, олий. ТIаккха тIебалийна нохчий бусалба буй хаьий, цецбуьйлуш, вовшашка кхаьънаш дохуш хуьлура, олий дуьйцура.
Йерриге а халонаш, сингаттамаш лайна нохчаша а, иштта дохийна Сибрех дахийтина кхидолчу кегий къаьмнаша а: гIалгIаша, балкарцаша, карачаевцаша, калмыкаша а.
Оцу кхойтта шарахь нохчашна йукъахь бусулба дин а, АллахI-Делах тешар а, ламазаш дар, марханаш кхабар, мовлидаш йешар даьржира.
Арадаьхна долчу хенахь нохчийн барт, марзонаш, гергарлонаш чIагIделла, вовшийн гIо дар, ларам бар, сагIа даккхар сийлахь хилира. Ткъа АллахI-Делера къинхетам ца хиллехь, нохчийн къам иштта сиха денлур а дацара, кхин а дакъаздаьлла хIаллакьхир дара.
И къинхетам хилла хиларх йолу ойла чIагIло Нашхахь тIийстархо ГIарби некъера Мударов Ахьмада лайна халонаш йевзича. Хьайбахахь маьрша адамаш (зударий а, бераш а цхьаний) дагийнчул тIаьхьа ТIийста баьхкинчу цIен эскархоша Мударов Ахьмаддий, цуьнан цомгуш волу жима кхо доьзалхо а, бархI шо долу вешин йоI а, наний, йиший, ваший тоьпаш тIе а хьажийна, дIахIиттийна хилла. Дуьххьара топ Мударов Ахьмадна тоьхна. Тоьпан даьндарг, маттана кIелдIахула мочхала а дохош, белшах чекхйаьлла, даьIахкаш а кегйеш.
ТIаккха букъ тIехьашхула цхьамза а Iоьттина хIара бердах чукхоьссина. Ахьмада, и цхьамза шен дегIах чекхбаьлла йуьхьиг гуш йара шена бохуш, дийцинера. Керчаш бердах чувахча, хIара дийна вуй тосаделла, шина салтичо автоматаш йиттина Ахьмадна.
ХIара кхетамчуьра ваьллачул тIаьхьа кхуьнан бераш а, гергара нах байъина салташа а, церан эпсарша а. Амма Мударов Ахьмад вала ца велла. Буьйса дIайаьллачул тIаьхьа, текхна бердах хьала а ваьлла, цхьана куьйгаца бен хIумма дан йиш йоццушехь, дуьхьал ломах латта доккхуш даьхначу оьрнаш чу, дагахь йеса а доьшуш, массо а дIавоьллина Ахьмада. Цул тIаьхьа, шена йеса а дешна, вала дIавижна Ахьмад. Шен валар ца нисделча, ор чуьра лакхе йолчу текхна хьалаваьлла Ахьмад. Циггахь обаргашна карийна. Цара дIа а вигна, чIенга дIа а йихкина, цхьадолу тоьпан хIоьънаш дIа а даьхна, туьхин берамца дарба лелош, меттавалийна Ахьмад. Шовзткъе итт сов йолу даьндаргех заманан йохалла дукхахйерш дIайаьхна, иттех йисна. Iедална дуьхьалвахча, Мударов Ахьмадна итт шо хан тоьхна. БархI шой берхIитта дей чохь даьккхинчул тIаьхьа схьахецна хIара. ХIокхуьнан вашас Мударов Iусмана шена захало а дийцина, зуда йалийна Ахьмадна. ТIаьхье беркате а хилла — ворхI кIант а, цхьа йоI а йелла АллахI-Дала шен къинхетамций, бIе шарахь герга вахар а делла Мударов Ахьмадна.
ХIокху дийцаро вайна дерриге а АллахIан карахь хилар, Iожалла ца кхаьчнарг валарх хьалха волуш хилар. Коьртаниг ду, нохчийн къам дохийна цIерадоккхучу хенахь исламан динца йолу уьйраш дикка чIагIйелла хилар, АллахI-Делах тешар, и везар нохчех дукхахболчеран кхетамчохь хилла.
Цунна тоьшалла до «Ва марша Iойла хьо…» цIе йолчу узаман поэзин могIанаша:
Делан кхиэл къайлехь йу,
Малхбузехьа дуьгу вай?
Йерриге ДегIаста йелхош.
Мича метте дуьгу вай?
Малхбалехьа дуьгу вай,
– Дела воцчу ца дуьгу вай! –
АллахI-Дела дерриге дуьненчохь массанхьа а ву, шеца кхин накъост воцуш, цундела цунах тешаш верг сина сапаргIат хила веза, цуьнга цхьаьнга деха деза къинхетам биэ аьлла. Цу кепара дог-ойла кхоллало Нохчийн фольклоран хIокху IХ-чу томехь долу Узамаш, Назманаш, ДоIанаш, Хьехамаш, Хастамаш, Тийжамаш бешча.
Ткъа Нашхара волчу Мударов Ахьмада лайна халонаш йийцаре йича, дийнна Нохчийн къомо лайначу баланийн сурт хIутту. И жима стаг вуьззина турпалхо хилла, иллешкахь буьйцу дика кIентий санна, йахь йолуш, къар лур воцуш, собар долуш, АллахI-Делах даггара тешам болуш.
