Нохчийн маттах — нохчийн маттахь
(поэма)

Нохчийн маттах — нохчийн маттахь(поэма)

(Нохч-ГIалгIайн Республикин хьакъволу хьехархо, меттан говзанча хилла волу сайн ваша Сиражди дагалоцуш).

«Къонах декхарийлахь ву шен ненан мотт хаа». А-Хь. Кадыров

Азаллехь халкъашна совгIаташ яздеш,
Хьаьстина вайн Дала хийланнан дог.
Нохчийн мотт белла цо,
дийнна къам даздеш, –
Хастам беш, боккху вай хIора а ког.

Вайн са ду нохчийн мотт, хIаваах доьIуш,
Дуьненан дозалла, дахаран зовкх.
Синпха а беттало, цуьнга ладоьгIуш.
Хьаналчу новкъахь цо гIиттайо шовкъ.

Дукха ду къаьмнаш а, меттанаш шорта.
ХIорамма шечунна даьккхина аркъ.
Нохчийн мотт вайнехан жовхIар ду коьрта.
Цхьаъ хилла, ирсе ду и безна халкъ.

Белар а, белхар а девзина цунна –
Даим цо ишттаниг собарца лов.
Тешнабехк, ямартло хьарам ду цунна.
Гергарло хьоьху цо, емалдо дов.

Курачу аьрзунах хьийза и ломахь,
Гадаевн ойланийн догцIена теш.
Бека и Iумаран пондаран озах,
Валидан мерзех шен аз тар а деш.

Iимрана жовхIарех кхуллу шен илли –
«Нохчийн кIант» цIе лело хилла и хьакъ.
Замано ха херцарх, лелош шен хIилла,
Илланчас ца дицдо ша везна халкъ.

Махьмуда, тIаламбеш холхазан куйнан,
Айина дуьненахь вайн меттан сий.
Сайтиевс къагийна Олимпан суйнах,
ДIагойтуш, мел ницкъ бу нохчочун цIийн.

Хьаша-да лерарехь, гIиллакхе болий,
Бека вайн оьзда мотт, цунна беш там.
«Кхайкхаза веанарг доттаза…» – олий,
Зуламхо верзаво, байина чам.

Мехкарша, йиш локхуш, юцу ши чIаба,
Вовшашна хестабеш къоналлин мур.
Вайн меттан похIма ду шен дагахь кхаба
Вайнехан иллеша къагийна нур.

Товханахь ахьаран тоьпаш а хоьрцуш,
Буьйцура тхан бабас туьйранийн мотт.
Нохчалла хьехадеш, можах кахьоькхуш,
Дадас а лоьцура шаьлтанан ботт.

Вайн маттахь хьаьстича безаман шовда,
Декхалой, декадо цо зевне аз.
ДоттагIчун даг чу и хууш бу кховда,
Комаьрша диллина шен некхан ваз.

Апарехь хи хьоьду, кхохкар чуэгош,
Ахьаран чам баржош, гIиттабо хIур.
Нохчийн мотт бадийна, берийн аз декош,
Хьархочун пурбанца тIелета сур.

Iуьйренан патарлахь хьозарчийн ловзар,
Анайист зарзйина, цIийбелла малх,
Кесаршкахь бецан хIо, йоьлча и ловсар, –
Цу суьртийн вайн маттахь лекха бу мах.

Хьонхало хур-хур до, латта дIакерчош,
ГIаргIулийн къилбехьа йирзина жут,
Кховсучу левсенийн, шаьлтанаш яхчош, –
Нохчийн мотт Iалур бац ца дуьллуш сурт.

Нускална шатлакх деш, чапханаш оьхуш,
Суьйнийн дарц туьйсуьйтуш
терсмаймал-тур,
Дукъарцан цIийзар а,
тхьамастха цоьстуш, –
Цу дешнех хилла ю вайн меттан тIум.

Вижарца, гIаттарца, садеIар саццалц
Вайца бу, иэбелла, вайн нанойн мотт.
Аганан гIожера упхане кхаччалц –
Вайн некъа-накъост а, вайн метта-мотт.

Буьйцу и безачо муьлххачу махкахь:
ТулгIено огучохь ГIирмера берд,
Пайхамар воьссинчу сийлахьчу Маккахь,
Оьздачу къаьмнашца чIагIбечохь барт.

ГIиргIизен лаьмнашкахь,
ГIалмакхахь буьйцу,
Мисарахь, Хонкарахь лекха ду сий.
ГIоби тIехь хестабо, ялташ а луьйсуш,
БайтогIехь ГIойсу-хе боккхучохь суй.

Ширачу заманахь кIенташа бийци:
Зайтан цу Шихмирзас Шовхалан тойхь,
Адин ва Сурхос ша Мусосте – цIийца,
Эвтархойн Ахьмада – лоьхкучохь дой.

