И ДАРА 1944-чу ШАРАХЬ

И ДАРА 1944-чу ШАРАХЬ

Иблиев Iела вина 1924 шеран 15 майхь Куршлойн-эвлахь.

ЦIера дахале, юха цIа дирзича а, Iела хьехархочун болх беш вара. Киргизехь долуш, юьртарчу молланаша (Абдулкадыров Iалис, Магомадов ЛутIас а) доIанца къобалвина, туркх хIоьттира, къомана уггар а халачу хенахь. Мацаллина, шелонна, цамгаршна а дукха нах лара хIетахь (цкъацкъа дийнна доьзалш а). Уьш берриш а, бусалба дино ма-бохху, дIабохка безара…

Иттаннаш эзарнаш адамаш кхелхина некъахь, цига дIакхаьчча а.

ТIаьхьа, оцу дерригенан ойла йича, вуно могуш долуш дIадигина адам оццул барамехь (нисса ах бохург санна къам!) хIаллакьхилар ларамза ца хилла, аьлла хета. ХIетахьлерчу Iедало юучух, молучух тайп-тайпана молханаш, дIовш а тоьхна хилла хир ду, боху версеш а арайийлина зорбанехь. Махкалла динарш бу, мацалла, шелонна белларш а.

Дуккха а халонаш, харцонаш, ямартлонаш лан дезна Иблиев Iелин а.

1944 ш. 23-чу февралехь юьртара берриг боьрша нах эвлайисте гулбинчу хенахь, Iела могуш воцуш (когаш тIе а ца хIотталуш) цIахь висира.

Юьртан гулам бу аьлла вовшахтоьхна адам, цIерадаккха гулдина хиллера, дуьхьало ца яйта эскаре гуо а байтина, кхаьргара герзаш тIамана оьшу аьлла, хьалххе схьа а лахьийна.

Цул тIаьхьа кхеран керта баьхкинчу салташна хьалха ваьллачу эпсара элира Iелега:

– Хьо могуш вац. Хьоьга лалур бац беха некъ. Ас эпсаран дош ло хьуна, хьо больнице а вигна, товеллачул тIаьхьа, айса новкъа а ваьккхина цIерачарна тIаьхьа хьажо.

– Сан да велла кхо де бен дац, воккхахволу ваша тIамехь ву. Со сайн ненан, жимахволчу вешин а дола ца дича ца волу, – элира Iелас.

– Оцу дийнахь со поезд тIекхаччалц дIа а вигина, соьга куьг делла: «Къонах стаг ву хьо!» – аьлла, дIавахара и эпсар, – дагалоьцу Iелас.

И цIе тахана а юьртахь, махкахь а йоккхуш ю Iелин.

– И дара 1944 шарахь, Iаьнан шийлачу заманчохь. Охьадиллина доккха ло дара, кхера дечиг хаьдча чохь дукха хан ялале чIогIа шеллора.

Тхан да 1944 шеран 20-чу февралехь веллера.

23 февралехь берриге а боьрша нах эвлайистехь гулбинера. И лаьцна гуо хиллера.

Оцу деношкахь шелвелла со цомгуш хиларна, меттах ца хьевеш цIахь витнера эскархоша, юьртара божарий арабохуш. Сан 20 шо дара, цул сов, могуш вацара. Тхо ворданаш тIе а ховшийна арадехира. Со, сан нана, сан ши ваша Абу-Язед, Iумар а.

Абу-Язед зуда ялийна вара, цуьнан шен доьзал бара. Иштта нисделлера тхо поезд тIехь дIадоьлхуш: тхан ваша Абу-Язед, цуьнан доьзал а дIабигнера Таласе; со а, сан нана, сан жимахволу ваша Iумар а тхо дIадигнера Фрунзе. Иштта гена некъ цкъа а бина боцуш, некъ хала бара, гена бара.

Фрунзе дIакхаьчча, бухахь тхуна дуьхьалбаьхкина цигара цхьацца ярташкара нах бара хIургонашкахь. Царна юкъахь партин райкоман секретарь, колхозийн председательш а бу, бохура. ХIургонашкахь дIа а дигина, юкъарчу уьйтIахь цхьацца квартирашка дІасадийкъира тхо. И квартираш муха яра аьлча, цара байнаш чохь кхаьббий, хьакхарчий кхаьббий, рагІош, беднаш ала мегар долуш яра. Цхьана квартирехь шиъ я кхоъ доьзал тарбала, Іе а безаш хуьлура.