1995-чу шеран 29-чу январехь Соьлжа-ГIалахь айса болх бина йолу Нохчийн пачхьалкхан Iилманан-талламан институтан куьйгайозанийн а, документийн а, нохчийн фольклоран а архив хIаллакьхиллий, дIайаьллий хиинчул тIаьхьа сан ойланаш цхьана хаттаре йирзира – мел онда зулам ду-кха АллахI-Делан мостагIаша вайн нохчийн къоман тIаьхьенна динарг!
Вайн къам дохийна, бераш а, зударий а, баккхийнаш а, цомгушберш а къиза бойъуш, дийна боллушехь багош, Сибрех дахийтинчу хенахь а ларйинера къоман Архив.
Мохкталларан музейна дIайелла хилла Iилманан-талламан Институтан фольклоран Архив. 1957-чу шарахь Институт йуха меттахIоттийча, фольклоран Архив схьайелла.
Оцу Архивехь 1934-чу шарахь Iилманан Институт кхоьллинчу хенахь дуьйна гулдина дукха иллеш а, эшарш а, туьйранаш, наьрт-орстхойн дийцарш а, назманаш а, доIанаш а, пайхамарех, эвлайаэх дийцарш а дара. Цул сов, нохчийн, Iаьрбийн а маттахь йаздина нохчийн къоман историн а, тайпанийн а, некъийндоьзалийн а таьптарш дара.
Къаьсттина ала деза 1957-чу шарахь дуьйна Гайрбеков Муслима Нохч-ГIалгIайн Iилманан-талламан Институте хIиттийна беркате куьйгалхоша (А. Саламов, Х. Ошаев) масийтта шарахь фольклор дIайазйечарна мах луш, дукха фольклоран произведенеш гулйайтира. И болх беш, дакъалаьцначеран цIераш йаьхча, бакъахьа ду: Хьалха МартантIера Цугаев Хас-Мохьмад, ГIойтIара Кагерманов Докка, Дочу-Борзера Хасаев Хьамзат, Шуьйтара Гакашев Мохьмад, Гучингера Тимуркаев Ахьмад, Дойкур-Эвлара Дадуев Абу (цуьнан хIусамнана Рабу), кхиберш а. Оцу нахана, штатехь а боцуш болх бечарна а тIехь, Соьлжа-ГIалийчохь квартираш а, Калининан поселкеххьий, «Октябран 60-шо» цIарахчу совхозехь а коттеджаш йалийтина Гайрбеков Муслим коьртехь волчу Нохч-ГIалгIайн республикин Правительствос.
Нохчийн фольклор гулйеш къахьегна Iилманан белхахоша а, йаздархоша а: Сулаев Мохьмада, Дикаев Мохьмада, Гацаев СаьIида, Вагапов Якъуба, Эльмурзаев Сираждис, Чокаев Катис, Алироев ИбрахIима, Эсхаджиев Якъуба, Тимаев Аптис (Вахас), Ахмадов Мусас, Кадиев Руслана, Хахаев ИбрахIима, Гайтукаев Асламбека, Мехтиев Дауда, Бибулатов Вахитас, Даудов Рамзана, Дельмаев Халида, иштта кхечара а.
Хьехархойн институтера а, университетера а студенташца нохчийн фольклор дIайазйеш къахьийгира 1980–1990-чу шерашкахь Овхадов Мусас, Хамидова Зулайс, Джамбеков ШаIранис, Мунаев ИсмаьIала, иштта кхиболчара а.
1995-чу шеран 29-чу январехь Iилманан-талламан Институтан фольклоран архив хIаллакьхиларан сурт гича, хIоьттина долчу хаттарна дала жоп лоьхуш, ас тидаме ийцира вай ца дезаш берш говза хилар а, цара динарг нохчийн къоман тIаьхьенна хиндолчу зуламна кIорггера ойла а йина, дина хилар. Iилманан-талламан Институтера фольклоран архив 1995-чу шарахь хIаллакйинчара нохчийн къоман тIаьхьенна дина зие, 1944-чу шеран 23 февралехь къам махкахдакххарца дуьстича, цула доккха, онда, зуламе хIума ду нохчийн къоман синкхетамна, нохчийн маттана, гIиллакх-оьздангаллина, синмаршонна, нохчаллина тIехь динарг.
Фольклор къоман кхетам бу. И кхетам тIаьхьенга, кегийчаьрга дIакхачош хилла баккхийчара ненан маттаца.
ХIокху заманахь и хьелаш хийцаделла. И хир дуйла а хууш, хIаллакйина вай цадезачара нохчийн кхетаман хазна – фольклоран архив.
Нохчийн мотт ца хууш долу кегий бераш даккхий хиллал йолчу хенан йукъ (10-15 шо) бен ца йисна вайна дайн ламасташ лардан, нохчех къам дина йолу вайн, оьрсийн маттахь аьлча, «стереотип поведения» ларйан.
Вайн нохчийн къам махках доккхучу хенахь, адамаш дийна доллушехь дагадарх, тоьпаш йеттарх, мацаллица, шелонца, цамгаршца байъарх къар ца беллачу нохчашна керла халонаш а, гураш а хIиттийна. Вай къоман иэс, нохчалла, гIиллакх-оьздангаллин бух, чIагIонаш йоха йуьйлайелла тIекхуьучу тIаьхьено ца буьйцачу нохчийн маттехула. Оцу хьолан бехк вайн вешан бу, ша нохчо ву аьлла хеташ мел волчун, массеран а, цхьабосса».
Барзанукаев Ахьмад