Таймин кIант Биболат, Кавказан ломахь
ДIакхехьнарг Мансуран маршонан некъ,
Оьзда дош шаьлтанал мехала лоруш,
Дахаран кIуркIманех вийлина чекх.

Шериповс бийци и тхьамданийн баьрчехь,
Зеламхас – шен дине, шабарш а деш,
Бадуевс баьккхи и Iадатийн мIарех,
Ханпашас – тIедетташ цIийдина даш.

Абузар вехира, ца тарлуш кийра
Кундуховн тептарш тIехь кегийна гIурт,
Нохчийн мотт бIарзбинчу Диарбекиран
ГIамаршкахь лайначун хIиттадеш сурт.

Дади-юрт ягийна, сийна цIе тесна,
Дийначух ца дуьсуш цхьа маргIал-га.
Сий дайна ца бийца, Iожалла лехна,
Айбикас Теркан хе белла и дIа.

И бу и нохчийн мотт, «дастам а хеташ»,
Сийсазбан хьийзийнарг хиллачо лай,
Инзаре хийра мотт къепе а хеташ,
Вайн цIийца хьу йоцуш хиллачу дайн.

Рейхстаган нартол тIехь
ницкъ кхаьчнарг бийца,
МоччагIалш дихкина, аз доцуш бу.
Еллачу Брест-гIопан са дуьллуш кийра,
Херцаршкахь бистхилларг нохчийн мотт бу.

ХIетте а генарчу Сибаре кхаччалц
Сталинан йовсарша белхийна и.
Оьздачу йоIа а, кийра шен баттIалц
Къийлина, эхарта дIабаьхьна и.

ГIиргIизен лаьмнашкахь зIокбергаш тусуш,
Шахьташ чохь гинсулахь баллийна и.
«Обаргийн» пехаш чохь дIовш кепа тухуш,
Силикоз ларийна дIахуда и.

ХIетахь цкъа нанас со (кхо бутт сан хилла),
ЧIениг тIе пIелг таIош, хьаьстира, бах.
Дерзина доьлаш гуш, воьлуш со хилла –
«ЦIа доьлху» аьлла мотт бевзира, бах.

Суна ца хаьара цIахь кешнаш дуйла,
Дайша сайн лелабой холхазан куй,
Нохчийн мотт сайн къоман ненан мотт буйла,
Бедарган кхерчара суо буйла суй…

Дай ларбеш, къух даьлла Мадаган-ирзу,
ЦIе яйна, товханахь шелъелла юкъ,
Тозаркъин бIо леташ, мерцина герзо,
Махкахь а цIеяхна Коьжалган-дукъ…

ЖIайхойн кIур ца тайна, охкийна генаш,
Муш-дукъахь берч яьлла лаьттийла поп,
Куьпчичун кIудал чу дегаза Iенаш,
Элмирзин-шовдано лоьхийла жоп.
Кхачош бац нохчийн мотт элпаш дIаяздарх,
Легаршкахь дожарийн нисъяларх рагI,
ЦIоьмалгаш, дефисаш мет-метта яхкарх,
Диктантийн лаккхара хадабарх мах.

КIеда хьаьрк дуьллу цкъа чIогIачун метта,
Цкъа буьллу кхо тIадам, кхечанхьа – шиъ.
Нохчийн мотт! БархI аз ду,
ткъа элпаш – цхьайтта –
Инзаре башха мотт бан а бу и.

И бу и нохчийн мотт, «сов къен бу баьхнарг»,
Шайхис бен ца хестор Iеминарг лан,
Абатан мужалтал гена цабаьхнарг,
Зайндина битинарг, вуьсуш и цхьа.

Тешац со, цкъа вуьзнарг мац ца ло аьлча,
Тешац со, шозза шиъ ду аьлча бIе,
Дешин мах бепигал беза бу аьлча,
Нохчичо нохчийн мотт бу аьлча къен.

Лайнехь а дахарехь харцонаш шорта,
Нохчашкахь нохчалла латтийна цо.
Боданехь серло луш, айина корта,
Къизачу чалтачех лардина цо.

Юха а зуламна юсийна ворта,
Къизалла йоьссира, оьхьуш шен ант.
Бала тIекъевкъича, Iадийна корта,
Велира вайн Дала азатдан кIант.

Мичикан тогIи чохь Деле болх белла,
Устазийн орцане кхайкхинарг бу.
Халкъан шен доьхна дог делор ду аьлла,
Ахьмада дуй биънарг нохчийн мотт бу.

«Хьовса вай цкъа мукъа, нах санна, даха! –
Хазийра вайн баьччас кхайкхаман дош. –
ТIом сацо гIертац со, воллу чекхбаккха,
Нохчийн мотт бахийта, доккхадеш дог».