Цхьа хан яьлча болх нисбелла, со балха хIоьттира – учетчик. Бусалба наха цигахь со туркх хаьржира. Далла дуьхьал бахана болу нах дIаберзабора ас туркх волуш.

ХIетахьлера цхьа мур дагабаийта лаьа суна. «Гигант» цІе йолуш колхоз яра, берриг гІийла нах цига нисбелла хиллера. Цигахь дукха баларш дара, мацалла дан хІума доцуш. Адамо, Дала рицкъана кхоьллинчу даьхнис санна, махкалла дина меттигаш а яра алсам. Цомгашниг больнице вигча а, лоьраш ледара бара.

ХІетахь адам меца дара, каш даккха накъостий ца хуьлура, Іаламат меца, гIийла а дара адам. ХІетахь хІинца дерг дацара. Цхьана чуьра вархІ дакъа арадаьккхира оха. Уьш схьалоцуш, дIабохка барам кхочушбеш, шимма бIаьргаш схьабиллира. Уьш дийна буй хиъна, юьстах охьабехкира оха.

ДIабохкар муха дара?

ХIинца санна хьарчо марчо дацара. Шайна тIехь йолчу бедарашца дIавуллура велларг…

Таласехь нах мацалла леш бу, дIабохка стаг воцуш, цIенош тIедетташ ду аьлла хезира. ЯахIума йоцуш, адам яраш йиъна дистина лелалуш дац, леш ду аьлла а хезира.

Пурунзехь тхуна уьстагIий деллера. Уьш аттаца хийца а хийцина етт бара тхан.

Ас тхайн нене элира (Дала гечдойла цунна): «Мама, Таласехь нах мацалла леш бу боху, ахь пурба делча, со и вайн етт бохка а боьхкина, Абу-Язедан тIаьхьа гIур вара», – аьлла.

Кийра буьззина яа юург йоцуш, хала хан хиллехь а, ваша, вешин доьзал а могуш-дийна ган лаьара, и лаам чIогIа а бара.

Етт боьхкинчул тIаьхьа, комендантера бакъо ехна, со Таласе вахара. Таласера дIа лаьмнаш долчу агIор Буденовн районехь Iаш бара Абу-Язедара. ДIакхаьчча, цигара комендантера яьккхинчу бакъонца, со тхайн ваша, вешин доьзал а болчу колхозе дIакхечира. Суна цигахь гинарг гIаддайна хьал дара, юучуьнца, молучуьнца, вижар-гIаттарца а. Кхин баккхий бахамаш-м цхьанхьа а бацара махках, шайн мел долчух а даьккхина Сибрех хьажийначу адаман, амма кхузахь дерг къаьсттина тиша хьал дара. Цу буссехь, караэцалуш йолу хIума кара а эцна, бераш мара доьхкина, тхо Буденовске охьадаьхкира.

ДIакхаьчначохь буьйса а йоккхуш, со а, Абу-Язед, АсугIа, цаьршиннан доьзалш мара а боьхкина Таласе дIакхочу. Меца ду тхо а, бераш а. Тхайна кхалла хIума эца базара воьду со. Цхьана мечикнера пираьшкаш оьцуш воллуш, тIехьа цхьана шина беро – йоIа, кIанта а – коч озайо сан. «Мацалла леш дохку тхо. Бусалба вац хьо? Цхьацца пираьшка лохьа тхуна», – аьлла, доьлхуш дара и шиъ. Ас оцу шина берах къахетий, царна шишша пираьшка ло. ТIаккха сан комаьршалла гина, тIегулбеллачу нахана со пираьшкаш йоькъуш воллуш, Абу-Язеда со сацаво: «ХIара меца Талас хьоьга юзалур юй?» – олий.

Хала зама яра, дийнна доьзалш хIаллакьхуьлуш. Мацалла ца вала, колхозан аренгара 10 бурак яьккхича а 10 шо хан тухий чувуллуш.