Велла вац турпалхо! Вайна ирс лоьхуш,
Ваьхначун таж Iуьллу гIуллакхаш тIехь.
Дуьненан тIегIанехь нохчийн дог оьхьуш,
Ваьлла и лийрбоцчийн сизал а тIех.
Сесана, Эвтара, Эртана-Корта –
Делера къинхетам боьссина мохк.
ДоIанан къурдашца, цкъа ца деш кIорда,
Далла тIе хьежабо вай нохчийн мотт.

Хьакъдолчу охIлано, сий-ларам хьаьшна,
«Эмгар»-мотт базбаро халайо йиш.
Йозанехь гIалаташ дича, ца даьшна,
Вас хуьлий, ледадо цо бIаьргех хиш.

Нохчийн мотт магош бац бетта, я хьекха,
Курхалчийн баннашкахь къийса цхьа цуьрг,
Дастамчу хIордакхийн яьсса шок лекха,
Базаран бертехь шен дIакхийдо куьг.

Магош бац дог дохо хьомсарчу ненан,
Эхь доцуш баа а къераниг дуй.
Шен цIарах лелачийн, текх херцош нехан,
Некъана цу матто кхайкхадо хIуй.

Дахар а чекхдолу, дуьсуш вайн охIла,
Буьйццучохь соцуш бу дилханан мотт.
Барам тIехь Iуьллучух кIеззиг йо ойла,
Барам кIел хIуьттучийн шайниг ю чот.

Мекара Iалашо даржа тIе лоьцуш,
ГIиллакхаш бохчина хIиттийна гор,
Баьццарчу урдонех тайнигаш оьцуш,
Дакъазадаьккхина вайн къона чкъор.

Нохчийн мотт теттина неIаран кIажа,
ГIажарийн куза тIехь карийна тем,
Куьйга шен йоттазчо хьаналчух кIара,
Нохчийн мотт хIиттабо харцонна теш.

Шен боцчу сайра чу чамеш а хьоькхуш,
Севликаш зорхана йоцушшехь товш,
Хьаналчийн гIелалла сонталлех окхуш,
Бекочу вайн матто хIуъа а лов.

ГIиллакхаш зарзделла, хьесапаш аьрта –
Шайхаша бийцинарг кхаьчна-те мур?
Бехке вай дуй-техьа богIарна, кхаьрдаш,
Вайн маттахь цIе йоцчу цамгаро гур?

Сайташ, мобильникаш,
антеннийн баьрзнаш –
Атомни бIешо ду зирх тосуш дерг.
Керлачу дахаро, нохчийн мотт зарзбеш,
Электрон керчайо, къийзадеш лерг.

ЙилгIанан шедакхаж, башлакхан кIужал,
Мичахь бу жуларца дIатесна дин?
Мичахь ю Маьлх-Азни, хих юзуш кIудал?..
Интернет-нускал ду … Я ду и жин?

Доьхка дац, гIовталан тIаьмгаш ша лоьцуш,
Маьхьсешца хьоьшуш яц къулланехь буц.
Маьрша ду, даьстина, гIодаюкъ оьхьуш,
Чаьрпазийн йийсарехь лечкъийна куц.

Iамабе нохчийн мотт, кIентий, шен дуьххехь.
Бийцайша, мехкарий, еш цуьнан чот.
Мункаре, Накире эхартан дуьххьехь
Муха вай лур ду-те хаттарна жоп?

Кийрахь шен кхиавеш, чIогIа хьох хьегна,
Хьуна ша гатдина шен мерза са,
Вузийна, вохвина, ховха куьг хьекхна
Нана ахь елхаяхь, ма къа ду хьан.
Тахана паччахьо, ша техкош ага,
Назбарш тIе биллина вайн ненан мотт.
ГIушлакхе баьккхина дуьненна сега
Мехкан а нана ша хиллачун мотт.

Мацах цкъа лаьттинчохь,
Соьлжан йист Iадош,
Нохчийн мотт Iийшина Даджалан теш,
«Нохчийчохь дог» хилла
маьждиг а кхалош,
Рамзана дIахIоттий исламан беш.

Рамзанан тергамо ирсан да бина,
Спутникан некъашца бетта цо тIам.
Бийца и хьаьгна ду, бIаьрга цкъа гина,
Зазашлахь мел даьхна дуьненан къам.

Йижарий! Вежарий! Тептарш ца кегош,
Весаш а дIаяхий, ял йоцу шай,
Дуьнен тIехь даьржина дегнаш а декхош,
Хьомсарчу ден баьрче цIа гулло вай!

Нохчийн мотт! Нохчийчоь! –
Сийдолу хIайкал!
Йиш яц вайн цкъа цуьнан лахбайта мах.
Апрель ткъе пхоьалгIа!..
Ненан сий айа,
Суна бехк ца буьллуш,
гIовттайша, нах!