Нохчий цIера а баьхна 13 шарахь латтийна. ХIокху тIаьххьарчу 13 шарахь а изза политика схьаеъна вайн махкахь.

ХIХ-чу бIешарахь, Имам Шемалан заманахь, паччахьан эскарша 25 шарахь тIемаш беш хIаллакбина нохчий.

Кавказан латтанаш схьадахаран, адам хIаллакдаран а политика ХХ-чу бIешарахь а схьайохьуш ю Россис. Паччахьаш мел хийцабаларх, политика хийца ца елла Россин…

Со воккхавеш ши хIума ду оцу халчу ханчохь. Дала сан аьтто а бина, ас сайн ваша, цуьнан доьзал а суо волччу дIабигар. Таласехь, мацделла сайна тIедеана, ши бер айса дIацататтар а. Дала цхьана йоле дуьллур ду, аьлла хета и.

Вай цІера дахар – вай цадезар дара. Ас сайца дусту. 1944-чу шарахь со хьехарахочун болх беш вара. Сол воккхахволу ши ваша Абу-Язед, Ризван тІамехь вара. Ризван тІам тІехь вийна, Абу-Язед цІа веара. Хьехархо болх беш волу со а цІера ваьккхира 13 шарна. Сан санна кхечеран а бацара бехк. Нохчийчохь тІом бацара я немцой бацара. Иштта и цхьа дакъазалла коча а еана, махках дехира вай. Суьйлийн, кхечеран а санна, нохчийн къоман доладан куьйгаллехь стаг вацара. Ледара нах бара. Уьш шайн къомана ямарт я ахчанах Iехабелла карийна хIинццалц схьа.

Iедало 13 шарахь хIаллакдина адам, нахана и диц ца делла. (Тахана 10 эзар сом схьаэций къинтIера вала боху Iедало. Беллачийн, дийна бисинчийн а пусарцадар хетало и.) ТIаьххьара 13 шо а, боцчу бехкана, иштта балехь, Iазапехь а дIадахана.

Цуьнан ойла йича, къаьсттина тахана, вовшашца мерза Iан дезара. ХIара санна долу хIуманаш вайна юкъахь хьалха а лелла, вайна юкъахь дешна нах ца хиларна. Шен юьртара араваьлла воцуш волчу моллина ца хаьа политикица мел ямартло йоллу.

Лаккхара дешна а, хьекъал долуш а дуккха а нах бу вай. Iедалехь болчара, иштта дешначара а кхидIа йолчу ханчохь институташкахь студенташца, школашкахь дешархошца а йолчу программица болх бан беза, кхул тIаьхьа йолчу ханчохь вайн къомана тIе вуон болх ца баийта, лар муха дала деза Iамош. Куьйгаллехь доьналла долуш, нохчийн къомах доглозуш нах хила беза, Москвахь долчу Iедалца дийца къамел долуш. Шена, шен доьзална кхераме ца хилчахьана, шега сом даккхийтичхьана тоуьйтуш, къомана тIехь харцо магийта ца еза.

Делах тешачу наха, ша санна долчу шен халкъана вуон болх бийр бац, мел дукха мах шена баларх.

Дала диканиг дойла вайна.

2005

Р.S. Тхан ден шича вара Iела. Иза вайца воцуш ву тахана.

Дала доьнала, яхь, юьхь еллера цунна. Со кхеттал хилчахьана, тхан керташкахь дика-вуон луьстуш хьалхаваьлла а вара иза. Юьртана, махкана а тIе сингаттам беъча, наха хьалхатоттура иза. Багахь хаза мотт болуш, наха юкъахь дан къамел долуш, доккха собар долуш, бакъонна тIехь лаьтташ къонах стаг вара иза. Тайпана дишни а волуш, вуьззина нохчи.

Сан жималлехь дуьйна, цхьа шатайпа юкъаметтиг яра тхойшиннан, ларамца, марзонца а. Ден вешин, вешин кIентан а санна.

Дала гечдойла Iелина а, Сибрехахь, цIахь а, къизачу тIемашкахь а вайн мел беллачарна а, царна тIегIондолчу вайна а. Амин.